Обновлено: 10.03.2023
Сочинение 9.3 (15.3) ОГЭ по русскому языку: примеры сочинений 9.3 по текстам из разных сборников для подготовки к ОГЭ 2022.
Темы сочинений:
Сочинение ОГЭ 9.3 ВНУТРЕННИЙ МИР Что такое внутренний мир человека? Волкова
Сочинение ОГЭ 9.3 ДОБРОТА Какого человека можно назвать добрым? Чванов.
Сочинение ОГЭ 9.3 ДОБРОТА Что значит быть добрым? Крапивин
Сочинение ОГЭ 9.3 ДОБРОТА Что такое доброта? Бахревский
Сочинение ОГЭ 9.3 ДРАГОЦЕННЫЕ КНИГИ Как книги влияют на человека? Горький.
Сочинение ОГЭ 9.3 ДУШЕВНОСТЬ Какого человека можно назвать душевным? Лесков
Сочинение ОГЭ 9.3 РАСКАЯНИЕ Почему важно уметь признавать свои ошибки? Крапивин
Сочинение ОГЭ 9.3 СИЛА ХАРАКТЕРА Когда особенно важна сила характера? Грин
Сочинение ОГЭ 9.3 СИЛА ДУХА В чем проявляется сила духа? Овчинникова.
Сочинение ОГЭ 9.3 СИЛА ДУХА Что такое сила духа? Яковлев
Сочинение ОГЭ 9.3 ЦЕЛЕУСТРЕМЛЕННОСТЬ Как целеустремленность человека может повлиять на окружающий мир? Платонов
Сочинение ОГЭ 9.3 ЛЮБОЗНАТЕЛЬНОСТЬ Почему важно быть любознательным? Паустовский
Сочинение ОГЭ 9.3. ВЕЛИКОДУШИЕ Почему важно уметь прощать? Погодин
Сочинение ОГЭ 9.3 ВЗАИМОВЫРУЧКА Когда помощь становится неуместной? Чуковский
Сочинение ОГЭ 9.3 КРАСОТА Что такое красота? Крупин
Сочинение ОГЭ 9.3 КРАСОТА Что дает человеку красота? Шим
Сочинение ОГЭ 9.3 ДОВЕРИЕ Что такое доверие? Куклин
Сочинение ОГЭ 9.3 ЗАВИСТЬ Что такое зависть? Куклин
Сочинение ОГЭ 9.3 ЗАВИСТЬ Что такое зависть? Алексин
Сочинение ОГЭ 9.3 ГЕРОИЗМ Что такое героизм? Приставкин
Сочинение ОГЭ 9.3 БЕЗДУШИЕ Что такое бездушие? Алексин
Сочинение ОГЭ 9.3. ПРЕДАННОСТЬ В чем заключается ценность преданности? Абрамов
Сочинение ОГЭ 9.3. ЖИЗНЕННЫЕ ЦЕННОСТИ Что такое жизненные ценности? Муравьева
Сочинение ОГЭ 9.3. ЖИЗНЕННЫЕ ЦЕННОСТИ Что такое жизненные ценности? Клеандрова
Сочинение ОГЭ 9.3 РАСКАЯНИЕ Что такое раскаяние? Воронкова
Сочинение ОГЭ 9.3 ЛЮБОЗНАТЕЛЬНОСТЬ Какие открытия помогают нам сделать книги? Аксаков
Сочинение ОГЭ 9.3 СМЕЛОСТЬ Какого человека можно считать смелым? Крапивин
Сочинение ОГЭ 9.3 ВООБРАЖЕНИЕ Что дает человеку воображение? Аверченко
Сочинение ОГЭ 9.3 ПРИЗВАНИЕ Что такое призвание? Андреев
Сочинение ОГЭ 9.3 УЧИТЕЛЬ Каким должен быть настоящий учитель? Вигдорова
Сочинение ОГЭ 9.3 НАСТОЯЩИЙ УЧИТЕЛЬ Кого можно назвать настоящим учителем? Лиханов
Сочинение ОГЭ 9.3 ВОСПИТАНИЕ Каким должно быть воспитание? Соколова
Сочинение ОГЭ 9.3 МЕЧТАТЕЛЬНОСТЬ Что такое мечтательность? Железников
Сочинение ОГЭ 9.3 СМЕЛОСТЬ Что такое смелость? Пантелеев (демоверсия ОГЭ 2020)
Сочинение ОГЭ 9.3 ДРУЖБА Что такое дружба? Песков
Сочинение ОГЭ 9.3 ДРУЖБА Что такое дружба? Воронкова
Сочинение ОГЭ 9.3 ЩЕДРОСТЬ Что такое щедрость? Искандер
Сочинение ОГЭ 9.3 ОБИДА Что такое обида? Железников
Сочинение ОГЭ 9.3 ЛЮБОВЬЧто такое любовь? Пришвин
Сочинение ОГЭ 9.3 ЛЮБОВЬЧто такое настоящая любовь? Львовский
Сочинение ОГЭ 9.3 СЧАСТЬЕ Что такое счастье? Песков
Сочинение ОГЭ 9.3 СЧАСТЬЕ Что такое счастье? Аксенова
Сочинение ОГЭ 9.3 РЕШИТЕЛЬНОСТЬ В каких ситуациях человеку нужна решительность? Житков
Сочинение ОГЭ 9.3 НРАВСТВЕННЫЙ ВЫБОР Почему всегда нужно говорить правду? Зощенко
Сочинение ОГЭ 9.3 ТЩЕСЛАВИЕ Чем опасно тщеславие? Андреев
Сочинение ОГЭ 9.3 ЖЕСТОКОСТЬ В чем причины подростковой жестокости? Толстой
Сочинение ОГЭ 9.3 СОЗНАТЕЛЬНОСТЬ Почему нужно сознательно относиться в природе? Пришвин
Сочинение ОГЭ 9.3 ЧЕЛОВЕЧНОСТЬ Как проявляется человечность? Чарушина
Сочинение ОГЭ 9.3 СОВЕСТЬ Что значит иметь чистую совесть? Лесков
Сочинение ОГЭ 9.3 ЖИЗНЕННЫЙ ОПЫТ Как приобретается жизненный опыт? Паустовский
Сочинение ОГЭ 9.3 ВЗРОСЛЕНИЕ Почему мир меняется вокруг взрослеющего ребенка? Пастернак
- Для учеников 1-11 классов и дошкольников
- Бесплатные сертификаты учителям и участникам
Йиллина урок. 9 класс ( нохчийн меттан ПКЭ-н кечам бар 3-г1а дакъа, 15.3. т1едиллар кхочуш дар).
