Сочинение тхуна ца оьшу т1ом самах я г1енахь

Все предметы

Биология

География

Физика

Химия

История

Обществознание

Русский язык

Литература

Экономика

Право

Математика

Алгебра

Геометрия

Информатика

Английский язык

Українська мова

Українська література

Другие предметы

Беларуская мова

Қазақ тiлi

Немецкий язык

Окружающий мир

Французский язык

Музыка

МХК

ОБЖ

Психология

Оʻzbek tili

Кыргыз тили

Астрономия

Физкультура и спорт

Мегамозг.com

havahacieva933

+20

Ответ дан

1 год назад

Русский язык

5 — 9 классы

тхуна ца оьшу т1ом самах я г1енах сочинени​

Ответ

0/5
(0 оценок)

3

zhananovasvetlana196

zhananovasvetlana196
1 год назад

Светило науки — 1 ответ — 0 раз оказано помощи

Объяснение:

Ду баме жи отьху ряд вопрсив

Оцените пользу ответа

Мозг
Отвечающий

Остались вопросы?

Задать вопрос

Нохчийн литература
, 10 кл.Терахь: ________________

Хьехархо: Гадаева
Х.С-Х.

Урокан чулацам: Нохчийн
литература Сийлахь-боккха Даймехкан тIом лаьттинчу шерашкахь (1941-1945)

 Урокан 1алашо: Сийлахь-боккха
Даймехкан тIом лаьттинчу шерашкахь (1941-1945)кхоллаелла литература йовзийтар.2
махке а,матте а безам кхоллар

Урокан г1ирс
:компьютер,суьрташ,книгаш.

Урокан тайпа :довзийтаран

Урок д1аяхьар.                                       
Даймахкехьа
майра леташ,

                                                                                 Халкъан
маршо доггах ларъеш,

                                                                                   
Шайн сий-пусар дан йиш йоцуш,

                                                                  
                           Шу ду уггар турпалчарах.

1.Ойла т1еерзор.

2.Ц1ахь
бина болх таллар.

ТIедахкарш

1. ХIун тематика ю
Хамидов Iабдул-Хьамидан дийцарийн?

2. Яздархочун
дийцарийн жанран башхаллаш муха ю?

3. ХIун чIагIдеш
а, стенна дуьхьал хьажийна а хета хьуна Ха-

мидов
Iабдул-Хьамидан дийцарш?

3.Керла
коьчал йовзийтар(Хьехархочун дош)

Адамийн машаран
къинхьегам юкъахбаьккхира гитлеровски Германис ямартлонца болийначу тIамо. 1941-чу
шеран 22-чу июнехь вайн Даймахкана тIелетира фашистски мехкашдIалецархой.
Дуьненахь хIинццалц схьа хиллачу тIамех уггаре буьрса а, къиза а тIом бара
милитаристски Германис болийнарг. Iаламат яккхий халонаш хIиттира вайн
Даймахкана хьалха. Кхийолу пачхьалкхаш дIалоьцуш вайна тIекхаьчна, герзах
йоьттина йолу фашистски ардангаш эшо езара. Дерриге халкъаш хьалагIевттира мостагIчунна
дуьхьал, дIаболабелира Сийлахь-боккха Даймехкан тIом.ТIамо хийцира Даймехкан
дерриге а дахар. Берриге ницкъ мостагI эшорна тIехьажо дийзира. Литературина
хьалха а хIиттира керла декхарш. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу шерашкахь,массо
а къаьмнийн литературашна санна, нохчийн литературина хьалха а хIиттира Даймохк
фашистски акхаройх ларбарна тIехьажийна долу сийлахь декхарш. Герз кара а
лаьцна, тIаме хIиттира цхьаболу яздархой, вукхара идейно-политически болх
вовшахтухура халкъа юкъахь. Массо а яздархочун дош даггара, ницкъах дуьззина
дара оцу буьрсачу

хенахь. Яздархойн
исбаьхьаллин дашо адамийн дегнашкахь луьра цабезам кхиабора мостагIчуьнга,
Iорайохура фашистски мехкашдIалецархойн Iалашонаш. Шайн произведенешца цара
кхин а

алсамбоккхура
Даймахке а, халкъе а болу мерза безам, бIаьхойн дегнашкахь стогалла, майралла
кхиайора. Лаккхарчу идейни айамца кхочушдира вайн литературо оцу халачу хенахь
шена хьалха лаьттина сийлаллин декхарш. ТIеман юьххьехь дуьйна литературин
коьрта тема хилла дIахIоьттира мостагI хIаллакваран, даймохк фашистски йовсарех
паргIатбаккхаран тема. Яздархойн ерриге а произведенеш оцу Iалашоне хьажийна
яра. Къаьсттина сиха араевлира поэтически произведенеш. Царна тIехь поэташа
Iорайохура мостагIчун ямарт Iалашонаш, гойтура фашизман ма-ярра йолу амалш, дерриге
а адамашка тIамна ондда дуьхьало яре кхойкхура. Оцу кхайкхаман маьIна “мехкан
сий лардан”, мостагI эшаван адамийн ойла гIаттош дара. Иштта яра Мамакаев
Iаьрбис язйина «Дерриге а тIамна» цIе йолу стихотворени,Саидов Билалас язйина
«ДIахоалда хьуна» боху стихотворени, Музаев Нурдинан, Эдилов Хасмохьмадан,
Сулаев Мохьмадан стихотворенеш.1941 шарахь, тIом дIаболабелла дукха хан ялале,нохчийн,гIалгIайн,
оьрсийн меттанашкахь язйина произведенеш тIехь а йолуш арахийцира №1 йолу
“Альманах1

”. Нохч-ГIалгIайн
яздархойн Союзо арахецначу оцу альманаха тIехь зорбатоьхна яра Музаев

Нурдинан, Эдилов
Хасмохьмадан, Яндиев Джамалдин, Осмиев Хьамзатан, кхечеран а стихотворенеш,
публицистически статьяш, кхийолу материалаш а. “Тахана хIор советски стаг
турпалхо хир ву. Шайн догIмашца ларбо турпалхоша шаьш кхиийна нанаДаймохк. Цара
балар гIоле лору безаш болу нана-Даймохк мостагIчунна дIа ца луш. Иштта болу
турпалхой эшалур бац, уьш мостагIчух озалур бац… МостагI вохийна хир ву!
Фашизман цIийшлахь долу куьг сацийна хир ду! Толам вайгахь хир бу!” – бохуш
чIагIдора яздархоша.

