Сочинение на тему мух1ажарш 7 класс

Технлоически 
карта.

1.Класс:
7.

2.Предмет:
Нохчийн литература.

3.Урокан ц1е:
Айдамиров  А.А. «Мух1ажарш»  («Еха буьйсанаш»  романан  дакъа).

4.Урокан  тайпа:
Довзийтаран. (Яздархочун  кхоллараллин  а,  дахаран  а  некъ).

5.Урокан  г1ирс: Учебник,
тетрадь,   ручка, слайдаш,  видео  фильм.

6.УМК: Эдилов .С.Э.,
Аболханов Х.А.

7.Х1оттош  долчун  хьесап
(гайтамаш) 1алашонаш.

Кхеторан:
Яздархочун  дахарх, кхоллараллех  лаьцна  хаамаш          балар.  19  б1ешеран 
60-чу  шерашкахь  паччахьан  1едало  вайнах  хийрачу  туркойн  махка  кхалхош 
д1акхехьна  ямартлонан  политика. Мух1ажарийн  а,  шайн  махкахь 
бухабуьсучеран  а  дог   ойла  а,  синхаамаш  а  бовзийтарна  т1ехь 
яздархочун  психологически  к1оргалла  а, исбаьхьаллин  говзалла.

Кхиоран:
1аламан исбаьхьа  суьрташ  а,  махкахой  д1асакъастар  к1аргдарехь  церан 
маь1на  а. Тешаме  доттаг1алла деза   а,  сийлахь  а  ларар. Дийцаран 
юкъадалийначу  иллин  чулацам  а, коьртачу  турпалхойн  г1иллакх-амалш 
йовзийтарехь  цуьнан  маь1на  а,  мехалла  а.

Кхетош—кхиоран: 
Шен  къома истори  йийцаре  яр.

Урок  д1аяхьар.

Хьехархочун дош.

Дешархошка  маршалла  хаттар.  Белхан 
меттигаш  кийча  хилар  таллар.

Бераш дуьхьала  маршалла  хотту. Белхан
меттигаш  кечйо.

1.Ц1ахь  бина  болх  таллар.

Хаттарш  а,  т1едахкарш  а.

Х1ун  зама  ю  романехь  юьйцург?

Муьлш  бу  цуьнан   турпалхой?

Стенна  саготта  ву  Жаьмбиг  а, 
1алсолта  а?

Цаьршимма  вовшашца  дина  къамел  схьа 
а  лахий  д1адеша.

Х1ун  къамел дира  гулбеллачу  наха?

Романан  чулацам  боцца  схьабийца.

2.Керла  коьчал  йовзийтар.

Айдамиров  Абузар 
Абдулхакимович  ( 1933-2005).

                              Лаьар –
кха сай оьмар жимма яхлойла,

                        
Хьомечу халкъана,махкана ваца.

                       
Цаьршиннан ирс кхуллуш доггах къахьега

                      
Т1аьххьара ц1ийн т1адам царна д1алойла.

Хьехархочун дош:

I.  Х1окху Дуьненахь
адамийн тобанан, кхетамца, цхьана маттаца, дуьнене хьежамашца кхиъначу халкъан
я къоман шена юкъахь ц1е йоккхуш къаставой,оцу къоман дика – вон шен  сица
кхобуш, дагца къуьйлуш,эхь – бехкан доьналлин, собаран а масал хуьлий лаьтташ
стаг – къонах хуьлу.

     Массо а къаьмнийн бу яздархой –
хьехамчаш, къонахий,      къаной, дешан  ох1ланаш, са ц1ена  нах. Церан  ницкъ
кхочу шен къоман лазамах кхечу къаьмнийн дог лазийта, диканах кхин къаьмнаш
даккхийдейта. Цара шаьш бинчу кхолларалин  балхаца, къахьегарца,хьанал хиларца
бакъо йоккху бакъдерг ала, мел къаьхьа иза делахь а, ишттачарех вара Нохчийн халкъан
яздархо Абузар Айдамиров.

Ц1еяьккхина поэт прозаик, публицист дика
вевзаш ву вайн махкахь. Нохчийн къома  деза а, сийлахь а декхар шен белшаш  т1е
а эцна, ша валлалц схьавеънарг ву Абузар Айдамиров.

Нохчийн литературехь исторически романан
бухбиллархо лорура. Вайн къомо  шен маршонехьа латтийначу къийсаман темина
язъйина цо. « Маршонан ц1арах»,

 « Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Еха
буьсанаш».

