Гайрбекова М. «Нохчийн мотт – сан дозалла!»
«Нохчийн мотт – сан дозалла!»
Цхьана а деших, ахчанах эца а, терзанца оза а йиш йоцу хазна ю ненан мотт. Дуьненан къаьмнех вай къасториг а, вайх къам дийриг а – иза нохчийн мотт бу. Цунах доьзна ду вовшийн уьйраш, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, кхетам…
Халкъан кица ду: «Мотт у-къам ду, мотт бацкъам дац». Ненан маттал деза хIума хила йиш яц къоман кхолламехь, хIунда аьлча, мотт байна къам дуьненан букъ тIера дIадов. Даймохк а ца буьсу цуьнан – къоман бен хуьлуш бац Даймохк. Ткъа къам матто латтош ду. Ненан маттахь долу йоза-дешар ца хаахь – иза доккха сакхт ду. Халахеташ делахь а, и санна сакхт долуш берш вайна юккъехь хIинца а хаалуш бу. Стаг мел оьздангалла, гIиллакх долуш я лакхарчу даржехь хиларх ненан мотт кхоччуш ца хаахь цуьнан мах хадабойла дац. Нийса ца лоь аьлла хета нохчийн мотт къен бу, бийца хала бу олуш хезча. шен син кхача лоруш волчунна цкъа а хилла бац бийца хала я чолхе. Къайле яц, нохчийн мотт сийлахь-баккхийчу Iилманчаша, яздархоша шена тIе тидам бахийтарца теллина а, хьалдолуш лерина а хилар.
Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а культурин бух хиларе терра, иза мелла а кIорггера дика Iамор вайн хIоранна а декхар ду. Оцу хьокъехь нийса яздина ненан маттах лаьцна яздархочо К.Паустовскийс хIара дешнаш: «ХIора стеган а шен маттаца йолчу юкъаметтиге хьаьжжина, цуьнан культурин барам къастийна ца Iаш, цуьнан граждански мехалла кхоччуш нийса къасто мегар ду. Шен махке бакъ болу безам хила йиш яц матте безам боцуш. Муьлхачу а къоман коьрта билгало а, къам шен амалх, гIиллакхех, эхь-бехках, Iадатех ца долуьйту мокхазан чIагIо а ю мотт. Цунах херделла адам, лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу. Ткъа мотт бицбинчо шен кхерч, ша схьаваьлла бух, дайн мохк бицбо. Цунна шен селханлера де а, кханенга боьду некъ а ца хаьа. Цундела ларамаза дац вай тахна дуьйна Iадаташ, эхь-бехк, ийман меттахIоттор ненан мотт кхиорна, марзбарна тIера дIадоло деза бахар а. ГIиллакх, оьздангалла, юьхь-яхь йовзуьйту цхьаъ бен боцу гIирс бу иза.
Нохчийн мотт – иза деккъа йоза-дешар хилла ца Iа. Ненан мотт-и гIиллакх ду, культура ю, тезет лелор, зуда ялорйигар ду, илли, литература, ловзар-синкъерам бу, халкъан юьхь, куьзга, хатI-амал ю. И мотт вайн ца хилахь, орам боцчу диттах тарлур ду вайн къам, я пачхьалкхе а хир яц. Ненан маттал деза хIума стеган дахарехь хуьлийла дац. Иза Iамор а, цунна богIуш болу тидам тIебахийтар а – иза вайн нохчийн коьрта декхар ду. Масала: литературин урокашкахь дешархошка шайга бойтуш болу болх вовшахтохар – иза йоза-дешар Iаморан уггаре а мехалчу гIуллакхех цхьаъ ду. Дешархоша шаьш бечу балхо кхочушдо программни материал жигара караерзор, берийн хьекъал, кхетам, тидам бар кIаргдо, лакхадоккху. Л.Н.Толстойс цу хьокъехь Iаламат нийса аьлла: «Нагахь дешархо школехь ша ойла ян, хIума а кхолла Iамийна вацахь – иза дахарехь а даима дуьххьалдIа кхечарах тарва ла гIерташ, кхечо динарг дан гIерташ хир ву». Нохчийн меттан, литературин хьехархойн декхар ду программа юьззина караерзоре кхаьчна ца Iаш, дешархошна ойла ян, шен дагахь дерг нийса, гIиллакхийн рагI ларъеш, уьш вовшашца цхьаьнадузуш дийца а, яздан а. Литературин урокашкахь билгала йолчу Iалашонца, кIорггера кхио еза дешархошлахь дика ойланаш, гIиллакхоьздангалла, дуьнене хьежам, шен къоме, шен халкъе, Даймахке болу безам, доттагIалла. Муьлхха а цивилизованни къам, пачхьалкх беа богIам тIехь лаьтта – дешарна, могашаллина, культурина, экономикина.
Царех коьртаниг – дешар, Iилма ду. Дешаро, Iилмано къоман хьекъал, кхетам кIаргбо, шарбо, къоман эзарнаш шерашкахь кхоьллина, гулдина диканиг, пайдениг, оьзданиг, хазаниг, Iилма, истори, мотт, культура, говзаллаш тIаьхьарчу тIаьхьенашка дIалуш ларйо, кхин тIе а кхиайо, дуьне довзуьйту, дахарна Iамадо. Вайн къомана тахана а, кхана а гуттаренна а оьшург ши Iилма ду – къам ийманехь кхио бусалба динан Iилма а, къоман дахар кхолла – дуьне нан Iилма а.
Дуьненан Iилма ца Iамийча, вайн къомана дуьне а девзар дац, шен дахар кхолла а хуур дац. Хьехархочо урок дIахьош, хуьлийла и нохчийн меттан я литературин урок, цунна хаа деза гуттар а ша кхочушдан дезаш долу декхар: иза доьзна ду вайн меттан сийлалла, хазалла, культурин мехалла йовзийтарх. ХIара дерриге а дуьне дуьзна ду Делан къинхетамах. Дала къинхетам бо ша мел кхоьллинчу хIумнах: адамах, Iаламах. Дала лардойла вай шен къинхетам боцуш дисарх. Мах хадо йиш йоцуш деза ду Кунта-Хьажас аьлла дешнаш, цо бина кхетам а: – Ас диъ хIума дуьйцур ду шуна, аьлла цо. Царах шиъ аша дицдан дезаш ду, ткъа важа шиъ гуттар а дагахь латто дезаш ду. Шаьш нахана дина дика дицделаш; иза аша дийцахь, и динера аьлла, Делера ял хир яц шуна. Шайна наха дина вон а дицделаш; иза дицдарца шу цунна генадовлу, иза шух дIакъаьста. Ткъа цкъа а диц ца деш, аш дагахь латто деза ши хIума: вай дала дезаш хилар а, Далла дуьхьал хIитта дезаш хилар а ду.
Гайрбекова Маряьм
Мотт адамийн
дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а аг1ор вовшех кхетош болу Дала вайна белла
тамашийна г1ирс бу.
Дуккха а ду дуьненахь меттанаш, ткъа
царна юкъахь шен меттиг д1алоцуш, къаьсташ вайн нохчийн мотт бу.
Вайн мотт г1иллакхе а, оьзда
а бу, мерза а бу. Иза къоман са, адамаллин куьзга а ду. Мотт вай лар ца бахь,
цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Цундела вайна беза, вай 1амабо
вешан нохчийн мотт.
Мотт д1абаьлча халкъан
тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Уьш д1адевллачу халкъах халкъ ала
йиш яц. Вайн халкъах, вайна кхане а йолуш, халкъ хила лаахь, уггар хьалха
нохчийн мотт, олуш махиллара, баьрчче баккха беза вай. Шен мотт ца безачунна
шен къам а, мохк а безар бац.
Цуруев Ш. «Нохчийн мотт эцна бац
базарахь» ц1е йолу стихотворенехь боху:.
Акха яр санна и ца баьлла бацалахь,
Боьжна бац стиглара, эцна бац
базарахь.
Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара,
Кхоьллина хилла и вайн дайшна
азаллехь.
Ас лору дуьненахь мел долу меттанаш,
Нохчийн мотт даима сан оьзда дозалла
1ожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь
1аш
Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале…
Муха хир ву дуьненахь уггаре а
сийлахьчу Ненан мотт цабезарг и бийца цалуург, и къен хетарг.
Мел халахеташ делахь а, ишттанаш
а нисло вайна юкъахь. Цхьаццаволчо дозаллица къамел до, шена ненан маттахь еша
а, яздан а ца хаьа, бохуш.
Ткъа дуьненахь а воккхачу
оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла:
«Нохчийн мотт уггаре а хазачу а,
хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».
Ненан мотт…Доккха маь1на
лоцу оцу шина дашо шайна чу.
Вай дайшкара схьадеъна вай
хаза г1иллакхаш, оьздангалла, ийман.
Ткъа и шадерриг д1акхехьа
оьшург бу ненан мотт. Ненан мотт ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам
д1адолу.
Тахана вай ойла ца йо вай дечу
къамелан, олучу дешан. Ларамза вайн багара дуьйла маьттаза дешнаш, дашца чов йо
вай ваьшна уллорчунна.
Поэзехь а тидам боцуш ца
дисна и санна долу дош.
1.Ахь тхуна оьг1азлой, харцдерггий
деъча,
Мел сийсаз бу-кх хьо, адаман мотт!
Ахь тхуна деган и к1езгалла еъча,
Адамашна, лаьттана ца безаш бу хьо,
Наь1алте хуьлда хьо, сийсаза мотт!
2.Ахь тхуна дикалла, нийсо а еъча,
Мел хьоле бу-кха хьо, адаман мотт!
Вайн дегнийн ц1оналла ахь тхуна елча,
Казбекан баххьаш а ахь лалор дара,
Дуьненан хазахетар, адаман мотт!(
Яндиев Дж. «Адаман мотт»)
Вай олу Даймохк-Нана.
Нана санна, Даймохк беза
вайна, цунах девлча тоха са а доцуш. Иштта шен нене, Даймахке санна, хила беза
ненан матте болу безам а.
