.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».
Урокан ц1е: Изложени. «Доттаг1ий».
.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».
1алашонаш:
Кхеторан: Дозуш долу къамел кхиор. Текстах
а, цуьнан дакъойх а лаьцна кхетам к1аргбар.
Ц1ердашах лаьцна долу хаарш шардар.
Кхиоран: Цхьацца болчу хаамаша юккъехь
уьйр ларъяр. Предложенеш грамматически
бакъонашца нийса йог1уш х1итто хаар,
оьшучохь сацаран хьаьркаш яхка хаар
шордар.
Кхетош- кхиор : Дешархойн хаарш шордар,
к1аргдар. Нохчийн матте болу безам кхиор.
.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».
«Сан доттаг1»
Олуш ду вайнаха, хьайна цхьаъ эшначохь
Г1о деха ма г1олахь хьо доттаг1чуьнга.
Бакъволчу доттаг1чун шена ма хуур ду,
Шегара г1о-накъосталла хьуна оьшуш хилахь.
Цундела лекха ву,сан дагна веза ву,
Тешаме ша волу сан дика доттаг1.
Цуьнан хьехар хуьлу маь1анах дуьзна,
Цунах а воккхавеш, сан дог ду дуьзна.
Ца лоьху г1алаташ, ца доху бехкаш,
Бакъ-харц схьаолу, вас ца еш дагна.
Яц цуьнан соьца хьаг1, ю ц1ена ойла,
Ду иза сан массо а къайленан дог1а.
Доттаг1 шен воцуриг ву г1ортор йоцуш,
Доттаг1 а воцучохь, сингаттам кхиъна.
Юкъ-меттиг ца юсту сан хьал-бахамца,
Ца хоьржу сан тайп а я тукхма цо.
Цунах ду ала дош дозаллех дуьзна,
Ас лекха уьйуш ду тхайн доттаг1алла.
.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».
Дружба – это тёплый ветер,
Дружба – это светлый мир,
Дружба – солнце на рассвете,
Для души весёлый пир.
Дружба – это только счастье,
Дружба – у людей одна.
С дружбой не страшны ненастья,
С дружбой – жизнь весной полна.
Друг разделит боль и радость,
Друг поддержит и спасёт.
С другом – даже злая слабость
В миг растает и уйдет.
Верь, храни, цени же дружбу,
Это высший идеал.
Тебе она сослужит службу.
Ведь дружба – это ценный дар
.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».
Синквейн.
Доттаг1
Веза, тешаме, оьзда
Дукхавеза, лору
Доттаг1 шен воцуриг ву г1ортор
йоцуш.
Дуьненан бахам.
.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».
Хаттарш.
Муха сурт дуьхьалх1утту шуна? Муха
дог-ойла кхоллало шун? (Х1окху
стихотвореница йог1уш йолу оьрсийн
поэтан стихотворени хаьий шуна ?
(дагаяийта хьажа).
.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».
Хаттарш.
1.Ши доттаг1 муха хилла бахамца?
2.Ша болу шен бахам д1абелча х1ун дира
къен 1аш волчо?
3.Бахам д1абеллачунна х1ун хала хийтира?
4.Базарахь х1ун элира саг1адоьхучуьнга?
Цунна х1ун елира?
5.Ахчанах х1ун дира к1анта? Муха ваха хиира
к1ант? (бахам д1абелларг)
6.К1ентан кет1а мила еара? Цо х1ун дехар
дира?
7.Т1еийцарий к1анта йоккха стаг?
8.Шен ловзарга кхайкхинчохь х1ун къамел
хилира шина доттаг1чуьн?
9.Муха ч1аг1делира церан гергарло?
.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».
Ц1ахь: изложенин кхоччуш кечам
бар.
.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».
Рефлекси.
Суна урокехь зеделларг!
Таханлерчу урокан хаарех пайда а
оьцуш д1аолуьйту илли «Сан
доттаг1».
.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».
Ваша ваша вац и хьан доттаг1а вацахь.
2. Генара доттаг1а — йоьг1на г1ала.
3. Генара хиларх, тешаме доттаг1, б1ов санна ч1ог1а ву.
4. Дикачу доттаг1чуьнца дуьненан йисте а кхача хала дац.
5. Дикачу к1антана доттаг1ий ца эшна.
6. Доттаг1а коьрте хьожу, мостаг1 когашка хьожу.
7. Доттаг1а шираниг тоьлу, керт — керланиг тоьлу.
8. Доттаг1чун хьаг1 хала ю, мостаг1чун ямартлонал.
9. Сакхт доцуш доттаг1 лаца хьо г1ертахь, и воцуш вуьсур ву
хьо.
10. Эзир доттаг1а верг ваьлла, эзир сту-етт берг велла.
- Главная
- Разное
- Образование
- Спорт
- Естествознание
- Природоведение
- Религиоведение
- Французский язык
- Черчение
- Английский язык
- Астрономия
- Алгебра
- Биология
- География
- Геометрия
- Детские презентации
- Информатика
- История
- Литература
- Математика
- Музыка
- МХК
- Немецкий язык
- ОБЖ
- Обществознание
- Окружающий мир
- Педагогика
- Русский язык
- Технология
- Физика
- Философия
- Химия
- Шаблоны, фоны, картинки для презентаций
- Экология
- Экономика
Содержание
-
1.
Сочинени Доттаг1а. Г1алг1ай мотт. Ингушский язык. -
2.
Мича, маца хиннад сурта т1а дувцар? Мишта -
3.
Мала хиннав юхег1олла д1аводаш? Мишта хьахьокх суртахочо -
4.
Мича йихьай йи1игаша к1азилг? Сен уйла еш -
5.
Фу хилар ж1але к1азилга? Фу хьал дар нешашка7 -
6.