Слайдаш гойту. ( Абузарах лаьцна)

« Еха буьйсанаш» роман халкъан д1аяханчу
исторехь хилла кхоллам вуно дика гойтуш ю. Яздархочо бовзуьйту вайна нохчийн
халкъан дахар трагедех дуьззина хилла хилар.

Хроника документального
фильма Абузар Айдамиров.

« История чеченцев». (5-6
м.)

«Еха буьйсанаш». Романан документальни
исторически бух.

Айдамировс яздинчу дийцарша а, повесташа а
билгалдоккхура иза цо эпически йоккхачу жанрана беш болу кечам хилар. Ядархочо
хьалха кхоьллинчу дийцарийн тематика вайн заманан дахар толлуш хиларо новкъарло
цайира цунна, исторехь масийтта шарна юха к1егар а ваьлла. Оцу заманан коьрта сибат
гайта. Иштта яра, масала, цо 1968-чу шарахь язийна «Маршонан ц1арах» роман. И
роман «Еха буьйсанаш» романан цхьа кийсак ю. Дахар талла 1амар, иза муьлххачу а
исторически хенаца дозуш делахь а, яздорхочунна ч1ог1а оьшуш ду. Коьртаниг –
цунна цу заманан коьрта 1алашо гучуяккха хаар ду.

 «Еха
буьйсанаш» романан коьрта идея.
Туркойн махка д1акхаьчча
хиира халкъана: ялсамане, хьовха цаваллал яах1умий, чуверза коьрта т1ехь
тховвий ца карийра «бусулба вежарий» болчохь Нохчийчуьра ваханчу масийта эзар
стагана. Цигахь кхета буьйлабелира нах дуьнент1ехь цхьаннахьа а бакъой. Нийсой
цахиларх, иза цхьаммо а лург цахилар, нагахь сана шайн куьйгашца ца яккхахь.
Хункар паччахьан махка т1ехь кхид1а шеко йоццуш хиира нахана маршо, парг1ато
хьалха я т1аьхьа Къилбаседехьара оьрсийн халкъера йог1ург хиларх. Иза
малхбалехьара йог1ур ю аьлла сатуьйсийла а яцара. Аьрзос а, цуьнан доттаг1аша а
хьоьху халкъана маршонехьа къийсам латтош Кавказан а, оьрсийн къинхьегамхошца
цхьаьнакхета дезийла. Иштта бен яккхалур яц и дукха сатийсина маршо…

            Романан
кхуьий а дакъа шайн композицица вовшашца дозуш, 19-чу б1ешарахь хиллачу
исторически хиламийн дийнна сурт кхуллуш ду. Шен эстетически мехаллица роман
кхечу исторически романел тьлашха яцахь, оьшуш яц.

            «Еха
буьйсанаш» роман халкъан д1аяханчу исторехь хила кхоллам вуно дика гойтуш ю. Цо
шена йог1у йоккха меттиг д1алаьцна вайн исторически прозехь.

 Нохчаша шайн маршо, Даймохк, халкъан  1адаташ
шайн ц1ийца лардина хилар говза, к1орггера хаза хуучу нохчийн маттаца гойту
Абузара шен произведенешкахь.

  Абузар Айдамирав исторически яздархо 
хилар, кхин цкъа а тоьшалдо таханалерчу урокехь.

Хьехархочун
дош:

      «Стогалла». 
Слайд.

Ду нохчийн
сийлахь  дош.

И дош – СТОГАЛЛА.

Муьлхха а бала
ловш,

И сих ца даьлла.

Лардина и дош вайн

Наноша, дайша

Дитина синош вайн,

И диц ца дайта.

И дош шен сих
доьлларг

Даймехкан к1ант
ву,

Деш халкъо диэ
аьлларг,

Г1иттош син алу.

Ву иза стогалло

Воьттина къонах:

Вуьззина стаг ву
и,

Дог лозуш къомах.

2.Хьехархочо  д1адоьшу 
хьалхара  дакъа.

3.Хаттарш:

Шен  доьзал  эцна  туркойн  махка  ваха 
новкъаволучу  Маьчиган  кертахь  кхолладеллачу  хьолах  лаций  дийца.

Дай  баьхна  кхерч  а  йитина  кех 
волучу   М1аьчиган  дог-ойла  муха  яра?

Васала  муха  т1елецира  шен  доттаг1  М1аьчиг 
хийрачу  махка Хьонкара  кхелхаш  хилар?

Даймохк   боцу  стаг  а,  велларг  а 
цхьаъ  ву  бохучух  муха кхета  шу?

Слайд.

Сиквейн

Даймохк

Сийлахьа,  боккха

1алашбе,  ларбе,  сийде

Шен  мохк  боцург  декъаза  ву.

Дахар.