Оьрсийн яздархочо
Паустовскийс 1аламат хьекъале а, нийса а аьлла ненан маттах лаьцна ша яздина
башха дешнаш:
«…Шен махке болу бакъ безам, шен
матте бацахь, маь1на долуш бац!» Сайн сочинении ерзош суна дало
луур дара вайн сийлахьчу яздархочо, поэта Мамакаев Мохьмада ненан маттахь аьлла
дешнаш:
«Шен
ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато
Цхьаммо
а хьошур яц!»
— Везачу Дала ницкъ,
хьекъал лойла вайна нийсачу новкъа, шуьйра г1улчаш йохуш, Нохчийн меттан
сий-ларам ойбуш, д1адаха.
Сочинени
«Ненан мотт-сан безам»
Вайн къоман дахарехь даздеш долчу денойх уггар деза дерг а, вайн къоман уггар а сийлахьчу денойх дерг а Нохчийн меттан де ду. Иза даздо вай х1ора шарахь оханан беттан 25-чу дийнахь. Мотт – вайн дахаран ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт- вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна ю.
Бевзаш болчу оьрсийн яздархоша, поэташа, кхечу къаьмнийн а цхьаьна, 1илманчаша хестийна вайн къоман мотт, и хесто хьакъ болу дела. Эвлаяаша а, динан дайша а, бусалба дин даржочу муьрехь, цу динан бакъо а, нийсо а юьйцуш, нохчийн маттахь бина нахана шайн хьехамаш.
Нохчийн Республикин Конституци т1ехь билгалдаьккхина ду нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а, цхьатерра бакъонаш а йолуш, пачхьалкхан мотт бу, аьлла. Стага, шен къоман мотт и безаш велахь, лоруш велахь, шен мотт бийца хууш велахь, шен къам ша ларар а, цу къоман яхь йолуш волу стаг ша хилар а гойту. Нохчийн меттан говзанча вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент хилла волу, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийн мотт а буьйцуш, кхетийра цо вайн нохчийн къам т1еман къизачу шерашкахь, нийса некъ вайн къомана гойтуш. Иштта, нохчийн матте шен ден хилла боллу ларам болуш, меттан сий-пусар деш, схьавог1уш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо волу, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.
Х1ора доьзалехь нохчийн мотт бийцаре терра бен, цуьнан сий-пусар даре терра бен, вайн къоман г1иллакхаш, 1адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларлур яц вайга. Эзарнаш шерашкахь вайн мотт а ларбеш, цунах дозалла а деш, и бийца а буьйцуш хилла болчу вай дайшна, наношна, нохчийн 1илманчашна, яздархошна, динан дайшна хьалха доккхачу декхарийлахь ду вай тахана, вешан мотт а болуш, нохчийн къам хиларна. Къоман дахарехь хала мур т1ех1оьттича, вайн къам цу халонашка, баланашка эша ца дайтинарг вайн мотт бу.
Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза г1иллакхаш массо а къаьмнашна довзуьйтуш, кхуьуш, хазлуш, доттаг1аллин, гергарлонийн, уьйрийн мотт хилла, бехийла вайн нохчийн мотт!
А. Султанов
ненан мотт-нохчийн мотт! х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ мотт бу. кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. ма-дарра аьлча, дийриг а мотт бу.
дуьненах дехачу х1ора къомана а шен мотт белла далла. шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, , искусство. ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман мотт. буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. мотт- иза къоман са, куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.
вай нохчий ду. веза-воккхачу далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна нохчийн мотт! со йинчу, х1ара дерриг а дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу сан ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме? ! нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. ненан матто вай 1амадо даймохк беза. цо 1амадо вайна дуьненан а, а хазалла йовза.
дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. наггахь хеза вайна: «иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», – олуш. ма – дарра аьлча, и стаг шен къомах цавашар ду. иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. цу докъазаллах дала лардойла вай!
сочинени ненан мотт
Ответы:
Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? Дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Ма-дарра аьлча, адамах адам дийриг а адаман мотт бу.Дуьненах дехачу х1ора къомана а шен мотт белла Далла. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман Мотт. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт- иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». Сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.Вай нохчий ду. Веза-Воккхачу Далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна Нохчийн мотт! Со йинчу, х1ара дерриг а Дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу сан Ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме?! Нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. Ненан матто вай 1амадо Даймохк беза. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза.Дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. Наггахь хеза вайна: «Иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», – олуш. Ма – дарра аьлча, и стаг шен къомах цавашар ду. Иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. Цу докъазаллах Дала лардойла вай! Чекхйолуш суна Ахмадов Мусан байташ яло лаьа: Кхераме дац суна мехаш,Къизачу зуламан ор а, – Нохчийн мотт соьца мел беха, Онда бу сан лаьттахь орам.
Адамийн дахарехь наноша леладо маь1на 1аламат доккха ду.Уггаре коьртаниг –иза ю вайна дахар делларг. Дуьххьара вай олу дош ду «НАНА»
Нана ма ю,шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета. Доьзалан марзо а ненехь ю. Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш,х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.
Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш,б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац..И йоцуш муха хир дара хаац суна я хаа а ца х1утту. Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. Веза-Воккхачу Дала шен къинхетамах мА йоккхийла цхьа а нана!
ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
Я.С. Чемирзаева
Хьайн ненан мотт хаахь,
Ас дозалла до хьох…
Билал Саидов
Ненан мотт мехала хазна ю халкъан дахарехь. Боккха ницкъ бу цуьнан адамийн кхетам кхиорехь. Шийлачу дийнахь кхеттачу малхо дохдо дуьне санна, дог дохдо ненан маттахь аьллачу дашо. Мел дийцича а, дийцина ца валлал дукха довха дешнаш ду ненан маттах ала. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу дахаран муьрехь а адамашна, къаьсттина т1екхуьучу т1аьхьенна, шайл хьалха гулдина хаарш оьшу. Дукхахьолахь и хаарш, хаарех пайдаэцар, оьшучу барамехь лелор кхочушдо хьехаран а, 1аморан а маьхькамашкахь, ишколашкахь. Цу маьхькамашкахь и инзаре а, чолхе а хаарш, 1илманан баххаш т1ехь дешархошна д1алуш, хьоьхуш къахьоьгуш ву хьехархо. Заманан денна хийцалуш лаьттачу хьелашка хьаьжжина, Нохчийн Республикин Дешаран Минисерствос т1е а эцна, ч1аг1йина йолу керлачу программаша вайна, хьехархошна т1е декхар дуьллу ишколехь ненан мотт а, ненан меттан литература хьехаран г1уллакхаш кхин а тодан, лакхарчу т1ег1ан т1е даха а. Дешаран декъехь хуьлуш мел бакхий хийцамаш белахь а, хаарш д1адаларан а, т1еэцаран а, т1екхуьу чкъор кхетош-кхиоран кеп урок хилаза ца йолу. Ткъа таханлерачу дийнахь пачхьалкхан т1едахкаршца ламасталлин йолчу урокан кеп хийцина, керлачу лехамашца д1аяхьа еза. Методика хийца еза, цу юккъе керла технологиш ялош. Хьехархочо урокана х1отточу 1алашонах, хоржучу коьчалх, нийса билгалдинчу методически некъех дозуш хуьлу цуьнан жам1аш а, 1аморан а, кхетош-кхиоран дикалла а.
Х1инцалера урокаш къаьсташ ю вовшахтохаран кепаш тайп-тайпана хиларца: семинараш, лекцеш, ловзарш, конференцеш и д1. кх. а. Кхузахь а цхьацца кхачамбацарш хила тарло: билгалйинчу темин 1алашоне кхачарехь долу хаарш къасто цахаар, урокийн цхьацца долчу дакъошка тидам тоъал цахилар, дешархой дешарна т1еберзон хьелаш цакхоллар, урокан кхетош-кхиоран дакъа тидаме цалацар. Ткъа таханалерачу дийнахь, х1ора дешархо тидаме а лоцуш, урокашна т1ехьажам хила беза. Х1инцалерачу урокан кеп билгалйийриг ду: хаарш даларан декъехь дан дезарг билгалдаккхар, дешархошна тоъал хаарш далар, тайп-тайпана болхбаран кепаш йовзийтар; 1амош долчуьнан чулацамца йог1у кепаш а, некъаш а харжар, дешрхошна кхачаме хаарш луш долу болх вовшахтохар, дагалаьцнарг кхиамца, дика жам1аш долуш чекхдериг хиларан тоьшалла а луш; ненан матте, 1амабаре лаам кхуллу 1аморан кепаш харжар.
Урокехь дешархоша дечун нийса мах хадо хаар, муьлхачу жам1ашка сатийса йиш ю урокан юьхьехь д1ахаийтар; болх бан дог доуьйту хьелаш хилийта хьовсар, кху кепара юкъаметтигаш шайца йолу – хьехархо-дешархо, дешархо-дешархо, дешархо-хьехархо. Тахана хьехархо вац гуттар а дешархошна дийца дезарг. Дешархой бу шайна хьалха лаьттачу хаттаршна жоьпаш лохуш, лехамийн новкъахь алссам къахьега дезаш. Вайн, хьехархойн декхар – уьш цу новкъа бахар, цаьрга шайн хаарш гулдайтар. Цхьана низамехь теманашца нисйинчу урокаша таро ло, х1ора темина хаттар къасто, цу темина йог1учу урокийн тайпанаш харжа, уьш вовшашца йоза. Урок вовшах тухуш билгалдан деза: урокехь кхочушдан деза 1аморан а, кхетош-кхиоран а декхарш; дешархошна хаа деза, муьлхачу жам1ашка дог даха йиш ю, муьлхачу лакхене кхача йиш ю; керла тема йовзар халонга дерзон тарлуш хилар; йийцаре еш йолчу материалаца дог1у методически некъаш; 1аморехь оьшуш болу г1ирсаш; ц1ахь бечу белхан чулацам, барам, кхочушбаран кепаш. Урокан кеп хоржуш тидаме эца деза дешархойн хаарш. Ледара а, дика а доьшуш болу дешархой саццаза тидамехь латторо аьтто бийр бу сатийсинчу жам1ашка кхачарехь. Тайп-тайпанчу белхийн кепех пайдаоьцуш вовшахтоьхначу уроко г1о дийр ду эвсаре а, пайде а хин йолчу кепара урокан хенах пайдаэца, дешархоша ц1ахь дечу дешаран барам харжа а.