Хьадувца дувцар укх суртех лаьца, арг1анца сюжет а оттадеш. -
7.
Эша дешаш. Синонимаш. Дог1а доаг1аш, йоачан йолаш, т1аьда, хотт болаш.Цхьаь диса,ц1увзаш, г1айг1ане,т1оададаь,къахетам бехаш санна -
8.
Йи1игашта ц1ераш тахка!Б1аргадайра, зийра, къахийтар, цецъяьлар. Ж1але к1азилг, з1амига ж1алиг, мискинг, корадаьр. -
9.
Г1адъяха, догг1оздаьнна, раьза йолаш.Лувчаяь, йокъаяь, юзайир. -
10.
Фу хьех вайна укх суртийсюжето?
Мича, маца хиннад сурта т1а дувцар? Мишта я ара хаоттам? Фуй сурта т1а хьархарча плана т1а гуш яр? Фу хьал да ж1але к1азилгага? Х1ана? Фу хургда аьнна хет шоана д1ахо?
Слайд 1Суртех сочинени язъяр
3 класс
» Доттаг1а»
Слайд 2Мича, маца хиннад сурта т1а дувцар? Мишта я ара хаоттам? Фуй
сурта т1а хьархарча плана т1а гуш яр? Фу хьал да ж1але к1азилгага? Х1ана? Фу хургда аьнна хет шоана д1ахо?
Слайд 3Мала хиннав юхег1олла д1аводаш? Мишта хьахьокх суртахочо неший хьал?
Фу хургда аьнна
хет шоана д1ахо? Оаш фу дергдар?
Слайд 4Мича йихьай йи1игаша к1азилг? Сен уйла еш я йи1игаш? Фу даьд
цар ж1але к1азилга из шоаш ц1аг1а чуеча?
Х1ана тиллай цар цунна «Доттаг1а аьнна ц1и?
Слайд 5Фу хилар ж1але к1азилга? Фу хьал дар нешашка7
Слайд 6Хьадувца дувцар укх суртех лаьца, арг1анца сюжет а оттадеш.
Слайд 7Эша дешаш. Синонимаш.
Дог1а доаг1аш,
йоачан йолаш,
т1аьда, хотт болаш.
Цхьаь диса,
ц1увзаш,
г1айг1ане,
т1оададаь,
къахетам бехаш санна
Слайд 8Йи1игашта ц1ераш тахка!
Б1аргадайра, зийра, къахийтар, цецъяьлар.
Ж1але к1азилг, з1амига ж1алиг, мискинг,
корадаьр.
Слайд 9
Г1адъяха, догг1оздаьнна, раьза йолаш.
Лувчаяь, йокъаяь, юзайир.
На чтение 19 мин. Просмотров 35
Урок. На тему «Доттаг1алла».
Дийцар.
Мучураева Раиса Татаевна
литиратурин а хьехархо
МБОУ «Николаевски СОШ»
Тел: 8938 002 83 47
Доттаг1алла.
«Доттаг1», «Доттаг1алла тасар», «Доттаг1алла». Х1ун маь1на чулоцу техьа х1окху дешнаша? Оцу кхетамна дуьззина, хила ма- деззара, маь1на даста хуур дарий Шуна? Халкъан хьекъало боху: «Доттаг1 верг- ваьлла, эзар сту берг-вайна», «Доттаг1 вонехь вевза», ткъа кхин а масане ду уьш.
Бакъволчу доттаг1чуьнга г1о-накъосталла ахь деха оьшуш дац. Цунна шен хуур ду, хьуна оьшург. Хьан г1алаташ а лоьхур дац цо, мелхо а уьш хьулдан г1ертар ву. Цкъа а вас йийр яц, амма бакъ-харц хьоьга юьхь дуьхьал эр ду. Яц цуьнан хьоьца цхьа а хьаг1, хьан массо а къайленийн дог1а ду и. Дика доттаг1 воцург- г1орасиз ву.
Доттаг1алла – иза адамашна юкъара к1орггера уьйр ю, шена чохь тешам, г1о-накъосталла хилла ца 1аш, чоьхьара гергарло, дог ц1еналла, безам, ларам болу. Цкъа делахь, доттаг1аллин безам болу синмехалла ю и. Шолг1а делахь, доттаг1алла хаьржина тасалуш а дац.
Иштта кхолладелла гергарло ду сан дийцаран турпалхойн а.
Дений, Мохьмаддий дукха жима волуш дуьйна, ши доттаг1 ву, я олуш ма хиллара, аганара ваьлчахьана а. Ткъа гергарло-м цаьршинна хилла а ца 1а, церан дайн-нанойн а ду. Ши к1ант школе а цхьаьна оьху, цхьана классе. Урокаш цхьаьна йо, ловза а ловзу. Хьуьжарехь а даима цхьана ву, ламаз эца а, дан а, цига эха волавалале 1амийнера, шинна а. Цара говза а 1амийра иза. Масала, Денис ламаз бисмиллан хьалхара мог1а болабора, шолг1аниг Мохьмада буьйцура, иштта д1а кхин а. Ч1ог1а духавеза и шиъ вовшашна. Цундела, барт а хуьлу церан. Цхьаъ цомгуш хилахь, важа оцу минотана схьакхочу: книжка йоьшу, туьйранаш дуьйцу, урокаш еш г1о до. Ц1ерачара цхьаъ човхийна, дов динехь, вукхо къинхетамца дог хьосту. Берашна юкъахь дар-дацара даьлча а, вовшашна т1ех1утту. Нийсархой хьоьгуш гергарло ду цу шиннан. Мел доккха ирс ду, хила ма везза доттаг1 нисвелча!