1941 шо чекхдолуш
араелира “Капитан Маташ Мазаев” цIе йолу книга. Цу тIехь нохчочун Мазаев
Маташан бIаьхаллин хьуьнарш дуьйцуш йолчу “Правда” газета тIера схьаэцначу
материалашца цхьаьна зорбатоьхна яра Мамакаев Iаьрбин “Турпалхочун танкистан
доьзал” аьлла, очерк а, “Чевнаш хиллачу капитане”

цIе йолу
стихотворени а, кхечу нохчийн, оьрсийн, гIалгIайн яздархойн Мазаев Маташан
тIеман хьунарех лаьцна йолу произведенеш 1Альманах – тайп-тайпанчу яздархойн
произведенех лаьтташ йолу литературин Сборник.а. Ишттачу произведенеша майрачу тIемалойх
масал эцаран ойла кхиайора, мостагIчунна ондда дуьхьалояран, Даймехкан паргIато
ларъяран лаам чIагIбора.

Даймахке кIорггера
безам кхиош яра Мамакаев Мохьмада тIом болчу хенахь язйина стихотворенеш а. Дог
Iовжош ю цуьнан “И йоьлхуш яц” цIе йолу жима стихотворени. Говза поэтически васт
кхуллуш гайтина цу тIехь тIамехь кIант вийна нана. Шен кIантана дог лозу
цуьнан, халчухIоьттина иза, амма йоьхна яц. Даймахке деана вон кхин а алсам
Iаьткъина нанна, бекхаман ойла гIаьттина цуьнан кийрахь.

Шен кIентан коша тIехь лаьтта.

ХIан-хIа, яц! Йоьлхуш яц и нана:

Катоьхна и борзах хьаьрчи.

ТIаккха, шен кхолламна кIел сецна,

И гIаьтти дог цIарца догуш,

Ягийнчу хIусамех бIаьрг кхетта –

ГIулч яьккха цуо, хьалха йолуш.

ЦIе яккха, доттагIа, нуьцкъалчун:

Безамо гулийна чIир ю,

Я ненан сийлахьа безам бу?

КIант вийначу ненан васт хIоттош,
яздархоша гойтура цуьнан Даймахке болу боккха безам.Вайнехан халкъан барта
произведенешкахь санна, кIант дIахьажош нанас цунна тIедиллира майра хилар, ша
ца кхоош, Даймохк Iалашбеш, эшахь шен са а дIадалар. Осала хилий, кIиллолла
дахьаш шена тIе юха ма воьллахь, олий, кхуьйлура нанас тIаме воьдучу кIанте. Мамакаев
Мохьмада шен ”КIиллочунна” цIе йолчу стихотворени тIехь дика гайтина стешхалла,
тIамехь шен са дадийна лелар халкъалахь дукха сийсаза хилар. Ишттаниг, юха цIа
вирзича, тIе ца оьцу дас а, къомо а, махко а. Халкъан цIарах поэто боху  кIиллочуьнга:
“Къам, хIусам я Даймохк мичахь бу хьан? Йишвешин, доттагIчун цIе яккхалахь.
Даймохк бац, къам а дац, осала са”– халчу дийнахь Даймахкана ямарт хиллачунна
цкъа а геч ца до

адамо, неIалт кхайкхош бIалл кхуссу
цунна:

ДIо новкъахь гуш болу и лекха барз

Ас хьуна кхийсинчу бIаьллеха бу…

Кхоссалаш, кхоссалаш цу барзе бIал!

И хьан барз неIалтца хьекъабеш бу.

Иштта нуьцкъала сурт хIоттадо
Мамакаевс шен махкана ямарт хиллачуьнга болу цабезам буьйцуш.

“Фашисташна дуьхьал стихаш” аьлла,
сборник арахийцира вайнехан поэташа 1941 шарахь. Оцу поэтически сборника тIехь
яра

Мамакаев Iаьрбин, Музаев Нурдинан,
Эдилов Хасмохьмадан, кхечеран а фашисташна дуьхьал хьажийна йолу стихаш.
МостагIчунна

дуьхьал халкъан оьгIазло гIаттайора
оцу произведенеша. Даймахке, халкъе йолу ойла чIагIйора.

Оьрсийн яздархойн публицистически
статьяш, очеркаш,стихотворенеш, кхийолу тIеман тематиках лаьтта исбаьхьаллин произведенеш
нохчийн матте а йохуш, зорбатухура. Ишттанохчийн маттахь араевлира А. Толстойн
статья “Мила ву Гитлер,стенга кхача гIерта иза”. И. Эренбурган “Адамаш
даархой”,“Муьлш бу уьш”, “Стешха тIемало Бенито Муссолини”, Н. Тихоновн
“Кавказан сий”, П. Павленкон “ГIазот”, В. Гроссманан “Боьмаша цIийIуьйдурш”,
цаьрга терра кхийолу произведенеш а. Лев

Кассила берашна язйина “Кегий
Буденовхой” цIе йолу книжка а арахийцира Мамакаев Iаьрбис гоч а йина. Оцу
произведенеша фашистийн Iаьржа Iалашонаш Iора а йохуш, адамийн дегнашкахь цаьрга
луьра цабезам гIаттабора. ТIеман хенахьлерчу дуккха а произведенешкахь къаьсташ
билгалдолу бIаьхочун турпалаллин васт. Бакъонца болчу тIамехь Даймохк ларбеш
волу тIемало ша тоьлург хилар даиманна тешна хуьлу. МостагI мел ницкъ болуш
велахь а, иза эшавийр вац аьлла

цхьацуьрриг а шеко йолуш бацара
вайн тIемалой.Нохчийн поэзехь кхоьллина долу бIаьхочун исбаьхьаллин васт
Даймахко кхиийнчу тIемалочун йоккха патриотизм а, турпалалла а гойтуш дара.
Саидов Билалин “ТIемалочуьнга”, “Советски эскар”, “КIанте”, Эдилов Хасмохьмадан
“БIаьрзе стаг”, “ТIемало хьоьга!”, “Кавказан аьрзу”, “Суьрте”, Музаев Нурдинан
“Толам вайн бу”, “Вайна хьехна” бохучу стихотворенешкахь вайна хьалха хIутту
шен Даймехкан а, халкъан а маршо ларъярхьама муьлхха хало ловш волчу,
мостагIчунна йоккхачу турпалаллица дуьхьал волучу тIемалочун васт.