Хроника документального
фильма Абузар Айдамиров.

« История чеченцев». (5-6
м.)

Хьехархочун дош.  Урок 
ерзош. Жам1  дар.

 Нохчаша шайн маршо, Даймохк, халкъан
1адаташ шайн ц1ийца лардина хилар говза, к1орггера хаза хуучу нохчийн маттаца
гойту Абузара шен произведенешкахь.

Къонахалла, стогалла, нохчалла, адамалла
оллий дог 1абадо вай ваьшна дукхавезачу стеган  васт билгалдоккхуш Абузарана
т1етоха кхин цхьа къеггина х1ума дара цуьнан сица – Дуьненан марзонан эла вара
иза. Синх1оттам болатан бара цуьнан.

Иза висна вайца. Ша диначу дикачу
г1уллакхашца, язъйиначу романашца, дийцаршца, байташца, оцу байташ т1ехь
язъйинчу эшаршца. Айдамировх схьадаьлла беркат де – дийне мел долу совдолуш
вайн махкахь дебар хилар шеко яц.

Ц1ахь:

1.Яздархочух  лаьцна  биографи  хаар.

2.1-2 г1а  дакъош  деша,  чулацам 
схьабийца.

Рефлекси.

Суна  урокехь  зеделларг!


С этим файлом связано 112 файл(ов). Среди них: 8klass.doc, План.doc, Anketa_Sferum алх 3.docx, Пресс-релиз.docx, 15 СВ — 41 Ш, 15 МОЦИ.docx, user_file_575 6bf62a1daf.doc, Аннотация.docx, ТИТУЛ РП.docx, График оценочных процедур (новы) 22-23.docx, +РП 5-9 2021-2022.docx, Математические сценки для 5.docx, Самостоятельная работа 1.docx, +КТП 9 геометрия Атанасян 2021-22 (1).docx, +КТП 6 кл. математика 2021-22.doc, +КТП 5 кл. никольский 2021-22.docx, Дневник.docx, НАГРАЖДАЕТСЯ.docx, russiansymbols 1011-dop2.pdf, Четыре желания.docx, _ положение о языке обучения.docx, Ещё земли печален вид…»,.docx, 3 тест Взаимодействие с родителями в образовательных организация, Чек-лист по проверке ЛНА ОО.docx, План – конспект урока физической культуры в 6 классе Тема урока_, Практическая работа к разделу 2.5.docx, Входное тестирование.docx, Промежуточная аттестация.1docx.docx, Практическая работа к разделу 1 (2.1).docx, отчёт по Дню солидарности.docx, Рабочая программа ID5153640 (1).pdf, Конспект урока по теме_ _Сложение и вычитание дробей с одинаковы, Инструкция сотрудника ОО для АКНДПП версии 2.1.pdf, 1. класс (1).docx, ктп русск. 11.doc, 4.Критерии оценки_критерии распределения.docx, Урок на тему_ _Цхьалхечу предложенин кепаш_ 11 класс (1).docx, фольклор.docx, algoritmy_pr ezentatsiya_1.pptx, Отчет о работе библиотеки.docx, Рабочая программа Бахина ЕС.docx, Аннотация Бахина ЕС.docx, СЦЕНАРИЙ на 1 СЕНТ 2022.docx, Литерат.docx, Вариант 1.docx, КТП ПВ 10-11 классы.docx, КТП. Язык 8 класс..docx, КТП. Литер. 8 класс.docx, 60b4b0970bd80.docx, Дизайн современного урока.docx, Анкета-заявление 2022.doc и ещё 102 файл(а).
Показать все связанные файлы


Подборка по базе: 3 урок.docx, Саба_ с_ра_тары _андай ж_йе адам а_засында _анны_ т_йы_ ж_йе бой, №58 Лит.чтения пляцковский 1 урок.docx, 43 урок.docx, Тарих_а дейінгі кезе_дегі адамны_ м_дениеті туралы жазы_ыз.docx, 2 урок.docx, 3 урок.docx, подчинительный союз урок.docx, ата салты окрыт урок.docx, 3 урок.doc


г1а урок. Айдамиров Абузар. «Мух1ажарш».

(«Еха буьйсанаш» роман т1ера дакъа)

1алашонаш: Айдамиров Абузаран дахарх, кхоллараллех лаьцна болу хаамаш шорбар; произведении тема, коьрта турпалхой, идея йовзийтар.

Хьехаран кепаш: 1амат т1ера Айдамировн дахарх, кхоллараллех лаьцна йолу статья ешар, йийцаре яр, статьяна тезисаш х1иттор; къас­тош ешар; хаттаршца доьзна къамел дар.