Уьш хила тарло: урок-тобанашкахь болх бар; урок-1аморан дарс; урок-кхетор; урок-гайтам; урок-проектни хьесапаш кхочушдар; урок-талламаш бар. Иштта д1ахьош болчу балхо кхачаво х1инцалерачу лехамашка, кхиадо юкъара дешаран дараш а, хаарш а (УУД). Кху кепара болх баро г1о до хьехаран шайн зеделла ц1ераш, технологин кепаш юкъаяло: кхиош-1аморан, могашалла ларъяран, информационно-коммуникационни, 1оттабаккхаман-диалогин, дешаран проектированин, интерактивни технологеш и. кх. д1. Нохчийн меттан хьехархошна царех пайдаэца хало ду, х1унда аьлча т1ехьажа г1ирс бац, интернет чохь а нохчийн маттахь хаамаш к1еззиг бу. Делахь а, массо хьехархо лехамехь хила веза, массо аг1ор керлачунна т1екхиа г1ерташ. 1оттабаккхаман-диалоган технологех ю кейс-технологи. Хьехархочо ша проблемни хьал а кхуллуш, иза кхочушдаран некъ лахар, гайтар. Масала: хьехархочо жима дийцар деша доладо дешархошна, царна уггар хазделлачу меттехь соцунг1а а йой, т1едиллар до царна, аш муха чекхдоккхур дара и дийцар шаьш хилча цуьнан автор. И тайпа болх д1абахьа мегар ду дешархой шина тобане бекъна, х1ора тобано шен дийцаран чаккхенан кеп юьйцуш. Цул т1аьхь хьехархочо деригге а дийцар д1адоьшу. Кейс-технологин методаш дукхахьолахь хаарш сов дахарна т1ехьажийна йоцуш, дешархойн ладог1аран, дийцаран корматалла айъярна т1е тидам бахийтина ю. Урокашкахь таро хуьлу, хьехархочуьна дешархойн мотт бийцаран говзалла лакхаяккха. Проблемни хьал кхоллар а, оьшург лахархьама дешархошка шайга болх байтар а вовшахтухуш, цу шина некъах пайдаэцар гуш ма-хиллара, керланиг гучудалар иза бакъдарца нисло: цкъа хьалха хьехархочо ойлаяран а, бакъдаран кеп гойту, шолг1а – дешархоша шаьш я хьехархочун г1оьнца бакъдо, т1еч1аг1деш цхьаьна бакъдо. Ненан мотт 1амош, коьрта тидам т1ебахийта беза 1амор шардеш, ч1аг1деш г1о дечу тайп-тайпанчу шардаршна. Х1унда аьлча, цкъа делахь, орфографически, пунктуационни къамелан хаамаш караберзорна г1о деш хиларна а, шозлаг1а делахь, 1амош йолу грамматически материалаш дешархошна дика йовза аьтто цара беш хиларна а.
Хаарш талларан технологех ю тестови технологи. Цуьнан коьрта 1алашо ю, дешархойн хаарш толлуш, х1ораннан ша-шеца беш болу болх кхин д1а а тобар. Тестировани д1аяхьаро ч1ог1а г1о до дешархошнан 1амийнарг т1еч1аг1деш а, хьалха 1амийначунна таллам беш а, керла тема йовзуьйтуш а. Дукхахьолахь тесташца болх бечу хенахь гучудолу дешархойн хааршкахь долу кхачамбацарш. Критически ойлаяр кхиоран технологих ю синквейн. Синквейн – иза пхеа мог1анах лаьтта, къастамечу кепаца язйинчу, жимачу байтан кеп ю. Стенна оьшу синквейн:
1. Дешнийн т1аьхьало хьалаюзу.
2. Боцца чулацам схьабийцарна кечво.
3. Коьртаниг каро 1амаво.
4. Жимчу ханна кхоллархо хила таро ло.
5. Дукхахьолахь и кхочушхуьлу.
Кхузахь вайна го, синквейн язъешволчунна хаа деза, къамелан дакъош къасто, предложени х1отто, хьалхарчу дашца маь1ница дог1уш дош дало. Цу дерригено вайна таро ло, дешархойн дозуш долу къамел кхио, церан дешнийн х1онс мелла алссам яккха. Ткъа иза вай кхочушдан деза х1ора урокехь, муьлхха а тема 1амош. Коьртачарех ду, х1инцалерачу урокашкахь рефлексин муьрехь тайп-тайпана белхаш бар: йоццачу ханна дешархоша эссе язъяр, синквейн язъяр, шена хетарг алар, яцйина предложени т1еюзар, ша диллинчу суьртехь шен ойла гайтар. Иштта бечу белхаша, къасттина ненан мотт хьехарехь, дешархой вовшашца хьасене хуьлуьйту, шен накъостан ойла хийра ца хета, ша бинчу а, шен накъосташа бинчу а белхийн нийса мах хадо 1ема, шен ойла йийцаре йилла 1ема, кхечуьнга ладог1а 1ема. Цул сов, дешархой 1ема шаьш а, кхечара бечу белхан нийса хьесап дан а, информационни хаамаш язбан а, конспекташ х1итто а. Керлачу технологишца бан безаш болу болх х1инца а кхачо йолуш бац, цунах лаьцна дуккха а дийца дезар ду, 1ама дезар ду, шена хуург къоначу хьехархочуьнга д1адала дезар ду. Ненан мотт хьоьхучу муьлххачу хьехархочун болх т1ехьажийна бу т1екхуьу къона т1аьхье дайн ламасташца, къоман г1иллакх-оьздангаллица, иман долуш хилийтарна.
Х1инцлерачу ненан меттан урокашкахь хьехархочун коьрта ши декхар ду аьлла хета суна: ненан матте дешархойн безам кхоллар; биллина ненан мотт цаьрга бийцитар. Дешаран декъехь ненан маттахь хьехар деккъа кхетар сов хилийтарна эшна 1аш дац. Цуьнан марзонца, и безаш кхиина волу дешархо, дешна ваьллачул т1аьхьа и бийца хууш а, лууш а хила веза. И бийца хууш а, лууш а хилча бен цо и буьйцур бац. Бийцича бен и кхуьур бац, бехар а бац, т1ахьене д1акховдо ненан мотт хир бац.
Вайн нохчийн мотт, яхь, г1иллакх, оьздангалла юха денъярехь, вайн къам ч1аг1дарехь къахьоьгуш волчу Нохчийн Республикин куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, нохчийн меттан сий-пусар деш, и мотт безаш, шен ницкъ ца кхоош иза берашна 1амош волчу массо а хьехархочунна, даггара баркалла ала лаьа. Ненан мотт кхио а, цуьнан сий-пусар дан а, дайх дисина оьзда г1иллакхаш лардан а Дала хьекъал а, хьуьнар а, могашалла а лойла вайна.
Источник:: журнал “Нана”
“Доьзал” дешан маь1 на дан г1 оьртича, гучудолу иза “доь” бохучу орамах хилар. “Доь шен маь1 ница “х1 у” дашна гергахь ду. Нохчийн маттахь иза дисна х1 окху тайпанчу аларшкахь: “доь доцуш вайна”, “доьза вайна”. И бохург цхьа а лар а йоцуш, т1 аьхьадисина цхьа цуьрриг х1 ума а доцуш стаг вар ду. Доьзал – и доь (х1 у) хилар, доь долор ду.
Доьзал – иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман 1 адато а ма бохху, цхьаьна даха а, шайн т1 аьхье йоло а вовшахкхетар ду. Нохчийн 1 адатехь доьзал да-нана, бераш хилла ца 1 а. Доьзал – иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховк1 елахь, я кертахь 1 аш болу чоьхьара кхин гергара нах а бу. Доьзалал шуьйра кхетам бу “цхьана ц1 ийнан нах бохург. Цо чулоцу цхьана дех схьабевлла шича-маьхчаллехь болу гергара нах.
Доьзал, массо а декъашхо меттахь волуш, буьззина а, я буьззина боцуш а (т1 ера да, я нана д1 аяьлла; я ший а д1 адаьлла гергарчу стага дола деш) хила тарло. Бакъду, доьзал алар нийса хир ду, нагахь цхьаьна дехачу адамийн, ц1 ийца гергарло хилла ца 1 аш, оьздангаллин мехаллех болу кхетамаш цхьатера а, вовшашна юккъехь сий-ларам а хилахь.
Доьзал кхоллар а, иза кхетош-кхиор а стагана дахарехь т1 ех1 уьттучу зерех уггаре коьртачарах цхьаъ ду, х1 унда аьлча, Дала боху Шен Сийлахьчу Къуръанчохь, Ша адаме хаттам бийр болуш кхо х1 ума ду: адамах шех а (цо лелийнчух, дийдинчух …) , цуьнан доьзалх а, цуьнан даьхнех а. Цундела шен доьзал дас, я нанас охьатасар, я к1 езиг х1 ума бахьанехь вовшах а къаьстина, шайн берийн дахар дакъаздаккхар доккха къа ду.
Доьзал – иза шина аг1 ор долу жоьпалла ду: денненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха. Lен-ненан жоьпалла хьалххехь д1 адолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйyа д1 адоло дезаш ду иза кхетош-кхиор. Бераца доьзна цхьа а х1 ума а дац к1 езиг. Цундела бен а доцуш хьежа мегар дад оцу г1 уллакхе.
Бер дуьненчу даьлча, цунна ц1 е тиллар т1 едужу дена, нагахь дийна велахь дедена а. Ц1 е тилларх лаьцна цхьа стихотворени ю Дикаев Мохьмадан. Цу т1 ехь винчу к1 антана ц1 ераш къестош ден доттаг1 ий бохкуш, цхьана воккхачу стага олу:
Гость
Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? Дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Ма-дарра аьлча, адамах адам дийриг а адаман мотт бу.Дуьненах дехачу х1ора къомана а шен мотт белла Далла. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман Мотт. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт- иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». Сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.Вай нохчий ду. Веза-Воккхачу Далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна Нохчийн мотт! Со йинчу, х1ара дерриг а Дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу сан Ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме?! Нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. Ненан матто вай 1амадо Даймохк беза. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза.Дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. Наггахь хеза вайна: «Иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», – олуш. Ма – дарра аьлча, и стаг шен къомах цавашар ду. Иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. Цу докъазаллах Дала лардойла вай!
