Дика амал сочинение



  • 18.12.2018 10:31

  • Категория: Чеченский язык
  • Просмотров: 6325

Дика амал

31-гIа урок
Урокан цIе: Изложени «Дика амал»
Урокан Iалашо:
1. «Дика амал» цIе йолу изложенин текст къасторца дешархошка корматаллин белхаш кхочушбайта.
2. Грамматически бакъонаш карлайохуш, нийсаяздаран низам лардан Iамо.
3. Барта а, йозанца а къамел кхиор тIехь болх дIабахьа.
Урокана оьшу гIирс: дошамаш, тептарш, къастийна байташ, кицанаш, керлачу дешнийн маьIна достуш кечйина слайдаш.
Урокан тайпа: дозуш долу къамел кхиоран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Iамийна произведенеш дагалацар, йийцаре яр.
2. Произведенийн турпалхойн дика а, вон а амалш къастор.
3. Къастош меттигаш ешарца болх дIабахьар.
4. Изложенина эпиграф билгалъяккхар.
а) Мила ву аша дагалаьцна произведенеш тIехь къастийна турпалхо?
аь) Муха ю цуьнан амалан агIонаш?
б) ХIунда хета шуна цIе яьккхинчу турпалхочун амал дика?
в) Муха хила еза дика амал?
г) Стенца билгалйолу дика амал?
гI) Хала дуй дика хила, гIиллакх-оьздангалла ларъян?
д) Дикачу амалех лаьцна кица а, байт а хаьий шуна?
е) Урокехь язъян леринчу изложенин цIе хIун ю аьлла хета шуна?
III. Урокан коьчал тIехь болх.
1. «Дика амал» текстан чулацам бовзийтар (хьехархочо текст ешарца).
2. Дешархошка чулацам шайн дешнашца схьабийцийтар.
3. Хаттаршца чулацам къастор.
4. Къастош меттигаш текстан тIехь ешийтар.
5. Йозанца белхаш кхочушбар.
IV. Урок тIечIагIъяр.
1. Дешархошка йозанца белхаш кхочушбайтар тептарш тIехь.
2. Оьшучохь хьехархочо гIо лацар.
V. Урокан жамI дар.
1. Муьлхачу коьчал тIехь белхаш бира вай урокехь?
2. Къаьсттина муьлха болх бо шун даго къобал, кхачам боллуш хеттарг?
3. Дешархоша йозанца кхочушбан болийначу белхийн жамI дар.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: изложенин белхаш чекхбаха а, Iамийна произведенеш карлаяха а.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Образ и характер Къонаха (статья на чеченском языке)

«Къонахийн белшашна тIехь лаьтташ ду дуьне», — эрна аьллачех дац. Амма къонахалла бохучуьнан маьIна дан хууш стаг кIезиг волу. Цундела хьан-хьанна а туьллу вай и еза цIе, дIакховдадо и массарел а деза-доккха а, сийлахь а долу и дарж. Масала, сих-сиха хезачех ду: «Джуги Висарган Юсап ма къонах а вар-кха». Дуьхе кхиа воьлча: «Дуьненна а бале яьлла, эхарт хир доцу цхьа боьху Дажал яра -кх» — ала дог1уш хилар гучудолу. Къонахчуьнгахь – къизалла, хьагI, ямартло, дуьйцург – цхьаъ, лелош дерг – важа хуьлуш дац, хила йиш а яц. Дала шена гIортораш йина дуьнентIе бохуш бу уьш.

Кхин цхьаъ ду вайн къонахийн вастах лаьцна олуш: «Х1ора дийнахь-буса Иблисан гIоьнчин иссазза букъ кагбийр бу къонахчо». Адамера долушдолу массо а дика-вон дIаяздеш хIораннан белшашна тIехь Тарам, Хьарам Iаш хиларх лаьцна лакхахь хьахийра вай. Ша шайтIане Iеха ца войтуш, цкъа гIалат долуьйтуш, тIаккха цунна гечдар доьхуш лелачарах воцу дела олу цунах къонах. Иза Дала схьаоьхьна болчу некъана тIера юьстах ца лелхаш, цу тIера ца вала гIертарг ву, цуьнан дерриге а дахар цу тIе хьажийна а хуьлу. Къомана а, нахана а, махкана а гIуллакх дар шен сина, шен дегIан чархана марздинарг ву иза. Б1аьрг а, гай а цкъа а ца юзачарах юйла хиъна цунна. Цаьрга сина гIодаюккъе нуьйр а тиллийтина, уьш коьшкала ца ховшийна ца лела иза. Цунна дика хаьа Дела кхиэлана сиха воцийла. Шен гIалат нахала ца долуш дисча, Дела а шега Iехавелла моьттачарах воц къонаха. Цу тайпанчу стеган; дагтIера Дела а, иман а матта буьххье доьрзу, кхахьпалла сих йулу; сутаралло къасталун боцчига кхачаво. Царех бу (Iедалан мукъ кара кхаьчнарш-м буьйцур бацара вай) халахеташ делахь а, хьахийначарах тарбала гIерташ, оцу тобанна тIаьхьа хIиттина болу цхьамогIа хьехархой, лоьраш, суьдхой, прокуратурин белхалой, «асфальтах» пхьор деш долу варраш, милцой, сом делча кешнашка жIаьла дIадоллийта кийча болу Iелимнах. К1ай къиг санна царех къаьсташ хуьлу: шенчара а, нехачара а и лортIехь вац, шен хIуманна дола далуш вац», — бохуш, цIенчу некъара галваккха а гIерташ, хьийза а во иза. Кхонаха зене-зуламечу гIуллакхах, нехан хьокъах-м, хьовха, кIоршамечу дошах а къехкаш хуьлу. Къонахчун даржал лекха дарж дагадеъна а дац дуьненна.

Дуьненахь мел долу даьхни вовшахтоьхча, даьхни тоьр дацара иза эца. Стигланийн векал хиларе терра, вохкалуш-эцалуш вац иза. Нехан гIуллакхана садагадо цо. Собаречу нахана юккъехь а собаре ву иза, оьздачу нахана юккъехь а оьздангаллица билгал хуьлу. Цуьнгара гIиллакх даккха стагга а вац. Нохчо хилар – къонаха хилар ду. Къонах а, нахчо а хилла дуьнена дахарх чекхвала а атта дац. Цу шинне а дахар даржах, я кисанах доьзна дац. Цундела иза цIанонан, нийсонан, бакъонан новкъа тIера юьстах ца гIерта; адамалла, ийман, вадд – де-дийне даларца цуьнан сов долу.

Делан дикалла, Цуьнан вайх болу къинхетам дукха боккха хиларан гайтам бац, ткъа, абадехь синош кхуллучу хенахь, божа хила яздинчу «къонах хир ма ву шех», — аьлла нигат а дина, оцу новкъа хIоьттинчу стеган гIолаца Сийлахь-Веза волчо, шена тIелаьцна хилар. Вай лехнарг Цо вайна луш хилар Цо вайх бина боккха къинхетам бу. НАХЧО а, КЪОНАХ а хилчхьана Цо вайга, Зулкъарнис санна, дуьне куьйга кIела дерзаде, я лаьмнаш лестош, хьуьнарш гайта ца боху. Амма, боху – хьайн хин йолу кхане йохкий Иблисан дуьненахь гIортор хилий дIа ма хIотта.

(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com

Просмотров
20 709

Къамел дIадолош, уггар хьалха билгалдаккха догIу «оьздангалла», «гIиллакх» бохучу дешнийн маьIна. Тхуна хетарехь, «оьздангалла» бохучу дешан маьIна шуьйра ду «гIиллакх» бохучу дешанчул. ГIиллакх — иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Далла ечу Iамалца, гонахарчу Iаламца, шен дегIаца, дагца, ойланца стаг цIена хилар а ду. Оьздангалла дуьххьалдIа хIора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца Iаш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю.
Муха кхоллаелла оьздангалла? Оцу хаттарна тайп-тайпана жоьпаш ло тайп-тайпанчу Iилманчаша, шайн кхетаме а, шаьш беха юкъаралла кхиъна хиларе а хьаьжжина. Иттех шо хьалха йоьхначу советски империн Iилманчаша, къоман гIиллакхаш дуьйцуш, шайн къамел гуттар а дIадоладора: «Халкъо бIешерашкахь кхоьллина шен оьзда гIиллакхаш…», — олий. Кхечу кепара цара ала таро а яцара, хIунда аьлча, церан дуьнене болу хьежамаш кхоллабеллера, хIара дуьне а, Iалам а, адам а ша-шах кхолладелла я адамо кхоьллина, бохучу харц философин (материализман) буха тIехь.
Замано а, хIора дийнахь хуьлучу Iилманан кхиамаша а тIулга тIехь тIулг а ца битина цара харцонах, моттаргIанех йоьттинчу гIалех. Иштта ца хила йиш а яцара, хIунда аьлча, церан оьздангаллех болу Iилманан бух, заманан йохаллехь къахьегар бахьанехь маймалех кхолладелла адам, бохучу туьйранех лаьтташ бара.
Цундела оьздангалла а ша-шах, заманан йохаллехь, адамаша шаьш кхоьллина ю бохуш, чIагIдора цара, ткъа «дино» оцу халкъан «кхоллараллех» пайдаэцна, нах Iехоран, уьш боданехь латторан Iалашонца. Иза бакъдерг нийсса бIостанехьа дерзоран къеггина долу масал ду.
Ткъа бакъдерг иштта ду. Дуьненан къаьмнийн ерриге а оьздангалла, церан дика гIиллакхаш Дала шен пайхамаршкахула лаьтта диссийна ду, шен динца цхьаьна. Ткъа и дин цхьаъ бен а дац — бусалба дин, ислам.

