Ламанхойн доьналла сочинение

Нохчийн
литература 8 класс

 «Ламанхойн доьналла» сочинени язъян кечам
бар.

1алашонаш: нохчийн
литературин мотт хаар к1аргдар; йозанца шайн ойланаш нийса а, к1орггера а
гучуяха 1амор; барта къамелан корматалла лакха а йоккхуш, ойланехь дерг йозане дилла
1амор.

Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деча епшачух лаьцна шайна хетарг цхьана кепе а далош,
йозане дилла; хаа деза ПКЭ-н форматехь сочинени язъян.

Урок д1аяхьар

I. Урокана кечам бар.

II. Ойла т1еерзор.

III. Сочинени язъян
кечам бар.

1 Хьехархочо йовзуьйту сочиненин тема а,
язъяран кеп а.

Дешархой, таханлерчу урокехь вай шатайпа
сочинени язъян

1амор ду шуна. Иза ПКЭ-н форматехь доьналлех
лаьцна хир ю. Аьлча а, уьссалг1ачу классехь аша алссам язйир ю кху тайпа
сочиненеш, х1унда аьлча экзамен д1алуш иза оьшур йолу дела.

Х1инца аса шуна цуьнан коьрта некъаш
довзуьйтур ду.

Уггар хьалха дийца дезар ду шун, муха кхета шу
ямартло дешан маь1нех. Цул т1аьхьа, кепе а далош, комментари ян езар ю шаын
цунах билгалдаьккхинчунна.

«доьналла» темина сочинени-ойлаяр язъяр
д1адахьа деза, шаьш билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Ламанхойн доьналлех лаьцна
билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, ши масал-т1еч1аг1дар дало деза: цхьа
масал-т1еч1аг1дар — ешначу текстера, шолг1аниг — шайна дахарехь зеделлачух.

Сочинении барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
(Абзац 4.)

1. Карладаккхаран хаттарш.

— Вай ешначу Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур»
повестехь доьналла гайтина кийсакаш схьалахий вай?

— Муьлхачу турпалхочуьнгахь гучуелира вайна
доьналла?

— Муха стаг хийти шуна Борзаб1аьрг?

— Стаг муьлхачу хьоле нисвелча гучуйовлу
цуьнан дика а, вон а амалш?

Доьналла дашах
муха кхета шу?

-Хало т1ех1оьттича, собарх, стогаллех,
майраллех цавохар, халкъан, Даймехкан ойла еш, шена хуьлучу халонех майрра
чекхвалар дуй?

-Дахарера масалш дало хуур дарий шуна доьналлех
лаьцна? (Ешначу книги юкъара, я шайца нисделларг (халкъан исторера а), я гинчу
кинофильмера мегаш дуй хаийта деза дахарера масал дало).Лахахь ялийначу клишех
пайда а оьцуш, язъе «Ламанхойн доьналла» темина сочинени-ойлаяр айхьа
билгалдаьккхинчунна т1ехь. Доьналлех лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг
т1еч1аг1деш, ши масал-т1еч1аг1дар даладе: цхьа масал-т1еч1аг1дар даладе ешначу
текстера, шолг1аниг –хьайн дахарехь зеделлачух. Сочиненин барам 70 дашал к1езиг
хила ца беза.

Клишеш:

1. Доьналла-иза… Сан кхетамехь,…

2. Авторо(авторан ц1е) вайна… предложенешкахь
гойту…

3. Сайн дахарехь зеделлачуьнга а хьаьжна, айса
ялийна ойла т1еч1агйан лаьа….

4. Вайна ма-гарра…

Доьналла-иза муьххачу т1екхаьчначу халонах а,
бохамах а, воха ца вухуш, шен сий дойуш, чекхвалар ду. Ког тасабелла воьжнехь,
юха хьала а айавелла, шен некъ чекхбаккха де хилар а, ша харц вуй хиъча, цунна
къера хила кийча хилар а ду.

Повестан шолгIачу декъехь бевза вайна мехкан
къонахий: БорзабIаьрг, Аьрзу, Анас, илланча Айтамир. Уьш бу доьналлех а,
стогаллех а буьзна, хьекъалца а, собарца а кхечарех къаьстина, халкъо
къобалбина нах.

Ишттачу къонахаша хIинццалц схьа, даржа ца
доржуьйтуш, иэшна кIел ца соцуьйтуш, лардеш схьадалийна вайн нохчийн халкъ.

Амма оцу вай дагардинчу васташна юкъахь коьртаниг
хилла дIахIутту илланчин Айтамиран васт. Хууш ду, массо а заманахь муьлххачу а
халкъана сийлахь а, веза а хилла илланча, дешан говзанча.

Къеначу илланчас нахе дешдолу къамел а ду
кIорггера чулацам болуш. Муха лан деза ярташ, шахьарш, хьаннаш ягор, ялташ
говрийн бергашца хьешар, дайн кешнаш сийсаздеш гар – иштта хаттарш хIиттадо цо
халкъана хьалха.

Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» цIе йолу
повесть, исбаьхьаллин говзар хилла ца Iаш, нохчийн историх а, юкъараллин
дIахIоттамах а язйина ю.

IV. Дешархошна г1оьнна «ямартло» сочиненин
кеп йовзийтар. 9.3.

Ямартло — иза шена хуьлучу пайданах мохк, къам
хийца а, царна зулам дан а кийча хилар ду. Сан кхетамехь, ямарт адамаш кхераме
ду. Цара ойла ца йо шаьш бахьанехь халкъана хуьлучу бохаман.