комментариев 1 :
омг откуда
Арсанукаев Шайхи вина 1930 шеран 15 августехь Дишни-Веданахь хьуьнан белхахочун Iабдулмуслиман доьзалехь. Исбаьхчу Iаламехь дIадахна поэтан бералла. Схьахетарехь, хIетахь кIентан даг чу йижина Iаламан аьхналла хир ю цуьнан кхоллараллехь исбаьхьчу поэтически сурташкахь вайна гуш ерг.
Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIантий дешийта лууш хилла. Дика доьшуш юьртара школа чекхъяьккхина Шайхис. 1944 шарахь нохчийн халкъ махках даьккхича, Казахстанан Семипалатински областерчу Новопокровски районе кхаьчна АрсанукаевгIеран доьзал. Кхузахь юккъера школа чекхъяьккхина хинволчу поэта. Цул тIаьхьа 1949 шарахь Семипалатински финансийн техникуме деша воьду Арсанукаев Шайхи. Иза 1952 шарахь чекх а яьккхина, даймахка Нохчийчу цIаверззалц Казахстанехь финансийн органашкахь болх бина. ШайхигIеран доьзал шайн юьрта Дишни-Ведана цIа баьхкина 1958 шарахь. Арсанукаев Шайхи Веданан районан финансови отделан куьйгалхо вохуьйту. Амма школехь волуш дуьйна стихаш язъеш волу Шайхи шен дахар финансийн органашца доьзна Iа лууш вацара. Цо заочно доьшуш чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан нохчийн моттий, литературий, оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш йолу филологин факультетан отделени. 1965 шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакторан заместитель хIоттаво Арсанукаев Шайхи. Оцу даржехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа иза Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон редакторан балха схьавалийна. Издательствехь кхиамца болх беш волу Арсанукаев Шайхи 1973 шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо арахоьцучу «Орга» альманахан коьрта редактор хIоттийна. Цул тIаьхьа, 1986 шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина. Цхьайтта шарахь бина цо и хала а, жоьпаллин а болх. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент лаьттина.
Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь.
«Нохчийн къам дийна хиларан мокхаза ч1аг1о ю нохчийн мотт».
(Кадыров Ахьмад-Хьаьжа,
Нохчийн Республикин хьалхара Президент)
Бисмиллах1иррохьманиррохьим.
25-г1а апрель(нохчийн дуьххьарлера газета «Серло» арадаьлла де) нохчийн меттан Де ду аьлла д1акхайкхина ду вайн куьйгалхочо КАДЫРОВ Р.А. шен указаца.
Нохчийн Республикин Президентан
УКАЗ
Соьлжа-ГIала № 207
Нохчийн мотт Iалашбаран, кхидIа шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маьIна лакхадаккхаран Iалашонца:
«Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин за¬конна куьг яздина апрелан 25-гIа де Нохчийн меттан Де д1акхайкхо.
«Нохчийн меттан Де дIакхайкхоран хьокъехь» долу 2005-чу шеран 15-чу апрелехьлера № 90 йолу Нохчийн Республикин Президентан указ дIадаккха.
XIapa указ бакъонан ницкъ болуш ду зорбатоьхначу дийнахь дуьйна.
Нохчийн Республикин Президент Р.А. КАДЫРОВ.
Дала деллачу не1матех уггаре коьртаниг адамийн мотт бу. Мотт къоман са а, цуьнан деган куьзга а ду. Маттехула бен хила йиш яц халкъан дика а ,вон а, халкъан тезет а, синкъерам а ,халкъан г1иллакхаш маттехула бен лела йиш яц. Нохчийн меттан Де билгал даьккхина а ца 1аш, нохчийн зудчун –ненан Де а билгалдаьккхина вайн куьйгалхочо, кхечу дезачу денойн мог1аре а х1оттош. Шен къам , шен мотт, наной а деза лараран билгало ю иза.
Сулейманов А. яздина: «Кхо х1ума ду дуьненчохь даима цхьаьна хила дезаш: Даймохккий, ненан моттий, халкъий. Казахстанехьчул чомехь даа, хазаниг духа ца даьхкина тхо тхешан махка, ц1а ,карахь-куьйгахь а доццушехь .Тхо ц1а оьху : Даймохкий, ненан моттий, тхешан къаммий цхьаьний бен мегаш ца хиларна .Къам шен амалх , г1иллакхех, эхь-бехках, 1адатех ца долуьйту ч1аг1о ю мотт.» Цунах херделла адам , лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу.

Доттаг1чуьнца доттаг1алла ас сайн ненан маттаца тесна дай,сирлачу шовдан коьртехь езаре дагара дуьйцуш, безам сайн ненан маттахь цуьнан дагчу д1акховдийна бай,дов даьллачу хенахь хьо дастаме буьйцуш я кхечуьнга буьйцуьйтуш, хьоьца бегаш цхьаьнгге ас байтина баций.Ишколехь хьо безаш харжар, т1екхуьучу т1аьхьенна хьо хьехар сан дагчохь,сан ц1ийца хьох ийна хилар дай .Со-м 1алур вац генна д1авахана, хьо кхечу меттанех хийцина я боьхкина.1уьйрре хьалаг1оттий, сайн х1усамехь хьо буьйций,юха балха т1ехь буьйций, сарахь ц1а веача набаран тар тассалц хьо буьйцуш наб кхетий,г1ан-набарха буьйцуш, хьоьца Даймехкан аренашкахула кхерсташ лелий,юха 1уьйранна самаволий, ненан маттахь нене 1уьйре дика ярца, юха а д1аволало-кх со хьо бийца.
Вайн ненан мотт хазачу, ширчу меттанех цхъаъ бу. Вайна хаало и эзар шерашкахь дуьйна т1улгаш ,б1аьвнаш т1ехь хиллачу йозанан билгалонашца, халкъан барта кхоллараллица. Ткъа х1унда ца буьйцу хьо? Со-м цецволу! Массийта эзар шерашкахь ларбеш, хазбеш вайн дайша, наноша схьабалийна хилча, ткъа вайн декхар ма ду и бийца, 1алашбан! Хьо муха 1ало-те, со-м ца 1ало, хьо бицбина, юххехь хьо бийца цхьаъ ца хилча, аса-м хьо къоламца тептаре берзабо. Ткъа цу къоламо,тептаро ма мерза, ма ц1ена гойту вайшинна юкъахь болу безам, дог-ойла.Иштта кхойкху тилавелла, хераваьлларг ненан маттах схьакхета ша декхарийлахь хилар. Цунах къаьстина, хьан бахамаш совбаьлла, дешийлахь хьо 1енарх, хьан сий хир доций.Со-м вац хьоьха кхаьрдаш я хьуна т1аьхьаша луьйш, со-м кхойкху хьоьга хьайн хьоме ненан мотт бийцийта. Ас-м боху хьоьга, хила ненан меттан во1,г1оьнча. Шинна юкъахь дов даьлла и шиъ чуччахьаьдча, цу шинна юкъахь машар бийриг бу-кх вайн ненан мотт. Синкъерамехь йо1е безам бахна, и къовсаме баьлча, цу йо1ан дог-ойла шена т1еерзош исбаьхьа дешнаш цу йо1е кховдориг бу-кх вайн ненан мотт. Дайн г1иллакхех хаьдда, цунна гена ваьлларг, хьайн къинхетаме дашца юха верзориг хьо бу-кх, сан хьоме ненан мотт!
Даймехкан 1аламан хазалла гойтург хьо бу-кх, сан ненан мотт! Нанна, доьзална юкъахь марзо латториг хьо бу-кха, х1ай сан ненан мотт! Бабас шен туьйранашкахь ма хаза,эсала буьйцу хьо, кийрара дог стиглара 1аьршашка доккхуш ,сийначу бай т1ехь бай-й хьоькхучу мохо бес-бесарчу зезагийн техкар дуьйцуш болу, сан хьоме ненан мотт! Хьо-м сан дахаран г1ирс бу, до1у са, буу кхача бу,дог ду, цундела теша со т1аьхьарчу т1аьхьено хьо бицбийриг цахиларх, кхин хазлуш бацалахь хьо лепарг хилар! Сайн къамел дерзош дало лаьа х1ара дешнаш:
Денна хьо хьехо
К1ордор дац, ненан мотт!
Хьох лаьцна мел яздо,
Дог ловзадуьйлу сан.
Хьо тесна ца бита
Дош ло ас ,ненан мотт!
Сан йоккха ч1аг1о хьо,
Сан хьоме Нохчийн мотт!!!
МУНИЦИПАЛЬНОЕ БЮДЖЕТНОЕ ОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ
«Наурская средняя общеобразовательная школа №3»
НАУРСКОГО МУНИЦИПАЛЬНОГО РАЙОНА
ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ
Сочинени
Нохчийн маттах,
нохчийн маттахь…
Язйинарг: Тунжаханова Сати
10 –чу классан дешархо
Сочинени
Нохчийн маттах, нохчийн маттахь…
«Мерзачу озаца сан амал lехош,
нанас со хьистийнарг нохчийн мотт бу…»
Мотт- иза Даймахко адамна, цуьнан дахар долалуш, иза чекхдаллалц луш болу г1ирс бу. Мотт- иза адамна гонахара дерг, шен чоьхьара дуьне довза а ,кхечарна довзийта Дала делла ни1мат ду. Мотт- иза туьйранехь дуьйцуш долу,ерриг не1 йоьллуш долу дог1а ду.
Хаьий теша вайна и Дала делла ни1мат 1алашдан а, лардан а?