Цхьана дийнахь, Денина дас велспед ийцира, дукха хенара цуьнан лаам кхочуш хилира. Денин ма-еззара сийна, къегина бос а болуш, ц1ийзаш-к1еда охьахоийла, зевне горгали а болуш. Дуьххьара иза хиънарг, кхин мила хир вара, Мохьмад воцург. Цунна ч1ог1а хазахийтира шен доттаг1чун велспед эцна, иштта хазаниг кхуьнан шен цкъа а хилла а яц. Х1унда аьлча, Мохьмадг1еран доьзалехь кхин дуккха а кегий йижарий, вежарий бу кхуьуш, ткъа Дени шен ден, ненан цхьаъ бен вац.
-Мохьмад, хьуна хазахетий сан велспед?- хаьттира Денис доттаг1чуьнга.
— Хахка лаьий хьуна? Х1ан, д1алаца, рогг1ана хехкалур ву вайшиъ, тхан ц1ийнан гонаха. Хьо хьалхара ву, ткъа со цкъачунна, г1анта т1е охьахуур ву.
Мохьмад хазахетарца хьалаиккхина, Денин велспеда т1е кхоссавелла, охьа а хиъна горгали бекийра, д1ахаьхкира. Ц1ийнан гонаха масийттаза хахкавелира.
-Ва, ма дика а ду. Цхьа тамашена, даг т1е гилдигаш дуьйлийца, дукха воккхаверна.
-Сихха валахьара Мохьмад, ма хохкур яра-кх ас иза. Эх1, ма хир ду-кх иза! Ма велспед ю иза! Х1окху куьпарчу берашкахь ю моьтуш а вац со и саннарг. Тахана дика сайна шаръялийтина, кхана дуьйна, шина а урамехула хахка мегар ду. Суна хаьа, массара а хаза ю, бохур ду. Дени шена а ца хууш ойлане ваьллера, цунна дагатуьйсура велспед хаьхкина воьду ша. Массо а: урамера жима а, воккха а арахь бу. Воккхастаг Зайнди а хир ву, гуттар а санна, кет1ахь. Цо эр ду: « Х1ай, х1ай, ваши к1ант ледар-м вац, машен новкъа ма валалахь!» Бераш мохь беттара бу:
-Соьга хохкуьйтур юй ахь?! – Соьга а! – Соьга а.
Амма воккхавер дах ца делира, Ц1еххьана, даьллачу татано дохийра дерриге а!
И муха нисделира, хала ду кхета, амма, цхьабакъ ду, Мохьмад йоллучу чехкаллица д1адийначу диттах кхетта, охьакхийтира. Йохийначу голаш т1ера ц1ийш охьахьаьдира, белшаш лозура. И дерриге а кхин ирча а дацара, д1о дитт уллора йохийна, эрчаяьккхина, еълара а кхетта 1уьллуш Денин ц1ена, керла велспед яцахьара. Цу т1е, къегаш хилла болу гур, х1инца чкъург т1ехула цхьа сингаттаме кхозура. Дукха халачу х1оттарна, дог аракхоссадала санна детталора Мохьмадан.
Ткъа важа-м, хьаьдда вог1уш вара, Мохьмад хьеваларна цецваьлла.
-Дени, ца хууш нийсделир-кха и. Суна къинт1ера валахь! Волий хьо? Дени, ахь самагатделахь, ас айса цхьаъ дийр ду цунна. Дика дуй?!
Амма Денин б1аьргаш хих буьзнера. Ой, хиъна делира цунна иштта хир дуйла. Шена оццул езаш йолу велспед, хахка а ма ца ларийнера иза.
Мичара вели ца хууш, к1енташна ведда т1евеара лулахо Рамзан. Дукха хан яра, цуьнга кхеран доттаг1алла ца дезаш. Я шен цхьа а доттаг1 ца хиларна, хьаг1 ярий а ца хаьа.
-1алелай! – Цецаллица ц1истдеш, вистхилира Рамзан. – Ас бехира хьоьга, Дени, эрна леладо ахь Мохьмадца доттаг1алла. Цо хьуна х1уьттаренна ма дина иза. Цуьнан ян а ма яц, иштта велспед. Хьайн дега х1ун эр ду ахь?
Мохьмада велхаран къурдаш сецош, багара даьккхи:
— Бакъ дац, ас х1унда дийр дара и х1уьттаренна. Ма тешалахь цунах, Дени. Мохьмадан шен бехк ца хилар д1акхачо лаьара доттаг1чуьнга. Дени г1ийла шен кагъелла велспед лаьттара хьала а гулйина, ц1ехьа вахара. Цунна улло а х1оьттина, Рамзан вахара, ч1ог1а мохь а бетташ:
-Х1аъ, суна сайна, корехула ма гира, чехкаваьлла, ловзаваьлла, хьажа а йина цо велспед диттах тухуш. Иштта ву-кх, хьан доттаг1. Дагахьбаллам, дегабаам, б1аьрхиш, ницкъ ца кхачар – оцу дерригено, хьукъвинера Мохьмад.
К1ант ц1а веъча, нана яра ч1епалгаш доттуш йоллуш. Меллаша цунна т1ехъиккхина, шен жимачу ц1ачу вахара иза. Ч1епалгашна ч1ог1а т1ера волу к1ант, ца соцуш д1авахарна, цхьаъ тосаделла, цунна т1аьххье чу а яхана, хаьттира: «Лозуш х1ума-м яц хьан? Схьавола, х1ума яа хьайна». – Х1ан- х1а, нана, ас Дениг1аьргахь йиъна, аьлла тешийра цо и. Мохьмадана, х1инца ша а висина, ойланаш ян лаьара, Делера г1о деха а. Ма ч1ог1а лаьара цунна, Дени шех теша а тешна, къинт1ера волийла, шаьшшинна гергарло хьалха санна хуьлийла а. И санна дерг, царшинна юккъехь хилла дацара, цкъа а.