Сочинени-ойлаяр язъян кечам бар.
Кечйина: нохчийн меттан а,
литературин а хьехархочо,
Мучураева Раиса Татаевнас.
Къамел кхиоран конспект.
Урокан 1алашо:
— Ешначу текстан коьрта ойла дешархошна билгалъяккха хаар дастар, 1амочу коьчалан шена хетарг алар, аргументаш ялор;
— Массо адамашкахь хила езачу коьрта оьздангаллин принципех кхетор, къамелан культура кхиор.
1)дешаран : къамелан культурех долу хаарш шардар, к1аргдар; орфографически г1алаташ ца даха 1амор, текстан ерриге а билгалонашца ма-дарра маь1нин а, структурни а уьйраца, шена хетарг ала 1амор.
2)кхиоран : кхоллараллин, къамелан, ойлаяран жигаралла кхоллар, темех болу шена хета эмоциональни хьежам гайта 1амор.
3)кхеторан : дешархойн амалехь дикаллин билгалонаш: къинхетамалла, бала кхачар, адамалла кхоллар;
Вовшахтохаран кепаш : къамел дар,тобанашкахь болх, индивидуальни болх, ша бен болх, дешархойн хаамаш.
1аморан хьелаш : компьютер, презентаци, дагалацамаш №1,2.
Дешархойн белхан, ойлаяран кепан активаци :дешаран хаамийн анализ, нохчийн меттан а, литературин а юкъара уьйр ястар. Текстан анализ, т1едиллар 15.3, 3-чу декъана сочинени-ойлаяран алгоритм х1оттор; компьютеран програмни хьелаш – Microsoft Word , Microsoft Power Point . Урокан компьютерни презентаци.
Урокан некъ
I .Вовшахтохаран минот. Де дика дойла, хьеший, шу марша а дог1ийла! Халкъалахь олуш ду-кх, хьаша ца вог1у х1усамехь беркат хир дац. Цу т1ера, ала мегар ду, вайн урок беркате хир ю.
Эпиграф (тетрадаш т1е д1аязйо).
« Шен лазар хаалуш велахь и стаг – дийна ву.
1.Мотиваци. (ловзаран кеп: Х1ун? Мичахьа? Маца?).
II . Классаца къамел дар.
Тахана вай къамел дийр ду, къинхетам бохучу синхаамах лаьцна, сочинени язъян материал а гулйийр ю. Болх тобанашкахь бийр бу.
Мах хадоран система.
-Х1ора тобанна шен тхьамда ву, цуьнан декхар ду шен тобанан декъашхочо нийса деллачу жоьпана 1б. д1аязъян.
2. Фронтальни хаттарш:
-Муха кхета шу къинхетам бохучу дашах? (къинхетам-адамаллин синхаам бу).
— Муха кхолладелла и дош? Х1ун олу цунах? (шина орамах а, суффиксех кхолладелла, цунах чолхе дош олу).
Синонимаш- адамалла, дикалла, безам, доглазар, декхар, терго, г1айг1а яр, накъосталла, догц1ена, хьастар, са цакхоор.
Антонимаш- дералла, къизалла, хьаг1, саьхьаралла , писалла, сутаралла, сийдацаралла, догъ1аьржа, къинхетамазалла, шогалла, бен цахетар.
(х1ора тобано шайн жоьпаш д1а а яздой д1адоьшу).
Къинхетамах лаьцна хьекъале дешнаш :
Къинхетамечу адамех, Веза-Сийлахьчу Аллах1а а бийр бу къинхетам. Дуьненчохь къинхетам ахь бе, Эхартахь къинхетам хьох Цо а бийр бу.
-Къинхетам –1алам дезаран а, нийсонан а хьост ду.
-Къинхетам боцург, къиза ву.
-Шина тайпа бу къинхетам. Хьалхарниг- синк1езга, догк1еда хилар, нехан вон гича сихха иза дицдан къайлавалар бен, кхин бала пайда боцу. Шолг1аниг – къа а хетта къайла а ца волуш, шен ницкъ кхочург а, цул совнаха а г1о-накъосталла дар.
Дошам т1е хьовсий вай:
Къинхетам -иза кхечу адамехь,ткъа иштта дийнатехь долчу хьолах кхетар а, царах доглазар а, оьшучохь г1о дар а ду.