Вай дуьненчу девлча, дуьне довза доладелча, вайна гонаха дуьххьара хезаш берг ненан мотт бу. Цу маттахь берана хеза ненан к1еда, аьхна дешнаш, дуьхьала дош дало берана ца хаахь а, деладаларца гойту цо шена цунах кхетар. «Алал, хьоменаг»- бохуш нанас 1амадо дуьххьарлера дешнаш. Ма хазахетарца олу беро и дуьххьарлера, ненан дагна тамехь дешнаш. Нанас 1амадо бера нохчийн маттахь шен ойла даше ерзаян.
Кху доккхачу дуьненахь бац аьлла хета суна адамийн маттах ненан мотт олуш. Амма олу иза нохчийн маттах.
Сан доьзалехь даима бара бекаш нохчийн мотт. Нанас башха ч1ог1а доцучу озаца буьйцура и мотт, делахь а цо меллаша аьлларг дагах а кхеташ дешнаш хуьлура.
Со школе яхча евзира суна меттан к1оргалла. Нохчийн маттахь дийцарш, туьйранаш, иллеш, х1етал-металш, чехкааларш. Хиира нохчийн мотт иза бух боцу х1орд буйла. Доггах безаш т1еийцира аса нохчийн мотт 1амор.
Нохчийн маттахь дуьххьара туьйра сайна хезча, со инзаръяьлла, буьйсанна наб ца кхеташ 1ийра. Наб кхетча, сан г1енаш чохь дара Алхаст а, Маьлха-Аьзни а. Х1етахь дуьйна сан шолг1а ц1а а хилла д1ах1оьттира библиотека. Цу хенахь со кхоалг1ачу классехь яра.
Лакхарчу классашкахь суна вевзира Бадуев С., цуьнан Бешто а, Бусана а. Цара шовданна йистехь балхийна безам. Ма хаза, аьхначу дешнашца дуьйцура Бештос Бусанига шен дагара. Муха хир бара сан эсала нохчийн мотт и дагардийцар доцуш.
Вевзира Абузар Айдамиров, шен «Ехачу буьйсашца», воккхачу стеган до1анашца, шайн Даймохках бевллачу мух1ажаршца. Муха хира бара сан нохчийн мотт Абузаран ира, буьрса, дог ойбуш долу дешнаш доцуш.
Сан даг чохь дуккха хан яьлча а декара Яшуркаев Султанан «Маьрк1ажа- бодан т1ехь к1айн хьоькх» повесть т1ерачу турпалхочун Мадин аз: «Х1ан-х1а, тхо цкъа а лийр дац!!!» Массо баланех чекхдевлла, сеттина букъ нисбеш, майра, онда лаьттара ду сан нохчийн халкъ, цу халкъан ондда г1ортор, орам хилла лаьтташ болу сан нохчийн мотт а.
Ас х1ара мог1анаш яздочу хенахь дерриге дуьнен т1ера къаьмнаш баланехь долу хан ю, ун даьржина хан ю. Амма со теша вайн нохчийн халкъ цу баланех чекхдер ду, нохчийн маттахь иллеш декар ду, маьждигаш чохь бусулба нах гуллур бу (Дала мукъалахь!).
Юха а ас боху, ду-кх и нохчийн мотт дог1а, дуьненан моссо не1 йоьллу дог1а. И дог1а луш ду-кх х1ора стагана и дуьнен чу волучу дийнахь. Йоьллу-кх цу дог1ана массо не1, адамийн деган не1 а.
— Вайга весет санна дека бевзаш болчу нохчийн поэтийн дешнаш.
-Варийлаш, меттан сий делаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш, варийлаш, шайн кхерчийн дай хилалаш боху цара вайга х1оранга а.
Обновлено: 11.03.2023
Мацах цхьана юьртахь ловзар хилла. Луларчу ярташкара кегийрхой, баккхий нах а
баьхкина, ч1ог1а тамехь д1ах1оьттинчу цу ловзаргахь шина жимхин хиллачу дар-дацарехь,
цу шиннах цхьаъ, шаьлта а кхетта, велла. Велларг ша цхьалха вехаш-1аш волчу воккхачу стеган к1ант хилла. Т1аьхьадаьлла орца а долуш, ведда вог1у xlapa куьгбехкениг веллачу
к1ентан уьйт1а нисвелла. Къоьжа маж а йолуш, хено дакъийна куьйгаш 1асанна т1е а дехкина, шена хьалха лаьттачу воккхачу стаге дехна шен къона са дадийна
веанчо:
— Воккха стаг, ларамза, ца хууш, сан карах стаг вели-кх оцу ловзаргахь. Хьайн
таро елахь, къайлаваккхахьара ахь со, орца ду-кх суна т1е кхуьуш! — аьлла.
— Схьавола сан xlусаме, ас лардийр ду хьан дег1 а, са а! — аьлла, жоп делла цуьнан дехарна воккхачу стага. Йоккхачу г1овг1анца воккхачу стеган ков-керта кхаьчна куьгбехкечунна т1аьхьадаьлла орца. Воккха стаг, — аьлла, д1адолийна шен къамел царах цхьамма, — дош дашера а даьлла, иза девне а дирзина, шаьлта тоьхна хьан цхьаъ бен воцу к1ант вий-кх
хьенехаг1еран ловзаргахь… Куьгбехкениг хьан керта оьккхуш гира тхуна. Бехк ма
биллахьара ахь, х1окху г1ара-г1овг1анца тхо хьайн керта лелхарна. Галдевлла
хилла тхо, хьан керта иза вог1ийла а дац. Дала гечдойла хьан к1антана! Дала собар
лойла хьуна! Церан къамел ма-дарра хезаш хилла шен са дадийна веанчунна.
Шена гобина лаьттачу адамашка собаре хилар а дехна, шен ц1ийнан не1арехьа
а вирзина, кхайкхина воккха стаг:
— Хьаша, схьагучувала! Хьан синна кхерам бац х1окху х1усамехь, х1окху кертахь
а, — аьлла. Корта охьа а бахийтина араваьллачу к1анте юха а вистхилла воккха стаг:
— И цхьа г1ортор, и цхьа т1аьхье яра сан, со велча, сан тезет схьаэца йисина. Сан
дег1ах са къаьсташ, сан б1аьрнег1арш д1акъовла виснарг и цхьаъ вара. Йохий
ахь сан синан г1ала, д1аяьккхи ахь сан г1ортор, хадий ахь сан орам. Х1инца
маьрша ву хьо, цуьнан ч1ир лохуберш юха хьайна т1е кхаччалц! Зиярт чуьра араволуш санна, г1ийла лаьттачу воккхачу стагана а, гулделлачу адамашна а шен букъ ца гойтуш, къайлаваьлла кхайкхаза веана хьаша.
Цхьана а деших, ахчанах эца а, терзанца оза а йиш йоцу хазна ю ненан мотт. Дуьненан къаьмнех вай къасториг а, вайх къам дийриг а – иза нохчийн мотт бу. Цунах доьзна ду вовшийн уьйраш, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, кхетам…
Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а культурин бух хиларе терра, иза мелла а кIорггера дика Iамор вайн хIоранна а декхар ду. Оцу хьокъехь нийса яздина ненан маттах лаьцна яздархочо К.Паустовскийс хIара дешнаш: «ХIора стеган а шен маттаца йолчу юкъаметтиге хьаьжжина, цуьнан культурин барам къастийна ца Iаш, цуьнан граждански мехалла кхоччуш нийса къасто мегар ду. Шен махке бакъ болу безам хила йиш яц матте безам боцуш. Муьлхачу а къоман коьрта билгало а, къам шен амалх, гIиллакхех, эхь-бехках, Iадатех ца долуьйту мокхазан чIагIо а ю мотт. Цунах херделла адам, лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу. Ткъа мотт бицбинчо шен кхерч, ша схьаваьлла бух, дайн мохк бицбо. Цунна шен селханлера де а, кханенга боьду некъ а ца хаьа. Цундела ларамаза дац вай тахна дуьйна Iадаташ, эхь-бехк, ийман меттахIоттор ненан мотт кхиорна, марзбарна тIера дIадоло деза бахар а. ГIиллакх, оьздангалла, юьхь-яхь йовзуьйту цхьаъ бен боцу гIирс бу иза.
Царех коьртаниг – дешар, Iилма ду. Дешаро, Iилмано къоман хьекъал, кхетам кIаргбо, шарбо, къоман эзарнаш шерашкахь кхоьллина, гулдина диканиг, пайдениг, оьзданиг, хазаниг, Iилма, истори, мотт, культура, говзаллаш тIаьхьарчу тIаьхьенашка дIалуш ларйо, кхин тIе а кхиайо, дуьне довзуьйту, дахарна Iамадо. Вайн къомана тахана а, кхана а гуттаренна а оьшург ши Iилма ду – къам ийманехь кхио бусалба динан Iилма а, къоман дахар кхолла – дуьне нан Iилма а.
Дуьненан Iилма ца Iамийча, вайн къомана дуьне а девзар дац, шен дахар кхолла а хуур дац. Хьехархочо урок дIахьош, хуьлийла и нохчийн меттан я литературин урок, цунна хаа деза гуттар а ша кхочушдан дезаш долу декхар: иза доьзна ду вайн меттан сийлалла, хазалла, культурин мехалла йовзийтарх. ХIара дерриге а дуьне дуьзна ду Делан къинхетамах. Дала къинхетам бо ша мел кхоьллинчу хIумнах: адамах, Iаламах. Дала лардойла вай шен къинхетам боцуш дисарх. Мах хадо йиш йоцуш деза ду Кунта-Хьажас аьлла дешнаш, цо бина кхетам а: – Ас диъ хIума дуьйцур ду шуна, аьлла цо. Царах шиъ аша дицдан дезаш ду, ткъа важа шиъ гуттар а дагахь латто дезаш ду. Шаьш нахана дина дика дицделаш; иза аша дийцахь, и динера аьлла, Делера ял хир яц шуна. Шайна наха дина вон а дицделаш; иза дицдарца шу цунна генадовлу, иза шух дIакъаьста. Ткъа цкъа а диц ца деш, аш дагахь латто деза ши хIума: вай дала дезаш хилар а, Далла дуьхьал хIитта дезаш хилар а ду.