Саидов Билалас “ТIемалочуьнга” цIе
йолчу шен стихотворени тIехь яздо:

Даймахкехьа майра леташ,

Халкъан маршо доггах ларъеш,

Шайн сий-пусар дан йиш йоцуш,

Шу ду уггар турпалчарах.

ХIор дешан къеггина маьIна а долуш,
кхета аттачу, ондда интонаци йолчу оцу стихаша дика гойту бакъонехьа къуьйсуш болчу
тIемалойн патриотизм а, майра дог-ойла а. Ницкъ а, оьздангалла а шайца
билгалйолучу “майра леташ”, “маршо… ларъеш”,

“сий”, “турпалчарах” бохучу дешнаша
гIо до паргIато ларъеш волчу бIаьхочун дуьззина васт кхолла. “Советски эскар”
цIе йолчу

стихотворени тIехь авторо чIагIдо
вайн тIемалой – “дог майра лоьмаш” мостагIа цуьнан шен “бенахь” вохор волуш
хилар. Саидов Билалин кхечу стихотворенин лирически турпалхочо боху: “Дог дера
сан майра кIант, етташ ата мостагIа!”

Даймохк ларбеш волу тIемало
гуманист ву, къинхетамен дог ду цуьнан, амма цуьнан “бекхаман ойланаш малх бузе
керча”. Шен махка бохам бохьуш веанчу мостагIчух дера лета иза, цунна тIехь толам
баккхархьама эшахь, шен са а дIадала кийча ву. Ишттачу бIаьхочун васт хIутту
Эдилов Хасмохьмада тIеман хенахь язйинчу стихотворенешкахь. Буьрсачу тIамехь
чIагIло фашисташна дуьхьалгIаьттина ойла. “БIаьрзе стаг” цIе  йолчу
стихотворени тIехь поэто гайтина тIамехь “бомбано чов ярна” бIаьрса дайна
салти. Иза шегара  бала балхош вац, мелхо а шех къахетачеран дог ир-кара хIит-тадо
цо. “Болатал чIагIло шу фашисташ бохо!”– иштта бу салтичун даггара лаам.

“Кавказан аьрзу”, “Суьрте” цIерш
йолчу стихотворенешкахь Эдилов Хасмохьмада хIоттийна вайн халкъан сийлахьчу
кIентанСоветски Созан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин васт. Майрачу бIаьхочо
Нурадилов Ханпашас шен къона дахар дIаделла  Даймохк ларбеш. Ханпашина дукха
безара ша кхиийна Даймохк, цуьнга ца лалора фашистски йовсарша иза аьшнашбар.
Шен лаамехь фронте вахана волу Нурадилов чIогIа летара мостагIех, цаьрга болчу 
цабезамах дуьзнера цуьнан майра дог. Луьрчу тIамехь цхьа эзар гергга фашист
вожийна турпалчу пулеметчико. Поэто исбаьхьаллин васт хIоттош билгалдоху
къоначу тIемалочун бIаьхаллин хьуьнарш, Даймехкан дуьхьа, халкъан дуьхьа цо шен
дахар дIаделла хилар. Нурадилов Ханпаша шен са кхоош а, Iожаллех кхоьруш а вац.
Иза Даймахкана орцахваьлла, хьашт хиллачохь Iожалла тIеэца кийча ву. «Ша винчу
халкъана дахар дIаделла, герзаца Iожаллин тIаме дIахIоьттира”– боху стихотворени
тIехь. Халкъана паргIато йоккхуш велларг даиманна а адамийн дегнашкахь вуьсу,
цуьнан цIе цкъа а йицлуш яц. Цундела поэто Ханпаша дагалоцуш боху

“Декар ду халкъан аз дуьне мел деха,
декар ду иллеш а, хьан хьуьнар дуьйцуш».

Эдилов Хасмохьмадан тIеман
хенахьлерачу стихийн лирически турпалхочун дог-ойла къеггина гучуйолу «Сий
делахь, Латта!” цIе йолчу стихотворени тIехь. КIорггера маьIна долуш ю
поэтически говза язйина йолу и стихотворени. Стеган дахар, ирс, сий цуьнан шен
Даймахкаца йолчу юкъаметтигах дозуш ду. Даймехкан латта ду стаг сийлахь веш
дерг, цуьнга ирс кхочуьйтург. Иза лардар хIоранна а тIехь ду. Эдиловн лирически
турпалхочо чIагIо йо

“кхехка цIий саццалц” и лардан.
Нагахь санна мостагIчуьнца дIахьочу къийсамехь валар нислахь “Хинболчу сан
борзах цинц

тохий бIаьрга, Совцабе! Ата уьш!
ХIаллакбе, Латта!”– боху цо. “Латта” боху дош шуьйрачу маьIнехь даладо поэто.
Иза вина меттиг а ю, вайн берриге Даймохк а бу.

Чов йоцуш, цIий доцуш,

ТIом хилла бац-кха,

Ирсан стом ларбан а

Дац цуьрриг атта.

Ас дегI ца кхоийна

Сайн дуй чекхбаккха:

“Кхехка цIий саццалца

Хьо лардан, Латта!”

Лирически турпалхочун кхоллам
Даймехкан лаьттах дIакъасталур боцуш бу. “Турпалхойн могIарехь” шен Iожаллин
сахьт тIехIоьттича а, бовхачу безамах юьззина йолчу сирлачу ойланца боху цо:
“Чурта тIе яздан хьан баркалла оьшу, ирс къуьйсуш  веллачун, сий делахь,
Латта!”

ТIеман заманахьлерчу нохчийн
литературехь мехала произведени ю Сулаев Мохьмадан «Малх тоьлур бу» цIе йолу
поэма.