Х1окху кхетамах лаьцна сайна хетарг олуш,
билгалдаккха лаьа вай 1амийнчу Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» повестехь
ямартло Бахьаган вастаца гучуйолуш хилар. Ерриг Дег1астанхула ярташ ягош, отуш,
къаьмнийн маьрша, ирсе хилла дахар дохош, шен б1оца Нохчийчу кхаьчначу Астаг1чу
Тимарна накъост хуьлий г1отту Бахьаг. Шена хила тарлучу дикане сатуьйсуш, иза
кийча ву къам дохка а.

Дахарера масал далош, лакхахь ялийна ойла
т1еч1аг1ъеш, ала лаьа и тайпа нах муьлххачу хенахь а хилла а, хуьлуш а хилар.
Уьш бахьана долуш хийла бала, къизалла лан дезаш нисло дерриг халкъан а.

Цу т1ера схьа жам1 дан таро ю: ямартло —
адамийн амалех вон
aг1o хилар, ямарт
стаг — дуьненахь а, эхартахь а — цкъа а декъалхирг цахилар.

V.Урокан жам1 дар.

(Стенах лаьцна дийци вай тахана урокехь?

Вай х1оттийнчу 1алашоне кхаьчна аьлла, хетий
шуна?

VI.Рефлекси.

Суна хии
…                                                                                                                               
Суна хазахийти …                                                                                                            Со
ца кхийти …

VII. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

1.«Ламанхойн доьналла» сочиненина кечам бар.

метки: Арсанукаев, Абдулмуслим, Хiунда, Майра, Цундел, Дiадахнарг, Заманахь, Айтамир

Ларйоцуш ца дов дIадахнарг

(Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» повестах)

XIV бIешеран чаккхе. 1395-чу шеран бIаьста, апрель баттахь, Нохчийчу кхочу АстагI Тимаран доккха эскар. Оццу баттахь Терк-хин йистошца АстагI Тимара тIом бо кхечу мехкашдIалецархочун – Тохтамышан эскарца. Тохтамыш оьшу. Цул тIаьхьа Тимар ерриге а ДегIастанехула чекхволу. Шина шарахь сов олалла до АстагI Тимара Къилбаседа Кавказехь. Оцу муьрехь нохчаша а, кхечу къаьмнаша а хаддаза дуьхьалойо мехкашдIалецархочун гIеранашна. Оцу къаьмнийн гIортор хилла уггар хьалха майралла, доьналла, маршоне дозадоцу безам, шолгIа – юькъа хьаннаш а, хийла бIеннаш шераш хьалха дуьйна уьш лардина лаьмнаш а.

АстагI Тимаран бIо, ламанхой кхин къарбала а ца тигна, эрна цхьаьнаметта ца латтархьама, юхабоьрзу. XV-чу бIешеран юьххьехь дуьйна нохчий шайн аренца долчу латтанашна тIе охьакхалха буьйлало.

Иштта бу оцу шерех болу историн хаамаш. Изза тIечIагIдо нохчийн ширачу хабарша а. ХIинца а йолуш ю оцу заманан хиламаша кхоьллина меттигийн цIераш, масала: АстагI Тимаран саьнгарш.

Вай лакхахь хьахийначу историн хиламех лаьцна ю нохчийн вевзашволчу поэтан Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» цIе йолу стихашкахь повесть. Нохчийн истори евзачарна бевзашболу и хиламаш Арсанукаев Шайхис исбаьхьаллин дешнашца буьйцу, ткъа исбаьхьаллин дош синхаамашна тIеIаткъам чIогIа болуш хуьлу, историкийн доццачу тоьшаллел. ХIара говзар ша кхуллуш, авторо шена хьалха хIоттийна Iалашо АстагI Тимаран а, нохчийн а вовшашна дуьхь-дуьхьал латтар гайтар хилла ца Iа, цо кхузахь гайтина Нохчийчуьра хIетахьлера политикин а, Iер-дахаран а хьелаш, юкъараллин дIахIоттаман башхаллаш, луларчу къаьмнашца хилла юкъаметтигаш, хIетахьлерчу къизачу хенахь даьхначу адамийн синкхетам, амалш, дуьненехьежамаш.

Стихашкахь повестан эпиграфехь далийна ду оьрсийн сийлахьчу поэтан А.С. Пушкинан кIорггера чулацам болу дешнаш: «Шен дайн хьуьнарийн сийлаллех куралла яр, мегна ца Iаш, декхар а ду: и цаларар иэхьен осалалла ю». Цуьнца цхьаьна догIу поэмин авторан дIадолор а:

ХIан-хIа, вайн дIадахнарг, Ца дов ларйоцуш,, Йиш яц и дицдан а,

Яларх хан хийла.