Уггар хьалха и дин Дала Адам-пайхамаре — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — делла. Дин — иза лаьтта тIехь адамашна муха даха деза Iамош, Дала лаьтта диссийна дахаран-Iеран дозанаш, ламасташ ду. Хан-хене яларца уьш диц а дой, адамаш Iесалле оьгуш хилла, шайгара керл-керла Iеса гIиллакхаш а кхуллуш. ТIаккха Шен дин юха а адамашна карладаккха, дIакхайкхо, Iамо Дала Шен элча воуьйтуш хилла дуьненчу. Царах тIаьххьарниг — Мухьаммад-пайхамар — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — элчанийн мухIар.
Гуш ма-хиллара, лаьтта тIехь мел долу адам цхьа да-нана долуш ду, дуьненчохь Дала доссийнарг цхьа дин (ислам) бен дац; цундела гуш ду лаьтта тIера адамаш, мел тайп-тайпана хетахь а, цхьана стагах схьадевлла а, цхьана дуьненахь дехаш а, царна тIе доьссинарг цхьа дин а хилар. Иза кхин а цхьа билгало ю Дела цхьаъ хиларан.
Массо халкъийн оьзда, дика гIиллакхаш Делан динера ду; ткъа вуон, къиза, Iеса гIиллакхаш халкъаша шаьш кхоьллина ду. Цундела оцу я кхечу халкъан оьзда гIиллакхаш дуьйцуш, нийса хир ду «халкъо кхоьллина» бохучу дешнийн метта «халкъо лардина» аьлча. Цхьадолчу халкъан аьтто хилла оцу динан гIиллакхаш алсам Iалашдан, вукхара кIезиг Iалашдина. Цхьадолчу къаьмнаша шайгара кIезиг кхоьллина Iеса гIиллакхаш. Масала, нохчаша. Цундела карладаьккхина долу и бусалба дин шайн лаамца тIеэццал хьекъал кхаьчна вайн дайн. Кхидолу къаьмнаш генадевлла Iесаллехь я галдаьккхинчу динехь. Цундела цара дIатеттина Дала юха а лаьтта доссийна цIена дин.
Кхузахь хаттар хIотта тарло: йиш яц ткъа адамаша шайггара дика гIиллакх кхолла? Наха кхоьллина массо а гIиллакх Iеса я харц хуьлуш ду? Дац. Нийса гIиллакхаш а ду адамаша шайггара кхоьллина, амма церан бух а бакъдинан хьехамашкахь бу. Делах а, Кхиэл ечу дийнах а тешарца кхоьллина муьлхха а керла гIиллакх нийса ца хила йиш яц.
И лакхахь дийцинарг дерриге а тидаме эцча, кхеташ ду: «ГIиллакх ялсаманера схьадеъна», — боху дешнаш. Адамашна юккъехь лела оьзда гIиллакхаш Делера диссина бохург ду иза. Цхьаболчара и кица кхидIа а дахдо: «ГIиллакх ялсаманера схьадеъна а ду, ялсамане духадерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна». Оцу дешнаша гойту: мел доккха маьIна гуш хилла нохчашна гIиллакх-оьздангаллехь.
Делан Элчас — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — аьлла: «ГIиллакх — динан ах ду». Ткъа цхьана назманчас хьекъална а, гIиллакхна а юкъара зIе иштта йийцина:

Iаж Iожана буха божар хууш ду,
Ткъа хир барий Iаж, ца хилча Iожан дитт?
ГIиллакх дитт ду, ткъа хьекъал — цу диттан стом,
ГIиллакх доцчохь Iилма хила тарлуш дуй?..

Кхузахь «гIиллакхах» дозуш хIоттийна «хьекъал». Иза нийса а ду, нагахь дуьйцург адамашна пайде долу хьекъал делахь.
Амма кхечу кепара «хьекъал» хила а тарло адамехь — гIиллакх доцу хьекъал, оьзда доцу хьекъал, зуламе хьекъал. И тайпа хьекъал долчу стеган мах хадош, нохчаша олу: «Iилма-м шайтIанехь а ду». Цундела вайн къоман философехь хьекъалал а, говзаллел а, Iилманал а лакха хIоттош хилла оьздангалла.
Билгалдаккха деза и тайпа хьал массо а къаьмнийн хьежамашкахь цахилар. Стаг шен говзаллехь ларош, шен гIуллакха тIехь кхиамаш бохуш хилчхьана, цуьнан оьздангаллин сурт-сибат мухха хилча а, сий деш а, лоруш а хуьлу, масала, цхьадолчу Европерчу къаьмнийн. Нагахь стаг дика поэт велахь, нахана дегнех кхета байташ язъеш, иза харцахьа лелар, цо къаьркъанаш мийлар, и оьзда цахилар кхин чIогIа тидаме а ца оьцу цигахь. Шен говзаллехь пхьар хилар коьрта ду, кхидIа дерг мехала а дац бохург ду иза, бер харцахьа лелар санна хIума лоруш.
Ткъа нохчийн къоман философехь иштта дац. Стаг мел говза велахь а, цуьнгара мел доккха хьуьнар даьллехь а, цунна тIехь ду муьлххачу а кхечу стагана тIехь доллу декхарш, оьздангаллин бехкамаш. Халкъалахь цIе дIаяханчу стага кхечарачул а чIогIа ларбан безаш хилла уьш, хIунда аьлча, адам цуьнга хьаьжна ду, цуьнгара масал эца я цхьа осалниг далахь кхарда кийчча.

ГIиллакхашка хьаьжжина, стеган мах хадорехь «къиза» а, дуьххьал дIа а хилла вайнах. И деш, цара тидаме оьцуш ца хилла цуьнан хьалхалера дика гIуллакхаш, цуьнан цIе, говзалла. И дерриге а дайдеш, дагош хилла цхьана осалчу хIумано. Махкахь а дIаяхна цIе, махкана а гуш, южуш хилла. Иза боккха бохам а, юьхьIаьржо а хилла, оцу стагана шена хилла ца Iаш, цуьнан гергарчарна а, тайпанна а, юьртана а, цуьнан ворхI тIаьхьенна а.
И хууш, стаг Iаламат чIогIа ларлуш хилла шегара цхьа ледарло яларх. Оьздангаллин бехкамаша, гIодаюкъ къовлуш дихкинчу доьхкано санна, стаг гуттар чIагIвина латтош хилла, дикачу гIуллакхашна, нийсонна орцахвала кийчча. Цундела цхьаволчу къонахчо шен гIодаюкъ буьйсанна вуьжуш а йостуш ца хилла, гуттар а оьшучу дIахахка кийчча дин а латтош хилла.
Ша воьжча, шен цIе йоьжча, дегIана там лехна цхьа ледарло ша ялийтича, шех къинхетам бан, ша хьалаайа цхьа а воцийла хааро латтош хилла стаг гуттар а сема.
И нохчийн гIиллакх дика девзаш ву «Эвтархойн Ахьмадах долчу илли» тIехь вуьйцу гIалагIазкхи. Цу иллин боцца чулацам иштта бу.
Эвтархойн Ахьмад воьду аренца лела. Цхьанхьа, паначу махкахь, шен динна баргол а тоьхна, и бажа лаьллина, «чергазийн юткъа нуьйр гIевлинга йиллина, чергазийн ва чоа даржош тIе ва тесна, чал дера герзаш, нанас бер ва санна, шен мара къуьйлуш», набарна вуьжу Эвтархойн Ахьмад. Иштта лела араваьлла цхьа гIалагIазкхи кхочу цига. Шен дин иштта бажа лоллий, Эвтархойн Ахьмадана юххе, цунна тIера ах верта шена тIе а озадой, набарна тевжа гIалагIазкхи а. Вуон гIан-набарш гина, самаваьллачу Ахьмадна шена юххехь вижина Iуьллуш гIалагIазкхи а го, шен дин чехош лелаш цуьнан гила а го. И ца лалой, Эвтархойн Ахьмада олу:

Дакъаза ма вала, хIай гIалагIазкхи!
Ахь суна ца бина тешнабехк,
Ас бийр бац хьуна!
Хьан дино кхерий-кха сан жима расха дин!
Со кхерор варий-те дин болчу динан дас?
ХIинца лата веза вайша кху бутон раьгIнашкахь!..

Латарна кечам бина ваьллачул тIаьхьа, гIалагIазкхичо Эвтархойн Ахьмаде олу:

Дакъаза ма вала, Эвтархойн Ахьмад!
Ахь сема ладогIа, собаре хилий:
«Нагахь хьан хьалха каяьлла, ахьа со вийча,
Цхьа гIалагIазкхи вийна Эвтархойн Ахьмада», —
Аьлла, дIадоьрзур ду, тамаша бийр бац хьох;
Нагахь сан каяьлла, сан карах хьо велча,
Махкахь цIе йоккхуш дика кIант хьо хилча,
«Цхьана гIалагIазкхичо вийна Эвтархойн Ахьмад», —
Аьлла, цIе южур ю хьан, Эвтархойн Ахьмад…

Къонахчун валар а, вахар санна, цхьана дикчу, оьздачу, лекхачу Iалашонна хила дезар билгалдолу оцу иллехь. Хьо мел оьзда ваьхнехь а, хьан валар декъаза хилча, доха тарлуш ду дерриге а, йожа тарлуш ю мел йоккха цIе а. Цундела стага и цIе Iожалло ша лаццалц ларъян езаш а ю, тIаккха цуьнан тIаьхьенна тIедужу изза декхар.
Нохчийн юкъараллехь уггаре а лекха дарж нахалахь дIайоьду и дика цIе хилла. Иштта дика цIе яьккхинчу къонахчунна вуон болх хила лууш а, и цIе цунна йогIуш ца кхаьчна бохуш, тайп-тайпана эладитанаш дуьйцуш нах нислуш а хилла. Цунах лаьцна ду халкъан кица: «Лекхачу ножана хьоькху мох ца эшна». Амма хьаьгIнаш лелочу нехан эладитанаш бахьанехь, шен оьздангаллин декхар тесна дита бакъо яц цхьаьннан а. «Деши, мел хоттала хьекхадахь а, бехлур дац», – олуш а ду вайн халкъан кица.
Оьздангалла халкъ шех лаьттачу хIора стеган шен-шен хуьлу. Вайн йиш яц цхьа халкъ оьзда ду, важа дац ала. «Халкъан оьздангалла» боху дешнийн цхьаьнакхетар даладахь а, уьш кхето догIу оцу я кхечу «халкъан оьздангаллех болу хьежамаш а, цо тIелаьцна оьздангаллин бехкамаш а» бохучу маьIнехь. Бакъ а долуш, оьздангаллех болу кхетамаш тайп-тайпана нислуш а хуьлу тайп-тайпанчу къаьмнийн. Масала, дустур вай цхьадолу нохчийн а, оьрсийн а гIиллакхаш (оцу къоман гIиллакхаш массарна а бохург санна девза дела даладо вай уьш). Нохчийн доьзалехь гIиллакхехь дац да-нана а, йоI а, кIант а, нус а, цхьаьна охьа а хевшина, хIума кхоллуш. И иштта хила деза аьлча а, акха ду вайнахана. Ткъа оьрсаша, иштта охьа а ховший, хIума а юу, мала а молу, я церан къомана осал хIума а дац иза. Цхьана агIор, иза доьзна ду оьрсийн къам кериста динехь хиларца а.