Оцу поэмел хьалха тIеман хьокъехь
Сулаев Мохьмада язйинера“Малх къуьйсу тIом”, “ГIовтта” цIерш

йолу стихотворенеш. Царна тIехь
поэт кхойкхура массаьрга а “Даймехкан сий лардечу цу тIаме” хIиттаре. Фашистийн
къиза амалш схьагойтуш, адамийн дог-ойла царна дуьхьалъяккхар яра авторан
Iалашо. Изза тема кхидIа а кIарг а еш, хIоттийна “Малх тоьлур бу” цIе йолчу
поэми тIехь а. Шуьйра чулацам болуш ю поэма. Фашистски Германин“Iаьржа
хьарамло” ма-ярра гайтар; адамийн йоккха патриотизм; дерриге а къаьмнаш
цхьабарт хилла мостагIчунна дуьхьал довлар; вайн тIемалой Даймохк ларбеш майра
летар а, церан даккхий хьуьнарш а; тылехь адамаша боху къинхьегаман толамаш –
иштта ду поэми тIехь къастош долу гIуллакхаш. МостагI мел чIогIа велахь а, вайн
халкъаша цунна тIехь толам боккхург хилар чIагIдо автора.Поэми тIехь ши идея,
ши ницкъ бу вовшашна дуьхь-дуьхьал лаьтташ: “Цхьаъ – Серло – СССР коьртехь!
Важа–Бода – гитлеризм коьртехь!” Серлой, Бодий поэтан символаш ю. Серло —
диканиг,адамашна паргIато яхьарг, маршонан идеалах дозуш дерг ду. Бода -вониг,
къизаниг, Iазапехь адам латтош дерг, фашизмах дозург ду.

Иза тидаме эцча, къеггина
билгалдолу поэмин А.С. Пушкинан дешнех лаьтташ йолчу эпиграфан маьIна а “Малх
бехийла, дIабойла бода!”

М. Сулаевс поэтически сурт хIоттош
гойту халкъийн неIалт хилла болчу фашистийн ямарт амалш:

Фашисташ! Можа кучамаш! Iаьржа
дегнаш!

ТIаьххьара, шаьш далале аьлла,

Шу тохаделла, карзахдевлла

Вонна нуьйр тиллина,

И шайн дин хаьржина,

Дуьненчохь и хоьхкуш хьийза:

Доцчу вон кхачо гIерташ,

Долчохь дика дохо гIерташ.

“Зулам дебош” чубаьржинчу
фашисташна дуьхьал гIевттира“миллионийн дегнаш”.Вайн боккхачу Даймехкан дерриге
а халкъаш вовшашца

юххера доттагIалла, вошалла долуш
хиларо а, уьш цхьабосса мостагIчунна дуьхьал довларо а тоьшалла дора фашизм
хIаллакйийриг хиларан. Поэми тIехь къастош хьахийна къаьмнийн

республикаша мостагIчунна тIехь
толам баккхарехьа лоцуш долудакъа.

 МостагIчунна дуьхьал лаьтташ волчу
тIемалочун лаам а,доьналла а нуьцкъала сурт хIоттош гойту поэто:

Шу гинчу сохьтехь, карахь герз ца
нислахь.

Шен кийрара даьккхина цо дог тухур
ду!

Дуьненнал бомба тIекхетча санна,

Шу лелхар ду!

Исторически дIадахнарг теллича а
билгалдолу поэмин лирически турпалхочунна фашисташ “шайн Iожаллина тIе” боьлхуш
хилар.

1943 шарахь язйина йолчу оцу поэми
тIехь Сулаев Мохьмада дог тешош гайтира вайн халкъаша фашизмана тIехь
шекойоццуш толам боккхург хилар. ТIеман халчу муьрехь мостагI эшорг хиларан
ойла адамийн дегнашкахь чIагIъяр доккха маьIна долуш гIуллакх дара.

ТIеман заманахьлерчу нохчийн литературо,
кхечу къаьмнийн литератураша а санна, шен болчу ницкъаца гIуллакх дина фашисташ
хIаллак а бина, Даймохк паргIатбаккхарехьа.

ТIедахкарш

1. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом
болабеллачу хенахь литературина хьалха хIун декхарш хIиттира?

2. Муха чулацам бара тIеман хенахь
араевллачу произведенийн?

3. Нохчийн литературехь кхоьллинчу
бIаьхочун вастан хIун башхаллаш яра?

4. ХIун маьIна хета хьуна Мамакаев
Мохьмадан «И йоьлхуш яц»цIе йолчу стихотворенин?

1амийнарг
т1еч1аг1дар:

ТIедахкарш

1. Муха чулацам
болуш ю Хамидов Iабдул-Хьамидан драматур-

гически
произведенеш? Т1еман теманах дийца

Ц1ахь бан
болх:

Аг1о 194-201
чулацам схьабийца.

  • Вайн къоман дахарехь даздеш долчу денойх уггар деза дерг а, вайн къоман уггар а сийлахьчу денойх дерг а Нохчийн меттан де ду. Иза даздо вай х1ора шарахь оханан беттан 25-чу дийнахь. Мотт – вайн дахаран ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт- вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна ю.
    Бевзаш болчу оьрсийн яздархоша, поэташа, кхечу къаьмнийн а цхьаьна, 1илманчаша хестийна вайн къоман мотт, и хесто хьакъ болу дела. Эвлаяаша а, динан дайша а, бусалба дин даржочу муьрехь, цу динан бакъо а, нийсо а юьйцуш, нохчийн маттахь бина нахана шайн хьехамаш.
    Нохчийн Республикин Конституци т1ехь билгалдаьккхина ду нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а, цхьатерра бакъонаш а йолуш, пачхьалкхан мотт бу, аьлла. Стага, шен къоман мотт и безаш велахь, лоруш велахь, шен мотт бийца хууш велахь, шен къам ша ларар а, цу къоман яхь йолуш волу стаг ша хилар а гойту. Нохчийн меттан говзанча вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент хилла волу, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийн мотт а буьйцуш, кхетийра цо вайн нохчийн къам т1еман къизачу шерашкахь, нийса некъ вайн къомана гойтуш. Иштта, нохчийн матте шен ден хилла боллу ларам болуш, меттан сий-пусар деш, схьавог1уш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо волу, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.
    Х1ора доьзалехь нохчийн мотт бийцаре терра бен, цуьнан сий-пусар даре терра бен, вайн къоман г1иллакхаш, 1адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларлур яц вайга. Эзарнаш шерашкахь вайн мотт а ларбеш, цунах дозалла а деш, и бийца а буьйцуш хилла болчу вай дайшна, наношна, нохчийн 1илманчашна, яздархошна, динан дайшна хьалха доккхачу декхарийлахь ду вай тахана, вешан мотт а болуш, нохчийн къам хиларна. Къоман дахарехь хала мур т1ех1оьттича, вайн къам цу халонашка, баланашка эша ца дайтинарг вайн мотт бу.
    Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза г1иллакхаш массо а къаьмнашна довзуьйтуш, кхуьуш, хазлуш, доттаг1аллин, гергарлонийн, уьйрийн мотт хилла, бехийла вайн нохчийн мотт!
    А. Султанов

  • ненан мотт-нохчийн мотт! х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ мотт бу. кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. ма-дарра аьлча, дийриг а мотт бу.
    дуьненах дехачу х1ора къомана а шен мотт белла далла. шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, , искусство. ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман мотт. буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. мотт- иза къоман са, куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.
    вай нохчий ду. веза-воккхачу далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна нохчийн мотт! со йинчу, х1ара дерриг а дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу сан ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме? ! нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. ненан матто вай 1амадо даймохк беза. цо 1амадо вайна дуьненан а, а хазалла йовза.
    дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. наггахь хеза вайна: «иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», – олуш. ма – дарра аьлча, и стаг шен къомах цавашар ду. иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. цу докъазаллах дала лардойла вай!