Урок д1аяхьар

  1. Ц1ахь бина болх таллар.
  • Х1ун зама ю «Алдара имам Ушурма» декъа т1ехь юьйцург?
  • Х1ун бахьана ду шайх Мансура оьрсийн паччахьан эскарна духьал къийсам латторан?
  • Муха политик а, Немало а ву шайх Мансур? Даладе декъа Нера масалш.
  • Х1ун Нуллакх кхочушдан хьажийна вара Кавказе Павел По­темкин?
  • Х1ун дара Кавказерчу эскаран коьрта командующи ойлане ва- хийтинарг? Х1ун дара Екатерина паччахьан къайлахчу канцелярера даийтинчу кехат Нехь Мансурах лаьцна?
  • Шайх Мансур «акха нохчи» цахилар стеннна Нехь гучуделира?
  • Мича 1алашонца б1о вовшахтухуш хилла шайх Мансура?
  • Полковник Пьерин отряд хГаллакьян аьтто муха белира Мансу- ран?

-Х1ун дара, отряд хГаллакьхиларал сов, Потемкинан сагатдийриг, и кхоьрург?

  • ХГунда тарвелира царна йийсарх шайх Мансур?
  • Маца, муха гучуделира лаьцнарг шайх Мансур воций?
  1. Яздархочух лаьцна доцца дийцар.
  • Айдамиров Абузаран муьлха произведенеш ешна вай дГадаханчу шерашкахь? ДагайогГий шуна уьш?

Дешархоша яздархочух лаьцна шаьш кечбина хаамаш бовзуьйту.

Гамат Нера Айдамировх лаьцна йолу статья ешар, тезисаш хГиттор:

Хаттар Тезис
Маца, мичахь вина Ай­дамиров А.? 1929-чу шарахь Нажин-Юьртан кГошта чу йогГучу Мескетахь.
Х1ун халонаш лайна цо бераллин хенахь? Абузаран 4 шо а кхачале цуьнан да чекис- таша лаьцна чувоьллина, 8 шо Гулагехь даьккхинчул т1аьхьа, халкъан мостаг1 вина, махкахваьккхина, цигахь кхелхина. Да а воцуш висначу Абузаран къахьега дийзира жима волуш дуьйна.
Маца, мичахь дешна цо? Ворх1шеран школа шен юьртахь чекхъяьккхи- на цо. Дика доьшуш хиларна 1-чу классера 2-чу классе ваьккхина иза, ткъа иштта 3-чу классера 4-чу а. Пишпекехь юьртбахаман техникумехь а дешна цо, 1956-чу шарахь Су- люкта г1алахь чекхъяьккхина юккъера школа. Даймахка ц1авирзинчул т!аьхьа дешна хьехар- хойн институтехь, 1963-чу шарахь иза кхиамца чекх а яьккхина.
Маца д1адоладелла цуьнан кхоллараллин дахар? XX б1ешеран 50-г1а шераш юккъе даханчу хенахь.
Маца араяьлла цуьнан дуьххьарлера произ­ведени? «Къинхьегаман байракх» газетехь 1956-чу шарахь «Лермонтовна безамна» стихотво­рени.
Яздархо санна маца вовза волавелла Айда­миров Абузар? 1961-чу шарахь дуьйна арайийла юьйлало цуьнан прозаически произведенеш: «Ненан дог», «Генарсолтин хьуьнарш (1965), «Тхан эвлахь» (1966).
Муьлхачу жанрашкахь язйора Айдамировс? Стихаш, очеркаш, дийцарш, повесташ, ро- манаш.
Айдамиров Абузаран кхоллараллехь коьрта теманаш муьлханаш ю? «Сан литературни кхоллараллехь йоккха мет­тиг д1алоцу историко-революционни темати- ко. Х1етте а юкъ-кара аса вайн заманхойх — колхозан ахархойх, юьртан интеллигенцех лаьцна произведенеш язйина».
Нохчийн къомо шен парЛатонехьа лат- тийнчу къийсаман темина муьлха произ­веденеш язйина Айда­мировс? «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц» исторически романаш.
Айдамировн къинхьегаман, кхоллараллин х1ун мах хадийна пачхьалкхо а, халкъо а? Нохчийн литература кхиорехь кхиамаш ба-
харна «Халкъан яздархо» сийлахь ц1е тиллина
цунна 1974-чу шарахь, Нохчийн Республикин
къоман библиотека цуьнан ц1арх ю, Соьлжа-
Паларчу цхьана урамна цуьнан ц1е тиллина,
школа ю цуьнан ц1арх, Мескетахь схьай-
иллина яздархочун музей, цо школехь бина
болх билгалбаьккхина Къинхьегаман ц1ечу
Байракхан орден яларца.
  1. Хьехархочун дош.