Амма нохчийн гIиллакх-оьздангаллин ша-тайпа билгалонаш гучуйовлу вайна, бусалба динехь долчу кхечу къаьмнийн гIиллакхашка хьаьвсича а. Масала, вайн лулахь бехаш бу гIебартой, балкхарой. Цара салам, боьршачу наха вовшашка делла ца Iаш, зударша вовшашка а, божаршка а ло, иштта божарша а ло зударшка. Ткъа, хууш ма-хиллара, вайн нохчийн боьршачу наха вовшашка бен луш а дац, жимчу стага воккхачуьнга луш а дац салам.
И тайпа гIиллакхийн шатайпаналла муьлххачу къоман оьздангаллехь а карайо. Амма шайн дикчу гIиллакхашкахь дерриш а вовшех тера ду уьш. Кхечу кепара хуьлийла а дац. ХIунда аьлча, массо а дикчу гIиллакхийн бух — Дала шен пайхамаршкахула лаьтта биссийна хьехамаш бу. Амма хIора а къомо — шен дуьнене хьежаме, шен дахаран хьелашка, ша дехачу мехкан Iаламе хьаьжжина, — оцу хьехамашна тIе а доьгIна, шен-шен гIиллакхаш кхоьллина. Цхьадолчу къаьмнаша Делан хьехамашкахь болу и бехкамаш мелла а шайна лело аттачу кепехь тIеэцна, ткъа кхечу къаьмнаша, дегIан паргIато кхин тIе а йоьхкуш, шайна халонга бохуш тIеэцна уьш.
Масала, бусалба дино боху адамашка шайн дегIана хьулам бе духарца. Боьршачу стеган хьулам бан беза меттиг (Iоврат) — иза цIонгера гоьле кхаччалц йолу меттиг ю. Иза къайлаяьккхичхьана, ламаз дан а магадо. Амма цхьа а нохчо хIуттур вац ишттачу духарца Iамал ян, я ишттачу духарца адамашна юккъе а вер вац, я шен доьзалехь а лелар вац (бакъду, хIинца-м нисвала а тарло цу тайпана шен доьзалехь паргIат леларг а, амма вай дуьйцург нохчийн Iадатехь хила дезарг ду).
Цуьнца доьзна цхьа масал далор вай.
Халкъан яздархочо Айдамиров Абузара дуьйцура, цкъа гIала ваханчуьра, гучувала ша аьлла, Мамакаев Мохьмад волчу ваханера ша бохуш. Шеца исс-итт шо кхаьчна шен йоI а яра. НеI елла веъна Мохьмад, аьхка хIусамехь тIех йовха йолу дела, шена аттачу духарехь вара. Амма оцу йоIах бIаьрг кхетча, ша цунна ца гойтуш, кхин могаш-паргIат хаттар доцуш, дехьа чу а вахна, шен духар хийцинера цо; ша боккъал а чIогIа цхьана боккхачу гуламе воьдуш санна, кечвелла схьавеънера. Цецваьллачу шега Мамакаев Мохьмада эли, бохура Абузара, мел жима елахь а, йоI бехке ма ю, гIиллакх хила ма деза цуьнца аьлла.
Массо къаьмнийн а ду воккха стаг ларар. Амма массеран а дац, воккхачу стеган некъ ца хадош, сацавалар. «Некъ ца хадор» боху кхетам а бу ша-тайпана. Генара схьавогIучу стагана хьалхахула тIехваларх, некъ «хедаш» я цунна новкъарло хуьлуш хIума дац иза. ХIетте а оцу воккхачу стаге болу лерам, цуьнан а, цуьнан шерийн а сий дар ду иза. Хаза гIиллакх а ду.

Ша-тайпана лерам беш хилла воккхачу стеган йоIстага а, къоначу зудчо а. Нагахь хи тIера йогIу йоI воккхачу стагана дуьхьал кхетахь, шен кIудал охьа а хIоттайой, букъ а берзабой, дIахIуттуш хилла иза, и стаг тIехваллалц. Нагахь шен жима бер карахь а долуш йогIуш зуда хилча, и бер некъа йисте охьадуьллий, юьстах а йолий, дIахIуттуш хилла, воккхачу стагах бехк лоций.
Иштта, и гIиллакх дуьйцуш, вайн къоман иэсехь дисина цхьа дийцар ду. Говрахь вогIучу Исмайлин Дудина шен бераца дуьхьал йогIу цхьа жима зуда, и бер охьа а диллина, букъ а берзийна, дIахIоьттина. Говрара воьссина Дуда, оцу берана тIе а веъна, иза кIант вуйла а хиъна, цунна юххе совгIатна шен ворхIазза йолу тапча охьа а йиллина, «Дала беркате доьзалхо войла кхунах, Дала дукха вахавойла хIара», — аьлла, дIавахна. ТIаккха и гIиллакх хIоттийна стаг мила ву а хиъна, оцу жимчу кIентан дас Исмайлин Дудина совгIатна дин бигийтина. Иштта керла гергарло кхолладалийтина оцу хазчу гIиллакхо.
Вай далийначу масалша гойту халкъийн юкъара гIиллакхаш — дегIана хьулам бар, баккхий нах ларар — нохчаша мел чолхе даьхна шайна, мел даздина цара уьш, мел чIагIбина цара шайна и бехкамаш. Юкъаметтигийн, гIиллакхийн атталла а ца лоьхуш, мелхуо а уьш ма-хуьллу чIогIа, хала лелор — иза ю вайн къоман оьздангаллин башхаллех цхьаъ.
Аьллачунна жамI деш, билгалдоккхур вай. Нохчийн къоман дика гIиллакхаш шайн коьртачу билгалонашца кхечу къаьмнийнчаьрца догIуш ду (цуьнан бахьана лакхахь вай далийра). Амма кхечу къаьмнех схьакъаьсташ, шен ша-тайпана синмехаллаш а кхоьллина нохчийн халкъо. Царах цхьаерш шайн оьздангаллин мах лакхара болуш, кхечу къаьмнашна а, массо адамашна а йовзар пайде хир долуш а ю. Цхьаерш вай кхузахь йовзийтира, вуьйш кхидIа а юьйцур ю.
Къоман гIиллакхаш хиларх ца тоьа, уьш довза а деза. Йоза-дешар ца хиллачу къаьмнийн гуттар а дас воIе дуьйцуш, чкъурера чкъуре дуьйлуш схьадаьхкина уьш. Амма наггахь нислуш хилла, цхьа баккхий исторически хиламаш бахьанехь (тIом, цIерадахар, цунах тера кхин а), чкъурашна юккъера и зIе хедаш а. Цундела цхьадолу гIиллакхаш дицдина, дIадевлла нохчашна юкъара. Амма йоза-дешар вайн къоман долу а бIе шо гергга зама ю, хIетте а хIинццалц схьа гIиллакх-оьздангаллина лерина цхьа а жайна ара ца даьлла, билггалчу теманашна лерина цхьаццайолу Iилманан статьяш ца лерича.

ГIиллакхаш довзийтарх а ца тоьа, нагахь уьш лелош ца хилча. Вайн къомах волу наггахь а стаг хир вац вайн гIиллакхех коьрта дерш ца девзаш. Амма уьш дахарехь лелор гIеллуш ду дийнера де мел дели, царах цхьадерш дIадовлуш а ду. Масала, нохчийн дахарера дIадаьлла ала мегар ду боьршачу стага коьртахь хIума лелор. Ткъех шо хьалха цхьа а жима стаг коьртахь хIума йоцуш, эвлаюккъе стенна дуьйцу, шен кетIа а, хьешана дуьхьал а вер вацара. Иштта, наггахь бен нислуш дацара божарша коьртахь еха месаш лелор а. Тахана и гIиллакх цкъа а хила а ца хилча санна дIадаьлла. Бакъду, коьртахь хIума йоцуш тезета-м ца боьлху нохчийн божарий хIинца а. Коьртахь хIума лелор дуьххьалдIа кечваларан кеп хилла ца Iа. Иза шен кIорггера маьIна долуш хIума хилла. Сан схьавалар цIена ду, со оьздачу нахах ву бохург хилла иза.
Нохчийн дахарехь гIиллакх-оьздангалло мел йоккха меттиг дIалоцуш хилла гойту халкъан барта кхоллараллин произведенеша. Иштта, цхьана халкъан узамехь ду хIара тайпа могIанаш:

Шайца шуьне ва ховша хьеший боцчу буьйсанна,
Мерза шун ца долош пхьуьйраза бисина,
Шайна уллохь дажа хьешийн дой доцчу буьйсанна,
ДIайиллинарг ца юуш, уьйтIахь дой тирсина,
Чохь хьешан аз ца хезча, йоьттинарг ца юуш,
УьйтIахь жIаьлеш угIуш – оццул хьеший хетта
Хьалха хилла къена дай, и дика къонахий
Биц ма белаш, доттагIий, Iаьржа латта мел хьоьшу…

Кхузахь адамийн гIиллакхаш долуш гайтина говраш а, жIаьлеш а. Оццул лакхара хила езаш хилла нохчийн цIийнан оьздангалла, оцу кертахь долчу хьайбанаша а лелош.
Цунах лаьцна шен цхьана стихотворенехь иштта яздо Сулейманов Ахьмада:

Барзах, къуьнах хьаша къасто
Iамийна вайнехан пхьу,
Генна дуьхьал догIий, хьоьстуш,
Тхойшинна некъ хьоьхуш ду.

Кхин а чIогIа тамашийна сурт хIутту халкъан цхьана туьйранехь. ГIиллакхах кхетам бу оцу туьйранехь, юьртан цхьаъ бен доцчу шовдана гонаха а бижина, хIоразза а шена яа цхьацца къона йоI ца елча, юьртахошка хи ца оьцуьйтуш болчу саьрмикан а. Оцу махкара воцу кIант шозза хи тIе веъча, хIумма а ца деш, хи оьцуьйту цо. КхозлагIа веъна, хи эцна дIавоьдуш олу цо:
— Ас, хьаша волу дела, гIиллакх лелош, вити хьо, кхузза хи тIе веъча а, хIумма а ца деш, кхин ма воьллахь. Кхин вагIахь, дийна дIагIур вац хьо.
Оцу масалша а гойту, нохчийн къомана шен дахаран маьIна хьал-бахам совбаккхарехь, я яккхий тIулгийн гIаланаш ярехь, я кхечу къаьмнийн мехкаш схьалецарехь ца гуш, дуьххьалдIа хIокху лаьтта тIехь хьанала къа а хьоьгуш, гIиллакх-оьздангаллин бехкамаш ларбеш дахарехь гуш хилар.
Нохчийн гIиллакх-оьздангалла, васт далош аьлча, цхьа лекха бIов ю. Вайн къоман хIора а чкъуро цхьацца кхериг буьллуш йоьттина, лакхаяьккхина. Цундела хIора нохчочун декхар ду и бIов Iалашъяр, иза кхин а лакхаяккхарехь дакъалацар. Нагахь жима стаг, ойла а ца еш, дайн гIиллакхаш емалдеш, дIатийса волалахь, я уьш кхечу Малхбузера я Малхбалера еъначу хийрачу амалшца хийца гIортахь, цо оцу бIаьвна юккъера тIулгаш дIадоху. Ткъа и тайпана нах алсамбевлча, и бIов чухарцарна кхерам а бу. Оцу хьокъехь поэта Супаев Руслана аьлла:

Хьо ма сихло шира туьйра харцо,
Дега-нене восе дош ма ала.
Уьш дIахьур бу заманан цу дарцо,
Хьуна дагахьбаллам битарца.

Книгаш тIехь ца Iамийна Iалам цара —
Латта аьхна, летта дарцаца!
Сих ма ло хьо йохо шира гIала,
Замано а отур ю и атта.

Пхенийн шеддаш долчу куьйгийн йовхо —
Хьан ден куьйгийн йовхо ю иза!
Ненан мIараш кIелахь дисна латта —
Хьан Даймехкан латта ду иза!..

Нохчийн гIиллакх-оьздангаллин гIала замано а йохор яц, нагахь вайх хIорамма а иза Iалашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу гIуллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха.

КИЦАНАШ:

ГIиллакх дезаш волчунна, и генахь дац.
ГIиллакхо лех эла вина, гIиллакх цахиларо элах лай вина.
Оьзда воцу стаг, хьошалгIа веъча, дика кхаба, оьздачунна чохь ерг елча а тоьар ду.
Оьзда волчу стагаца дов хилар гIоле ю, осалчу стагаца гергарло хуьлучул.