Деха и даима вайца,

Лийрдоцуш., ДIадахнарг тарлац, Вай дилла архиве…

… Дика а, вуон а цо

Iамадо довза,

Сийлахьниг къастадеш, Иэхьечух нийса., Дай лара хьоьху цо,, Даймохк вайн биэза,, ГIиттадо, бакъ толош,, Харцонца къийса…

Дуьххьара дешархочунна гойту Iаламан сурт, азаллехь дуьйна шен декхар кхочушдеш, Iа-бIаьстенца, аьхке-гуьйренца хуьйцуш, схьадогIуш долчу:

2 стр., 547 слов

По чеченскому языку — нохчийн мотт г1иллакхийн хьоста

… цу х1уманна ши да ву – иман а, кхетам Дош лардо шеен нохчийн к1анта. Юачуьнца оьзда хуьла и.ШЕн къоман а, шеен махка а 1у ву и. Хьаналчу … волу нохчиНенаца йоккха доьзалхочо жималлехь дукхайолу хан. Доккха дакха лоцу нохчийн сийлахьчу нанас доьзаллехь бакъболу нохчийн к1ентий кхиош.Воккхачуьнца г1иллакхе волуш, жимачуьнца собаре солуш хуьла нохчи к1ант.Г1онна …

Iаламна, Iаьржа а

Дуьйхина, Iен

Ца хаьа,

Адамна санна., ГIайгIанна къорачу, Цуьнан а шен, Декхарш ду

Массо а ханна.

Нах цIайна (иштта олуш хилла ширачу заманахь Iесачу динан дезачу дийнах) гулбелла бIаьстенан сирлачу, сийначу цхьана дийнахь. Таханлерниг Мехкан Нана хоржу де ду. Ерданна-килсана хьалха гулделла адам, мехкаршлахь хазаллица а, оьздаллица а тоьллаерг харжа цхьана шарна, цуьнан цIе «Дела» а йоккхуш. Оцу заманахь къона зударий шина декъе боькъуш хилла: шайн гIиллакх-оьздангаллица а, исбаьхьчу куьцехь а тоьлла болчех «мехкарий» – мехкан йоIарий олуш хилла, вукхарах – йоIарий я зудабераш. Иштта боьрша нах а: стогалла, доьналла, хьекъал долчех «къонахий» – къоман нах, ткъа вукхарах – божарий, стегарий олуш хилла.

Вайн генарчу дайша шаьш лелочу динан ламасташ муха кхочушдеш хилла гойту Арсанукаев Шайхис хIокху повестехь, шен дешархочунна вайн дIадаханчух керла тоьшаллаш а далош: керла хаьржинчу ЙоI-Деле ден дехар:

  • ХIай сийлахь Дали,

ХIай Меркан (мехкан – Б. Хь.) Нани,

Тхен Нани ери хьо,

Хьен бераш бери тхо.

Тхо Iалашбехьа,, Тхен тергоехьа.

Хьен ницкъ сов бери,

Тхо гIийла бери…

Иштта гайтина сагIина бежана дер, цуьнан коча кхерчан зIе а тосий, цу кеппара цIийн сагIа даккхар. ЦIеххьана тIебогIу дагахь а боцу бала – Нохчийчу вогIуш ву къиза, нуьцкъала мостагI. Цара вийна Симсиман (хIетахь иштта цIе йоккхуш хилла Нохчийчоьнан) паччахь Куьйра-хан. Иза нохчашна тIе нуьцкъаша хIоттийна хилла, цуьнгахула тIехIиттийна хилла элий а. Цундела кхиэташ ду, халкъана тIе кхераме сахьт хIоьттича, цара шайн хьаштийн бен терго еш хилла цахилар. ТIаккха нохчаша шайна юкъара баьчча (тIеман куьйгалхо) хоржуш хилла:

Зама вай йойур яц,

Элашца къийсалуш,, Цхьа кхин ду сихонца, Кхочушдан дезариг., Доьху, схьаалалаш, Хетарг, ца ийзалуш:, Баьчча ву, хьем ца беш,, Вай харжа везариг.

Баьччаллин билгалонна луш хилла Мехкан тур, турс, гIагI халкъо хаьржинчуьнга. И герзаш баьчче дIалуш берш зударий бу, цо кхетадо хIунда олу нохчаша шайна уггаре деза-сийлахьчунна хьалха «нана» боху дош тIе а тухуш: Нана-Мохк, Нана-Нохчийчоь, Нана-Даймохк, Нана-ДегIаста, иштта кхин а.

Турс а, гIагI а дохьуш баьччина тIейогIу йоккха стаг – Нана-Нохчийчоьнан васт-амал:, ХIай баьчча, хIара турс,

ГIагI а дIаэца,

Къизачу тIамехь хьо, Кхара ларвойла., Вайн лаьмнийн, вайн кхерчийн

Турс, гIагI хьо деца,

ЦIахь наной хилар а

Диц ахь ма дойла!..

Мехкаршлахь тоьллачу Мехкан йоIа Эсирас Мехкан тур дIало баьчче БорзабIаьрге. Къонахийн дог-ойла, доьналла, стогалла, яхь ийъинчу мехкарех ю иза буьйцучу хиламел хьалха а, царел тIаьхьа. Нохчийн барта кхоллараллехь шайн цIерашца билгалбаьхна а бу уьш: Дадин Айбика, Адин Сурхон нана а, кхиберш а.

– Соьгара, ХIай сийлахь,

Везийра баьчча,, ДIаэца сийлахь герз –, Мехкан тур ахь., Толамца верзий цIа,, Кху лаьмнийн баьрчче, Сийдарца юха и, ДIаоллалахь!.., Ткъа баьччин коьртатуьллург – болатан тIеман куй – тIебохьу къонахех цхьамма.