1865-чу шарахь нуьцкъаха, 1ехош махкахбаьхна Турце кхалхийна нохчийн пхи эзар гергга доьзал. И исторически бакъдерг ду романан декъа т1ехь дуьйцург.

Ткъа цу т1ехь вуьйцу Коьрин доттаг11аьлбаг — 1аьлбаг-Хьаьжа ву. 1877-1878-чу шерашкахь Нохчийчохь иза коьртехь а волуш Наттам хилира. Оцу г1аттамах лаьцна Айдамиров Абузара «Лаьмнашкахь ткъес» роман язйина. «Еха буьйсанаш» трилогин шолг1а книга ю иза.

  1. Текстан 1-ра дакъа къастош дешар.

(Хьехархочо ша я хьалххе кечбинчу дешархоша доыну.)

Дешнаш т1ехь болх бар:

доьрчий — дуьйцина ахгорга ворданан т1ехьара ога; ялкха — горга лакхе йолу ворданан ога;

Хонкара — туркойн мохк;

чоа — хьалха бустамаш а долуш, нохчийн божарийн духар; бустамаш — патарми чу духкучу молханан барам къастош долу чоин дакъа.

  1. Хаттаршца доьзна къамел дар.
  • Мух1ажарш ц1е х1унда тиллина оцу декъана?
  • Муха ду шен доьзалца махкахвала кечвеллачу М 1аьчиган кертахь

долу хьал?

  • Х1ун дог-ойла ю дай баьхна л атта а дитина д1авоьдучу М1аьчиган?
  • Васала муха т1елецира шен доттаг1 М1аьчиг хийрачу махка Хон- кар кхелхаш хилар?
  • Муха кхета шу «Даймохк боцу стаг а, велларг а цхьаъ ву» бохучух?
  • Х1ун бахьана ду махках а бевлла, нохчий туркойн махка кхалха- ран? Маккхала х1ун боху цунах лаьцна? Схьалаха и моНанаш, дГадеша.
  • Стенах дог дуьллур дац шаьш боху дГабоьлхучара а, бухабуь- сучара а?
  • Бухабаьсучу юьртахошка х1ун аьлла вистхилира Аьрзу шаьш новкъадовлуш?
  • Маккхала аьллачу иллин чулацам шайн дешнашца схьабийца. Х1ун ду иллин коьрта маь1на?
  • Х1ун хаало вайна шина arlop болчийн яххьаш Нехь, х1ун гойту цо?
  1. Рефлекси.
  2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.
  1. Текстан 1 -ра дакъа къастош деша хаар; 1амат Нехь долчу 1-5-чу хаттаршна жоьпаш кечдар.
  2. Белхан тетрадь, 1, 2 Недахкарш.
  1. г1а урок. Айдамиров Абузар. «Мух1ажарш».

(«Еха буьйсанаш» роман Нера дакъа)

1алашонаш: произведении идейх кхетор, патриотически дог-ойла кхиор, произведени талла хаар карадерзор.

Хьехаран кепаш: къастош ешар; хаттаршца доьзна къамел дар; текстана анализ яран кепаш.

Урок д1аяхьар

  1. Ц1ахь бина болх таллар.
  • Мух1ажарш ц1е х1унда тиллина оцу декъана?
  • Муха ду шен доьзалца махкахвала кечвеллачу М1аьчиган кертахь долу хьал?
  • Х1ун дог-ойла ю, дай баьхна латта а дитина, д1авоьдучу М1аьчиган?
  • Васала муха т1елецира шен доттаН М1аьчиг хийрачу махка Хон- кар кхелхаш хилар?
  • Муха кхета шу «Даймохк боцу стаг а, велларг а цхьаъ ву» бо- хучух?
  • Х1ун бахьана ду махках а бевлла, нохчий туркойн махка кхалха-

ран? Маккхала х1ун боху цунах лаьцна? Схьалаха и моНанаш, д1адеша.

  • Стенах дог дуьллур дац шаьш боху д1абоьлхучара а, бухабуь- сучара а?
  • Х1ун хаало вайна шина arlop болчийн яххьаш Нехь, х1ун гойту

цо?

  • Бухабаьсучу юьртахошка х1ун аьлла вистхилира Аьрзу шаьш новкъадовлуш?
  • Маккхала аьллачу иллин чулацам шайн дешнашца схьабийца. Х1ун ду иллин коьрта маь1на?
  1. Текстан шолг1а дакъа къастош дешар.