— Дада, г1о дехьа, бохам хилла-кх суна. Дас лерина ладуьйг1ира шен воккхах волчу к1анте, т1аккха элира:
-Реза ву, дада! Дела реза хила хьуна!
— Кечло сихха, школе т1аьхьавуьсур ву хьо.
Шен классачу Мохьмад самукъане чоьхьа велира. Дени волчу аг1ор д1ахьаьжча, шега оьг1азе б1аьрг бетташ тидам хилира кхуьнан, х1ара эсала велакъежира.
Урокаш чекхьевлча, т1ома вала санна, чехка ц1а ведира Мохьмад. Хьалхалерачул а хаза, керла, къегаш велспед лаьттара сонехь, дадас вовшахтесна, кийчча. Мел дика дада ву-кх Мохьмадан, даима шен к1антана г1о дан кийча ву иза. Мохьмада шен т1оьрмиг лаьтта а х1оттина, велспедах ка а тоьхна, воккхаверца ирах кхийсалуш, Дениг1аьрга д1атилира. Кевнехь Зулай- деца дуьхьал кхийтира, Денин нана. Цецъяьлла лаьттара иза. К1анта сихха де дика а дина, доцца, амма кхетачу аг1ор д1адийцира дерриге а, бакъду кхетта-м ца хийтира кхунна и.
-Велспед кагйинарг мила ву? Хьо ву? Дени вац? Ма тамаш бу и. Изза ала ларийра Зулай, ц1ена велспед уьйт1а д1а а х1оттийна, ша йохийнарг схьаоьцучу юкъана. Цхьа дика нисделира и, Дени школера ц1а кхачале. Аьтто хили сан! Ткъа х1инца, дадица цхьа тассаме болх бу бан безаш – техника тоян. Дала мукъалахь, шиъ цхьаьна ларор ву, цунах шеко яц. Ойла йича, мел дика доттаг1 ву Дени. Шен нене дийцина а ца хилла. Денис йохийна моьттуш болчу цара, ма дов дина хир ду мискана. Х1умма а дац, Мохьмада и цкъа а дицдийр дац. Эрна къахьегна хуьлу-кх ткъа ямартчу Ризвана, х1орш эг1о г1ерташ. Далла бу хастам! Харцо Дала цкъа а толор яц!
И дерриге коьрте хьаьвзина, ойлане а ваьлла, лаьттачу Мохьмадан тийналла йохийра, чоьхьаваьллачу Денис. Вист ца хуьлуш лаьтта Дени, иштта лаьтташ Мохьмад а ву. Вовшашка хьоьжуш лаьтта и шиъ. Я эша а оьший кхузахь цхьа а дош? Ишта а ду, дерриге а кхеташ. Дукха х1ума ца оьшу адам зен. Ц1ена бакъ ду иза. Деза, Сийлахь гергарло ду – «Доттаг1алла!»
Источник
АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968)
Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь йоккхачу эпически жанрехь чекхъяьлла йолу произведени – роман дуьххара Арсанов СаьIид-Бейс язйина.
Чолхе а, хала а хилла яздархочун дахаран, кхоллараллин некъ. Арсанов СаьIид-Бей вина 1889 шеран 2-чу октябрехь Нохчийчохь, Жимачу АтагIах, ахархочун Арсанбекан доьзалехь. ЧIир тIеяр бахьана долуш юьртах вала дезна Арсанбекан. Шен доьзалца Владикавказе кхелхина а вахна, цигарчу дашший, детий доккхучу заводе балха хIоьттина иза. 1905 шарахь Россехь белхалой меттахбевлла, революцин болам болабелча цу юкъа вахна Арсанбек. Революцин боламехь дакъалацарна 1907 шарахь паччахьан Iедало лаьцна Сибрех вахийтина иза.
СаьIид-Бейс Владикавказехь 4-шеран училище чекхъяьккхина. 1907 шарахь Баку гIалахь цхьана гIишлошъяран организацин конторехь коперовальщикан, чертежникан болх бина. Цул тIаьхьа Одессе а вахна, цигара электротехнически училище чекхъяьккхина, дешарца цхьаьна болх а беш. Юха цIа а вирзина, цхьана муьрехь Владикавказехь болх бина, «Терек9raquo; газетаца юххера уьйр а латтош. 1910-чу шарахь Петербургерчу политехнически институте деша воьду Арсанов СаьIид-Бей. Кхузахь революционни ойла йолчу студентащца цхьаьна вара СаьIид-Бей. Политически демонстрацешкахь дакъалацарна чувоьллина иза. Ши бутт чохь а баккхийтина, Вятски губерни ссылке хьажийна. Цигара вада аьтто а баьлла Варшаве а, цул тIаьхьа дозанал дехьа Германи а кхочу иза. Цигахь цхьана машинаш ечу заводехь слесаран а, монтеран а белхаш бина цо. Студентийн гIаттамашкахь виллина дакъалоцуш а хилла иза. Арахьа дуккха а хало, гIело лайна цо, амма дуьне а, адамаш а довзарехь мехала хан хилла иза яздархочунна. Хьалхара империалистически тIом болабелча, Росси юха вогIу Арсанов СаьIид-Бей. ЦIа вирзинчул тIаьхьа 1917-1921 шерашкахь Иркутски университетехь доьшу цо. Колчакан кIайчу эскаршна дуьхьал бинчу тIемашкахь дакъалоцуш а хилла иза.
1921 шарахь кхайкхина Нохчийчу схьавалаво Арсанов СаьIид-Бей, идеологически болх дIабахьарца доьзна гIуллакхаш тIедохку цунна. Арсанов СаьIид-Бейс белхаш бина тайп-тайпанчу серлонан, бахаман, партийни учрежденешкахь. Доккха гIуллакх дина цо Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь.