Дахарехь къинхетам бар:
— Мискачу нахана г1о лацар, саг1а далар. Де эшначу берашна, баккхийчу нахана тайп-тайпанчу бахьанашца аьтту бан хьовсар , шен тоьлла йолу синхаамаш гучуяхар ду; къинхетам – царех цхьаъ бу.
-Юкъаметтигаш. Гонахарчу адамашца стага бечу къинхетаме хьаьжжина, нахана дукхавеза; дийнаташка бина къинхетам Дела реза вар ду.
-Кхечу адамашка йолу терго. Нахаца т1екере волчунгахь адамалла ю.
-Корматаллин г1уллакх. Адамаллин амалш къеггина гучуйовлу лоьрашкахь, хьехархошкахь.
-Доьзалехь юкъаметтиг. Ден-ненан бере а, беран дега-нене а болу безам — иза а къинхетаман цхьа хьост ду.
1) Сочиненин материал вовшахтохар.
-Цкъа хьалха, алгоритм йовуьйтур ю ас шуна.
15.3. т1едилларехь сочинени-ойлаяр х1отторан алгоритм.
1)Д1адолор. Далийначу дашна нийса къастам ло. Хьо муха кхета цу дешан маь1нах, комментарий йо.
2) 1-чу абзацехь айхьа билгалдаьккхинчун бух т1ехь сочинени-ойлаяр д1айолае.
3)2-чу абзацехь текстера цхьа масал даладе, айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш.Цу предложенин терахь д1аязде.(клишех пайда эца).
4)3-чу абзацехь хьайн дахарехь зеделлачух цхьа масал даладе, айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш (клишех пайда эца)
5)4-чу абзацехь хьайн сочинени-ойлаяр ерзоран дош даладе(клишех пайда эца).
1.Сочиненин д1адолор яздо- маь1на досту.(схьаелла ПКЭ г1о-1аматан аг1о 45).
Къинхетам-иза кхечу адамехь, ткъа иштта дийнатехь долчу хьолах кхетар а, царах доглазар а, оьшучохь г1о дар а ду. (тетрадаш т1е д1аязде).
2.Текстан комментарий .
2-3 предложени язйо тезис т1еч1аг1ъеш.
(Суна хетарехь, бендацар, оьг1азалла хир яц и тайпа болчу нахехь. Къинхетамо стеган адамалла, дикалла йосту, бусулба хиларан билгало а ю иза).
(Сан кхетамехь, къинхетаме стаг- иза ас лакхахь ма- аллара, кхечуьнга деанчу вуонна юьстах а ца лаьтташ, цуьнан дог оьцуш, дашца а, г1уллакхца а накъосталла деш верг ву.
I II.Сочинени язъян материал схьакъастор. Тектан анализ. Анализ еш вай юьхьарлоцур ю Абубакарова Пет1аматан текст.
1.( Хьалххе кечам бина дешархочо д1айоьшу). ТЛК текст (ПКЭ г1о-1амат 2018, 2-г1а вариант, а.53-54)
2.Дешархошка хаттарш:
-Х1окху текстан х1ун тема ю?(къинхетаман)
-Муьлха стиль ю текстан?(исбаьхьаллин)
-Къамелан муьлха кеп ю текстехь?(дийцаран)
-Муха кхета шу ешначу текстан (14) предложених: Эх1, баркалла ма хуьлда хьуна т1ехь х1ара та1зар динчунна, ма т1улгах дина дог хилла-кх цуьнан кийрахь,- бохуш, даггара дов дора йоккхачу стага.
( кхокхана къинхетмза т1улг тоьхна, дожийначунна оьг1аз яхана йоккха стаг).
-Текстан коьрта маъ1на муха ду? (Мегар дац иштта къиза хила, адамехь къинхетам хила беза, дийнаташка х1ете а).
3.Тобанашкахь болх.
1) 1-ра т1еч1аг1дар — ешначу текстера харжа (цитата я предложенин №). Комментари е. (Абубакарова Пет1аматан текстан (9) предложени ешча, вайга ойла йойту, ма дика а ду-кх дуьненчура массо а адам къиза доцуш, аьлла. Авторан хетарехь, деригге а 1алам кхокханах къахетта кхоьлинера, цхьана Хедин дог кхоьлина ца 1ара.
2-г1а т1еч1аг1дар – ойла а ей, шайн дахарера, я исбаьхьаллин литературера масал даладе. (Дахарера масал далош аьлча, лакхахь ялийна ойла т1еч1аг1еш, ала лаьа вайн президентах дош. Цомгушчарна, мискачарна г1о деш, царех дог лозуш, г1о-накъосталла деш схьавог1уш ву, Рамзан Ахматович.
-Х1ора тобано д1адеша т1еч1аг1дарш.
4. Хьехархочун дош.
Сочиненин дерзор – иза юкъара жам1 ду билгалбаьккхина къастам т1еч1аг1беш, и ца хилча ойлаяр чаккхе йолуш ца нисло.Текстан маь1ница уьйр йолуш хила деза жам1.
Хьехархочун дош: Вай дийцинчун жам1 деш, къинхетамах лаьцна стихотворени юьйцур Ашаханова Даянас .
Дижа, я, ма дижа лаьтта,
Бохучу ойланца дайй.
Х1аваэхь г1айг1ане, техкаш,
Т1еэега лайн чимаш к1айн.
Бегаш беш, забрийна санна,
К1ез-к1еззиг озадеш т1етт1а.
Ца доьхуш жоп, ца деш хаттар,
Датош ду шелоно латта.