(Хьехархочо ша я хьалххе кечбинчу дешархоша доыну.)

Дешнаш Нехь болх бар:

шатлакх — сийлаллина, дозаллина ирх герз кхийсар;

ч1аж — ламанан ахк;

омра — Недиллар, буьйр (приказ).

  1. Хаттаршца доьзна къамел дар.
  • Х1ун эр дара аша Коьрас а, цуьнан дотгагГаша а биъначу дуйнах лаьцна? Х1ун дийр ду аьлла йина ч1аг1о яра иза?
  • Х1ун хьехар дира 1аьлбага Хонкара д1авоьдучу Коьрина?
  • Муха доттаг1 лара мегар ду 1аьлбаг? Аьлларг Неч1аг1деш, масалш даладе.
  • Стен гойту Коьрин, цуьнан накъостийн дайша шайн маршонехьа, парНатонехьа латтийна къийсам эрна байна цахилар?
  • Дийца кегийчу наха д1ааьллачу иллин чулацамах лаций. Х1ун ойла кхуллу цо? Произведении темица а, идейца а дог!уш дуй иза?
  1. Произведении исбаьхьаллин башхаллаш къастор.
  1. Шен произведени юкъа ши илли далийна авторо. Дийца, мича 1алашонца далийна цо уьш.
  2. Тидам бе предложенийн синтаксически д1ах1оттаман. Яздар­хочун мотт кхета атта а, ц1ена а бу. Чолхсчу карчамех лаьтгачу пред- ложенешна гена ву автор.

Текстан муьллха а цхьа дакъа талла, кху хаггаршна жоп дала а хьовсуш:

а) чолхечу предложенийн муьлхачу тайпанех алсам пайда эцна яздархочо;

б) муьлха шакъаьстина меженаш, карчамаш бу текстехь?

  1. Эпически произведенехь дийцархо цхьана кепара билгал ца волуш ца 1а: я генара хьоьжу иза хуьлучуьнга, я жигара дакъалоцу хиламашкахь, церан мах а хадош. Мила ву кху декъа т1ехь дийцархо? Х1ун эр дара аша цунах лаьцна?
  2. Дийцархочо дуьйцург доцург, диалогаш а ю «Мух1ажарш» декъа т1ехь. Х1ун гучудолу оцу диалогашкахь? Х1ун г1уллакх кхочушдо цара персонажийн амалш йовзийтарехь, произведении тема ястарехь?
  3. «Мух1ажарш» декъо цхьаьнатуху тайп-тайпана персонажаш, романан кийсакаш. Шуна хетарехь, и башхалла декъан д1ах1оттамехь билгалъяьллий? Муьлхачу темано цхьаьнатуху и дакъош?
  4. XVI-XVIII бешерашкахь хьолахоша шаьш бацор ца лайна оьр­сийн ахархой, мух1ажарш хуьлий, вайн махка бог1уш хилла. Муха хилла церан а, вайн махкара Хонкара д1абаханчу вайн махкахойн а кхоллам? Дийца, х1ун ду церан кхолламехь цхьаьнадог1ург, къаьстарг.
  5. Белхан тетрадь, 3-7-г1ий т1едахкарш.
  1. Рефлекси.
  2. Щахь кхочушдан дезарг.

«МухГажарш» темина хаамаш кечбе.

Белхан тетрадь, 8-9-г1ий т1едахкарш.

  1. г1а урок. Къамел кхиор. «Даймохк мазал мерза бу» темина сочинени язъяр

1алашо: шайна девзинчунна т1ехь сочинени язъян хаар кхиор.

Хьехаран некъаш: сочинени язъяр.

Урок д1аяхьар

  1. Хьехархочун дош.

Тахана вай шуьца сочинени язйийр ю вай 1амийнчу произведении, хезначун, девзинчун буха т1ехь. Коьртаниг Даймахке болу безам гайтар ду.

  1. Сочинени язъяр.
  2. Щахь кхочушдан дезарг.

Сочинени чекхъяккхар.

«Мух1ажарш» темин проектана материал гулъяр.

  1. г1а урок. «Мух1ажарш» темина проект

1алашо: билгалйинчу темина хаамаш гулбан а, уьш цхьана кепа тоха а, юха уьш бовзийта хаар 1амор.

Хьехаран некъаш: хьехархочун дош, дешархойн хаамаш, жам1 дар.

Урок д1аяхьар

  1. Хьехархочун дош.

Тахана вай мух1ажарех лаьцна дуьйцур ду. Вайн халкъан дахарехь маситтазза нисделла и х1ума. Амма вай дуьйцур ду 1865-чу шарахь махкахбевллачу нахах, церан т1аьхьенех. Уьш махкахбовларан бахьана, уьш ц1ерабовлуш церан коьртехь хилла нах — и дерриг а вайна девзар ду тахана. И хаамаш вайна кечбина дешархоша.