ВОККХАЧУ СТЕГАН ДИЙЦАР

1

Уьш берриш цхьана тобанца дIаоьхуш хилла. Жима а, воккха а, зударий а, божарий а, цомгуш а, заьIап мел верг а, иштта воцург а.
Цхьана сарахь царна юккъера схьа а ваьлла, некъа йистехь садаIа охьахиъна цхьа воккха стаг. И шайна гича, совца а севцца, цунна тIебаьхкина важа некъахой. ТIаккха цара цуьнга дехна боху: «Воккха стаг, тхо хIинца кхин а дIадаха дезаш ду, ткъа хьо кхузахь вуьсу, хьуна дуьненчохь дуккха ган а гинера, хаза а хезнера — хьайна дахаро зеделлачух хьехамаш бехьа тхуна».
Воккхачу стага жоп делла боху: «Гинарг гучо бIарздина суна, хезнарг хезачо къардина суна, цхьа ойла ян бен ца кхиъна со хIокху дуьненчохь, ма доца дара хьо, дахар, аьлла.
Делахь а, аша дехарна, хIара хьехам бу сан шуна.
Аса яьккхинарг дукха хан яцара, аганара лаьтта вуссуш, Iаса караэца бен ца кхиъна шуна со.
Сан некъ — Iуьйранна гIаьттинчу малхана дийнахь сарралц тIаьхьа эхар бен бац шуна.
ТIаьххьара со кхеттарг, суо дуьненчуьра эхарта воьду мухIажар вуйла хаар ду шуна.
Къонахчалла шеца доцу гIиллакх — гIиллакх ца карий суна, иза — бахьана долуш а, доцуш а – нахана къежар хиллера.
Оьздалла йоцург нийсо а яц шуна, хIунда аьлча, и санна йолу нийсо, шайна карийчхьана, шу IадIийр ду, уллорчунна и цахиларх.

2

Адамийн догIмашца кхо дийнат ду шуна: цхьа жIаьла а, цхьа бежана а, цхьа вир а. ЖIаьла — и шун мотт бу шуна, и зIенашца дIадехкалаш; бежана — шун гай ду шуна, и шайн хьаьвди тIехь латтаделаш; вир — и эвхьазалла ю шуна, цуьнан логгехь хулура боьддучу агIор муш тасалаш.
Синошна элий хилалаш, шайн догIмаш цу синойн леш а делаш.
Шаьш лелочунна наха кхиэл яле, и кхиэл шаьш елаш, хIунда аьлча, наха йина кхиэл цкъа а тIера ер яц шуна, ткъа шаьш дечун хьалххе аш ойла яхь, цу нехан кхиэлах девр ду шу.
Эладитанах кхера а лой, шайн ирсах ма къасталаш, и эладитанаш дIакхаьч-кхаьчначохь бухахь карор ду шуна, цкъа а тIаьхьара а ца довлу уьш.
Цкъа хьалха шаьш кхоьллинчу Делах эхь хеталаш, тIаккха цунах кхералаш, хIунда аьлча, эхь хетар и Дела везар а, ларар а ду, ткъа кхерар – и шуна шайн догIмех къахетар ду, шаьш хьерчийначу къиношна Дала шайна Iазап дийр дуйла а хууш.
Тезета дуьзна ма гIолаш, вуьзначу стеган юьхь тIехь велар хуьлу шуна.
Ловзарга меца ма гIолаш, меца стаг гIийла хетало шуна.
Шаьш бехке долу дов, и гена далале, шайн эшамца дерзаделаш, и эшам эхь дац шуна.

3

Шаьш бехке доцу дов, шайн мостагIа къера хиллалц, дижа ма диталаш, и эхь а, эшам а бу шуна.
Къонахалла массо хIумано ловш ю шуна, къаналла цхьана Iасано бен ловш яц шуна.
КIантана тухуш а, дов деш а, цуьнан амал ма кагъелаш, иштта кхиъначу цунах вон тIемало хир ву шуна.
Зудабер цхьана а буса шийла а, меца а ма диталаш, иштта кхиъначу цунах вон зуда а, вон нана а хир ю шуна.
ЙоьIан лелар ма хестаделаш, хIунда аьлча, хуьлучунна даима ша нийса ю моьттуш, и галъер ю шуна.
Доьзалехь къовсам белахь, берашна тIе ца хIуттуш, зудий, майрий вовшашна тIехIотталаш, хIунда аьлча, шуьшиъ, цхьацца а доккхуш, эшо гIерта шуна шун доьзал.

4

Цхьана хIуманна эхь хеташ, боцу бехк шайна тIехь кхуллучу дашна дуьхьал дош ца олуш ма Iелаш, цунах дагахьбаллам а, нехан кхардам а хир бу шуна.
Улло хIотта накъост вац алий, шаьш цхьалха ма хеталаш, шайн Iуналла деш Дела вуйла хаалаш.
ДегIера ницкъ дIабаларх, шаьш гIийла ма хеталаш, тур-тапчано шу кхечаьрца нисдийр ду шуна.
Кху дуьненчохь нийсо карор яц шуна, наха къуьйсуш ерг шайн-шайн бакъонаш юйла хаалаш, ткъа и бакъонаш ницкъ тоьллачаьргахь ю шуна.
Шен маршо ца оьшучу халкъан къонахий даима а декъаза хир бу шуна…»

(Дийцар яздина Амагов Доккас)

НОХЧО ВУ СО

Нохчо ву со,
нохчийн зудчо борз ехкинчу буса вина,
ЦIоькъа-лоьмо шен маьхьарца
вижинчуьра гIаттавина,
Нанас иллин накха белла,
илли ала векалвина,
Нохчийн маттах, нохчийн махках
берахь дуьйна дозалдина.

Нохчо ву со,
Лермонтовна тIеман кIуьрлахь хийла гина,
Топ кхетарна цунна кхоьруш,
сайн Даймехкан сий лардина,
Сайн хьешана мерза кхача,
деган йовхо ца кхоийна,
МостагIчунна, бекхам боцуш,
цхьа а зулам ца дитина.

Нохчо ву со,
маршо къуьйсуш, Даймахкаца тоба дина,
Цунна ямарт, осал хетарг,
къа ца хеташ, сайх хервина,
Сайн ден дакъа, цIе-кIур доцуш
ца дисийта юкъ йихкина,
Iазап хьоьгу лай хуьлучул,
летта, вала резахилла.

Нохчо ву со,
кху дуьненчохь са лаьттачу ирсе кхочуш,
Барттий, безам, яххьий, тешам
байна, цкъа а вехар воцуш!
Нохчо ву со,
цхьана а къоман къонахчуьнца гамо йоцуш,
Махках ваьлла, халкъах хаьдда,
декъалхила амал доцуш!

Дикаев Мохьмад

Просмотров
40 386

Тема

10
класс.

Нохчийн
мотт

Мах
хадоран г1ирсийн ФОНД

Карладаккхар

Талламан
диктант

1.    
Гуьйренан
юьхь

Хаза
лаьттина и йовха аьхке чекхйолуш яра. Аьхке чекхъялархм 1алам а, адам
а, массо а садолу х1ума а саготта дацара. Т1екхочуш берг токхе мур бара –
гуьйре! Уггар хьалха гуьйре
т1екхочийла, цунна кечам бан безийла хаийтира
мангалхоша.

Аьхкенан
юккъерчу а, т1аьххьарчу а деношкахь, 1уьйранна сайбодий къаьстачу
хенахь, мерзачу набарх а ваьлла, ахь ладоьг1ча, хезаш хуьлура шатайпа тата.
Иза нуьйжанна т1ехь ж1аьвнаца мангалхоша тусуш долчу мангалийн татанаш дара.
1уьйранна баца т1ера тхи дожале д1ах1уьттий мангалхой де дохдалале мангал
хьокхий а бовлий, де дохделча, кхорийн 1индаг1ехь садо1уш хуьлура. Цул дика
садо1ийла хир яц.

Суьйренгахьа
лестина де шелделча, цара д1адолор ду шайн ирачу мангалшца кесарш охьадахка.
Дикка бода боллалц мангал а хьаькхна, уьш ц1ехьа боьрзур бу, кхана юха а
х1окху метте бухабахка.

Аьхка
Органо ша схьадог1у чоь кесткеста хуьйцу, ткъа гуьйренгахьа лестича,
гуттаренна цхьана меттехула охьадог1у юха аьхке т1екхаччалц.

Билггал
гуьйре т1екхочуш хилар гойтуш аьхкенан т1аьххьарчу деношкахь стиглара схьа
хаам бира. Уьш г1арг1улеш яра шайн некъан узам а беш, низам ца дохош, кхо са
болчу мог1анца жут нисйина, къилбехьа довхачу мехкашка 1а даккха йоьлхуш.

1одика
еш санна, юьрта т1ехула шикхо го баьккхина, гlapг1улеш къайлаевлира.
Шеко яцара, уьш шайн маьхьаршца б1аьста юхайог1ург
хиларх.                                                                                                 (188
дош)

                                                                         
(Хь. Хасаев «Хьуьнан къайленаш»)

Лексикологи

Изложени
«Ден дозалла»

1.                Ден  дозалла

Ворх1
к1ант ву Даркешан. Ворх1е а – ден  дозалла. Цуьнан г1ортораш. Ворх1е а –
пепнаш санна, дог1маш долуш, болатах воьттича санна, онда. Х1уманах а
б1аьргнег1ар тухур доцуш. Вухавер воцуш. 1уьргара текхарг  а йоккхур йолуш,
ч1архаьллий, шайт1ан ненан багара маха а бохьур болуш, майрий.
Г1иллакхах вухур воцушший, яхь д1алур йоцушший.

Иштта
кхиийна уьш дас. Цо х1инца а олу шен к1енташка: «Хьалха а ма хила, т1аьхьа а
ма хила. Шун меттиг юккъехь ю».

Цкъа
воккхахволчу Аьрзус, 1а а ца велла, хаьттира дега:


И юккъера меттиг х1унда хоьржу ахь тхуна, ва дада?

Даркеш
оьг1аз ца вахара оцу хаттарна. Тера дара цо и лардинчух.  «Хьалха вийла
1еминарг массо а х1уманна т1ехь а хьалхара хила лууш хуьлу, т1ехьа сеца
1еминарг массо а х1уманна т1ехь а т1аьхьара хила лууш хуьлу. Хьалха валий,
т1аьхьа висий стаг гуттар а караво. Муьлххачу а г1уллакхан коьрта йозалла
шена т1еоьцуш ерг юкъ ю.  И онда елахь, халкъан доь довр дац», – жоп делира
Даркеша.

Ден
хьехар лардира к1енташа. Ц1агарица паччахьан салташна к1ело ян баханчохь а.
Коьрталла ца къевсира цхьаьнцца а. Кхечаьрца цхьанийсса лийтира вежарий
Хьарг1ий, Олхазаррий, Маккхаллий. Т1аьхьарчунна пхьаьрсах чов а йинера.

Салтийн
тоьпаш а йохьуш, Ц1агарин тоба ц1а йирзича, гихоша доккха са даьккхира…
Цхьана Аружин юьхь т1ехь ца хаалора я хазахетар а, я халахетар а.  Иза
йоьллера шен кхузткъе итт шара чохь к1ентий кхерамечу новкъа а бохуш, уьш
могушмаьрша бухаберзаре хьежарх.