  • Баьччин куй тиллий, ахь

Баа хьайн дуй –

5 стр., 2308 слов

На чеченском языке оьздангалла

… а эцна, дегош, тамехь д1анисдар, нускало: х1усаман а, доьзалан а, мехкан а сий лардан — ша юкъ йихкина хилар гайтар ду. Иштта деза, доккха маь1на а, чулацам а … сий дар а, цуьнан лерам бар а дара. Сан нана Майртуапара ма хилла — олуш, со кхетош, б1аьргех девла хиш а хаалуш, … ву — олуш, говр а човхош, и хьадалча д1авахара. Хьешех, воккхачо: — Х1ума хиларан сахьт дац. Хьовса деза вай… — олуш, юхабирзира …

Лаьмнашна, халкъана

Дала дог, цIий…

Повестан шолгIачу декъехь бевза вайна мехкан къонахий: БорзабIаьрг, Аьрзу, Анас, илланча Айтамир. Уьш бу доьналлех а, стогаллех а буьзна, хьекъалца а, собарца а кхечарех къаьстина, халкъо къобалбина нах. Кхузахь коьртаниг хьал-бахам я тайпанан-тукхаман ницкъ ца хилла, ткъа вай лакхахь ягарйина билгалонаш хилла.

БорзабIаьрг – бIаьрг сирла ву,, БорзабIаьрг – лерг сема ву,, БорзабIаьрг – хьекъале ву,, БорзабIаьрг – дог майра ву!, АстагI Тимаран васт кхуллуш, цуьнан дар-лелар а довзийта, автора дуьххьара гойту цуьнан куц-кеп:, Шуьйра белш. Лекха хьаж.

Мара бу виэда.

Юьхь – малхо, мохо а

ЦIестан бос белла.

БIаьргаш чохь-къизалла,, ХIилла а къиэда,, Маж, меккхий нилха ду,, Дерриг сирделла…

КхидIа повесть йоьшуш Тимаран къамелашкахь дешархочунна го цуьнан къизалла, ямартло, хIилла. Ша-шех тоам бина, бIаьрг буьзна, адаман дахар а, сатийсамаш а цхьана а хIуманан меха ца хетачу цо цхьа атта кхайкхайо адамашна кхиэл:

ТаIзар сан

Ду царна нийса:

Уггар а лекха берд,

КIорга Iин харжий,, Куьг-ког а дехкий, уьш, Бердах чукхийса –

Шен ирс дерг, тIулгаш тIе

Кхетта, ву ваьржар!..

Шен уггаре тоьлла тIеман баьчча Бахьадур нохчашца хиллачу тIамехь иэшийча, шена иэхье машар бан хIилла хьовзо а хаьа цунна:

«Иттех де – Iийр вац со

Кхузахь кхин веха.

Иштта а эрна ас

Яйина хан.

Ткъа нохчий, машаран

Кеп хIоттош, Iехо

Мегар ду… деза цхьа

СовгIаташ дан…»

БорзабIаьрг а, Анас а, Аьрзу а халкъан бакъболу тхьамданаш бу.

БорзабIаьрг – «къена бIаьхо, майрачу мIайстахойн дада, нийсонан, тешаман сема хехо, говза ву осалла кхада». Цуьнан валар а хуьлу турслочун Iожалла санна.

Ишттачу къонахаша хIинццалц схьа, даржа ца доржуьйтуш, иэшна кIел ца соцуьйтуш, лардеш схьадалийна вайн нохчийн халкъ.

Анас, воьжначу БорзабIаьрган метта дIахIотта хьакъволуш, къона, амма майра а, хьекъале а баьчча ву. Цхьа цIена, сирла бу цуьнан Эсире болу безам, Даймахке, шен махке болу безам санна.

Амма оцу вай дагардинчу васташна юкъахь коьртаниг хилла дIахIутту илланчин Айтамиран васт. Хууш ду, массо а заманахь муьлххачу а халкъана сийлахь а, веза а хилла илланча, дешан говзанча. Иштта хилла нохчийн а. Цундела, лаа дац, ирча кхаъ бохьуш веана геланча дIавахча, массарел хьалха дош олург илланча хилар.

Тобанах схьакъаьстий,, КоьртаIуьйра,, Айтамир хьалхахьа

Волу.

Верриг кIайн, зоьртала,, Белшаш шуьйра –, Ишттачух «къена» ца

Олу.

Симсиман паччахь Куьйра-хан а хIуттуш ца хилла Айтамиран дош дохо, хIунда аьлча цунна гуш хилла илланча шен къоман са дуйла, цунна тIе куьг дахьар халкъо ловрдоцийла.

Айтамир – кху лаьмнийн

Верас и ву,

Лаьмнийн дог догуш шен

Кийрахь.

Айтамир – кху лаьмнийн, Илланча ву,, Лаьмнийн аз декаш шен

Кийрахь.

2 стр., 567 слов

по чеченскому языку «Родной язык-моя гордость

… хаьа, бохуш. Ткъа дуьненахь а воккхачу оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ … бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац!» Сайн сочинении ерзош суна дало луур дара вайн сийлахьчу яздархочо, поэта Мамакаев … Даймохк-Нана. Нана санна, Даймохк беза вайна, цунах девлча тоха са а доцуш. Иштта шен нене, Даймахке санна, хила беза ненан …

Къеначу илланчас нахе дешдолу къамел а ду кIорггера чулацам болуш. Муха лан деза ярташ, шахьарш, хьаннаш ягор, ялташ говрийн бергашца хьешар, дайн кешнаш сийсаздеш гар – иштта хаттарш хIиттадо цо халкъана хьалха. Айтамирна уггаре коьртаниг ду – кхидолу къаьмнаш я мостагIий нохчех цакхардор, халкъо лолла тIе цалацар.