Цхьацца хир, кхаъ хилла 1аьнах,
Ца кхоьруш шелонах, лайх а.
Олхазар дисна-кх д1о бенахь,
Тхов боцуш, б1аьрса а дайна.
Сих синан къинхетам байча,
Хьа бер те, къинхетам вайх а?
Адамаш, хьадийша орцуха,
Шайн синойх къинхетам бейша!
V .Релекси. Къинхетаман билгалонаш д1аязъе вай .(аьрру куьйгана го баьккхина сиз хьаькхна, юккъе д1аяздо)
— доглозуш хилар;( нана п1елг)
-дика хилар; (хьажо п1елг)
-бала кхачар;(юккъера п1елг)
-1алам дукхадезар; (маза п1елг)
-ша ца кхоор;(ц1аза п1елг)
-шениг дитина, дог ц1еначу нехан г1уллакх дан кийча хилар(кераюкъ).
( Х1инца и дерриге а вай карахь ду-кх, вешан дегнашкахь къинхетам кхио беза вай, т1аккха бен хуьлуш дац доккхачу элпаца Адам).
VI . Шаьш шайна мах хад
Къинхетам – иза адаман синхаамех коьртачарехь цхьаъ бу.Кхечу адамна, гонахарчу 1аламна хуьлуш йолу г1ело бен ца хеташ, дог лазар ду аьлла, хета суна иза.
Сан кхетамехь къинхетаме стаг иза , ас лакхахь ма-аллара кхечуьнга деанчу вуонна юьстах а ца лаьтташ, цуьнан дог оьцуш, дашца а, г1уллакхца накъосталла деш верг ву.
Масала, Абубакарова П. текстехь го вайна лазийначу кхокханна орцахъялла жима йо1. Хеда къинхетаме хилар ду иза. Яздархочо вайна иза гойту 9 предложенехь.
Дахарера масал далош, лакхахь ялийна ойла т1еч1аг1ъеш, ала лаьа вайн паччахьах дош. Цомгушчарна, мискачарна г1о деш, царех дог лозуш, царна г1о-накъосталла деш схьавог1уш ву Рамзан Ахматович.
Цу т1ера схьа жам1 дан йиш ю вайн къинхетам адаман амалехь сийлахьчарехь цхьаъ хилар.
Йиллинчу урокан самоанализ
Урокан 1алашо яра ешначу текстан коьрта ойла дешархошна билгалъяккха хаар дастар, 1амочу коьчалан шена хетарг алар, аргументаш ялор;
-Коьртачу оьздангаллин принципех, массо адамашкахь хила езачу, къамелан культура кхиор.
1)дешаран : къамелан культурех долу хаарш шардар, к1аргдар; орфографически г1алаташ ца даха 1амор, текстан ерриге а билгалонашца ма-дарра маь1нин а, структурни а уьйраца, шена хетарг ала 1амор.
2)кхиоран : кхоллараллин, къамелан, ойлаяран жигаралла кхоллар, темех болу шена хета эмоциональни хьежам гайта 1амор.
3)кхеторан : дешархойн амалехь дикаллин билгалонаш: къинхетамалла, бала кхачар, адамалла кхоллар;
1аморан методаш : проблемно- поискови, хаамаш дустаран анализ.
Вовшахтохаран кепаш : къамел дар,тобанашкахь болх, индивидуальни болх, ша бен болх, дешархойн хаамаш.
Экзаменационни болх кхаа декъах лаьтташ бу, шена чохь 9 т1едиллар а долуш.
Нохчийн меттан экзаменационни болх кхочушбарна луш 3 сахьт 55 минот хан ю (235 минот).
1-чу декъана юкъадог1у цхьа т1едиллар. Иза ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх бу. Тексте шозза ладуг1у.
И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.
2-г1а дакъа лаьтта 7 т1едилларх (2-8). 2-чу декъан кхо т1едиллар кхочушдо ешначу текстан буха т1ехь.
Нагахь 2-чу декъан т1едахкаршна нийса жоп ца яздинехь, цунна т1е сиз хьакхий, юххехь керла жоп д1аязде.
3-чу декъан болх болош, далийначу кхаа т1едилларх (9.1, 9.2 я 9.3) цхьаъ харжа. Оцу т1едилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло.
И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.
Экзаменехь бакъо ло орфографически луг1атах пайдаэца.
Т1едахкарш кхочушдеш, черновиках пайдаэца мегар ду. Белхан мах хадош, черновик т1ехь дина йозанаш лоруш дац.
Ахь кхочушдинчу т1едахкаршна яьхна ерриге а баллаш вовшахтуху.
Хьайн ма-хуьллу дукха т1едахкарш кхочушдан а, баллаш яха а хьажа.
Дала аьтто бойла!
Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехат т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде.
Цкъа хьалха т1едилларан лоьмар д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх.
Тексте ла а дог1ий, жима йозанан болх кхочушбе.
Хаалахь, хьо декхарийлахь ву, х1ора хаттарна дуьззина (1-2 предложеница) жоп дала.
Йозанан белхан барам 50 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбина йозанан болх ма-ярра схьаязйина ладоьг1на текст елахь, оцу белхан ноль баллаца мах хадабо.
Жоьпаш терахьашца билгалдаха.
Хаттарш къаьстинчу кехата т1е схьаяздан ца оьшу.
Йозанан болх кхочушбе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
1.Халкъан уггаре доккха хьал х1ун ду?