Нохчийн дуьххьарлера газета арахецаран гIуллакх тIедиллина Арсанов СаьIид-Бейна. Корматалла вовшахтохараллин оьшу болх дIабахьа дезна. Цу тIехь Арсановна, Нохчийчу а веана, дика гIо дира хIетахь Ростовехь «Советский Юг» газетан редакцехь балхахь хиллачу Александр Фадеевс. Оьрсийн гоьваьллачу яздархочунна даггара баркалла аларца хьахайора Арсанов СаьIид-Бейс и хан. 1923-чу шеран 23-чу апрелехь, Арсанов СаьIид-Бей редактор а волуш, араелира «Советская автономная Чечня» газетан дуьххьарлера номер. ТIаьхьо, «Серло9raquo; цIе а йолуш, нохчийн маттахь арахеца долийнчу оцу газетан доккха маьIна хилла къоман литературий, культурий кхиорехь.
Цул тIаьхьа Москва балха дIавуьгу Арсанов СаьIид-Бей. Цхьана муьрехь Кремлерчу Оружейни палатехь Iилманан секретарь Iийна иза, тIаккха масех шарахь ВЦИК-ан Президиумехь Нохчийчоьнан векал а хилла.
Оцу хенахь Нохчийн областан партин органашкахь болх беш нохчийн кIезиг хилла. Дуьххьара Нохчийн обкоме балха хIоттийна веккъа цхьа нохчи – Авторханов Iабдурахьман, орготделан заведующи. Цо гIайгIабарца обкоме дIаэца болийна нохчийн къомах болу белхахой. Иштта обком партин культпропотделан заведующи хIоттийна Арсанов СаьIид-Бей. Оцу хьокъехь яздина шен дагалецамашкахь Авторханов Iабдурахьмана.
Партин ЦК-н тидамехь хилла лаккхара дешар а дешна, кIорггера хаарш а, доьналла а долу Арсанов СаьIид-Бей. Тайп-тайпана жоьпаллин гIуллакхаш тIедохку цунна. 1933-чу шарахь иза хьажаво Колыме, пачхьалкхан органашка балха. Цигахь шина шарахь райисполкоман председателан болх бо цо. 1935-чу шарахь Нохчийчу цIа вогIу иза. Нохч-ГIалгIайн меттан, историн Iилманан-талламан института директор хIоттаво Арсанов СаьIид-Бей. Кхузахь цо доккха гIуллакх дина нохчийн, гIалгIайн меттанаш а, истори а Iилманца таллар вовшахтохарехь. Леррина тидам тIебохуьйту къоман барта кхолларалла гулъярна а, иза зорбанехь арахецарна а.
1937-чу шеран 3 октябрехь Арсанов СаьIид-Бей НКВД-ан белхахоша, лаьцна чу а воьллина, буржуазни националисташна гIо деш хилла аьлла, бехке а вина, Сибрех вахийтина. ТIаьхьа, яздархочуьнан цхьа а тайпа бехк цахилар билгал а доккхуш, мукъа витина.
Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, шовзткъалгIий – шовзткъеитталгIий шерашкахь яздархочо Казахстанехь халкъан образованехь болх бо. Республика метта а хIоттина, цIа дирзинчул тIаьхьа, 1957 шарахь Нохч-ГIалгIайн республикин Яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина иза. Цу даржехь болх бина Арсанов СаьIид-Бейс 1959 шеран март баттахь пенсе ваххалц.
Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш дуьххьара зорбане евлла 1924-чу ш. Цу хенахь «Советский юг», «Известия9raquo; газетийн агIонаш тIехь кест-кестта арадовлу цуьнан дийцарш, очеркаш, статьяш. ТIаьхьо Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш арайийлина «Красная новь», «Народный учитель» цIерш йолчу журналаш тIехь а. Арсанов СаьIид-Бейн цIарца дозаделла ду къоман литературехъ романан жанр кхоллаялар. 1930 шарахь «Революция и горец» журналан кхаа номерехь зорбатуьйхира яздархочуьнан йоккхачу эпически произведенин дакъош. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча нохчийн маттахь «Ши тIаьхье» цIе а йолуш араелира и роман. 1930 шарахь зорбанехь араяьлла Бадуев СаьIидан «ПетIамат9raquo; цIе йолу чекхъяккхаза йисина роман а. Цу тайпана, Бадуев СаьIид а санна, къоман литературехь романан жанр йолорхо ларалуш ву Арсанов СаьIид-Бей а. Билгалдаккха деза, Бадуев СаьIид юьззина чекхъяьлла роман язъян ца кхианехь, Арсанов СаьIид-Бейс эпически йоккхачу форманан берриге а лехамашна жоп луш йолу роман нохчийн, гIалгIайн литературашкахь дуьххьара язйина хилар. «Маца девза доттагIалла» цIе йолчу романан хьалхара вариант ларалуш ю «Ши тIаьхье». Турпалхойн васташ даржош, сюжетан зIенаш тIеюзуш, идейно-исбаьхьаллин чулацам кIаргбеш болх бина автора шен произведени тIехь. «Маца девза доттагIалла» роман араяьлла 1956-чу шарахь Алма-Атахь. ХIХ бIешо чекхдолучу – ХХ бIешо долалучу муьрехь Нохчийчоьнан юкъараллин дахаран социальни хьелаш гайтина романехь. Оцу хенахьлерчу дахаран суьрташ эпически шуьйра а, кIорггера а дехкина. Тайп-тайпанчу географически меттигашкахь кхочушхуьлу гIуллакхаш, дуккха а исторически хиламаш бу романан чулацамехь. Къинхьегаман халкъо, тайп-тайпанчу къаьмнийн векалша паргIатонехьа латто къийсам гайтар ду романехь коьртаниг. Къаьмнашна юкъахь интернациональни доттагIалла кхолладаларан а, иза чIагIдаларан а хьелаш гайтина автора. Шина чкъурах бу романан турпалхой: Арсбий, цуьнан могIарера бершший; Беной, цуьнан нийсархой. Царах хIор чкъор а шайн хенаца догIуш, шайн амалшца, лехамашца гайтина. Дегайовхонца кхоьллина Арсбин, Джабраилан, Джон, ТIатIашан, церан накъостийн васташ. Цаьргахула гайтина адамийн ойланехь хуьлуш болу хийцамаш. Дахаран, шайна гонах гуш долчуьнан социальни маьIна дан Iема уьш. Арсбин кхетам кхиарехь мехала яра цуьнан Ивашинца а, Ульяшеваца хилла уьйраш. Романехь дикачарах ду зударийн васташ: Хедижат, Селима, Ульяшева. Боккхачу деган лазамца, амма царах воккхаверца гайтина уьш автора. Ша-тайпана хьежамаш бу авторан кегийрхошка: Бенога а, цуьнан накъосташка а. Сирла хиндерг царах доьзна лору автора.