Дуьххьара хиллачу тIеман тасадаларехь нохчий иэшча, тIаккха а шен пондаран мерзийн мукъамца, иллин дешнашца адамийн доьхна дегнаш ойбург Айтамир ву:

Лаьттана гуолаьцна

И сийна хIорд санна,

Лаьмнашна гуолаьцна, МостагIий лаьтта., Дакъаза ма довла,, ХIай нохчийн ва кIентий,, Доьхначу кху дийнахь, Шу мичахь тийна-техь?.., Сий лардан, яхь ларъян

КIентий шен кхин боцуш,

Йиси-техь Нохчийчоь

Дан амал кхин доцуш?

Дакъаза ма довла,, Яхьйолу хIай кIентий, Доьхначу кху дийнахь

Шу муха Iедели?

Доьхна де дуьххьара, Гуш шу ма дацара,, Кхерамехь хIинццалц шу, Доьхна ма дацара., Дакъаза ма довла,, Яхьйолу хIай кIентий,, Тахана орцанна, Шу хIунда хьедели?..

АстагI Тимарца машаран дийцарш дан веънарг а ву Айтамир шеца Эсира а йолуш. Къизачу Тимаран кура дог-бIаьрг кхин а тIе а духу и шиъ гича:

«ХIорш бу-кх уьш…

ХIинццалц сан

ХIорш ловзо дезна!..

Илланча… Майра йоI…»

Уггаре а халаниг ду Тимарна, тохара хьалха йийсаре балийначу нохчаша санна, гора а ца оьгуш, къинхетам а ца боьхуш, Айтамира шега майра къамелдар.

Iожаллин тур хилла

Веанчу хьуна, Кхаьчнарг а ю хIинца, Декъаза хIонс!.., Йицъелла хьуо вина

Хьайн нана хьуна,

Цундела неханиш, Ахь белхабо.

Ца дезна цкъа а хьайн

Бераш а хьуна,

Цундела неханиш, Ахь хIаллакдо…, Карабалийначу йийсархошна кхиэл кхайкхорехь а хьалхара дош Айтамирехь ду., Сих ца луш, собаре

Хилар цо доьху.

Массарна гуш деца, ХIоьттина хьал., ХIетте а адамалла,, Къинхетам хьоьху,, Къизалло толам ло, Моттар ду гал…

ХIаъ, Айтамиран даг чохь адамалла, къинхетам бу, хьалхо-о Тимара нохчашна-йийсаршна къиза кхиэл кхайкхинехь а. Тимар тешна хилла ницкъаца, кхерам тасарца, Iожалла яржорца дерриге а халкъаш шега иэшалур ду бохучух. Амма илланчин хьекъал, ира, нийса дош нуьцкъала хиллера мел доккхачу эскарал а, церан герзел а.

Шайна тIе тидам бохуьйтуш ду йоккхачу стеган-ненан а, воI воцчу ден а васташ. Нохчийн иллешкара Адин Сурхон ненан, оьрсийн КIентан ненан васташ карладоху йоккхачу стеган къамело:

…Виъ воI сайн кху тIамехь

Велла ас Деле…

Хилла уьш ца боьгIна

Кхин суна ган…

Ткъа хIинца висинарг –

Уггар а хьоме

Верг сайна дIаэцар

Доьху хьоь ас.

Эшначохь махкана

Вала во хIора

КIант нанас, цундела

Бакъо ю сан…

Ткъа хьоьга, кIант, ду сан, ТIаьххьара ала., Дехахь дIа хIокхара

Хьайн дегIан са…

…Ахь чехка дIалолахь

Хьайн мерза са!

Иштта веана къена Дада а, шен йоI тIаьхьа а хIоттийна:, Тахана, мехкан сий, Лардечу дийнахь, БIаьхошца ца хилча

Шен майра воI,

Иэхьхеташ хеба-кха, Дадин дог кийрахь…, Кхетий хьо? ВоI вац сан,

ДIаэца йоI!

4 стр., 1704 слов

Сан даймохк на чеченском языке

… мел деха, лечу сохьтехь «Ясин» а нохчийн маттахь деша Іамавелахь массо а! Амма: Сочинение на тему сан даймохк на чеченском языке Бергоева Айзан Абдилвахитовна Сан Даймохк! Сан ирс а, халда хьуна, Сайн дог … Муха хила еза шен кІант иштта Даймехкан дуьхьа ваха а, вала а кечвеш хилла нана? Сий дейша вайн Ненан! Иза ю-кх нохчийн халкъан зІенан чІуг ца ходуьйтуш …

Иштта хилла лаьмнийн гIиллакх, нагахь и иштта ца хиллехьара, хийла нуьцкъала, кура паччахь кхузарчу халкъаша, ницкъ бохийна, куралла йожийна, юханехьа дIахьажор вацара.

«Тимуран тур» повестехь Iаламан суьрташ ша кхуллуш, авторо боху адамашка, мел исбаьхьа ду дуьне, Iалам, адамаша шаьш тIемийн къизаллашца дохош, талош долу.