2.Нохчийн къам шена т1ех1иттинчу халонех чекхдалар стенах доьзна дара?
3.Хьалха заманахь берана дуьненах, 1аламах, динах, оьздангаллех болу кхетам хьан луш хилла?
4.Вайнехан доьзалехь бераш кхетош-кхиош мила хилла?
5.Х1ун лаьттина ишттачу доьзалшкахь, цара х1ун лардина?
2-8 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). кхочушде.
Синтаксически анализ.
(1)Лам-м лаьтта, Органах ял а оьцуш, шен когашкара охьаяьржина хьун дебош. (2)Ка хьоькхуш лелийна, дахдина мекх санна, 1инца д1аяхло буьрса хьун. (3)Гаьннаш д1аса а тийсина, шуьйрра къерза хенара нежнаш; царах орамаш хьерчадо куьцечу пепнаша. (4)Хьуьнан маша буцуш, хьийкъина хьерчачу б1аьллангах пебетташ, ц1ен къегаш лаьтта стех дуьзна гаьннаш.
Нийса грамматически бух къастийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Д1аязъе цуьнан лоьмар.
1) охьаяьржина хьун дебош (1-ра предложени)
2) д1аяло хьун (2-г1а предложени)
3) орамаш хьерчадо (3-г1а предложени)
4) хьийкъина гаьннаш (4-г1а предложени)
Пунктуационни анализ.
Оьшу сацаран хьаьркаш х1иттаде. Айхьа х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.
Произведени йоьшуш (1) яздархочун (2) исбаьхьаллин идеях кхета йиш ю (3) нагахь санна цо шен кхетам а (4) ойла а исбаьхьаллин вастехула (5) дахаран суьрташца гайтича. Оцу идеях кхета таро хуьлу (6) яздархочун ерриге а произведение ша а ешна (7) цуьнан чулацам дика бевзича.
Синтаксически анализ.
Предложенера т1едерзар схьаязде.
Хьан декаро, хьан хазачу мукъамо сан кийрахь дукха хенахь дуьйна схьа лаьттина йолу г1айг1а яшийна д1аяьккхинера, сан жима олхазар!
Орфографически анализ.
Билгалдаьккхина дош яхдаран нийса т1еч1аг1дар далийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Оцу жоьпан лоьмар д1аязъе.
2)ЦХЬА-К1ЕЗЗИГ – ЦХЬА боху дош т1екхетарца кхолладелла чолхе куцдешнаш дефисца яздо.
3)МОК-ХА – дош сехьадоккхуш, шалха элпаш декъа мега.
4)КХОЧУШЙО – цхьана дешдекъах лаьттачу хандешан г1оьнца кхолладела чолхе хандешнаш цхьаьна яздо.
Текст д1а а еший, 6-9 т1едахкарш кхочушде.
(1). Кегийрачу г1улчашца болар эцна йоьдура Хеда. (2)Ц1еххьана сацаелира и. (3)Некъа юккъехь, т1емаш д1аса а тесна, 1уьллура мокха кхокха. (4) Цхьана гауро, 1одаца т1улг тоьхна, божийначух тера дара миска. (5)Цуьнан цхьа т1ам берриг а ц1ийх буьзнера.
(6)Меллаша т1е а яхана, схьаийцира йо1а кхокха. (7)Цунах къахка а, д1абада а де дацара пекъаран. (8)Йоь1ан каракхаьчча, меллаша т1етт1адахара цуьнан б1аьргийн туьтеш. (9) Кхокханах къахетта, кхоьлира жимма хьалха ирсах деттаделла йоь1ан дог. (10) Цуьнгара дакъа кхаьчча санна, кхоьлина д1ах1оьттира аьхкенан малх бийлинчу арахь а. (11) Чан йойуш, куьйса дог1а а хьаьрсира…
(12) Лазийна кхокха а эцна, маса ц1ехьа яхара Хеда. (13)Х1инца цунна Бабин орца оьшура.
– (14) Эх1, баркалла ма хуьлда хьуна т1ехь х1ара та1зар диначунна, ма т1улгах дина дог хилла-кх цуьнан кийрахь, – бохуш, даггара дов дора йоккхачу стага.
– (15) Баба, х1ун де ас кхуьнан лазийначу т1омана? – хаьттира Хедас.
– (16)Дера, Хеда, ца хаьа суна-м , цунна х1ун дича бакъахьа хир дара а, – элира Бабас. – (17)Молханел дарбане ю олура ц1ечу аьттан шура.
(18)Цуьнца била а билина, ц1еначу шаршух аса а яьккхина, д1абихкича х1ун дара те?
(19)Нанас д1адиллина ц1ена киса карийра Хедина шайн чохь. (20)Ц1ечу аьттан шура а йолуш яра,кхеран шайн атто елла, бамба а схьаийцира чов ц1анъян.
(21)Лоьралла дан х1оьттинчу Хедас бошхепа шура йоьттина, цу чу а 1уьттуш, бамбица ц1анбира кхокханан лазийна т1ам. (22)Цу хенахь, йо1ана хаа а луш, к1ен буьртигел хиш 1ийдалора кхокханан б1аьргех. (23)Делахь а, дарба ца лелийча ца долура. (24)Т1е етташура а юьллуш, байн д1ахьарчийра Хедас ша билина т1ам. (25)Юха, баьхьна, шайн цициг т1е ца кхочче, раг1у к1еларчу сов х1ума чуюьллучу ц1а чохь бен а кечбина, д1ахаийра, юххехь даа хьаьжк1ан буьртигаш а, мала хи а дуьтуш.