Мах хадоран г1ирсийн ФОНД
Карладаккхар
1. Гуьйренан юьхь
Хаза лаьттина и йовха аьхке чекхйолуш яра. Аьхке чекхъяларх-м 1алам а, адам а, массо а садолу х1ума а саготта дацара. Т1екхочуш берг токхе мур бара – гуьйре! Уггар хьалха гуьйре т1екхочийла, цунна кечам бан безийла хаийтира мангалхоша.
Аьхкенан юккъерчу а, т1аьххьарчу а деношкахь, 1уьйранна сай-бодий къаьстачу хенахь, мерзачу набарх а ваьлла, ахь ладоьг1ча, хезаш хуьлура шатайпа тата. Иза нуьйжанна т1ехь ж1аьвнаца мангалхоша тусуш долчу мангалийн татанаш дара. 1уьйранна баца т1ера тхи дожале д1ах1уьттий мангалхой де дохдалале мангал хьокхий а бовлий, де дохделча, кхорийн 1индаг1ехь садо1уш хуьлура. Цул дика садо1ийла хир яц.
Суьйренгахьа лестина де шелделча, цара д1адолор ду шайн ирачу мангалшца кесарш охьадахка. Дикка бода боллалц мангал а хьаькхна, уьш ц1ехьа боьрзур бу, кхана юха а х1окху метте бухабахка.
Аьхка Органо ша схьадог1у чоь кест-кеста хуьйцу, ткъа гуьйренгахьа лестича, гуттаренна цхьана меттехула охьадог1у юха аьхке т1екхаччалц.
Билггал гуьйре т1екхочуш хилар гойтуш аьхкенан т1аьххьарчу деношкахь стиглара схьа хаам бира. Уьш г1арг1улеш яра шайн некъан узам а беш, низам ца дохош, кхо са болчу мог1анца жут нисйина, къилбехьа довхачу мехкашка 1а даккха йоьлхуш.
1одика еш санна, юьрта т1ехула ши-кхо го баьккхина, гlapг1улеш къайлаевлира. Шеко яцара, уьш шайн маьхьаршца б1аьста юхайог1ург хиларх. (188 дош)
Лексикологи
Ворх1 к1ант ву Даркешан. Ворх1е а – ден дозалла. Цуьнан г1ортораш. Ворх1е а – пепнаш санна, дог1маш долуш, болатах воьттича санна, онда. Х1уманах а б1аьргнег1ар тухур доцуш. Вухавер воцуш. 1уьргара текхарг а йоккхур йолуш, ч1арх-аьллий, шайт1ан ненан багара маха а бохьур болуш, майрий. Г1иллакхах вухур воцушший, яхь д1алур йоцушший.
Цкъа воккхахволчу Аьрзус, 1а а ца велла, хаьттира дега:
– И юккъера меттиг х1унда хоьржу ахь тхуна, ва дада?
Ден хьехар лардира к1енташа. Ц1агарица паччахьан салташна к1ело ян баханчохь а. Коьрталла ца къевсира цхьаьнцца а. Кхечаьрца цхьанийсса лийтира вежарий Хьарг1ий, Олхазаррий, Маккхаллий. Т1аьхьарчунна пхьаьрсах чов а йинера.
Салтийн тоьпаш а йохьуш, Ц1агарин тоба ц1а йирзича, гихоша доккха са даьккхира… Цхьана Аружин юьхь т1ехь ца хаалора я хазахетар а, я халахетар а. Иза йоьллера шен кхузткъе итт шара чохь к1ентий кхерамечу новкъа а бохуш, уьш могуш-маьрша бухаберзаре хьежарх.
Ворх1 к1ант ву Даркешин доьзалехь. Ворх1 к1ант – ненан ворх1 са. Цхьана деган эшарехь деттало и ворх1 са, цхьанна цатам хилча, берриге а кийра 1овжош, хазахетар хилча, кийрахь меттиг ца тоьуш…
Кхо к1ант дена дуьхьал х1оьттира. Хьалха вистхилира кхааннах воккхах волу Хьарг1а.
– Дада, тхо духадирзи, зен-зулам ца хуьлуш.
– Бакъахьа хир ду, – к1ентийн б1аьра ца хьожуш, бен доцчуха жоп ло Даркеша. – Парг1ат хила.
Нана йолчу боьлху к1ентий.
– Нана, тхо духадирзи, могуш-маьрша долуш.
– Некъан хьовзамах, юьхь1аржонах лардойла шу вайн Дала,– меллаша дека тийналлехь Аружин аз. – Д1адуьло, парг1атдовла.
Воккхах волчу вешина Аьрзуна т1ебоьлху вежарий.
– Тхо духадирзи, дагалаьцнарг кхочуш а дина.
– Нахана хьалха корта охьабахийта меттиг-м ца йитина аш вайна? – хоьтту Аьрзус.
– Ца йитина, – жоп ло Хьарг1ас.
– Дика хир ду, – там хиларца боху воккхах волчу вашас. – Хьовса шайн г1уллакхе… (343 дош)
1. Ден дозалла.. 2. Ден хьехамаш.
3. К1енташа ден хьехар лардар. 4. Аружин доьналла.
5. Дена дуьхьал х1оттар. 6. Доьзалехь йолу юкъаметтиг.
Лексикологи
Фонетикан хаамаш
Талламан диктант
Тхешан куьпарчу берашца ишколе йигира со а. Мел хаза хетара суна! Моьттура, дерриге дуьне оцу сайн жимчу т1оьрмиг чохь ду, цу чуьрчу абато со цхьана тамашийначу ирсе кхачор ю.
Лулахойн бераша хьехархочуьнга д1аелира со. Тхан йишин Элитин хенара йо1 яра иза. Х1етахь дуьйна дуккха а шераш д1адевлла. Амма суна цкъа а диц ца ло и де а, сайн дуьххьарлерчу хьехархочун сурт а. Х1инца а гуш санна хета цуьнан эсала, екхна, к1айн горга юьхь, къинхетаме б1аьргаш, букъ буьззина ловзу стомма 1аьржа ши ч1аба, д1аса т1емаш тесна даьржина 1аьржа ц1оцкъамаш, к1еда аз.
Суна а, тхуна массарна а Белител дагна хьоме адам дацара. Цо т1еюьйхина муьлхха коч, тиллина йовлакх, лергех оьхкина ч1агарш, когара мачаш – уьш механа мел йорах хиллехь а, тхуна исбаьхьа хетара. Тхо дерриш а цунах тардала
г1ертара. Тхуна юккъехь тасаделла доттаг1алла милла а хьоьгур волуш, довха, безаме дара.
Массанхьа а тхоьца яра Белита. Х1инца а ойла йо ас: цо ешаза книга, цунна ца хууш х1ума хила а хиллий техьа?
Муьлхха хаттар шега даларх, эсала ела а къежий, нийса жоп лора цо. Дуьйцура муьлххачу а книгах лоций. Ткъа туьйранаш! Цкъа а к1ордор дацара цаьрга ладог1а. (180 дош)
– Немцойн маттахь яздина, – элира Султана, – немцойн меттан хьехархочуьнга кхайкха г1ой со?
Ненананас ца оьшу боххушехь ариккхира.
Уми ца кхетара. Цунна цкъа а дага да деанера к1антана шен ненан мотт бицлур бу бохург.
Вочу ойланаша некхе лазар туьйхира кьеначу Умина. Г1ийла делха доладелира дог.
Чуволлушехь кехат схьаийцира хьехархочо.
«Де дика хуьлда хьан, сан хьоме Уми, – гочдан вуьйлира хьехархо. – Муха 1аш ю хьо? Дагавог1ий хьуна со? Ас яздо хьоьга xlapa мог1анаш, г1ийла велха а воьлхуш. Хьуна ма мотталахь, шелехь, г1елехь массарна а вицвелла, хийрачу нехан не1аршка х1уьттуш, со лелаш ву. Х1ан-х1а. Сан ц1а а, доьзал а, машен а ю. Сингаттамо та1ийнчу дагна еззарг эца йиш ю сан. Амма бац сан Даймохк, мел дукха ахча даларх, и эца таро а яц.
Со хедира цунах фронте д1а ма-вахханехь: шовзткъе кхоалг1ачу шеран декабрь баттахь со йийсаре вигира мостаг1аша. Т1аккха – концлагерь. Французашца цу чуьра ведда, къилбен Франце вахара со. Зуда ялийра. Ткъа цул т1аьхьа ц1а ван дага ца деара.
Сан къизачу кхолламо со ца кхачош х1ун меттиг йисира: ах дуьне теллира ас, айса лоьху синтем ца карош.
Масийтта шо хьалха эвлах елира адамийн тоба. Царна деза дара шаьш д1авуллург дийна ву, вац цахаар. Уми дуьхьал яра, цо дехарш дора моллига. Амма г1иллакхо лоьхура дийна верг а д1аволлар, нагахь цо Даймохк д1атеснехь, нагахь иза т1епаза вайнехь.
Иштта д1авоьллира к1ант.
Умина хетара шен к1анте болу безам лахьте берзийча санна. Амма и тешара, цо сатуьйсура, туьйранахь санна, цхьа тамашена х1ума хиларе.
Ткъа х1инца xlapa кехат.
Х1аъ, х1инца ц1еххьана кхийтира Уми шегара даьллачу гlaлатах: ц1а воьрзур вац цуьнан к1ант цкъа а, вистхир вац цуьнга шен дайн маттахь, велла цуьнан к1ант, велла тоххурехь.
Оцу ойланах Уми г1ийла къурдаш дан юьйлира. Б1аьрхиша цуьнан садукъдора. Дерриг дуьне б1аьрхиш хилла даьржинера.
Ткъа и дахаре юхаерзийра геннара, стиглан бухара, схьахезачу маьхьарша. Иза хьалахьаьжира, дехха мог1анаш дина цхьа 1аьржа т1адамаш дара цигахь гуш. Т1аккха цунна хезира цхьа тамашена аьзнаш. Иза дара дуьненахь а уггаре г1ийла илли – Даймахках къаьсташ г1араг1улийн илли. (483 дош)
1. К1ант epa кехат. 2. Хьехархочуьнга кхайкха вахар.