Ламанан кху ирзехь

Iуьйре гIаьтти,

Бер санна, самукъне

Ловзуш.

Месала хьаннаш, наб

Йожош, лести,

Сийна чIуг хелхарехь

Хьовзош.

Iуьйрено шен къона

Болар сихди,

Къиэжа и, юьхь нуьре

Йогу.

ГIабалин баьццара, ТIам кхерстош, и, Дахарна барт баккха

ЙогIу.

Къеди схьа лаьмнашна, ТIиэхьара цIен, Малх, хьаннаш зIаьнаршца

Юцуш.

Сема лу кIорница

Дели гу тIе.

Зарзар ю безам шен

Буьйцуш.

Сирла ду дерриг а,

ЦIена ду сов.

Догдика – гонаха

Мел дерг.

Iаламна ца хаьа

Цабезам, дов,, Дац цуьнца дагна хьагI

Елларг…

Оцу исбаьхьчу Iаламан цхьана хазачу ирзу тIехь, «адамо адамца къевсина текх», дуьххьарлера тасадалар хуьлу нохчийн Тимаран эскаршца. Поэмин авторо бехкбуьллу адамашна цу маьлхан ирзунан маьрша дахар дохорна.

ЭхI, маьлхан ирзу!.. И

Iаржделла ша,

Буьрсачу чIагарехь

Хьийзаш.

Ховха бай бухбохуш, Бу бергаша,, Сийна букъ кхоамза, Къийзош!.., Маьхьарий… НеIалташ…

ГIийла узарш…

Зевнаца деттало

Герзаш.

Оьгу нах, хьоьшу нах…, ЭхI, адамаш!.., Дой къиэхка, инзаре

Терсаш…

Цхьана байттамаллица, бехкбаккхарца хеза «эхI, адамаш!..» боху айдардош-тIедерзор, цо повестехь драматизм кхин тIе а чIагIйо. ХIунда, стенна Iенадо цIий, хIара латта сел доккха, паргIата, исбаьхьа хилча? – боху хаттарш сих-сиха хIиттадо авторо.

Ямартчу элана Бахьагна кIарлагIа-неIалтан барз югIу. Иштта Iедал хилла нохчийн ширачу заманахь. Цара, арахьарчу мостагIашца къийсина ца Iаш, луьра дуьхьалоеш хилла шайн коча бухкучу элашна а, нагахь уьш халкъ шайн олалли кIел берзо гIоьртича.

Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» цIе йолу повесть, исбаьхьаллин говзар хилла ца Iаш, нохчийн историх а, юкъараллин дIахIоттамах а язйина ю. Бакъду, нийса хир дара, нагахь цу повестан цIе «Тимаран тур» аьлла елахьара, Нохчийн барта кхоллараллехь цуьнан цIе Тимар я АстагIа Тимар олий йоккху. И повесть школан программи юкъаялийна а ю. Дешархоша дика тIе а оьцу и, хIунда аьлча царна и йоьшуш дуккха а керланиг девза шайн генарчу дайн дIадаханчу дахарера. Амма и ешале хьалха хьехархочо йовзийта еза цу тIехь буьйцучу хиламийн зама. ХIетахьлерчу нохчийн Iер-дахарх, гIиллакхех, амалех, динлелорах дика хаарш долуш а хила веза хьехархо. Кхетош-кхиоран балха тIехь доккхачу маьIне а, пайде а ю и повесть.

Нагахь санна дIадахнарг ца девзаш тIаьхье кхиахь, хиндерг доцуш хуьлу муьлхха а къам. Поэта шен повестан дIадолорехь ма-аллара:

ДIадахнарг, мохь хуьлий,, Белшаш тIе дазло,, Таханах ца къаьсташ,

ДIаоь и тIаккха.

Кханенна ков делла

Вайна ца хаздо,

2 стр., 646 слов

Йо1ан эхь к1ентан яэь ма эшайойла

… къамел дечу хенахь теш хилар – иза нохчийн оьздангаллийн бохо йиш йоцу лехам бу. Нагахь хийистехь лаьтташ и шиъ делахь, к1анта лело … нах баьхкича, «тхан йо1ана ца хаьа» ца ала. Иштта к1антана а 1амош хилла ша схьаялийча нехан зуда кхаба езар а, ша лелон … и осала лоруш а, магош а ца хилла. Захалонан юьхь йолаяла тарлуш ду синкъерамехь а. Нохчийн синкъерам – иза кегийрхой вовшашна бовзийта вовшех …

Ницкъ ло цо вайна гIулч

Хиндолче яккха.

БIеннаш шераш хьалха дуьйна, хIокху повестехь буьйцучу хиламех тера хьал тIехIоьттича, вовшашна орцахдовлуш хилла Къилбаседа Кавказан къаьмнаш. Иштта кхоллалуш хилла халкъийн вежаралла. «Тимуран тур» повестехь гайтина Дагестанерчу къаьмнийн векалша тIевеанчу мостагIчунна тIехь толам баккха гIодеш хилар.Уьш историн тоьшаллаш ду, тахана къаьсттина дицдан йишйоцуш, юх-юха а карладаха дезаш, таханлерниг санна чолхе, карзахе еанчу заманахь шен диканца, шен вонца чекх ца далало цхьа а къам хIокху дуьненахь.