(26)Шолг1ачу 1уьйранна сов ц1а чу яьлла Хеда йоккхаеш сецира. (27)Хьаьжк1аш д1а а йиъна, кисин асина юккъера схьа а баьлла, когаш т1ехь чухула д1асалелаш бара кхокха.
(28)Дика хиллера Бабин дарба. (29)Чов ерза йоьллехь а, т1ам меттабан генахь дара. (30)Ц1еххьана дагадеана, Мокхалаг аьлла ц1е тиллира цунна йо1а.
– (31)Схьабоьл, Мокхалаг, кхин цкъа д1абехкий вайша хьан т1ам,– олуш, Хеда шена т1екхевдича, цуьнан маттах кхеташ санна, д1а ца бодуш, сецира кхокха. – (32)Вайшимма тахана жимма т1о а хьокхур бу хьан чевнна. (33)Хьоналла дика ю ма элира Бабас.
(34)Иштта жимачу лоьро дарба лелош, д1аделира кхин а ши де. (35)Х1инца мелла а тобала буьйлира Мокхалаг. (36)Цуьнца цхьаьна Хедех буола а. (37)Цо хьалхатесна а, куьйган кера юккъехь кховдийна а к1а, хьаьжк1аш юура, цуьнгара хи а молура. (38)Йо1 ч1ог1а тайнера цунна .(39)Цхьана Хедин сакъераделла ца 1ара кхокханах. (40)Диллина гуонах хьийзаш дара кхуьнан ши йиша а, ваша а. (41)Амма Хедина бен куьйга т1е а, белша т1е а ца хуура Мокхалаг.
– (42) Мел хьекъал долуш а бу!–цецъюьйлура Хеда.
(43) Денна ч1аг1луш дара кху шиннан гергарло.
(44)Кестта, ша т1ома ара а болуш, буьйса яккха кхеран сов ц1а чу а боьдуш, тобелла д1аболабелира Мокхалаг.
Текстан чулацаман анализ.
1) Дарбанна оьшу г1ирс ца карийра Хедина.
2)Кисин асина юккъера схьа а баьлла, чухула д1асалелаш кхокха гира цунна.
3)Лазийначу кхокханах къахийтира йо1ана.
4)Бабас дов динера йо1ана.
Меттан суртх1отторан г1ирсийн анализ.
Меттан суртх1отторан г1ирс–метафора шеца йолу предложени билгалъяккха.
1) Некъа юккъехь, т1емаш д1аса а тесна, 1уьллура мокха кхокха.
2) Йоь1ан каракхаьчча, меллаша т1етт1адахара цуьнан б1аьргийн туьтеш.
3) Лазийна кхокха а эцна, маса ц1ехьа яхара Хеда.
4) Нанас д1адиллина ц1ена киса карийра Хедина шайн чохь.
Лексически анализ.
2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата т1ехь 9.1, 9.2 я 9.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан лоьмар:9.1, 9.2 я 9.3.
Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.
Сочинени д1айоло мегар ду Ш.И.Абдуразаковн дешнашца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
1.Цу т1ехь яздархочуьнца реза ца хила йиш яц …
2.Х1ара тезис т1еч1аг1ъеш, хьовсур вай.
3.Масала, текстан… предложенехь …
4.Лакхахь далийначу масалшка хьаьжча …
Магадо: ялийна клишеш хийца.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр.
Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
1.Еллачу кийсакан маь1нах со иштта кхета …
2.Шен текстехь авторан 1алашо ю …
3.Х1окху тезисан нийса хилар текстера…предложенешца т1еч1аг1до вай.
4.Цу тайпанна, баккъалла а ойла нийса …
Магадо: ялийна клишеш хийца.
Муха кхета хьо КЪИНХЕТАМ бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Собрала для вас похожие темы сочинений, посмотрите, почитайте:
Сочинение на тему: Хьарамло
Хьарамло — иза Дала ца магийначу новкъа лелар ду : харцо лелаяр, къола дар.
Сан кхетамехь — хьарамло хьо санна волчу бусулбачу стагана ахь беш болу тешнабехк бу.
Дахарера масал далош, ала лаьа вайн мехкан куьйгалхочо а , 1еламнаха а оццул хьехамаш барх схьацалоцу кегийчу чкъоро. Хьарам новкъа боьлху уьш , нахана Сингаттам а боккхуш.
Вай дийцинчун жам1 деш ала лаьа, Дала харцонах а , хьарамлонах а лардойла вай !
Образовательный сайт для студентов и школьников
© Фирмаль Людмила Анатольевна — официальный сайт преподавателя математического факультета Дальневосточного государственного физико-технического института
Читайте также:
- Сочинение на тему моя любимая книга 2 класс
- Сочинение один день из жизни древнего германца
- Сочинение на тему достоинства и недостатки системы воспитания а с макаренко
- Воздушно десантные войска сочинение
- Урок русского языка в 7 классе сочинение рассуждение что такое память
9 класс. нохчийн мотт
Урокаш № 34-35
Урокан
ц1е: ПКЭ-н кепехь «Вайнехан
доьзал» изложени
Урокан
1алашонаш: текст йацйаран некъех нийса пайдаэца 1амор.
Урок
д1айахьар.
I. Урокан
кечам бар.Маршалла
хаттар.
II. Дешархой
балхана йукъабалор:
Хьехархочун
дош. /боцца хаам балар/
III.
1.Текст йовзийтар.