Яздархочо шуьйра пайдаэцна шен романехь халкъан барта кхоллараллех. Цунна кIорггера евзара нохчийн фольклор. Арсанов СаьIид-Бейс гулйина, зорбанехь арахецна къоман барта кхоллараллин шиъ сборник. Шен къастамаш бу «Маца девза доттагIалла» романехь халкъан барта произведенех пайдаэцаран. Фольклоран битамаша гIо до авторна къоман ламасташ, г1иллакхаш, оьздангалла йовзийта, адамийн ойланехь дерг гучудаккха, церан лаамаш, сатийсамаш гайта, халкъан дахаран къеггина долу суьрташ дахка. Джабраилан иллеш, Селимас шен шина йоIана дуьйцу туьйранаш, хабарш романан хиламех къасталур доцуш дIаийна ду. ДуххьалдIа барта произведенеш текстана юкъаялорца кхачалуш яц романан барта кхоллараллица йолу уьйраш. Яздархочун идейни, исбаьхьаллин Iалашонаш кхочушъярехь шайн маьIна ду церан. Романна цхьа ша-тайпа аьхналла а луш, йоьшуш волчунна исбаьхьаллин Iаткъам бан гIо до цара.
«Маца девза доттагIалла» романан шолгIачу книги тIехь болх беш вара яздархо. Цхьа кIеззиг долу дакъош зорбанехь ара а девллера. Схьахетарехь, революци хиллачул тIаьхьа вайн махкахь керлачу дахарехьа къинхьегамца къийсам латтор гайта дагахь хилла яздархо романан шолгIачу книги тIехь. Амма шен Iалашо кхочушъян ца кхиъна иза.
Арсанов СаьIид-Бейн «Серебристая улыбка» цIе йолу книгина зорбатоьхна 1965 шарахь. Ткъе иттех шо хьалха ша болх бинчу Колыма а вахна, хIетахь ша лелла меттигаш гина, цигарчу адамашца цхьаьнакхетарш а хилла, цIа веъча, арахецна яздархочо и книга. Оцу мехкан буьрсачу хазаллех, цигарчу адамийн хьуьнарех дуьйцу яздархочо шен барамца йоккха йоцчу книги тIерачу дийцаршкахь, очеркашкахь.
Арсанов СаьIид-Бей гоьваьлла яздархо вара, цуьнан произведенеш Нохчийчохь евзина ца Iаш, йоккхачу советски пачхьалкхехь а евзуш а, лоруш а яра. Мехала хазна йиллина цо дукхакъаьмнийн литератури юкъа. Яздархочух, цуьнан кхоллараллех лаьцна алссам материалаш, статьяш арайийлина цIеяххана девзаш долчу журналаш тIехь «Дружба народов», «Дон9raquo;, «Новый мир» кхечарна а, центральни газетийн агIонаш тIехь а. Яздархочун «Маца девза доттагIалла» роман маситтазза зорбатоьхна оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь Алма-Атахь, Москвахь, Соьлжа-ГIалахь. Цуьнан дийцарш, очеркаш арайийлина дуккха а меттигашкахь, изданешкахь а.
Арсанов СаьIид-Бейн дахаран некъ хедира 1968-чу шеран 12 июлехь. Яздархо кхелхинчул тIаьхьа, 1969 шарахь, араяьлла «О близком и далёком» цIе а йолуш, коьрта долчу декъана зорба тохаза хиллачу произведенийн книга. Цу тIехь дийцаршца, очеркашца цхьаьна зорбатоьхна дара «Маца девза доттагIалла» романан шолгIачу книгина яздархочо лерина хилла дакъош а. Кхузахь, цуьнан дукхахайолчу произведенешкахь санна, гIиллакх-оьздангалла, къонахалла, доьналла долуш бу книгин турпалхой. Масала, райисполкоман председатель Диас, заводан директор Бено, кхиберш а.
Оьрсийн маттахь язйина Арсанов СаьIид-Бейс шен произведенеш, амма чулацамца, идейно-исбаьхьаллин къастамашца нохчийн къоман литературин произведенеш ю уьш. Арсанов СаьIид-Бей шен дахар, исбаьхьаллин похIма къоман литература, культура кхиорна дIаделлачарах ву.
Арсанов СаьIид-Бейн зорбанехь арайийлина произведенеш
Ши тIаьхье. Роман. Оьрсийн маттера гочйина Х. М. Яхшаатовс. Соьлжа-ГIала, 1931.