  • сочинени ненан мотт

    Ответы:

    Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? Дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Ма-дарра аьлча, адамах адам дийриг а адаман мотт бу.Дуьненах дехачу х1ора къомана а шен мотт белла Далла. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман Мотт. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт- иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». Сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.Вай нохчий ду. Веза-Воккхачу Далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна Нохчийн мотт! Со йинчу, х1ара дерриг а Дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу  сан Ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме?! Нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. Ненан матто вай 1амадо Даймохк беза. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза.Дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. Наггахь хеза вайна: «Иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», – олуш. Ма – дарра аьлча, и стаг  шен къомах цавашар ду. Иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. Цу докъазаллах  Дала лардойла вай!     Чекхйолуш суна Ахмадов Мусан байташ яло лаьа:   Кхераме дац суна мехаш,Къизачу зуламан ор а, –             Нохчийн мотт соьца мел беха,      Онда бу сан лаьттахь орам.

  • Адамийн дахарехь наноша леладо маь1на 1аламат доккха ду.Уггаре коьртаниг –иза ю вайна дахар делларг. Дуьххьара вай олу дош ду «НАНА»
    Нана ма ю,шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета. Доьзалан марзо а ненехь ю. Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш,х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.
    Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш,б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац..И йоцуш муха хир дара хаац суна я хаа а ца х1утту. Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. Веза-Воккхачу Дала шен къинхетамах мА йоккхийла цхьа а нана!

  • ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
    Я.С. Чемирзаева
    Хьайн ненан мотт хаахь,
    Ас дозалла до хьох…
    Билал Саидов
    Ненан мотт мехала хазна ю халкъан дахарехь. Боккха ницкъ бу цуьнан адамийн кхетам кхиорехь. Шийлачу дийнахь кхеттачу малхо дохдо дуьне санна, дог дохдо ненан маттахь аьллачу дашо. Мел дийцича а, дийцина ца валлал дукха довха дешнаш ду ненан маттах ала. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу дахаран муьрехь а адамашна, къаьсттина т1екхуьучу т1аьхьенна, шайл хьалха гулдина хаарш оьшу. Дукхахьолахь и хаарш, хаарех пайдаэцар, оьшучу барамехь лелор кхочушдо хьехаран а, 1аморан а маьхькамашкахь, ишколашкахь. Цу маьхькамашкахь и инзаре а, чолхе а хаарш, 1илманан баххаш т1ехь дешархошна д1алуш, хьоьхуш къахьоьгуш ву хьехархо. Заманан денна хийцалуш лаьттачу хьелашка хьаьжжина, Нохчийн Республикин Дешаран Минисерствос т1е а эцна, ч1аг1йина йолу керлачу программаша вайна, хьехархошна т1е декхар дуьллу ишколехь ненан мотт а, ненан меттан литература хьехаран г1уллакхаш кхин а тодан, лакхарчу т1ег1ан т1е даха а. Дешаран декъехь хуьлуш мел бакхий хийцамаш белахь а, хаарш д1адаларан а, т1еэцаран а, т1екхуьу чкъор кхетош-кхиоран кеп урок хилаза ца йолу. Ткъа таханлерачу дийнахь пачхьалкхан т1едахкаршца ламасталлин йолчу урокан кеп хийцина, керлачу лехамашца д1аяхьа еза. Методика хийца еза, цу юккъе керла технологиш ялош. Хьехархочо урокана х1отточу 1алашонах, хоржучу коьчалх, нийса билгалдинчу методически некъех дозуш хуьлу цуьнан жам1аш а, 1аморан а, кхетош-кхиоран дикалла а.
    Х1инцалера урокаш къаьсташ ю вовшахтохаран кепаш тайп-тайпана хиларца: семинараш, лекцеш, ловзарш, конференцеш и д1. кх. а. Кхузахь а цхьацца кхачамбацарш хила тарло: билгалйинчу темин 1алашоне кхачарехь долу хаарш къасто цахаар, урокийн цхьацца долчу дакъошка тидам тоъал цахилар, дешархой дешарна т1еберзон хьелаш цакхоллар, урокан кхетош-кхиоран дакъа тидаме цалацар. Ткъа таханалерачу дийнахь, х1ора дешархо тидаме а лоцуш, урокашна т1ехьажам хила беза. Х1инцалерачу урокан кеп билгалйийриг ду: хаарш даларан декъехь дан дезарг билгалдаккхар, дешархошна тоъал хаарш далар, тайп-тайпана болхбаран кепаш йовзийтар; 1амош долчуьнан чулацамца йог1у кепаш а, некъаш а харжар, дешрхошна кхачаме хаарш луш долу болх вовшахтохар, дагалаьцнарг кхиамца, дика жам1аш долуш чекхдериг хиларан тоьшалла а луш; ненан матте, 1амабаре лаам кхуллу 1аморан кепаш харжар.
    Урокехь дешархоша дечун нийса мах хадо хаар, муьлхачу жам1ашка сатийса йиш ю урокан юьхьехь д1ахаийтар; болх бан дог доуьйту хьелаш хилийта хьовсар, кху кепара юкъаметтигаш шайца йолу – хьехархо-дешархо, дешархо-дешархо, дешархо-хьехархо. Тахана хьехархо вац гуттар а дешархошна дийца дезарг. Дешархой бу шайна хьалха лаьттачу хаттаршна жоьпаш лохуш, лехамийн новкъахь алссам къахьега дезаш. Вайн, хьехархойн декхар – уьш цу новкъа бахар, цаьрга шайн хаарш гулдайтар. Цхьана низамехь теманашца нисйинчу урокаша таро ло, х1ора темина хаттар къасто, цу темина йог1учу урокийн тайпанаш харжа, уьш вовшашца йоза. Урок вовшах тухуш билгалдан деза: урокехь кхочушдан деза 1аморан а, кхетош-кхиоран а декхарш; дешархошна хаа деза, муьлхачу жам1ашка дог даха йиш ю, муьлхачу лакхене кхача йиш ю; керла тема йовзар халонга дерзон тарлуш хилар; йийцаре еш йолчу материалаца дог1у методически некъаш; 1аморехь оьшуш болу г1ирсаш; ц1ахь бечу белхан чулацам, барам, кхочушбаран кепаш. Урокан кеп хоржуш тидаме эца деза дешархойн хаарш. Ледара а, дика а доьшуш болу дешархой саццаза тидамехь латторо аьтто бийр бу сатийсинчу жам1ашка кхачарехь. Тайп-тайпанчу белхийн кепех пайдаоьцуш вовшахтоьхначу уроко г1о дийр ду эвсаре а, пайде а хин йолчу кепара урокан хенах пайдаэца, дешархоша ц1ахь дечу дешаран барам харжа а.
    Уьш хила тарло: урок-тобанашкахь болх бар; урок-1аморан дарс; урок-кхетор; урок-гайтам; урок-проектни хьесапаш кхочушдар; урок-талламаш бар. Иштта д1ахьош болчу балхо кхачаво х1инцалерачу лехамашка, кхиадо юкъара дешаран дараш а, хаарш а (УУД). Кху кепара болх баро г1о до хьехаран шайн зеделла ц1ераш, технологин кепаш юкъаяло: кхиош-1аморан, могашалла ларъяран, информационно-коммуникационни, 1оттабаккхаман-диалогин, дешаран проектированин, интерактивни технологеш и. кх. д1. Нохчийн меттан хьехархошна царех пайдаэца хало ду, х1унда аьлча т1ехьажа г1ирс бац, интернет чохь а нохчийн маттахь хаамаш к1еззиг бу. Делахь а, массо хьехархо лехамехь хила веза, массо аг1ор керлачунна т1екхиа г1ерташ. 1оттабаккхаман-диалоган технологех ю кейс-технологи. Хьехархочо ша проблемни хьал а кхуллуш, иза кхочушдаран некъ лахар, гайтар. Масала: хьехархочо жима дийцар деша доладо дешархошна, царна уггар хазделлачу меттехь соцунг1а а йой, т1едиллар до царна, аш муха чекхдоккхур дара и дийцар шаьш хилча цуьнан автор. И тайпа болх д1абахьа мегар ду дешархой шина тобане бекъна, х1ора тобано шен дийцаран чаккхенан кеп юьйцуш. Цул т1аьхь хьехархочо деригге а дийцар д1адоьшу. Кейс-технологин методаш дукхахьолахь хаарш сов дахарна т1ехьажийна йоцуш, дешархойн ладог1аран, дийцаран корматалла айъярна т1е тидам бахийтина ю. Урокашкахь таро хуьлу, хьехархочуьна дешархойн мотт бийцаран говзалла лакхаяккха. Проблемни хьал кхоллар а, оьшург лахархьама дешархошка шайга болх байтар а вовшахтухуш, цу шина некъах пайдаэцар гуш ма-хиллара, керланиг гучудалар иза бакъдарца нисло: цкъа хьалха хьехархочо ойлаяран а, бакъдаран кеп гойту, шолг1а – дешархоша шаьш я хьехархочун г1оьнца бакъдо, т1еч1аг1деш цхьаьна бакъдо. Ненан мотт 1амош, коьрта тидам т1ебахийта беза 1амор шардеш, ч1аг1деш г1о дечу тайп-тайпанчу шардаршна. Х1унда аьлча, цкъа делахь, орфографически, пунктуационни къамелан хаамаш караберзорна г1о деш хиларна а, шозлаг1а делахь, 1амош йолу грамматически материалаш дешархошна дика йовза аьтто цара беш хиларна а.
    Хаарш талларан технологех ю тестови технологи. Цуьнан коьрта 1алашо ю, дешархойн хаарш толлуш, х1ораннан ша-шеца беш болу болх кхин д1а а тобар. Тестировани д1аяхьаро ч1ог1а г1о до дешархошнан 1амийнарг т1еч1аг1деш а, хьалха 1амийначунна таллам беш а, керла тема йовзуьйтуш а. Дукхахьолахь тесташца болх бечу хенахь гучудолу дешархойн хааршкахь долу кхачамбацарш. Критически ойлаяр кхиоран технологих ю синквейн. Синквейн – иза пхеа мог1анах лаьтта, къастамечу кепаца язйинчу, жимачу байтан кеп ю. Стенна оьшу синквейн:
    1. Дешнийн т1аьхьало хьалаюзу.
    2. Боцца чулацам схьабийцарна кечво.
    3. Коьртаниг каро 1амаво.
    4. Жимчу ханна кхоллархо хила таро ло.
    5. Дукхахьолахь и кхочушхуьлу.
    Кхузахь вайна го, синквейн язъешволчунна хаа деза, къамелан дакъош къасто, предложени х1отто, хьалхарчу дашца маь1ница дог1уш дош дало. Цу дерригено вайна таро ло, дешархойн дозуш долу къамел кхио, церан дешнийн х1онс мелла алссам яккха. Ткъа иза вай кхочушдан деза х1ора урокехь, муьлхха а тема 1амош. Коьртачарех ду, х1инцалерачу урокашкахь рефлексин муьрехь тайп-тайпана белхаш бар: йоццачу ханна дешархоша эссе язъяр, синквейн язъяр, шена хетарг алар, яцйина предложени т1еюзар, ша диллинчу суьртехь шен ойла гайтар. Иштта бечу белхаша, къасттина ненан мотт хьехарехь, дешархой вовшашца хьасене хуьлуьйту, шен накъостан ойла хийра ца хета, ша бинчу а, шен накъосташа бинчу а белхийн нийса мах хадо 1ема, шен ойла йийцаре йилла 1ема, кхечуьнга ладог1а 1ема. Цул сов, дешархой 1ема шаьш а, кхечара бечу белхан нийса хьесап дан а, информационни хаамаш язбан а, конспекташ х1итто а. Керлачу технологишца бан безаш болу болх х1инца а кхачо йолуш бац, цунах лаьцна дуккха а дийца дезар ду, 1ама дезар ду, шена хуург къоначу хьехархочуьнга д1адала дезар ду. Ненан мотт хьоьхучу муьлххачу хьехархочун болх т1ехьажийна бу т1екхуьу къона т1аьхье дайн ламасташца, къоман г1иллакх-оьздангаллица, иман долуш хилийтарна.
    Х1инцлерачу ненан меттан урокашкахь хьехархочун коьрта ши декхар ду аьлла хета суна: ненан матте дешархойн безам кхоллар; биллина ненан мотт цаьрга бийцитар. Дешаран декъехь ненан маттахь хьехар деккъа кхетар сов хилийтарна эшна 1аш дац. Цуьнан марзонца, и безаш кхиина волу дешархо, дешна ваьллачул т1аьхьа и бийца хууш а, лууш а хила веза. И бийца хууш а, лууш а хилча бен цо и буьйцур бац. Бийцича бен и кхуьур бац, бехар а бац, т1ахьене д1акховдо ненан мотт хир бац.
    Вайн нохчийн мотт, яхь, г1иллакх, оьздангалла юха денъярехь, вайн къам ч1аг1дарехь къахьоьгуш волчу Нохчийн Республикин куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, нохчийн меттан сий-пусар деш, и мотт безаш, шен ницкъ ца кхоош иза берашна 1амош волчу массо а хьехархочунна, даггара баркалла ала лаьа. Ненан мотт кхио а, цуьнан сий-пусар дан а, дайх дисина оьзда г1иллакхаш лардан а Дала хьекъал а, хьуьнар а, могашалла а лойла вайна.
    Источник:: журнал “Нана”