  1. Дешархоша бовзуьйту шаьш кечбина хаамаш.

(Оцу боламан коьртехь хиллачу Кундухов Мусех, кхиболчех лаьцна хаамаш болуш бу исторически документаш т1ехь. Мух1ажарш мичахь д1анисбина, царах хилларг дуьйцур ду дешархоша. Церан т1аьхье ю х1инца а Хонкарахь ехаш, царах цхьаберш ц1а а баьхкина. Церан да- галецамаш а бахка мегар бу хаамийн бухе.)

  1. Хьехархочо жам1 до дешархоша дийцинчун, цара бинчу белхан.
  2. Щахь кхочушдан дезарг.

Литературин турпалхочух, символах лаьцна статья ешар.

  1. г1а урок. Литературин турпалхочух, символах

1алашонаш: литературин турпалхочух болу кхетам кГаргбар; авторан шен турпалхочуьнца йолу юкъамспиг къасто хаар кхиор.

Хьехаран некъаш: хьехархочун дош; текста т1ера масалш лахар.

Урок д1аяхьар

  1. Хьехархочун дош.

Х1окху урокехь вай дагалоцур ду ли тературин турпалхо мила ву, ткъа иштта дуьйцур ду литературин символах, билгалонах лаьцна. Цо х1ун г1уллакх кхочушдо а къастор ду.

  1. «Литературин турпалхочух а, символах а лаьцна» статья ешар.
  2. Статьян чулацаман хьокгьехь къамел дар.
  • Мила лара мегар ду литературин турпалхо?
  • Произведенехь муха вевза вайна турпалхо, муьлхачу билгало- нашца?
  • Мил-милла а лара мегар дуй литературин турпалхо?
  • Символо х1ун Нуллакх кхочушдо произведенехь?
  • 1аламан сурт а, турпалхо а. Х1ун меттиг д1алоцу 1аламо турпал­хочун амал йовзийтарехь?
  1. Тобанашца болх бар.
  • Яздархочо х1ун меттиг д1алоцу шен турпалхочуьнца йолчу юкъа- меттигехь? Даладе масалш.
  • «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» очеркан авторан х1ун ойла ю, шуна хетарехь, цуьнан турпалхочух Абухьаьжех лаьцна? Стенах го иза?
  • Х1ун маь1на ду 1аламан суьртийн турпалхо вийцарехь? Даладе масалш.
  • Гайсултанов 1умаран «Болат-г1ала йожар» повесть т1ера схьалаха символаш ялийна меттигаш. Дийца шайна евзачу символех лаций.
  1. Урокан жам1 дар.

Тахана урокехь литературин теорех болчу хаамех лаьцна дийци вай. Литературин турпалхо воцуш произведени атта хуьлуш яц. Амма вайна хаа деза литературин турпалхо произведении персонажах къасто. Шех масал эца мегар дерг ларалуш ву дукхахьолахь литературин тур­палхо, ткъа кхиберш персонажаш лара мегар ду. Литературин символо Нехулара хьаьжча ца гуш диснарг билгалдо.

  1. Рефлекси.
  2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

1амат Нехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар.

Арсанукаев Шайхих лаьцна хаамаш кечбар.


Другие предметы,


вопрос задал yasmo,


7 месяцев назад

Ответы на вопрос

Ответил hava769





12

Ответ:

Объяснение:

Мух1ажарш х1у бохаг ду

Предыдущий вопрос

Следующий вопрос

Новые вопросы

Литература,
6 месяцев назад

история Создания стихотворения «Признание» Державин​…

Физкультура и спорт,
6 месяцев назад

1) Самый эффективный способ прыжка в высоту с разбега А) Перешагивание Б) Фосбери Флоп В) Рыбкой 2) Линия которая обозначает начало дистанции… а) финишная б) центральная в) стартовая 3)…

Биология,
7 месяцев назад

что такое идиоадаптация​…

Литература,
7 месяцев назад

Как меняется отношение Чехова к Ионычу на протяжении расказа »Ионыч,,​…

Алгебра,
6 лет назад

Найди 32,5 % числа 970.

Химия,
6 лет назад

Может быть вода материалом? Приведите примеры предметов, созданных из воды.