Ворх1
к1ант ву Даркешин доьзалехь. Ворх1 к1ант – ненан ворх1 са. Цхьана деган
эшарехь деттало и ворх1 са, цхьанна цатам хилча, берриге а кийра 1овжош,
хазахетар хилча, кийрахь меттиг ца тоьуш…

Кхо
к1ант дена дуьхьал х1оьттира. Хьалха вистхилира кхааннах воккхах волу
Хьарг1а.


Дада, тхо духадирзи, зензулам ца хуьлуш.


Бакъахьа хир ду, – к1ентийн  б1аьра ца хьожуш, бен доцчуха жоп ло Даркеша. –
Парг1ат хила.

Нана
йолчу боьлху к1ентий.


Нана, тхо духадирзи, могуш-маьрша долуш. 


Некъан хьовзамах, юьхь1аржонах лардойла шу вайн Дала,– меллаша дека
тийналлехь Аружин аз.  – Д1адуьло, парг1атдовла.

Воккхах
волчу вешина Аьрзуна т1ебоьлху вежарий.


Тхо духадирзи, дагалаьцнарг кхочуш а дина.


Нахана хьалха корта охьабахийта меттигм ца йитина аш вайна? – хоьтту
Аьрзус.


Ца йитина, – жоп ло Хьарг1ас.


Дика хир ду, – там хиларца боху воккхах волчу вашас. – Хьовса шайн
г1уллакхе…                                      (343 дош)

(Л.
Яхъяев «Гихойн Таймасха») 

                                     
Хьесап:

1. 
Ден
дозалла..                                     2.  Ден хьехамаш.

3.  К1енташа ден хьехар лардар.           4.  Аружин
доьналла.                 

5. 
Дена дуьхьал х1оттар.                       6.  Доьзалехь йолу юкъаметтиг.

Лексикологи

Сочинени

«Сан дай баьхна юрт»

Фонетикан хаамаш

Талламан диктант

Дуьххьарлера хьехархо

Тхешан куьпарчу
берашца ишколе йигира со а. Мел хаза хетара суна!  Моьттура, дерриге дуьне
оцу сайн жимчу т1оьрмиг чохь ду, цу чуьрчу абато со цхьана тамашийначу ирсе
кхачор ю.

Лулахойн бераша
хьехархочуьнга д1аелира со. Тхан йишин Элитин хенара йо1 яра иза. Х1етахь
дуьйна дуккха а шераш д1адевлла. Амма суна цкъа а диц ца ло и де а, сайн
дуьххьарлерчу хьехархочун сурт а.  Х1инца а гуш санна хета цуьнан эсала,
екхна, к1айн горга юьхь, къинхетаме б1аьргаш, букъ буьззина ловзу стомма
1аьржа ши ч1аба, д1аса т1емаш тесна даьржина 1аьржа ц1оцкъамаш, к1еда аз.

Суна а, тхуна
массарна а Белител дагна хьоме адам дацара.  Цо т1еюьйхина муьлхха коч,
тиллина йовлакх, лергех оьхкина ч1агарш, когара мачаш – уьш механа мел йорах
хиллехь а, тхуна исбаьхьа хетара. Тхо дерриш а цунах тардала

г1ертара.  Тхуна
юккъехь тасаделла доттаг1алла милла а хьоьгур волуш, довха, безаме дара.

Массанхьа а
тхоьца яра Белита. Х1инца а ойла йо ас: цо ешаза книга, цунна ца хууш х1ума
хила а хиллий техьа? 

Муьлхха хаттар
шега даларх, эсала ела а къежий, нийса жоп лора цо.  Дуьйцура муьлххачу а
книгах лоций. Ткъа туьйранаш! Цкъа а к1ордор дацара цаьрга
ладог1а.                                                                                                
     (180 дош)

(А. Айдамиров «Дуьххьарлера хьехархо»)

Орфографин
хаамаш

Изложени

Г1арг1улийн илли

«Де
дика хуьлда хьан, сан хьоме Уми!» – халла, xlopa дешдакъа къастош, дийшира
к1анта, цецваьлла ненанене а хьоьжуш. Уминам лаьара нохчийн маттахь
довха, эсала, мерза дешнаш хозийла.


Немцойн маттахь
яздина, – элира Султана, – немцойн меттан хьехархочуьнга кхайкха г1ой со?

Ненананас
ца оьшу боххушехь ариккхира.

Уми
ца кхетара. Цунна цкъа а дага да деанера к1антана шен ненан мотт бицлур бу
бохург.

– Уми ойлане юьйжира.
Цунна дагадеара шовзткье кхоалг
la шо. Дагадеара цхьаъ бен воцу к1ант ша
т1аме новкъа ваккхар. Дагадеара вокзалехь дуккха а нах хьаьвддий-бевддий
лелар. Ц1еххьана, бакъдолуш санна цунна хезира шен к1ентан аз, х1етахь оцу
шийлачу
1уьйранна дегайовхонца декна долу:«Нана,
ас дуй буу хьуна, со юхавоьрзур ву хьомечу лаьмнашка – Даймахке».

Вочу
ойланаша некхе лазар туьйхира кьеначу Умина. Г1ийла делха доладелира дог…

Чуволлушехь
кехат схьаийцира хьехархочо.

«Де
дика хуьлда хьан, сан хьоме Уми, – гочдан вуьйлира хьехархо. – Муха 1аш ю
хьо? Дагавог1ий хьуна со? Ас яздо хьоьга xlapa мог1анаш, г1ийла велха а
воьлхуш. Хьуна ма мотталахь, шелехь, г1елехь массарна а вицвелла, хийрачу
нехан не1аршка
х1уьттуш, со лелаш ву. Х1анх1а. Сан ц1а а, доьзал а,
машен а ю. Сингаттамо та1ийнчу дагна еззарг эца йиш ю сан. Амма бац сан
Даймохк, мел дукха ахча даларх, и эца
тароа
яц…

Со
хедира цунах фронте д1а мавахханехь: шовзткъе кхоалг1ачу шеран
декабрь баттахь со йийсаре вигира мостаг1аша. Т1аккха
концлагерь. Французашцацу чуьра ведда,
къилбен Франце вахара со. Зуда ялийра. Ткъа цул т1аьхьа ц1а ван дага ца
деара.

Сан
къизачу кхолламо со ца кхачош х1ун меттиг йисира: ах дуьне теллира ас, айса
лоьху синтем ца карош.

Ткъа
дукха хан йоццуш Истамалг1алахь цхьа некъахо кхайкхира соьга. Вай
санна кхайкхира:«Х1ей!». Некъаш хедош со т1ехьаьдира цунна, амма
т1ег1оьртинчу машенаша некъ бихкира сан.

Со
миччахь хиларх, суна т1аьхьа уьду и тамашена аз:«Х1ей!». Набарх а воккху цо.

Цул
т1аьхьа ас ойла йира:сан нана яй им соьга кхойкхуш. Даймохк бу шен
тилвеллачу к1анте мохь бетташ. Цхьана маь11аргона ц1а а вог1ура со х1етахь:
сайн х1уманаш д1а а хьарчийна, кехаташ а кечдина тохавелира, т1аккха а ца
х1оьттира со:д1авоьдуш къона а, могаш а, хаза а ма вара со, ткъа бакъо юй сан
къежвелла, къанвелла вуоча а ваьлла, вухаверза».

Масийтта
шо хьалха эвлах елира адамийн тоба. Царна деза дара шаьш д1авуллург дийна ву,
вац цахаар. Уми дуьхьал яра, цо дехарш дора моллига. Амма г1иллакхо лоьхура
дийна верг а д1аволлар, нагахь цо Даймохк  д1атеснехь, нагахь иза т1епаза
вайнехь.

Иштта
д1авоьллира к1ант.

Умина
хетара шен к1анте болу безам лахьте берзийча санна. Амма и тешара, цо
сатуьйсура, туьйранахь санна, цхьа тамашена х1ума хиларе.

Ткъа
х1инца xlapa кехат…

Х1аъ,
х1инца ц1еххьана кхийтира Уми шегара даьллачу гlaлатах: ц1а воьрзур вац
цуьнан к1ант цкъа а, вистхир вац цуьнга шен дайн маттахь, велла цуьнан к1ант,
велла тоххурехь.

Оцу
ойланах Уми г1ийла къурдаш дан юьйлира. Б1аьрхиша цуьнан садукъдора. Дерриг
дуьне б1аьрхиш хилла даьржинера.

Ткъа
и дахаре юхаерзийра геннара, стиглан бухара, схьахезачу маьхьарша. Иза
хьалахьаьжира, дехха мог1анаш дина цхьа 1аьржа т1адамаш дара цигахь гуш.
Т1аккха цунна хезира цхьа тамашена аьзнаш. Иза дара дуьненахь а уггаре г1ийла
илли – Даймахках къаьсташ г1араг1улийн
илли.                                                                            
(483 дош)

(1. Хатуев)

Хьесап:

1.           
К1антepa
кехат.                                   2.   Хьехархочуьнга кхайкха вахар.

3.           
Кехатан
1ийжаме м
oгlaнaш.             
4.   Ненан ойланна к1аргъялар.

5.           
Умийн г1ийла
къурдаш.                     6.   Г1арг1улийн илли.

Къамелан
дакъош

Сочинени

                                                                «Ненан
мотт – сан дозалла»                                            

Шеран
талламан диктант

Талламан диктант

Б1аьстенан аматаш

Б1аьстенан
1уьйре. Лаьмнаш т1ехьара схьакъедира сирла малх. Цуьнан з1аьнарш хьуьнан
диттийн баххьашкахула кхерстира. Коьллашна а, бацана а т1едиллинчу тхин
т1адамаш лепара бесбесарчу басаршца. Ехачу буса тийнна дижина 1иллича
санна, набарх долуш лаьттара 1алам. Б1аьстенан маьлхана доьлура 1алам: хьун,
акхарой, сагалматаш. Хьаннийн татолийн бердашца девллачу таьллаша уггар
хьалха хаийтира б1аьсте йолуш юйла. Цуьнан дуткъачу нийсачу гаьннаш т1ехь гуш
заза дара. Толлан заза, дешица кхелича санна, можац1ен бос болуш
хуьлу.

Оцу
хазачу зазанна т1ехь шайн болх д1аболийра накхармозаша.

Халкъо
дукха хьалха дуьйна пайдаоьцуш билгалъяьккхина дечиг ю талл. Хин хьерашна
т1едог1учу татолийн бердаш т1ехь кхуьу таьллаш. Царна оьшуш дац хьена латта.
Дагарца хадийна баьккхина сара а, хьокха а д1абоьг1ча денлой, сихха доккха
дитт хуьлий д1ах1утту, шен даккхийчу к1оргачу орамашца бердан йистош
ч1аг1ъеш.

Таьллийн
генашлахь б1аьстенан муьрехь шайн хаза эшарш лоькхуш деха зарзарш.

Б1аьсте! Ирзуш,
тог1еш, некъан йистош, бошмаш, баьццара къорза куз тесча санна зезагаша
хазйой хуьлу. Оцу баьццарчу дуьненахь инзаре дукха зезагаш ду шайн беснаш
тайптайпана долуш.                                               (154
дош)

(Хь. Хасаев 
«Хьуьнан къайленаш»)

Тема

10 класс.