ТIаккха хир ду вайн тешаме хиндерг а. Шенна дахаделла къам а дац. Иштта хьехамаш бо вайна Арсанукаев Шайхис шен «Тимуран тур» повестехь.

7 ВАРИАНТ

Болх кхочушбаран инструкци

Экзаменационни болх кхаа декъах лаьтташ бу, шена чохь 9 т1едиллар а долуш.

Нохчийн меттан экзаменационни болх кхочушбарна луш 3 сахьт 55 минот хан ю (235 минот).

1-чу декъана юкъадог1у цхьа т1едиллар. Иза ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх бу. Тексте шозза ладуг1у.

И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.

2-г1а дакъа лаьтта 7 т1едилларх (2-8). 2-чу декъан кхо т1едиллар кхочушдо ешначу текстан буха т1ехь.

2-8-чуй т1едахкарийн жоьпаш д1аяздо дешан (дешнийн цхьаьнакхетаран), терахьан, терахьийн хьалха-т1аьхьаллин кепехь белхан текстехь жоп яздан билгалйинчу меттехь.

Нагахь 2-чу декъан т1едахкаршна нийса жоп ца яздинехь, цунна т1е сиз хьакхий, юххехь керла жоп д1аязде.

3-чу декъан т1едиллар кхочушдо 2-чу декъан 6-8-чуй т1едахкаршца айхьа болх беш ешначу текстан буха т1ехь.

3-чу декъан болх болош, далийначу кхаа т1едилларх (9.1, 9.2 я 9.3) цхьаъ харжа. Оцу т1едилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло.

И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.

Экзаменехь бакъо ло орфографически луг1атах пайдаэца.

Т1едахкарш кхочушдеш, черновиках пайдаэца мегар ду. Белхан мах хадош, черновик т1ехь дина йозанаш лоруш дац.

Ахь кхочушдинчу т1едахкаршна яьхна ерриге а баллаш вовшахтуху.

Хьайн ма-хуьллу дукха т1едахкарш кхочушдан а, баллаш яха а хьажа.

Дала аьтто бойла!

1 дакъа

Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехат т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде.

Цкъа хьалха т1едилларан лоьмар д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх.

1

Тексте ла а дог1ий, жима йозанан болх кхочушбе.

Хаалахь, хьо декхарийлахь ву, х1ора хаттарна дуьззина (1-2 предложеница) жоп дала.

Йозанан белхан барам 50 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбина йозанан болх ма-ярра схьаязйина ладоьг1на текст елахь, оцу белхан ноль баллаца мах хадабо.

Жоьпаш терахьашца билгалдаха.

Хаттарш къаьстинчу кехата т1е схьаяздан ца оьшу.

Йозанан болх кхочушбе ц1ена а, йоза къаьсташ а.

Хаттарш:

1.Халкъан уггаре доккха хьал х1ун ду?

2.Нохчийн къам шена т1ех1иттинчу халонех чекхдалар стенах доьзна дара?

3.Хьалха заманахь берана дуьненах, 1аламах, динах, оьздангаллех болу кхетам хьан луш хилла?

4.Вайнехан доьзалехь бераш кхетош-кхиош мила хилла?

5.Х1ун лаьттина ишттачу доьзалшкахь, цара х1ун лардина?

2 дакъа

2-8 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). кхочушде.

2

Синтаксически анализ.

Д1аеша текст.

(1)Ламанца некъаш ч1ог1а готта а, ирхнехьа а ду. (2)И некъ ларбан со ч1ог1а кхоьрура, ткъа бераш, шайн хазачу, эсалчу, цхьана а х1уманна т1аьхьа ца кхуьучу б1аьргашца гонахарчу исбаьхьачу 1аламе хьоьжура. (3)Церан самукъадолура, машен т1ехйолучу хенахь цхьайолчу меттигашка кхаьчча, шаьш лаьмнийн бердех 1уьттучу куьйгех. (4)Берийн самукъадалар алсамдаьккхира цхьана жимачу беречо, шен маса дин машенна т1аьхьа а кхиийна, цаьрга куьйгаш хьоькхуьйтуш дин хьастийтарца.

Нийса грамматически бух къастийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Д1аязъе цуьнан лоьмар.

1) некъаш ирхнехьа ду (1-ра предложени)

2) 1аламе хьоьжура (2-г1а предложени)

3) машен кхаьчча (3-г1а предложени)

4) алсамдаьккхира цхьана беречо (4-г1а предложени)

Жоп _______________________________________________________________________

3

Пунктуационни анализ.

Оьшу сацаран хьаьркаш х1иттаде. Айхьа х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.

Екхаелла хьоьжура Тамара (1) Лоьмас дийриг хазахетта. Х1инццалц ша (2) дукха ойланаш йинера цо (3) цхьа дика х1ума (4) х1ун дийр дара-техьа бохуш. Тамара хит1а яхара (5) ткъа Лоьма дечиг даккха волавелира.

Дукха а (6) ца оьшура йоккхачу стагана-м дечиг. Хьастаг1а Лоьмас даьккхинарг а (7) кхачоза дара.

Жоп ________________________________________________________________________

4

Синтаксически анализ.

Предложенера юкъадало дош схьаязде.

Уллохь хьекъал, оьздангалла, собар, къинхетам а боцу майралла – иза сонталла ю, ткъа и сонта майралла, шеко йоццуш, оцу стагана шена а, адамашна а бале, зуламе йолу.