Предмет: Другие предметы,


автор: yasmo

Ответы

Автор ответа: hava769





10

Ответ:

Объяснение:

Мух1ажарш х1у бохаг ду

Предыдущий вопрос

Следующий вопрос

Интересные вопросы

Предмет: Музыка,
автор: alinakarapetyan64

Кому посвящены эти картины?​

3 года назад

Предмет: Алгебра,
автор: wadixcsgo

ЗАДАНИЕ 8 1 ВАРИАНТ Здравствуйте срочно помогите пожалуйста, с верным подробным ответом, с таблицей, графиком, уравненением, все как надо, пожалуйста. Не надо не правильные неполные ответы даю 34 балла

3 года назад

Предмет: История,
автор: samylkinaalexandra

Пирамида Хеопса кратко

3 года назад

Предмет: Геометрия,
автор: kretovvladosik

1 задание на фото
Используя рисунок ,укажите номера верных утверждений

6 лет назад

Предмет: Математика,
автор: про818

в школьной столовой испекли 17 пирожков каждый ученик получил по 2 пирожка Сколько учеников получили пирожков сколько лишних терешков осталось

6 лет назад

Помогите пожалуйста написать изложение/сочинение на чеченском
На тему « мух1ажарш».
Срочно нужно…

Остались вопросы?

Новые вопросы по предмету Другие предметы

Другие вопросы по предмету : Другие предметы

ladybutiyarowa

kseniy32

Zagyart

kulvera75

alenasher1try

milana20123

даня1166

nissanbaev25

Оля030905

VickaBro

Похожие вопросы:

Иконка предмета

Другие предметы, 21.03.2019 20:58

Аналитическое счисление (определение понятия) и его виды​

Ответов: 3

Иконка предмета

Другие предметы, 23.03.2019 11:02

Кроссворд по архитектуре в башкирии!

Ответов: 2

Иконка предмета

Другие предметы, 15.04.2019 21:29

Решить с решением и дано умоляю

Ответов: 2

Иконка предмета

Другие предметы, 16.04.2019 22:41

Группирование образовательных учреждений по определенным признакам в данном контексте (общностью их основного предназначения (направленности),

Ответов: 2

Иконка предмета

Другие предметы, 16.04.2019 22:41

Социально-гуманитарные профессии, привлекавшие внимание большинства старшеклассников, которые тяготели к данной сфере деятельности

Ответов: 2

Иконка предмета

Другие предметы, 16.04.2019 22:41

Из перечисленного: 1) диктатура пролетариата; 2) смешанная форма собственности; 3) государственная собственность на средства

Ответов: 2

Иконка предмета

Другие предметы, 16.04.2019 22:41

Общественное мнение формируется там, где на обсуждение народа ставится проблема, имеющая важное _ значение

Ответов: 2

Иконка предмета

Другие предметы, 16.04.2019 22:41

Принято считать, что в современной России только одна политическая организация — _ — обладает всеми признаками полноценной партии

Ответов: 2

Иконка предмета

Другие предметы, 16.04.2019 22:42

Верны ли утверждения? А) Реклама – система, формирующая потребительский идеал

Ответов: 2

Иконка предмета

Другие предметы, 16.04.2019 22:42

Две группы теорий мотивации, выделяемые американскими учеными А. Маслоу, Д. Мак-Клеландом и Ф. Герцбергом

Ответов: 2

Иконка предмета

Другие предметы, 16.04.2019 22:42

Функция политической культуры, выполняющая задачу по передаче политических знаний, ценностей, навыков «по горизонтали» — между субъектами

Ответов: 2

Иконка предмета

Другие предметы, 16.04.2019 22:42

Область деятельности, в которой отмечается наибольшая активность альтернативных движений, несмотря на недостаток финансовых средств

Ответов: 2

Вопросы по другим предметам:

Категория

Математика, 24.08.2019 12:50

Категория

Математика, 24.08.2019 12:50

Категория

Русский язык, 24.08.2019 12:50

Категория

География, 24.08.2019 12:50

Категория

Литература, 24.08.2019 12:50

Категория

Математика, 24.08.2019 12:50

Категория

Русский язык, 24.08.2019 12:50

Категория

Математика, 24.08.2019 12:50

Категория

Русский язык, 24.08.2019 12:50

Категория

Математика, 24.08.2019 12:50

Понравилась статья? Поделить с друзьями:

Новое и интересное на сайте:

  • Сочинение на тему на террасе шевандронова 8 класс
  • Сочинение на тему мусульмане
  • Сочинение на тему на стройке
  • Сочинение на тему муравьи
  • Сочинение на тему на страже родины

  • 4 1 голос
    Рейтинг статьи
    Подписаться
    Уведомить о
    guest

    0 комментариев
    Старые
    Новые Популярные
    Межтекстовые Отзывы
    Посмотреть все комментарии