Маца девза доттагIалла. Гочйина. Х. Исмаиловс, Б. Чалаевс. Роман. Грозный, 1960.
Къеггина гайта вайн заманан турпалхо. «Ленинан некъ», 1965. 15 январь.
Дахаран бакъдерг. Дийцар // Ленинан некъ. 1968. 29 май.
Берзалой Iедал. Дийцар // Ленинан некъ. 1968. 2 июнь.
Нана. Дийцар // Ленинан некъ. 1968. 15 май.
Аул и люди (Главы из романа «Держи крепко свое сердце») // Революция и горец. 1930. № 1. С. 70-78; № 2. С. 63-69.
За невестой, Земли ему (Главы из романа «Держи крепко свое сердце»). «Революция и горец», 1930, № 8, стр. 67-72.
Расправа в тюрьме. Главы из романа «Держи крепко свое сердце» // Грозненский рабочий, 1935, 2-6 окт.
Суд (Отрывок из романа «Когда познается дружба»). // Къинхьегаман байракх. 1956. 17 май.
Когда познается дружба (Отрывок из одноименного романа) // Грозненский рабочий. 1957. 26 февр.
Слово о матери (Отрывок из романа «Когда познается дружба») // Грозненский рабочий. 1960. 17 нояб.
Когда познается дружба. Роман. Алма-Ата, 1956.
Когда познается дружба. Книга 1. Грозный, 1960..
Когда познается дружба. Роман. Грозный,1963.
Ононди. Рассказ // На Севере Дальнем. 1964. № 2.
Серебристая улыбка. Очерки и рассказы. Грозный, 1965.
О близком и далеком. Рассказы и очерки. Грозный, 1969.
Избранное. Когда познается дружба. Роман. М., 2009.
сочинение по чеченскому языку маца девза доттаг1алла арсанов саь1ид-бейнс язйига йолу







Окончив 4-классное Владикавказское училище, С.-Б. Арсанов в 1907 году становится копировщиком чертежной строительной конторы в городе Баку. Затем работал в городах Владикавказе, Одессе. В 1910 году он поступает в политехнический институт в Петербурге, дает частные уроки. В том же году за участие в политической демонстрации в Петербурге был арестован и сослан в Вятскую губернию, откуда бежал и эмигрировал в Германию, где ряд лет работал монтером и слесарем на одном из машиностроительных заводов. Возвратился в Россию в период первой империалистической войны. В 1919 году на Дальнем Востоке участвовал в борьбе против Колчака.
С 1921 года С.-Б. Арсанов находился на различных должностях в партийных, советских и хозяйственных органах. Работал заведующим агитпропом Чеченского оргбюро РКП (б), заведующим культпропотделом обкома партии, ученым секретарем Оружейной палаты в Кремле.
Литературная деятельность С.-Б. Арсанова началась в 1924 году. Писал он на русском языке. В газетах «Советский Юг» и «Известия9raquo; печатались его рассказы и небольшие статьи.
В 1930 году журнал «Революция и горец» публикует главы из его романа «Два поколения», повествующие о формировании новых мировоззрений и взглядов горца. В 1931 году роман был издан на чеченском языке.
С 1933 пo 1935 год работает на Калыме. В 1935 году Арсанов приезжает в Чечню и возглавляет Чечено-Ингушский научно-исследовательский институт языка, истории и литературы. На этой должности он оставался до октября 1937 года.
В сороковых и пятидесятых годах С.-Б. Арсанов работал в системе народного образования Казахской ССР.
В 1965 году писатель издал своеобразную книжечку, состоящую из очерков и рассказов под названием «Серебристая улыбка». Произведения, вошедшие в нее, интересны уже тем, что Арсанов пошел по следам лиц, с которыми когда-то работал, посетил места, где некогда бывал он сам, и написал о разительных переменах, происшедших на Севере. Писатель показывает обновленный духовный мир сильных и мужественных людей, осваивающих этот край нашей Родины.
Делегат I съезда ССП РСФСР.
Избирался депутатом Верховного Совета ЧИАССР 2-го созыва.
Делегат III съезда ССП СССР.
Член КПСС с 1924 года.
Член С.СП с 1935 года.
Ши тIаьхье. Роман. Орcийн маттера гочйина X. М. Яхшаатовс. Соьлжа-ГIала, 1931.
Маца девза доттагIалла. Роман. Грозный, 1960.
Къеггина гайта вайн заманан турпалхо. «Ланинан некъ», 1965, 15 январь.
Дахаран бакъдерг. Дийцар. «Ленинан некъ», 1968, 29 май.
Берзалойн Iедал. Дийцар. «Ленинан некъ», 1968, 2 июнь.
Нана. Дийцар. «Ленинан некъ», 1968, 15 май.
Когда познается дружба. Роман. Грозный, Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1963.
Серебристая улыбка. Очерки и рассказы. Грозный, Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1965.
О верном друге. Роман. М., «Советская Россия», 1968.
Из книги А. У. Мальсагова и Х. В. Туркаева «Писатели советской Чечено-Ингушетии». 1969 г.
Комментировать Лента комментариев
НОВОСТИ ОТ ПАРТНЕРОВ
ВИДЕОНОВОСТИ
В ПОПУЛЯРНЫХ РАЗДЕЛАХ
ЖИЗНЬ ЗАМЕЧАТЕЛЬНЫХ ЧЕЧЕНЦЕВ
НАШИ ПРОЕКТЫ
НАШИ ВИДЕОПРОЕКТЫ
В фотоальбоме В Фейсбуке
Комментарии


Мнение редакции не всегда совпадает с мнением авторов статей, опубликованных на сайте.
Здравствуйте, уважаемый посетитель нашего сайта!