Нохчийн литература

Мах хадоран г1ирсийн ФОНД

Изложени

«Нана»

Тхан
берзина когаш шелбала буьйлира, ч1ог1а хьоькхуш болу мох тхуна т1ерачу
т1елхигех чекхбуьйлура. Т1аккха сан ши йиша хьалхачул а ч1ог1а елха
йолаелира.

«Х1инца
х1ун ду техьа?» – ч1ог1а йиш йоьхнера сан.

Тхо
хевшина 1ачу г1анта т1едог1уш дара кхиъна зудабераш.

Хаза
мехкарий бара уьш, т1еюьйхина башха куьцехь йина йовха бедарш а, коьрта
техкина куц долу шляпаш а йолуш, т1ехула доьхкарш дихкина книгаш а карахъ.
Ч1ог1а самукъадаьлла, вовшашка хабарш а дуьйцуш, схьадог1уш долу и зудабераш,
ц1еххьана тхох б1аьрг а кхетта, девдда тхуна т1едаьхкира. Чехка хетта
долийра.

– Шу х1унда доьлху?

– Дехаш1аш мичхьа ду шу?

– Шун мама стенга яхана?

Воьхначу
ас хала а, атта а царна дийцира, тхан мама нахана йолах бедарш йитта яхана ю
аьлла.

– Шун ц1енош мичхьа ду?

Со д1асахьаьжира – тхан ц1енош
гуш дацара.

– Цхьаъ яла еза кхарна, – элира
зудаберех цхьамма. – Оля, хьоьгахь юй х1умма а? 

Цхьана
йо1а, шен кисна а кхевдина, схьаяьккхина ши кампет д1акховдийра Фатиме. Амма
Фатимас д1а ца ийцира уьш.

– Х1ан ахь д1аэца, – йо1а
кампеташ сан буйна йоьхкира. Кампеташ схьа а эцна, шина йишина д1аелира ас.

Хьовсийша,
уьшм шелонна сенбелла! – элира Оля ц1е йолчу йо1а.


Муха ца шелло хьуна – цхьалхха кучамашца, коьртахь х1ума а йоцуш, т1ехь
пальтош а йоцуш…

Ойй! – элира вукху йо1а.
– Иштта муха мегар ду! Со цуьнга хьаьжира. Йо1а доккха садаьккхира. Т1аккха
важа зудабераш а дуьйладелира даккхий синош даха, тхох шайн дог лозучха.
Т1аккха, кхин бист а ца хуьлуш, вовшашка хьаьвсира. Схьахетарехь, тхох
самукъа ца долура церан.


Д1аг1о вай, – элира цхьамма вукху зудаберашка.


Г1оте…

Тхо
г1ийла т1аьхьа хьоьжуш
Iapa кечбелла болчу
мехкаршна. Ц1еххьана сан б1аьрг кхийтира, бульваран дехьа йистера тхо долчу
аг1орхьа схьаедда йог1учу, беркъа духар дуьйхина йолчу, шина зудчух:

– Сан бераш, сан бераш! – мохь
беттара цу шиннах цхьамма. – Кхуза муха кхаьчна шу? 


Мама! – мохь белира сан, цуьнан озах сайн нана йовза а евзина. Со
г1анта т1ера охьашершина валале, тхан мамас 1ай
ша кара а эцна,
цунна т1е шен корталин т1ам тесира, Мамица яра цуьнан гергарло тасаделла йолу
цхьа оьрсийн зуда. Иза а яра мехах нехан бедарш юьттуш а, ч1ог1а къен йоллуш
а. Дукха оза, юьхь хебаршка а яхана яра иза. Амма ч1ог1а дог дика, къйнхетаме
стаг яра. Цо Фатима караийцира, ткъа со, шело а, оцу дийнахь айса лайна бала
а бицбелла, самукъадаьлла, сайн нанна улло а х1оьттина,
д1авахара.                                                              (363
дош)

(С.Арсанов «Маца девза доттаг1алла»)

Хьесап:

1.           
Тхан берзина
когаш шелбала буьйлира.                           2.  Тхо хевшнна 1ачу г1анта
т1едог1уш дара кхиъна зудабераш.

3. Чехка хетта
долийра.                                                           4. 
Кампеташ схьа а эдна, шина йишина д1аелира ас.

5. Тхо г1ийла т1аьхьа хьоьжуш Iapa кечбелла болчу мехкаршна.   6. 
Балхара ц1а йог1у нана гучуялар.

7. Оццу минотехь ч1ог1а ирс долуш дара тхо массо а.

Арсанов С-Бей кхолларалла

Сочинени

«Маца девза доттаг1алла»

Изложени

Машаре
доьзал

Сихсиха
меттамотт хуьйцура Зеламхас. Масех дийнахьбуса цхьанхьа 1ен
кхераме дара. Ша обарган новкъа валлалц, адамаш дика девзаш ца хиллера цунна.
Моьттура, дерриг а адамаш догц1ена, тешаме, къинхетаме ду. Амма иза аьттехьа
а ца хиллера. Шайна сом делча, 1едало хьаьстича я кхерийча, шайн данана
а духкур долуш берш а хиллера. Ишттачарах лечкъа дезара. Даима д1а сема,
1ожаллин дуьхьал х1отта кийча. Делахь а, дика, тешаме, къинхетаме адамаш а
ду.
XIopa юьртахь а, г1алахь а. Лаьмнашкахь а, аренгахь а.

Цхьа доккха
г1уллакх хилла, тахана Ведана герга веъна иза. Лаьмнашна юккъехь 1уьллучу
х1окху жимачу к1отара. Готта цхьа некъ бу кхуза т1ебог1уш. Ламанан тархашца
сетташ, хьийзаш. Вукху кхаа
aгlop атталла г1аш кхуза вог1ийла а дац. К1отарна т1е а
кхозаделла, нийсса ирахьлаьтташ мокхазан бердаш ду. Х1усамден ши к1ант ву и
некъ сема ларбеш. Х1етте а, Зеламхин цхьа лерг ара ладоьг1на ду…

Товханахь
йоккха летта ц1е йогу. Ц1арах самукъадолу Зеламхин. Цуьнга хьоьжуш, ойланаш
дика яло. Делкъан ламаз а дина, чучча когаш а бехкина, шен устазо КунтаХьаьжас
т1едиллина вирд доккхуш, хиъна 1а иза. Ша Далла 1амал еш, ерриг ойла Далла
т1еерзайо цо. Амма х1инца, иза мел д1акъехко г1ертарх, коьрте кхин ойланаш
хьийза. Мухха а вирд даьккхина ваьлча, дехха до1а а дина, суьлхьанаш маьнги
т1е охьа а тийсина, оцу ойланийн йийсаре вахара иза.

Зеламхаг1еран
доьзал машаре бехара. Б1е цхьаъ шо хан йолу деда Б1аьхо а, да Гушмузукъ а,
цуьнан виъ к1ант Хаси, Зеламха, Солтамурд, Бисолта а. Бисолтан итт шо бен
дац. Зеламхаг1еран нана елча ялийначу Билкъиса вина ваша ву иза. Веа вешех
воккханиг, Хаси, даима цамгарш лехьош, хьег1аш, эг1аза, 1аламат эсала стаг
ву. Хасин а, Зеламхин а зударий, бераш а дара. Солтамурд зуда ялоза вара.
Деваша Хьамза а, цуьнан ши к1ант а вара. И шиъ шичой бу, аьлла, дага а ца
дог1ура веа вешина. Шайн нанас шайн дена бина вежарий санна хетара.

Зеламха обарг
волучу хенахь, цуьнан а, Бецин а ши бер дара: Муслимат а, Энист а.
Гушмузукъан а, Хьамзин а доьзалша бежнаш, уъстаг1ий кхобура. Хьун хьаькхна
даьхначу ирзош т1ехь хьаьжк1аш, кхоьаш, г1абакхаш, картолаш а кхиайора.
Берриг а нохчмахкахошна санна, оцу ирзошна т1ера даьлла ялта 1аьнах бовла а
ца тоьара царна. Дохнан дохкуна духкуш, ялта оьцура. Цул совнаха, накхарш а
дара церан кхобуш. Цаьргара шарахь шозза моз схьаоьцура. Иза духкура
Веданарчу базарахь. Цунах хиллачу ахчанах бедарш, бахамехь оьшург а оьцура.
Х1окхеран доьзалш къен а, хьоле а бацара, юккъерчу т1ег1анахь
бехара.                                                                                                         
(380 дош)

(А. Айдамиров  «Дарц»  роман)

Хьесап:

1.                  
Зеламхас меттамотт
хуьйцура.          2. Адамаш тайптайпана ду.

3. Зеламха Ведана к1отара веъна.           4  Иза
дика 1алашво х1усамдайша.

5. Зеламхаг1еран доьзал.                          6.
Обарган ойланаш.

7. Доьзало хьанал къахьоьгу.

Сочинени

                                                                    
«Парг1атонехьа ойланаш»

Гадаев
МохьмадСелахьан кхоллараллех лаьцна

Изложени

Чурт
санна лаьттинарг

Поэт,
суртдиллархо, яздархо – церан кхолламан оьмар еха ю. Церан кхоллараллин
мехалле хьаьжжина, масийтта б1ешерашка яхло иза. Заманаш, б1ешераш
хийцадаларх, кхолларалла яха юьсу, адамийн синкхетамна т1е1аткъам а беш.

Гадаев
МохьмадСелахьан кхоллараллехь коьрта тема Даймахкаца йоьзна ю. Дуьнен
чохь йоккхучу ханна марзо эца ша ца ларийна болу Даймохк кхуллу Гадаевс шен
поэзехь. Поэтан кхоллам язбелла хилла махках хаьдда ваха, гуттар Даймахке
сатуьйсуш хила – уггар боккха лазам – ша дан леринарг кхочушхиланза дуьсуш.

Шен
халкъаца декъаза кхоллам бекъна хилла ца 1а иза – шозза махках ваккхар
нисделла цуьнан, дуьххьара шен халкъаца, юха халкъах, гергарчарах къаьстина.
Кхоллараллин стагана миччахь карабо шен синна Даймохк – хийрачу махкахь а,
набахтехь а, шен дагалецамех а кхуллу цо шена иза.

Даймахках
къастар, махках валар – иза географица доьзна дац, я меттиг хийцарца. Даймохк
адамца шеца бу, цуьнан ц1ийца, орамашца, цуьнан г1иллакха, ойланашца, 1ервахарца.

Гадаев
МохьмадСелахьан кхоллараллехь коьрта 1аткъам бу Даймахках къастар.

Дуьнен
чу муьлхха стаг шен дахаран бакъо йолуш вог1у: цхьана х1уманан да хилла (шен
доьзалан, шен ц1ийнан, шен мехкан). Шен дахарехь да хилла вахар дезна волчу
Гадаев МохьмадСелахьна уггар хала адаман сий лахдар хилла. Шен къоман
да х1оьттичий бен ца кхуьу оцу къоман культура – да воцчохь, даймохк хуьлуш а
бац, хьайн махкахь хьо велахь а.