  • “Доьзал” дешан маь1 на дан г1 оьртича, гучудолу иза “доь” бохучу орамах хилар. “Доь шен маь1 ница “х1 у” дашна гергахь ду. Нохчийн маттахь иза дисна х1 окху тайпанчу аларшкахь: “доь доцуш вайна”, “доьза вайна”. И бохург цхьа а лар а йоцуш, т1 аьхьадисина цхьа цуьрриг х1 ума а доцуш стаг вар ду. Доьзал – и доь (х1 у) хилар, доь долор ду.
    Доьзал – иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман 1 адато а ма бохху, цхьаьна даха а, шайн т1 аьхье йоло а вовшахкхетар ду. Нохчийн 1 адатехь доьзал да-нана, бераш хилла ца 1 а. Доьзал – иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховк1 елахь, я кертахь 1 аш болу чоьхьара кхин гергара нах а бу. Доьзалал шуьйра кхетам бу “цхьана ц1 ийнан нах бохург. Цо чулоцу цхьана дех схьабевлла шича-маьхчаллехь болу гергара нах.
    Доьзал, массо а декъашхо меттахь волуш, буьззина а, я буьззина боцуш а (т1 ера да, я нана д1 аяьлла; я ший а д1 адаьлла гергарчу стага дола деш) хила тарло. Бакъду, доьзал алар нийса хир ду, нагахь цхьаьна дехачу адамийн, ц1 ийца гергарло хилла ца 1 аш, оьздангаллин мехаллех болу кхетамаш цхьатера а, вовшашна юккъехь сий-ларам а хилахь.
    Доьзал кхоллар а, иза кхетош-кхиор а стагана дахарехь т1 ех1 уьттучу зерех уггаре коьртачарах цхьаъ ду, х1 унда аьлча, Дала боху Шен Сийлахьчу Къуръанчохь, Ша адаме хаттам бийр болуш кхо х1 ума ду: адамах шех а (цо лелийнчух, дийдинчух …) , цуьнан доьзалх а, цуьнан даьхнех а. Цундела шен доьзал дас, я нанас охьатасар, я к1 езиг х1 ума бахьанехь вовшах а къаьстина, шайн берийн дахар дакъаздаккхар доккха къа ду.
    Доьзал – иза шина аг1 ор долу жоьпалла ду: денненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха. Lен-ненан жоьпалла хьалххехь д1 адолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйyа д1 адоло дезаш ду иза кхетош-кхиор. Бераца доьзна цхьа а х1 ума а дац к1 езиг. Цундела бен а доцуш хьежа мегар дад оцу г1 уллакхе.
    Бер дуьненчу даьлча, цунна ц1 е тиллар т1 едужу дена, нагахь дийна велахь дедена а. Ц1 е тилларх лаьцна цхьа стихотворени ю Дикаев Мохьмадан. Цу т1 ехь винчу к1 антана ц1 ераш къестош ден доттаг1 ий бохкуш, цхьана воккхачу стага олу:

  • Гость
    Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? Дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Ма-дарра аьлча, адамах адам дийриг а адаман мотт бу.Дуьненах дехачу х1ора къомана а шен мотт белла Далла. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман Мотт. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт- иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». Сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.Вай нохчий ду. Веза-Воккхачу Далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна Нохчийн мотт! Со йинчу, х1ара дерриг а Дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу  сан Ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме?! Нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. Ненан матто вай 1амадо Даймохк беза. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза.Дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. Наггахь хеза вайна: «Иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», – олуш. Ма – дарра аьлча, и стаг  шен къомах цавашар ду. Иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. Цу докъазаллах  Дала лардойла вай!
    комментариев 1 :
    омг откуда

  • Арсанукаев Шайхи вина 1930 шеран 15 августехь Дишни-Веданахь хьуьнан белхахочун Iабдулмуслиман доьзалехь. Исбаьхчу Iаламехь дIадахна поэтан бералла. Схьахетарехь, хIетахь кIентан даг чу йижина Iаламан аьхналла хир ю цуьнан кхоллараллехь исбаьхьчу поэтически сурташкахь вайна гуш ерг.
    Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIантий дешийта лууш хилла. Дика доьшуш юьртара школа чекхъяьккхина Шайхис. 1944 шарахь нохчийн халкъ махках даьккхича, Казахстанан Семипалатински областерчу Новопокровски районе кхаьчна АрсанукаевгIеран доьзал. Кхузахь юккъера школа чекхъяьккхина хинволчу поэта. Цул тIаьхьа 1949 шарахь Семипалатински финансийн техникуме деша воьду Арсанукаев Шайхи. Иза 1952 шарахь чекх а яьккхина, даймахка Нохчийчу цIаверззалц Казахстанехь финансийн органашкахь болх бина. ШайхигIеран доьзал шайн юьрта Дишни-Ведана цIа баьхкина 1958 шарахь. Арсанукаев Шайхи Веданан районан финансови отделан куьйгалхо вохуьйту. Амма школехь волуш дуьйна стихаш язъеш волу Шайхи шен дахар финансийн органашца доьзна Iа лууш вацара. Цо заочно доьшуш чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан нохчийн моттий, литературий, оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш йолу филологин факультетан отделени. 1965 шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакторан заместитель хIоттаво Арсанукаев Шайхи. Оцу даржехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа иза Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон редакторан балха схьавалийна. Издательствехь кхиамца болх беш волу Арсанукаев Шайхи 1973 шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо арахоьцучу «Орга» альманахан коьрта редактор хIоттийна. Цул тIаьхьа, 1986 шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина. Цхьайтта шарахь бина цо и хала а, жоьпаллин а болх. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент лаьттина.
    Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь.