3. Кехатан 1ийжаме м o г la н a ш. 4. Ненан ойланна к1аргъялар.
5. Умийн г1ийла къурдаш. 6. Г1арг1улийн илли.
Шеран талламан диктант
Б1аьстенан 1уьйре. Лаьмнаш т1ехьара схьакъедира сирла малх. Цуьнан з1аьнарш хьуьнан диттийн баххьашкахула кхерстира. Коьллашна а, бацана а т1едиллинчу тхин т1адамаш лепара бес-бесарчу басаршца. Ехачу буса тийнна дижина 1иллича санна, набарх долуш лаьттара 1алам. Б1аьстенан маьлхана доьлура 1алам: хьун, акхарой, сагалматаш. Хьаннийн татолийн бердашца девллачу таьллаша уггар хьалха хаийтира б1аьсте йолуш юйла. Цуьнан дуткъачу нийсачу гаьннаш т1ехь гуш заза дара. Толлан заза, дешица кхелича санна, можа-ц1ен бос болуш хуьлу.
Оцу хазачу зазанна т1ехь шайн болх д1аболийра накхармозаша.
Халкъо дукха хьалха дуьйна пайдаоьцуш билгалъяьккхина дечиг ю талл. Хин хьерашна т1едог1учу татолийн бердаш т1ехь кхуьу таьллаш. Царна оьшуш дац хьена латта. Дагарца хадийна баьккхина сара а, хьокха а д1абоьг1ча денлой, сихха доккха дитт хуьлий д1ах1утту, шен даккхийчу к1оргачу орамашца бердан йистош ч1аг1ъеш.
Таьллийн генашлахь б1аьстенан муьрехь шайн хаза эшарш лоькхуш деха зарзарш.
Б1аьсте! Ирзуш, тог1еш, некъан йистош, бошмаш, баьццара къорза куз тесча санна зезагаша хазйой хуьлу. Оцу баьццарчу дуьненахь инзаре дукха зезагаш ду шайн беснаш тайп-тайпана долуш. (154 дош)
Нохчийн литература
Мах хадоран г1ирсийн ФОНД
Тхан берзина когаш шелбала буьйлира, ч1ог1а хьоькхуш болу мох тхуна т1ерачу т1елхигех чекхбуьйлура. Т1аккха сан ши йиша хьалхачул а ч1ог1а елха йолаелира.
Тхо хевшина 1ачу г1анта т1едог1уш дара кхиъна зудабераш.
Хаза мехкарий бара уьш, т1еюьйхина башха куьцехь йина йовха бедарш а, коьрта техкина куц долу шляпаш а йолуш, т1ехула доьхкарш дихкина книгаш а карахъ. Ч1ог1а самукъадаьлла, вовшашка хабарш а дуьйцуш, схьадог1уш долу и зудабераш, ц1еххьана тхох б1аьрг а кхетта, девдда тхуна т1едаьхкира. Чехка хетта долийра.
– Шу х1унда доьлху?
– Дехаш-1аш мичхьа ду шу?
– Шун мама стенга яхана?
Воьхначу ас хала а, атта а царна дийцира, тхан мама нахана йолах бедарш йитта яхана ю аьлла.
– Шун ц1енош мичхьа ду?
Со д1асахьаьжира – тхан ц1енош гуш дацара.
– Цхьаъ яла еза кхарна, – элира зудаберех цхьамма. – Оля, хьоьгахь юй х1умма а?
Цхьана йо1а, шен кисна а кхевдина, схьаяьккхина ши кампет д1акховдийра Фатиме. Амма Фатимас д1а ца ийцира уьш.
– Х1ан ахь д1аэца, – йо1а кампеташ сан буйна йоьхкира. Кампеташ схьа а эцна, шина йишина д1аелира ас.
– Хьовсийша, уьш-м шелонна сенбелла! – элира Оля ц1е йолчу йо1а.
– Муха ца шелло хьуна – цхьалхха кучамашца, коьртахь х1ума а йоцуш, т1ехь пальтош а йоцуш.
Ой-й! – элира вукху йо1а. – Иштта муха мегар ду! Со цуьнга хьаьжира. Йо1а доккха садаьккхира. Т1аккха важа зудабераш а дуьйладелира даккхий синош даха, тхох шайн дог лозучха. Т1аккха, кхин бист а ца хуьлуш, вовшашка хьаьвсира. Схьахетарехь, тхох самукъа ца долура церан.
– Д1аг1о вай, – элира цхьамма вукху зудаберашка.
Тхо г1ийла т1аьхьа хьоьжуш Iapa кечбелла болчу мехкаршна. Ц1еххьана сан б1аьрг кхийтира, бульваран дехьа йистера тхо долчу аг1орхьа схьаедда йог1учу, беркъа духар дуьйхина йолчу, шина зудчух:
– Сан бераш, сан бераш! – мохь беттара цу шиннах цхьамма. – Кхуза муха кхаьчна шу?
– Ма-ма! – мохь белира сан, цуьнан озах сайн нана йовза а евзина. Со г1анта т1ера охьашершина валале, тхан мамас 1ай ша кара а эцна, цунна т1е шен корталин т1ам тесира, Мамица яра цуьнан гергарло тасаделла йолу цхьа оьрсийн зуда. Иза а яра мехах нехан бедарш юьттуш а, ч1ог1а къен йоллуш а. Дукха оза, юьхь хебаршка а яхана яра иза. Амма ч1ог1а дог дика, къйнхетаме стаг яра. Цо Фатима караийцира, ткъа со, шело а, оцу дийнахь айса лайна бала а бицбелла, самукъадаьлла, сайн нанна улло а х1оьттина, д1авахара. (363 дош)
1. Тхан берзина когаш шелбала буьйлира. 2. Тхо хевшнна 1ачу г1анта т1едог1уш дара кхиъна зудабераш.
3. Чехка хетта долийра. 4. Кампеташ схьа а эдна, шина йишина д1аелира ас.
5. Тхо г1ийла т1аьхьа хьоьжуш Iapa кечбелла болчу мехкаршна. 6. Балхара ц1а йог1у нана гучуялар.
7. Оццу минотехь ч1ог1а ирс долуш дара тхо массо а.
Арсанов С-Бей кхолларалла
Сих-сиха метта-мотт хуьйцура Зеламхас. Масех дийнахь-буса цхьанхьа 1ен кхераме дара. Ша обарган новкъа валлалц, адамаш дика девзаш ца хиллера цунна. Моьттура, дерриг а адамаш догц1ена, тешаме, къинхетаме ду. Амма иза аьттехьа а ца хиллера. Шайна сом делча, 1едало хьаьстича я кхерийча, шайн да-нана а духкур долуш берш а хиллера. Ишттачарах лечкъа дезара. Даима д1а сема, 1ожаллин дуьхьал х1отта кийча. Делахь а, дика, тешаме, къинхетаме адамаш а ду. XIopa юьртахь а, г1алахь а. Лаьмнашкахь а, аренгахь а.
Цхьа доккха г1уллакх хилла, тахана Ведана герга веъна иза. Лаьмнашна юккъехь 1уьллучу х1окху жимачу к1отара. Готта цхьа некъ бу кхуза т1ебог1уш. Ламанан тархашца сетташ, хьийзаш. Вукху кхаа a г lop атталла г1аш кхуза вог1ийла а дац. К1отарна т1е а кхозаделла, нийсса ирахьлаьтташ мокхазан бердаш ду. Х1усамден ши к1ант ву и некъ сема ларбеш. Х1етте а, Зеламхин цхьа лерг ара ладоьг1на ду…
Товханахь йоккха летта ц1е йогу. Ц1арах самукъадолу Зеламхин. Цуьнга хьоьжуш, ойланаш дика яло. Делкъан ламаз а дина, чучча когаш а бехкина, шен устазо Кунта-Хьаьжас т1едиллина вирд доккхуш, хиъна 1а иза. Ша Далла 1амал еш, ерриг ойла Далла т1еерзайо цо. Амма х1инца, иза мел д1акъехко г1ертарх, коьрте кхин ойланаш хьийза. Мухха а вирд даьккхина ваьлча, дехха до1а а дина, суьлхьанаш маьнги т1е охьа а тийсина, оцу ойланийн йийсаре вахара иза.
Зеламхаг1еран доьзал машаре бехара. Б1е цхьаъ шо хан йолу деда Б1аьхо а, да Гушмузукъ а, цуьнан виъ к1ант Хаси, Зеламха, Солтамурд, Бисолта а. Бисолтан итт шо бен дац. Зеламхаг1еран нана елча ялийначу Билкъиса вина ваша ву иза. Веа вешех воккханиг, Хаси, даима цамгарш лехьош, хьег1аш, эг1аза, 1аламат эсала стаг ву. Хасин а, Зеламхин а зударий, бераш а дара. Солтамурд зуда ялоза вара. Деваша Хьамза а, цуьнан ши к1ант а вара. И шиъ шичой бу, аьлла, дага а ца дог1ура веа вешина. Шайн нанас шайн дена бина вежарий санна хетара.
Зеламха обарг волучу хенахь, цуьнан а, Бецин а ши бер дара: Муслимат а, Энист а. Гушмузукъан а, Хьамзин а доьзалша бежнаш, уъстаг1ий кхобура. Хьун хьаькхна даьхначу ирзош т1ехь хьаьжк1аш, кхоьаш, г1абакхаш, картолаш а кхиайора. Берриг а нохчмахкахошна санна, оцу ирзошна т1ера даьлла ялта 1аьнах бовла а ца тоьара царна. Дохнан дохкуна духкуш, ялта оьцура. Цул совнаха, накхарш а дара церан кхобуш. Цаьргара шарахь шозза моз схьаоьцура. Иза духкура Веданарчу базарахь. Цунах хиллачу ахчанах бедарш, бахамехь оьшург а оьцура. Х1окхеран доьзалш къен а, хьоле а бацара, юккъерчу т1ег1анахь бехара. (380 дош)
1. Зеламхас метта-мотт хуьйцура. 2. Адамаш тайп-тайпана ду.