Гадаев
МохьмадСелахьан ерриг кхоллараллин символ, цуьнан коьрта произведени
«Даймахке сатийсар» ю.

Поэт
шен синк1оргалле мел кхевди а, цунна шен дешархочунна т1ебоьдуш болу некъ
карабо, цуьнан ойла йийсаре а еш. Оцу стихотворенехь автора айеш йолу тема –
Даймахке сатийсар, Даймахках болу лазамаш, цунах болу дагалецамаш тахханалц
вайн къоман дог 1овжош ю.

«Даймахке
сатийсар» стихотворенехь махках, ц1ийнах ваьккхина стаг, дийна воцуш, велла
лору автора. Чохь са доцуш, шийлачу т1улгаца вусту цо ша, амма чурт – иза теш
ду хиллачун, гиначун. Шена т1ех1оьттинчу хьолаца къовса йиш цахилар, цунна
к1елсаца дезар, ша да волу х1ума шегара д1адаьккхина – иза а хир ду поэтан
сина 1еткъаш, гуттар харцонца къийса, дуьхьало яр вайн къоман амал хилар
лерича муххале а.

Поэта
даладахь а «Генарчу Даймехкан сурт х1оттало», ешархочунна дукха улле даладо
цо и сурт.

«Даймахке
сатийсар» стихотворени вайн къомана т1ехь, махка т1ехь йиначу харцонан
тоьшалла ду.

Поэтан
кхоллам шен къоман кхолламах боьзна бу. Шен къоман некъ санна бахбелла хилла
Гадаев МохьмадСелахьна ц1а бог1у некъ. Цхьа а зама ца еъна вайн
къомана Гадаев МохьмадСелахьан «Даймахке сатийсар» стихотворенин
таханелла ца йовш.

Къонахчун
Даймахкал деза дуьнен чохь х1умма а дац, къонах ша – Даймохк бу, мехкан да.
Цуьнан г1иллакхаш, мотт, 1адаташ, 1ердахаран суртсибат, амал
– иза дерриг цхьаьна – Даймохк.                                               (383
дош)

(З.
Алиева)

Хьесап:

1.  Поэтан кхоллараллехь коьрта тема.            2.  Шен халкъаца декъаза кхоллам
бекъна хилар
.

  3.
Шен дахарехь да
хилла вахар дезнарг
.       
4.  Гадаев Мохьмад
Салихьан кхоллараллин символ.

  5.
Чурт – иза теш ду
хиллачун
.                        
6. 
Поэтан кхоллам
шен къоман кхолламах боьзна хилар
.

Сочинени

                                                                        
«Ирсан орам»

Изложени

Ибрах1им
– къинхьегаман стаг

Ибрах1им
къенмиска стаг ву. Шен долахь шуьста а бац цуьнан. Болх бан т1е а
лоций, стерчий долчу ден а, шен а ардаш оху цо. Цкъа а парг1ат ца хуьлу
Ибрах1им. Охана чекхдаьлча асар до цо. Оццул къахьегарх дуо бузий ца хуьлу
цуьнан.

Зуда
яло дезаш ву Ибрах1им. Амма таро яц. Дийнахь а, буса а къахьоьгуш ву.

Эххар
а, Сийлахас хан а юьллий, и ялайо Ибрах1има. Зудаялоран кеп д1айирзинчул
т1аьхьа, ц1ен т1ехь дезарш дан долало нускал. Ибрах1им воккхавеш ву шен
ирсечу дахарх.

Ибрах1иман
юха а балхана чувола деза, къахьега деза. Цуьнан шена а, зудчунна а напха
латто деза.

Ибрах1им
юьртахь а цхьалха стаг ву, тайпатукхамах цхьа а вац цуьнан. Делахь а,
иза доьналла долуш стаг ву, т1ебеъана балаг1айг1а ловр йолуш а ву.
Амма эхь ловр дац цо. И ца лан стогалла а ю цуьнан.

Хьалха
санна, дукхаеза цунна Сийлаха. Амма Сийлаха хийцаелла. Ойланаш йо Ибрах1има.

Хилларг
Эдалхин а, Аружин а питана дара.

Цкъа
туькана яхана йолуш, Сийлахе дагара хоуьйту совдегара Эдалхас. Аружа
схьалеста йолало денна. Сийлахин корта хьийза къамелаш до цо.

Иштта
ду Сийлахин шен майра Ибрах1им цавезаваларан, цуьнга безам шелбаларан
бахьана.

Стуннана
а, стунда а долчу а воьдий, Ибрах1има шен бала балхабо.
Цаьргара
кхин
синтем ца хуьлу.

Эххар
юьту Ибрах1има Сийлаха. Ша юьтуш Сийлахас кхин а барх1 баттахь йо1 кхаба
т1елоцу. Цу буссехь ден ц1а д1айоьду иза.

Ибрах1иман
х1усам яссаелла. Шелбеллачу шен бен чу г1айг1ане воьрзу иза. Иоь1ан шо
кхаччалц Ибрах1иман ц1арт1ехь ю Сийлаха.

Юьртахула
даьржа, Эдалха Сийлаха яло воллу, олий. Туькана воьду Ибрах1им, деанчунна т1
e а шена
т1екхийдачу вонах ша ларвалархьама а, Эдалха ларван а.

Г1иллакхах
ца вухуш, оьзда къамел до Ибрах1има совдегарца.

Цунах
а го вайна Ибрах1им дика амал йолуш а, оьзда а стаг хилар. Адамалла долуш
стаг ву Ибрах1им.

Ибрах1им
аьшнашвеш хабарш дуьйцу Эдалхас. Х1етте а собаре хуьлу Ибрах1им.

Дукха
хан ялале, кет1а а воьхий, г1ийла йо1 кховдайо цуьнга, Сийлаха маре яхар а
хоуьйтуш. Ибрах1им холчах1утту.

Ибрах1им
шен юьртахо Бета волчу воьду, ковкерт д1аделла а, цуьнгара топ эца.
Т1аккха иза Эдалхин кет1а х1утту. Х1инца цо хиндолчун ойла ца йо.

Ша
дина эхь ца лоьруш, Ибрах1име бага етта Эдалхас цигахь а. Амма эццахь, даръелла
ча санна, хьаьвза Ибрах1им. Шена дуьхьал нисвеллавеллачунна топ етта
Ибрах1има. Кхо ваша вожаво цо. Т1аккха Эдалха а воь. Цул т1аьхьа, коре
хьодий, араоьккху Ибрах1им. Цигахь, кора к1ел, шаьлта а яьккхина лаьтташ
Эдалхин жимахволу ваша хуьлу. Цо, шаьлта тухий, дожадо пхоьалг1а дакьа.

Иштта
хеда Ибрах1иман
дахар.                                                                                                                     
(390 дош)

(Х.Эдилов «Сийлаха»)

Хьесап:

1.           
Безам.                            
                            2.  Сийлахин хийцаялар.

3.  Сийлаха ц1ийнах йоха г1ертар.              4. 
Сийлаха Эдалхе маре яхар.

5.  Ибрах1им совдегар волчувахар.             6. 
Ибрах1има Эдалхина бекхам бар.

Сочинени

                                                         
Александр Чеченский

Карладаккхар

Тема

5 класс.

Нохчийн мотт

Мах хадоран г1ирсийн ФОНД

Дуьххьарлера хьехархо

Тхешан
куьпарчу берашца ишколе йигира со а. Мел хаза хетара суна!  Моьттура, дерриге
дуьне оцу сайн жимчу т1оьрмиг чохь ду, цу чуьрчу абато со цхьана тамашийначу
ирсе кхачор ю.

Лулахойн
бераша хьехархочуьнга д1аелира со. Тхан йишин Элитин хенара йо1 яра иза.
Х1етахь дуьйна дуккха а шераш д1адевлла. Амма суна цкъа а диц ца ло и де а,
сайн дуьххьарлерчу хьехархочун сурт а.  Х1инца а гуш санна хета цуьнан эсала,
екхна, к1айн горга юьхь, къинхетаме б1аьргаш, букъ буьззина ловзу стомма
1аьржа ши ч1аба, д1аса т1емаш тесна даьржина 1аьржа ц1оцкъамаш, к1еда аз.

Суна
а, тхуна массарна а Белител дагна хьоме адам дацара. 

.                                    
                               (90 дош) (А. Айдамиров «Дуьххьарлера
хьехархо»)

Сочинени

«Со каникулашкахь волуш хилларг»

Талламан диктант

Аганан мотт

Мотт
боцуш адам ца хуьлу. Къам доцуш мотт ца хуьлу. Мотт д1абаьлча, къам д1адолу.
Дерриг латта ц1е йолу вайн дуьне теллича, кхин цхьанхьа а карор дац нохчийн
ц1е йолу къам – шен маттаца, шен махкаца, ц1ий хуьйдинчу лаьттаца, маьждигийн
момсаршца, шал шийлачу шовданашца, баккхичийн до1анашца, кегийчийн ловзаршца…
Цундела ца лаьа вай лаьттара д1адан, доха, даржа, доь дан, хилларг х1ун ду а
ца хууш!

Шен
ага техкийначу ненан мотт даггара безаш, лоруш, цуьнан сий деш, иза шен
синкхачам хеташ волчунна цул доккха х1ума дуьнен т1ехь хуьлийла дац. Цундела
иза ц1ена хууш, к1орггера 1амийна, 1амо лууш волчун даиманна сий дан деза.

Лексика
карладаккхар

Сочинени
сурт х1отторан билгалонашца язъяр

Суьрта т1ехь гуьйренан мур

Изложени

«Майра
хьаша»

Палара
хьаша веара тхо долчу. Казбек яра цуьнан ц1е. Тхан хенаро вара иза. Жима
хиларх, хьаша хьаша ма ву. Цундела, вайн г1иллакхо ма-хьоьххура, лорура оха
иза, тхешан ма-хуьллу там бора. Тамашийна амал яра хьешан: ловза вог1уш а,
ц1ена бедарш юхура цо. Тхоьга т1ехула хьоьжура иза, ша массарел воккха,
хьекъале хетара. Хабар дийца ч1ог1а лууш вара.

Шена
экскурсехь гинарг, т1аккха яккхийчу г1аланаш-кахула лелар дуьйций, багош
г1овттийначохь дуьтура цо бераш. Иштта дийцира цо тхуна, цхьана дийнахь
хьуьнхахь ша текхарг муха лецира.

Х1орш,
цхьа тоба бераш, лам т1е девлла хиллера. Ловзуш, xlopni д1адоьлхуш, кхарна
хьалхха, шок а тоьхна, т1ебо-лабелла цхьа къорза лаьхьа. XIOKXO, х1умма кхера
а ца луш, лога т1е ког а биллина, багара мотт ч1ешалгаца оз-зийна схьабаьккхина.

Цо
и дийцинчу шолг1ачу дийнахь эвлайистехь ловзуш дара тхо. Цхьана хенахь тхан
хьешан «Вай, мама-а!» -аьлла, мохь белира. Д1аиккхира иза. Оццул майра к1ант
кхерийнарг х1ун ю техьа аьлла, цецдевлла, т1едахара тхо. 1абдулла вара цхьа
юткъа-1аьржа боьха х1ума когашца юьйш во л луш.