ПКЭ-н
кепехь «Вайнехан доьзал» изложени
Халкъан уггаре доккха хьал-иза х1ора доьзал сица а, дег1аца а
могаш хилар ду. Нагахь доьзал ч1ог1а хилахь, къам а хир ду ч1ог1а. Иза дийца а
ца оьшу, бакъдерг ду.
Нохчийн къам мел йаккхий халонаш т1ех1иттарх, царах чекхдуьйлуш,
х1аллак ца хуьлуш, схьадар дукха хьолахь доьзна дара вайнехан доьзалан
ч1ог1аллех. Хьалха заманахь дуьненчу даьлла бер доккха а хилла, нахана юккъе
даллалц, ц1ахь шен деций, ненаций, вежаршций, йижаршций хьалакхуьура. Цара луш
хилла цунна дуьненах, 1аламах, динах, оьздангаллех болу кхетам.
Вайнехан доьзал шатайпа дуьне ду, шен г1иллакхаш а, ламасташ а
долуш. Оцу дуьненахь уггаре воккха хьаькам Да ву. Да доьзалхошна масал хила
хьакъ ву массо х1уман т1ехь. Дуьнен чуьра д1аваллалц цуьнан а, д1аваьлча цуьнан
ц1еран а сий-ларам бар т1ехь ду берашна. Бераш кхетош-кхиор, коьрта долчунна,
ненан г1уллакх хилла хьалха заманахь.Ткъа дас оцу г1уллакхехь дакъалоцуш хилла
ненехула. Ишттачу доьзалшкахь иман а, беркат а лаьттина. Цара шайн къоман юьхь
а,сий а лардина.
Ахмадов М.М. (157 дош)
Хаттарш:
1.Халкъан
уггаре доккха хьал х1ун ду?
2.Нохчийн
къам шена т1ех1иттинчу халонех чекхдалар стенах доьзна дара?
3.Хьалха
заманахь берана дуьненах, 1аламах, динах, оьздангаллех болу кхетам хьан луш
хилла?
4.Вайнехан
доьзалехь бераш кхетош-кхиош мила хилла?
5.Х1ун
лаьттина ишттачу доьзалшкахь, цара х1ун лардина?
4.
Изложени йазйаран методически хьехамаш:
/Пайдаэца:
методически г1о-1амат. «Ас д1алур йу ПКЭ!»/
текстан коьрта тема а, идея а;
билгалйаккха
хиламийн,
ойлайаран хьалха-т1аьхьалла;
текстан х1ора декъана микротемаш;
х1ора декъана текст йацйаран кепаш: хийцар, йукъардаккхар,
вовшахтохар.
Тидаме
эца: текстан йацйар ларамаза нисделлачу йа
шена хетачу кепара хила ца деза;
произведенин
текстан исбаьхьаллин шатайпаналла а, коьрта маь1на а ца талхош, бан беза текст
йацйаран болх, иштта ларлуш хила веза бакъдерг талхорах.
4.Изложени
д1айазйар.
IV.
Ц1ахь бан болх балар. Изложени чекхйаккха.
Жоьпаш :
1.Халкъан
уггаре доккха хьал-иза х1ора доьзал сица а, дег1аца а могаш хилар ду.
2. Нохчийн къам шена т1ех1иттинчу халонех
чекхдалар вайнехан доьзалан ч1ог1аллех доьзна дара.
3. Хьалха заманахь берана дуьненах, 1аламах,
динах болу кхетам дас-нанас,йижарша ,вежарша луш хилла.
4. Вайнехан доьзалехь бераш,коьрта долчунна,нанас
кхетош-кхиош хилла,ткъа дасоцу г1уллакхехь ненехула дакъалоцуш хилла.
5. Ишттачу доьзалшкахь ийман а ,беркат а
лаьттина.Цара шайн къоман йуьхь а, сий а лардина.
Слайд 1
Кечйина: нохчийн меттан а,
литературин а хьехархо,
Мучураева Раиса Татаевнас. 28.02.2018 ш. МБОУ «Николаевски СОШ»
Йиллина урок. 9 класс ( нохчийн меттан ПКЭ-н кечам бар 3-г1а дакъа,15.3. т1едиллар кхочуш дар).
Урокан ц1е: Сочинени-ойлаяр язъян кечам бар.
«Къинхетаме стаг».
Слайд 2
Эпиграф
« Шен лазар хаалуш велахь и стаг – дийна ву.
Ткъа нехан лазар тосалуш велахь – иза Адам ду».
Слайд 3Урокан 1алашо:
— Ешначу текстан коьрта ойла дешархошна билгалъяккха хаар билгалдаккхар, 1амочу
коьчалан шена хетарг алар, аргументаш ялор;
-Коьртачу оьздангаллин принципех, массо адамашкахь хила езачу, къамелан культура кхиор.
Слайд 4 Къизалла
Адамалла
Накъосталла
Догц1ена
Г1айг1а яр
Догъ1аьржа
Сийдацаралла
Къинхетамазалла
Безам
Хьастар
Дералла
Сутаралла
дикалла
Терго
Декхар
Доглазар
Писалла
Хьаг1
Саьхьаралла
Бен цахетар
Шогалла
Са цакхоор
Облако Тегов
Слайд 5Къинхетамах лаьцна хьекъале дешнаш.
Къинхетамечу адамех, Веза Сийлахьчу Аллах1а а бийр бу
къинхетам. Дьненчохь къинхетам ахь бе, Эхартахь къинхетам хьох Цо а бийр бу.