3. Зеламха Ведана к1отара веъна. 4 Иза дика 1алашво х1усамдайша.
5. Зеламхаг1еран доьзал. 6. Обарган ойланаш.
7. Доьзало хьанал къахьоьгу.
Гадаев Мохьмад-Селахьан кхоллараллех лаьцна
Чурт санна лаьттинарг
Поэт, суртдиллархо, яздархо – церан кхолламан оьмар еха ю. Церан кхоллараллин мехалле хьаьжжина, масийтта б1ешерашка яхло иза. Заманаш, б1ешераш хийцадаларх, кхолларалла яха юьсу, адамийн синкхетамна т1е1аткъам а беш.
Гадаев Мохьмад-Селахьан кхоллараллехь коьрта тема Даймахкаца йоьзна ю. Дуьнен чохь йоккхучу ханна марзо эца ша ца ларийна болу Даймохк кхуллу Гадаевс шен поэзехь. Поэтан кхоллам язбелла хилла махках хаьдда ваха, гуттар Даймахке сатуьйсуш хила – уггар боккха лазам – ша дан леринарг кхочушхиланза дуьсуш.
Шен халкъаца декъаза кхоллам бекъна хилла ца 1а иза – шозза махках ваккхар нисделла цуьнан, дуьххьара шен халкъаца, юха халкъах, гергарчарах къаьстина. Кхоллараллин стагана миччахь карабо шен синна Даймохк – хийрачу махкахь а, набахтехь а, шен дагалецамех а кхуллу цо шена иза.
Даймахках къастар, махках валар – иза географица доьзна дац, я меттиг хийцарца. Даймохк адамца шеца бу, цуьнан ц1ийца, орамашца, цуьнан г1иллакха, ойланашца, 1ер-вахарца.
Гадаев Мохьмад-Селахьан кхоллараллехь коьрта 1аткъам бу Даймахках къастар.
Дуьнен чу муьлхха стаг шен дахаран бакъо йолуш вог1у: цхьана х1уманан да хилла (шен доьзалан, шен ц1ийнан, шен мехкан). Шен дахарехь да хилла вахар дезна волчу Гадаев Мохьмад-Селахьна уггар хала адаман сий лахдар хилла. Шен къоман да х1оьттичий бен ца кхуьу оцу къоман культура – да воцчохь, даймохк хуьлуш а бац, хьайн махкахь хьо велахь а.
Поэт шен синк1оргалле мел кхевди а, цунна шен дешархочунна т1ебоьдуш болу некъ карабо, цуьнан ойла йийсаре а еш. Оцу стихотворенехь автора айеш йолу тема – Даймахке сатийсар, Даймахках болу лазамаш, цунах болу дагалецамаш тахханалц вайн къоман дог 1овжош ю.
Къонахчун Даймахкал деза дуьнен чохь х1умма а дац, къонах ша – Даймохк бу, мехкан да. Цуьнан г1иллакхаш, мотт, 1адаташ, 1ер-дахаран сурт-сибат, амал – иза дерриг цхьаьна – Даймохк. (383 дош)
1. Поэтан кхоллараллехь коьрта тема . 2. Шен халкъаца декъаза кхоллам бекъна хилар .
3. Шен дахарехь да хилла вахар дезнарг . 4. Гадаев Мохьмад — Салихьан кхоллараллин символ .
5. Чурт – иза теш ду хиллачун . 6. Поэтан кхоллам шен къоман кхолламах боьзна хилар .
Сийлахь сан ненан мотт, хьо-м суна аганахь дуьйна сан мерзачу нанас зевнечу аганан иллица Даймахкахула кхарставеш бовзийтина бай.Со-м сан нанас ненан маттаца хьистина, вайн г1иллакхан аг1онаш ненан маттахь йовзийтина яй. Доттаг1чуьнца доттаг1алла ас сайн ненан маттаца тесна дай,сирлачу шовдан коьртехь езаре дагара дуьйцуш, безам сайн ненан маттахь цуьнан дагчу д1акховдийна бай,дов даьллачу хенахь хьо дастаме буьйцуш я кхечуьнга буьйцуьйтуш, хьоьца бегаш цхьаьнгге ас байтина баций.Ишколехь хьо безаш харжар, т1екхуьучу т1аьхьенна хьо хьехар сан дагчохь,сан ц1ийца хьох ийна хилар дай .Со-м 1алур вац генна д1авахана, хьо кхечу меттанех хийцина я боьхкина.1уьйрре хьалаг1оттий, сайн х1усамехь хьо буьйций,юха балха т1ехь буьйций, сарахь ц1а веача набаран тар тассалц хьо буьйцуш наб кхетий,г1ан-набарха буьйцуш, хьоьца Даймехкан аренашкахула кхерсташ лелий,юха 1уьйранна самаволий, ненан маттахь нене 1уьйре дика ярца, юха а д1аволало-кх со хьо бийца.
Вайн ненан мотт хазачу, ширчу меттанех цхъаъ бу. Вайна хаало и эзар шерашкахь дуьйна т1улгаш ,б1аьвнаш т1ехь хиллачу йозанан билгалонашца, халкъан барта кхоллараллица. Ткъа х1унда ца буьйцу хьо? Со-м цецволу! Массийта эзар шерашкахь ларбеш, хазбеш вайн дайша, наноша схьабалийна хилча, ткъа вайн декхар ма ду и бийца, 1алашбан! Хьо муха 1ало-те, со-м ца 1ало, хьо бицбина, юххехь хьо бийца цхьаъ ца хилча, аса-м хьо къоламца тептаре берзабо. Ткъа цу къоламо,тептаро ма мерза, ма ц1ена гойту вайшинна юкъахь болу безам, дог-ойла.Иштта кхойкху тилавелла, хераваьлларг ненан маттах схьакхета ша декхарийлахь хилар. Цунах къаьстина, хьан бахамаш совбаьлла, дешийлахь хьо 1енарх, хьан сий хир доций.Со-м вац хьоьха кхаьрдаш я хьуна т1аьхьаша луьйш, со-м кхойкху хьоьга хьайн хьоме ненан мотт бийцийта. Ас-м боху хьоьга, хила ненан меттан во1,г1оьнча. Шинна юкъахь дов даьлла и шиъ чуччахьаьдча, цу шинна юкъахь машар бийриг бу-кх вайн ненан мотт. Синкъерамехь йо1е безам бахна, и къовсаме баьлча, цу йо1ан дог-ойла шена т1еерзош исбаьхьа дешнаш цу йо1е кховдориг бу-кх вайн ненан мотт. Дайн г1иллакхех хаьдда, цунна гена ваьлларг, хьайн къинхетаме дашца юха верзориг хьо бу-кх, сан хьоме ненан мотт!
Даймехкан 1аламан хазалла гойтург хьо бу-кх, сан ненан мотт! Нанна, доьзална юкъахь марзо латториг хьо бу-кха, х1ай сан ненан мотт! Бабас шен туьйранашкахь ма хаза,эсала буьйцу хьо, кийрара дог стиглара 1аьршашка доккхуш ,сийначу бай т1ехь бай-й хьоькхучу мохо бес-бесарчу зезагийн техкар дуьйцуш болу, сан хьоме ненан мотт! Хьо-м сан дахаран г1ирс бу, до1у са, буу кхача бу,дог ду, цундела теша со т1аьхьарчу т1аьхьено хьо бицбийриг цахиларх, кхин хазлуш бацалахь хьо лепарг хилар! Сайн къамел дерзош дало лаьа х1ара дешнаш:
Денна хьо хьехо
К1ордор дац, ненан мотт!
Хьох лаьцна мел яздо,
Дог ловзадуьйлу сан.
Хьо тесна ца бита
Дош ло ас ,ненан мотт!
Сан йоккха ч1аг1о хьо,
Сан хьоме Нохчийн мотт.
Шен ненан мотт халкъо, Сий ойбуш, 1алашбахь, Цу халкъан парг1ато Цхьаммо а хьошур яц Мамакаев Мохьмад Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана
Х1ора шарахь чиллин (февраль) беттан 21-чохь массо а къаьмнаша даздеш ду Дуьненаюкъара ненан меттан де. Дагестанехь къаьсттина тидам бо оцу денна. Х1унда аьлча,
Тахана, 21 -чу февралехь, Дуненан юкъара Ненан меттийн Де ду. Ненан мотт хьоьхуш мел болу вайн ишколашкара хьехархой даггара декъалбо ас, «Нийсо» газетан творчески
«Нийса а, хаза а, говза а дийцархьама, мотт к1орггера дика хаа беза. Цуьнца цхьаьна ойла нисъ-ян а, хIуманах бакъонца кхета а, литературни меттан норманаш дика йовза а,
Читайте также:
- Сочинение по картине левитана весна большая вода 9 класс презентация
- Сочинение на тему дюймовочка 2 класс
- Гражданский пафос литературы 18 века по произведениям державина и ломоносова сочинение
- Сочинение по фильму царство небесное
- Война жесточе слова нету сочинение
Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1 ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? Дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Ма-дарра аьлча, адамах адам дийриг а адаман мотт бу.
Дуьненах дехачу х1 ора къомана а шен мотт белла Далла. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман Мотт. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1 ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1 уманах лаьцна х1 умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт — иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1 уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: » Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». Сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.
Вай нохчий ду. Веза-Воккхачу Далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1 иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна Нохчийн мотт! Со йинчу, х1 ара дерриг а Дуьне вайна совг1 атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу сан Ненан мотт-х1 ун хир ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?! Нохчийн мотт — вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. Ненан матто вай 1 амадо Даймохк беза. Цо 1 амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза.
Дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1 аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1 аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1 унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1 оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1 амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1 ена латтийна вешан ненан мотт. Наггахь хеза вайна: «Иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», — олуш. Ма — дарра аьлча, и стаг шен къомах цавашар ду. Иза д1 адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. Цу докъазаллах Дала лардойла вай!
Чекхйолуш суна Ахмадов Мусан байташ яло лаьа:
Кхераме дац суна мехаш,
Къизачу зуламан ор а, —
Нохчийн мотт соьца мел беха,
Онда бу сан лаьттахь орам.