Регистрация на нашем сайте позволит Вам быть его полноценным участником. Вы сможете добавлять новости на сайт, оставлять свои комментарии, просматривать скрытый текст и многое другое.
Источник
сочинение по чеченскому языку маца девза доттаг1алла арсанов саь1ида-бейнс язйига йолу
Окончив 4-классное Владикавказское училище, С.-Б. Арсанов в 1907 году становится копировщиком чертежной строительной конторы в городе Баку. Затем работал в городах Владикавказе, Одессе. В 1910 году он поступает в политехнический институт в Петербурге, дает частные уроки. В том же году за участие в политической демонстрации в Петербурге был арестован и сослан в Вятскую губернию, откуда бежал и эмигрировал в Германию, где ряд лет работал монтером и слесарем на одном из машиностроительных заводов. Возвратился в Россию в период первой империалистической войны. В 1919 году на Дальнем Востоке участвовал в борьбе против Колчака.
В начале 20-х годов С.-Б. Арсанов много сил и времени уделяет просвещению своего народа. Одно время он — директор Асланбековской сельскохозяйственной школы.
С 1921 года С.-Б. Арсанов находился на различных должностях в партийных, советских и хозяйственных органах. Работал заведующим агитпропом Чеченского оргбюро РКП (б), заведующим культпропотделом обкома партии, ученым секретарем Оружейной палаты в Кремле.
С 1926 по 1930 год С.-Б. Арсанов — уполномоченный представитель Чечни при Президиуме ВЦИК в Москве.
Литературная деятельность С.-Б. Арсанова началась в 1924 году. Писал он на русском языке. В газетах «Советский Юг» и «Известия9raquo; печатались его рассказы и небольшие статьи.
В 1930 году журнал «Революция и горец» публикует главы из его романа «Два поколения», повествующие о формировании новых мировоззрений и взглядов горца. В 1931 году роман был издан на чеченском языке.
С 1933 пo 1935 год работает на Калыме. В 1935 году Арсанов приезжает в Чечню и возглавляет Чечено-Ингушский научно-исследовательский институт языка, истории и литературы. На этой должности он оставался до октября 1937 года.
В сороковых и пятидесятых годах С.-Б. Арсанов работал в системе народного образования Казахской ССР.
С 1957 по 1959 год С.-Б. Арсанов — председатель Оргкомитета, а затем председатель Союза писателей ЧИАССР. В марте 1959 года писатель ушел на пенсию.
В 1956 году в городе Алма-Ате в Казахском государственном издательстве вышел роман С.-Б. Арсанова «Когда познается дружба». Это был вообще первый роман в чечено-ингушской литературе. Он охватывает большой исторический период, который известен как период наиболее интенсивного революционизирования народных масс России. Такой замысел требовал от писателя длительной работы над произведением. Первые отрывки будущего романа — «Аул и люди», «За невестой», «Земли ему» — появились в печати еще в 1930 году.
Впоследствии, прежде чем войти в роман, они претерпят значительную редакцию.
Ведущими героями романа «Когда познается дружба» являются типичные представители различных слоев чеченского народа. Острые социальные конфликты, разгоревшиеся в горах на стыке двух веков, писателем умело, сопряжены с, процессами брожения и пробуждения масс, происходившими в центральной России в среде русского пролетариата. Роман, таким образом, повествует не только о местной национальной жизни тех лет, но создает широкие и жизненно правдивые картины борьбы, чаяний и стремлений народов России. Здесь сказалось хорошее знание автором романа жизни России этого периода. Не случайно, что одним из ярких образов романа являются образы русских революционеров Дмитрия и Ульяшевой — посланцев партии.
В 1965 году писатель издал своеобразную книжечку, состоящую из очерков и рассказов под названием «Серебристая улыбка». Произведения, вошедшие в нее, интересны уже тем, что Арсанов пошел по следам лиц, с которыми когда-то работал, посетил места, где некогда бывал он сам, и написал о разительных переменах, происшедших на Севере. Писатель показывает обновленный духовный мир сильных и мужественных людей, осваивающих этот край нашей Родины.
Делегат I съезда ССП РСФСР.
Избирался депутатом Верховного Совета ЧИАССР 2-го созыва.
Делегат III съезда ССП СССР.
Член КПСС с 1924 года.
Член С.СП с 1935 года.
Ши тIаьхье. Роман. Орcийн маттера гочйина X. М. Яхшаатовс. Соьлжа-ГIала, 1931.
Маца девза доттагIалла. Роман. Грозный, 1960.
Къеггина гайта вайн заманан турпалхо. «Ланинан некъ», 1965, 15 январь.
Дахаран бакъдерг. Дийцар. «Ленинан некъ», 1968, 29 май.
Берзалойн Iедал. Дийцар. «Ленинан некъ», 1968, 2 июнь.
Нана. Дийцар. «Ленинан некъ», 1968, 15 май.
«Аул и люди», «За невестой», «Земли ему». Отрывки из романа «Два поколения». — «Революция и горец», 1930, № 1, 2, 8.
Когда познается дружба. Роман. Грозный, Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1963.
Ононди. Рассказ. — «На Севере Дальнем», 1964, № 2.
Серебристая улыбка. Очерки и рассказы. Грозный, Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1965.
О верном друге. Роман. М., «Советская Россия», 1968.
Из книги А. У. Мальсагова и Х. В. Туркаева «Писатели советской Чечено-Ингушетии». 1969 г.
Мнение редакции не всегда совпадает с мнением авторов статей, опубликованных на сайте.
Здравствуйте, уважаемый посетитель нашего сайта!
Регистрация на нашем сайте позволит Вам быть его полноценным участником. Вы сможете добавлять новости на сайт, оставлять свои комментарии, просматривать скрытый текст и многое другое.





