  • «Нохчийн къам дийна хиларан мокхаза ч1аг1о ю нохчийн мотт».
    (Кадыров Ахьмад-Хьаьжа,
    Нохчийн Республикин хьалхара Президент)
    Бисмиллах1иррохьманиррохьим.
    25-г1а апрель(нохчийн дуьххьарлера газета «Серло» арадаьлла де) нохчийн меттан Де ду аьлла д1акхайкхина ду вайн куьйгалхочо КАДЫРОВ Р.А. шен указаца.
    Нохчийн Республикин Президентан
    УКАЗ
    Соьлжа-ГIала № 207
    Нохчийн мотт Iалашбаран, кхидIа шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маьIна лакхадаккхаран Iалашонца:
    «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин за¬конна куьг яздина апрелан 25-гIа де Нохчийн меттан Де д1акхайкхо.
    «Нохчийн меттан Де дIакхайкхоран хьокъехь» долу 2005-чу шеран 15-чу апрелехьлера № 90 йолу Нохчийн Республикин Президентан указ дIадаккха.
    XIapa указ бакъонан ницкъ болуш ду зорбатоьхначу дийнахь дуьйна.
    Нохчийн Республикин Президент Р.А. КАДЫРОВ.
    Дала деллачу не1матех уггаре коьртаниг адамийн мотт бу. Мотт къоман са а, цуьнан деган куьзга а ду. Маттехула бен хила йиш яц халкъан дика а ,вон а, халкъан тезет а, синкъерам а ,халкъан г1иллакхаш маттехула бен лела йиш яц. Нохчийн меттан Де билгал даьккхина а ца 1аш, нохчийн зудчун –ненан Де а билгалдаьккхина вайн куьйгалхочо, кхечу дезачу денойн мог1аре а х1оттош. Шен къам , шен мотт, наной а деза лараран билгало ю иза.
    Сулейманов А. яздина: «Кхо х1ума ду дуьненчохь даима цхьаьна хила дезаш: Даймохккий, ненан моттий, халкъий. Казахстанехьчул чомехь даа, хазаниг духа ца даьхкина тхо тхешан махка, ц1а ,карахь-куьйгахь а доццушехь .Тхо ц1а оьху : Даймохкий, ненан моттий, тхешан къаммий цхьаьний бен мегаш ца хиларна .Къам шен амалх , г1иллакхех, эхь-бехках, 1адатех ца долуьйту ч1аг1о ю мотт.» Цунах херделла адам , лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу.

  • lintsoughely3

    lintsoughely3

    Вопрос по русскому языку:

    Суна ца беза т1ом сочинени

    Трудности с пониманием предмета? Готовишься к экзаменам, ОГЭ или ЕГЭ?

    Воспользуйся формой подбора репетитора и занимайся онлайн. Пробный урок — бесплатно!

    Ответы и объяснения 1

    milivinint19

    milivinint19

    Тхуна т1ом ца беза, тхуна машар беза
    вот ответ

    Знаете ответ? Поделитесь им!

    Гость

    Гость ?

    Как написать хороший ответ?

    Как написать хороший ответ?

    Чтобы добавить хороший ответ необходимо:

    • Отвечать достоверно на те вопросы, на которые знаете
      правильный ответ;
    • Писать подробно, чтобы ответ был исчерпывающий и не
      побуждал на дополнительные вопросы к нему;
    • Писать без грамматических, орфографических и
      пунктуационных ошибок.

    Этого делать не стоит:

    • Копировать ответы со сторонних ресурсов. Хорошо ценятся
      уникальные и личные объяснения;
    • Отвечать не по сути: «Подумай сам(а)», «Легкотня», «Не
      знаю» и так далее;
    • Использовать мат — это неуважительно по отношению к
      пользователям;
    • Писать в ВЕРХНЕМ РЕГИСТРЕ.

    Есть сомнения?

    Не нашли подходящего ответа на вопрос или ответ отсутствует?
    Воспользуйтесь поиском по сайту, чтобы найти все ответы на похожие
    вопросы в разделе Русский язык.

    Трудности с домашними заданиями? Не стесняйтесь попросить о помощи —
    смело задавайте вопросы!

    Русский язык — один из восточнославянских языков, национальный язык русского народа.


    0 интересует


    0 не интересует


    1.2k просмотров

    Суна ца беза т1ом сочинени







    спросил

    01 Июнь, 18


    от
    Hhffhffuufffgggg_zn

    (18 баллов)



    в категории Русский язык


    1 Ответ


    0 интересует


    0 не интересует






    ответил

    01 Июнь, 18


    от
    Optimist21_zn

    (14 баллов)



    Тхуна т1ом ца беза, тхуна машар беза

    вот ответ






    оставил комментарий

    01 Июнь, 18


    от
    Optimist21_zn

    (14 баллов)




    0


    0

    тхуна машар беза правильний овтет не перепутай)

    Понравилась статья? Поделить с друзьями:

    Новое и интересное на сайте:

  • Сочинение сказка про елочку
  • Сочинение тхуна ца оьшу т1ом самах я г1енах по чеченскому литературе
  • Сочинение сказка про деда мороза 4 класс
  • Сочинение тхуна ца оьшу т1ом короткое по нохчийн
  • Сочинение сказка про войну

  • 0 0 голоса
    Рейтинг статьи
    Подписаться
    Уведомить о
    guest

    0 комментариев
    Старые
    Новые Популярные
    Межтекстовые Отзывы
    Посмотреть все комментарии