—        Вай,
Казбек, юькъачу хьуьнхахь боккхачу текхарган

багара
мотт баьккхина волу хьо х1окху жимачу х1уманах

х1унда
кхеравелла? — бехк баьккхира оха.

—        Суна
гинарг-м яцара жима, — бехказа вуьйлира хьаша.

(170
дош). Ж. Махмаев

Хьесап:

1. 
Г1алара хьаша.

2. 
Хьешан тамашийна амал.

3  
Хьешс ааьхьанан мотт схьабаккхар.

4. 
Казбекан кхеравалар

5. 
Бехказло

Талламан
диктант

                                        Юьртахь  суьйре

  
 Луьстачу  хьаннаша  хазбинчу  ломан  к1ожехь  1уьллура  Мусин-К1отар.
1аламан  хазалло  кхелинчу  оцу  жимачу  юьрта  юккъехула  чекхдолура 
лекхачу  лаьмнашкара  охьадог1у  г1овг1ане  шовда. Инзаре  хаза  хуьлура 
кхузахь  суьйре. Шовданаш  декар, олхазарийн  эшарш,     дежийлашкара 
ц1ехьа  дирзинчу  уьстаг1ашний, гезаршний  дуьхьал  уьдучу  1ахарийн,
буьхьигийн  1ехар, ловзуш  лелачу  кегийчу  берийн  аьзнаш. Уьш  дерриге  а 
вовшех  оьй, синкъераме  г1ар  кхоллалора. Иза  лаьмнаша  д1аузий, стамйой,
1аннашкахула  чекхйоккхура.

   
Гонахарчу  ярташкарчу  кегийчу  нахана  а  хазахетара  Мусин-К1отар.  Цуьнан 
коьртачу  бахьанех  цхьаъ  дара  куц  а, г1иллакх  а, оьздангалла  а 
цхьаьнадог1уш  болу  мехкарий  кхузахь  дукха  хилар.                   

Изложени

Дохкобовлар

Салман, бепиг, шура а эца г1охьа, — элира х1умнаш юьттуш йолчу нанас.

Уггаре а хазачу метте со кхочушшехь олу-кх ахьа соьга цхьаъ диэ,
— везвера к1ант, книган цхьа аг1о схьа а карчош, — д1о-о ловзуш йолчу Саците
алахьа.

Цхьажимма ловзийтахьа со!- дийхира Сацитас.

Нана чорхана хьалха хиира.

Мама, вайна юург ца йо ахьа? – хаьттира бераша.

Ой, уггаре а сан йиш йоцчу хенахь ма олу аша соьга, шаьш меца
ду?

Шаьшшиъ бехке дуйла хиира цу шинна.

Ц1еххьана д1алилхира бераш.

Хьесап:

1.  
Ненан дехар.

2. 
Я к1анта а, я йо1а а нанас
бохург цадар.

3.  
Бераш мацдалар.

4.  
Ненан жоп.

5. 
Вешин а, йишин а дохкобовлар.

Талламан
болх

«Мичхьара болало Даймохк»

      Зударий кех бовллалц кет1ахь
сецна, т1аьххьара б1аьрг туьйхира М1аьчига керта. TIepa хьахарш охьаэгна,
юккъера з1араш гуча а дийлина, т1е латта тесна тхов болу цуьнан жима ц1а
г1ийла хьоьжура цуьнга. Цуьнан хьажар бешахула кхерстира, юкъ-юкъа г1аддийн
аг1ошца наггахь марг1алш а тесна, мацах цкъа салташа къинхетамза дагарш
диттина, дакъийна стоьмийн дитташ лаьттара ирахь, якъаелла адамийн чархаш
санна.

Кхузахь
баьхнера цуьнан дай. Оцу лаьттан коржама т1ехь ваьллера иза ша а дуьнена.
Кхузахь баьккхинера цо дуьххьара ког, аьллера дуьххьарлера ши дош — нана,
дада. Уггар хьалха кхузара д1аболалора цуьнан Даймохк.

 (82
дош). А Айдамиров

Лексиках хаамш

Сочинени

«Ас т1екхачаре сатуьйсу де»

Талламан
болх

Денделла 1алам.

         
Деха 1а д1а а даьлла, юха схьакхечира ховха б1аьсте. Шен гуш долчу беркатечу
куьйгашца латта самадаьккхина, зезагашца къарзбина баьццара куз баржийра цо,
хьаннашна т1е баьццара духар дуьйхира. 1аламан дозаллех даккхийдечу олхазарша
тайп-тайпанчу эшаршца хьаннаш екайора. 1алам денделлера.

          
Тохарлеррачу аренашкахула жа дажош лелара 1аьрби. Сара санна вуткъа
хьалавоьдуш дег1 даьккхинера цо. Амма жима, к1еззиг хьалахьаьвзина мара,
г1айг1ане б1аьргаш стохкалерраниш бара.

           
Кхин а шина шарахь ваца дезара цуьнан Супанина. Дан г1о доцуш, к1елвиснера
Хьамид. 1аьрби схьаваккха г1иртира иза, амма бакхий нах а, молла а шена
т1еверзийначу Супаница къийса а ца дела, висира. (86 дош).

Сочинени

Дешар серло — цадешар бода

Изложени

«Доттаг1 вонехь вевза»

Суьйранна дара иза. Юх-юххе дижина Iapa Борз (ж1аьла) а, цуьнан доттаг1а Ч1ама (эса) а.

Цхьа хан яьлча «булкъ» олуш г1овг1а кхечира лере.
Б1аьрг ца боьллуш, лергаш дуьйлина, ладог1а делира Борз. Юха хезира г1ийла
кхайкхаме аз. Кхин ладоьг1уш 1ен йиш яцара.

Бешан сетканан кертах дехьа оьккхуш, бетонан
йоккхачу ной чу иккхира Борз. Хи чохь керча Иман лаза ца еш схьалаьцна,
хьаладелира иза.

Ц1ийнан не1аре Иман охьа а йиллина, «г1алх, г1алх»,
аьлла, чуьрчаьрга кхайкхира ж1аьла. Чуьрнаш аралилхира, йо1ана гобеш. Борз
нацкъара а даьлла, шеен хьекъале б1аьргаш йоь1ан дена-нанна
т1е боьг1на, шена т1ера хи д1адоккхуш, дегаделира.

Ч1ама цунна т1емотт хьоькхуш, и дакъо х1оьттира.

Иштта кертарчу
баккхийчаьрца гергарло ч1аг1делира Борзан

Хьесап:

1.  Суьйре.

2.   Борзана хеза г1овг1а.

3.   Ж1аьло гlo до.

4.    Доттаг1алла ч1аг1делла.

Шеран
талламан болх

Ненан дог

Доьзалхочунна
моьтту, шега шен деган къайленаш ненах лачкъало. Ткъа гуш доцчу пхенашца шен
берийн дегнех дозаделла ненан дог ша-шах кхуьу церан къайленех. Бер мел
генахь делахь а, шен берана хазахетар хилча, доккхадеш тохало, ткъа цуьнан
кийра цхьана балано хьовзабахь, сингаттамо д1алоцу ненан дог, ненан дог –
шайх ду.

Декьаза
дара нохчочун ненан дог. Берех самукъадаьлла тохадалар к1езиг хуьлура цуьнан.
Оцу заманахь къаьсттина. К1ант вича, цунна хаьара, иза шен воций. Цунна лаахь
а, цунна мел везарх а, ваха лаарх а, цуьнан вацара иза, халкъан вара. Х1етта
кога ваьлла к1ант, г1аш юккъе сара а боьллина, марг1ал лестош, волавелча
нанна хаьара цхьа пхийтта шо даьлча иза халкъан г1уллакхан дуьхьа кех вер
вуйла.

Скачано с www.znanio.ru

Тема 10 класс. Нохчийн мотт

Тема 10 класс. Нохчийн мотт

Лексикологи Изложени «Ден дозалла»

Лексикологи Изложени «Ден дозалла»

Нана йолчу боьлху к1ентий. –

Нана йолчу боьлху к1ентий. –

Суна а, тхуна массарна а Белител дагна хьоме адам дацара

Суна а, тхуна массарна а Белител дагна хьоме адам дацара

Де дика хуьлда хьан, сан хьоме

Де дика хуьлда хьан, сан хьоме

Оцу ойланах Уми г1ийла къурдаш дан юьйлира

Оцу ойланах Уми г1ийла къурдаш дан юьйлира

Таьллийн генашлахь б1аьстенан муьрехь шайн хаза эшарш лоькхуш деха зарзарш

Таьллийн генашлахь б1аьстенан муьрехь шайн хаза эшарш лоькхуш деха зарзарш

Х1ан ахь д1аэца, – йо1а кампеташ сан буйна йоьхкира

Х1ан ахь д1аэца, – йо1а кампеташ сан буйна йоьхкира

Тхо г1ийла т1аьхьа хьоьжуш Iapa кечбелла болчу мехкаршна

Тхо г1ийла т1аьхьа хьоьжуш Iapa кечбелла болчу мехкаршна

Гушмузукъ а, цуьнан виъ к1ант

Гушмузукъ а, цуьнан виъ к1ант

Изложени Чурт санна лаьттинарг

Изложени Чурт санна лаьттинарг

Поэта даладахь а «Генарчу Даймехкан сурт х1оттало», ешархочунна дукха улле даладо цо и сурт

Поэта даладахь а «Генарчу Даймехкан сурт х1оттало», ешархочунна дукха улле даладо цо и сурт

Эххар а, Сийлахас хан а юьллий, и ялайо

Эххар а, Сийлахас хан а юьллий, и ялайо

Ибрах1им шен юьртахо Бета волчу воьду, ков — керт д1аделла а, цуьнгара топ эца

Ибрах1им шен юьртахо Бета волчу воьду, ков - керт д1аделла а, цуьнгара топ эца

Лулахойн бераша хьехархочуьнга д1аелира со

Лулахойн бераша хьехархочуьнга д1аелира со

Тамашийна амал яра хьешан: ловза вог1уш а, ц1ена бедарш юхура цо

Тамашийна амал яра хьешан: ловза вог1уш а, ц1ена бедарш юхура цо

ИзложениДохкобовлар Салман, бепиг, шура а эца г1охьа, — элира х1умнаш юьттуш йолчу нанас

ИзложениДохкобовлар Салман, бепиг, шура а эца г1охьа, - элира х1умнаш юьттуш йолчу нанас

Деха 1а д1а а даьлла, юха схьакхечира ховха б1аьсте

Деха 1а д1а а даьлла, юха схьакхечира ховха б1аьсте

Изложени «Доттаг1 вонехь вевза»

Изложени «Доттаг1 вонехь вевза»

Понравилась статья? Поделить с друзьями:

Новое и интересное на сайте:

  • Дизель шоу сочинение про учителей
  • Дизель шоу сочинение как я провел лето смотреть онлайн
  • Дизайнеру очень важно для внутренней отделки помещения правильно подобрать егэ
  • Дизайнерская композиция вступительный экзамен юфу
  • Дизайнер сдача экзаменов

  • 0 0 голоса
    Рейтинг статьи
    Подписаться
    Уведомить о
    guest

    0 комментариев
    Старые
    Новые Популярные
    Межтекстовые Отзывы
    Посмотреть все комментарии