(Хадис)
-Къинхетам –1алам дезаран а, нийсонан а хьост ду. (Сулейманов А.)
-Къинхетам боцург, къиза ву.(Халкъан хьекъал)
-Шина тайпа бу къинхетам. Хьалхарниг- синк1езга, догк1еда хилар, нехан вон гича сихха иза дицдан къайлавалар бен, кхин бала пайда боцу. Шолг1аниг – къа а хетта къайла а ца волуш, шен ницкъ кхочург а, цул совнаха а г1о-накъосталла дар. (Сухомлинский В.)
Слайд 6Дошам т1е хьовсий вай:
Къинхетам- кхечу адамехь,ткъа иштта дийнатехь долчу хьолах кхетар
а, царах доглазар а, оьшучохь г1о дар а ду.
Слайд 7Дахарехь къинхетам бар:
— Мискачу нахана г1о лацар, саг1а далар. Де эшначу
берашна, баккхийчу нахана тайп-тайпанчу бахьанашца аьтту бан хьовсар, шен тоьлла йолу синхаамаш гучуяхар ду; къинхетам – царех цхьаъ бу.
-Юкъаметтигаш: гонахарчу адамашца стага бечу къинхетаме хьаьжжина, нахана дукхавеза; дийнаташка бина къинхетам Далла герга вахар ду.
-Кхечу адамашка йолу терго: нахаца т1екере волчунгахь адамалла ю.
-Корматаллин г1уллакх: адамаллин амалш къеггина гучуйовлу лоьрашкахь,хьехархошкахь.
-Доьзалехь юкъаметтиг: ден-ненан бере а, беран дега-нене а болу безам — иза а къинхетаман цхьа хьост ду.
Слайд 815.3. т1едилларехь сочинени-ойлаяр х1отторан алгоритм.
1)Д1адолор. Далийначу дашна нийса къастам ло. Хьо
муха кхета цу дешан маь1нах, комментарий йо.
2) 1-чу абзацехь айхьа билгалдаьккхинчун бух т1ехь сочинени-ойлаяр д1айолае.
3)2-чу абзацехь текстера цхьа масал даладе, айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш.Цу предложенин терахь д1аязде.(клишех пайда эца).
4)3-чу абзацехь хьайн дахарехь зеделлачух цхьа масал даладе, айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш (клишех пайда эца).
Шолг1а т1еч1аг1дарехь, къинхетам бохучу дешан антонимаш яло мегар ду: адамаш бен доцуш, дера, къиза а, къинхетамза хуьлу. Иштта хила мегар дац!
5)4-чу абзацехь хьайн сочинени-ойлаяр ерзоран дош даладе(клишех пайда эца).
Слайд 9Нохчийн меттан ПКЭ 15.3. сочиненин клише
Слайд 10Ц1/б: сочинени чекхъяккха; 15.3. т1едилларан алгоритм 1амае; «Даймохк» (15.3., 3-г1а вар.)
темина сочинени язъе 3-4 дешархочу
Слайд 11
Рефлекси.
Къинхетамечу стеган билгалонаш:
— доглозуш хилар; (нана п1елг)
-дика хилар; (хьажо п1елг)
-бала кхачар; (юккъера п1елг)
-1алам дукхадезар; (маза п1елг)
-ша ца кхоор; (ц1аза п1елг)
-шениг дитина, дог ц1еначу нехан
г1уллакх дан кийча хилар. (кераюкъ)
Другие предметы,
вопрос задал gaysumovafatima83,
4 года назад
Ответы на вопрос
Ответил ruzaliabekyan
0
Ответ:
прочти свой вопрос и отредактируй. Мы тебе с такими ошибками помочь не сможем.
Объяснение:
Предыдущий вопрос
Следующий вопрос
Новые вопросы
Физика,
7 месяцев назад
!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!!
Алгебра,
7 месяцев назад
Пожалуйста, помогите решить примеры по вышей математике, чтоб сдать долг 21, 117, 141 буду очень благодарен если поможете, пожалуйста, подробно, опишите решение, пожалуйста, Срочно нужно сдать прошу…
Алгебра,
4 года назад
(Х^2-1)(х^2+4х+3)=0
Решите пожалуйста
Срочнооо срочно…
Кыргыз тили,
4 года назад
что означет имя футбол.
Математика,
6 лет назад
Запиши решение задачи. Вычисли и запиши ответ. Льняное масло составляет половину массы семян льна. Сколько масла можно получить из 3 ц семян льна?
Математика,
6 лет назад
Древние племена саки измеряли пройденный путь «стрелами» (1 «стрела» равна 90 шагам).Охотясь воины племени уходили от стоянок на 125,5 «стрелы».Какова длина пути,на который уходили охотники от…
14-07-2018 10:08
Право
1
170
Алик Мельник
ЧИТАТЬ ОТВЕТ
Ответы:
Ксения Москаленко
14-07-2018 17:44
Оьзда к1ант иза ву г1иллакх долу к1ант.
Также наши пользователи интересуются:
Напишите пожалуйста по 3 словосочетания на орфограммы: проверяемые безударные гл?Нужно составить таблицу. Сравнение Испании, Нидерландов, Англии, Франции, Германи?
⭐⭐⭐⭐⭐ Лучший ответ на вопрос «Изложени «оьзда к1ант»» от пользователя Алик Мельник в разделе Право. Задавайте вопросы и делитесь своими знаниями.
Открой этот вопрос на телефоне — включи камеру и наведи на QR-код!