Жоп ________________________________________________________________________

5

Орфографически анализ.

Билгалдаьккхина дош яхдаран нийса т1еч1аг1дар далийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Оцу жоьпан лоьмар д1аязъе.

1)ДА-РЦ – дош сехьадоккхуш, цхьана дешдекъах лаьтта дош декъа мегар ду.

2)ЦХЬАБОССА – ЦХЬА боху дош т1екхетарца кхолладелла чолхе куцдешнаш цхьаьна яздо.

3)ТКЪЕВОРХ1 – х1оттаман терахьдешнаш цхьаьна яздо.

4)ДИКЧУ – шина дешдекъах лаьттачу лаамазчу мухаллин билгалдешнийн чаккхенгара «А» лач дожаршкахь ца яздо.

Жоп _________________________________________________________________________

Текст д1а а еший, 6-9 т1едахкарш кхочушде.

(1)Мусан да кхузткъе итт шо хенара къена стаг ву. (2)Иштта къена ю десте а. (3)Оцу кхааннан кхин гергара а, юьртара а стаг вац кху аг1ор. (4)Схьадалийначу хьалхарчу шина-кхаа баттахь шаьш ц1ера еанчу ши гали хьаьжк1ех г1етакх деш 1ийра. (5)Т1аккха, кхаш т1ера к1ен, мекхан кан лехьош, акха стоьмаш дууш, к1ел ца диса г1иртира. (6)1а т1едеъча, ялтех буьртиг боцуш дисира.

(7)Х1инца болх бийр бу бохург хьехочохь а дацара. (8)1а ма дара. (9)Дохнан фермехь ца бича, кхин болх а ма бацара 1ай. (10)Т1аьхь-т1аьхьа г1еллуш, мажлуш, к1елвуьсуш лаьтта шен къена да гича, дог дешара цуьнан.

(11)«Х1ан-х1а, к1елхьаравала некъ лаха беза, – сацам бира цо т1аьххьара а, – х1ара мацалла а валийтина, мацца а цкъа кхуьнан, сайн вежаршна т1екхаьчча, ас х1ун ала деза?»

(12)Х1инца, къола ца дича, кхин некъ бацара к1елхьаравала.

– (13)Дада, вай иштта мацалла дала 1ийна девр дуй те? – элира цо цхьана суьйранна.

– (14)Ца 1ийна х1ун дийр ду вай? (15)Со къена ву, хьо жима ву. (16)Болх Далла т1е а биллина, совцур вай. (17)Рицкъанаш Делехь ду, – суьлхьанаш хьийзочуьра юкъах а ца волуш, жоп делира цо.

– (18)Наха, къола дой а, шайна рицкъа лоху. (19)Изза дийр ду ас а…

(20)Ден карара суьлхьанаш охьаийгира.

– (21)Х1ун элира ахь? – тевжина 1ачуьра охьахиира иза. – (22)Къола? (23)Хьанна дан воллура хьо къола? (24)Хьо хьера-м ца ваьлла?

(25) Дена т1ееана моха сихха д1аелира, к1ант шена дуьхьал вист ца хилча: – (26) Варийлахь, Муса, кхин цкъа а дага ма даийталахь иза. (27)Къола дар дика г1уллакх дац. (28)Бусалба динехь дихкина иза, нохчийн г1иллакхехь оьзда дац иза. (29)Хьо хьенан х1ун лачкъо воллура? (30)Кхузара бахархой а ма бу, шайна дита а, вайна дала а доцуш.

– (31)Ас неханиг лачкъор яц, ткъа колхозаниг лачкъор ю, – халла вистхилира Муса.

– (32)Цуьнан х1ун башхо ю? (33)Колхоз а, пачхьалкх а адамийн ю. (34)Дерриге а ду адамийн къинхьегамца 1а1ийна. (35)Т1ехула т1е, колхозо а, пачхьалкхо а до вайна г1о. (36)Варийлахь, мегар дац хьуна! (37)Иэхь ду хьуна иза.

(38)Да, ойлане а ваьлла, цхьана ханна вист ца хуьлуш сецира.

– (39)Гой хьуна, Муса, цхьа де цхьаьнгахь ца лаьтта. (40)Х1ара пачхьалкх вайн ц1а ду, ткъа х1окхунна чохь деха къаьмнаш цхьа нана-доьзал бу. (41)Йишавешех цхьанна цхьа бохам, цхьа халахетар хилча, биснарш цунна г1оьнна, цуьнан догъэца г1урту. (42)Иштта шайн ницкъ ма-кхоччу вайна г1о дан г1ерташ, вайн лазамна дарба лоьхуш лела кху мехкан къаьмнаш а. (43)Царна ямарт хилча, нийса хир дуй? (44)Иэхь ма ду иза. (45)Далла а, 1едална а хьалха г1иллакх доцург ма ду ахь дагалаьцнарг. (46)Сатоха деза, собаре хила веза, Муса.

(Айдамиров А.1.)

6

Текстан чулацаман анализ.

«Х1ун бахьана дара Мусана къола дан дагадаран?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?

1) Муса къола дан 1емина вара.

2)Дас 1амийнера Муса къола дан.

3)Да мацалла ца валийта г1ертара Муса.

4)Мусана ца хаьара хьарам, хьанал къасто.

Жоп _______________________________________________________________________

  1. 7

Меттан суртх1отторан г1ирсийн анализ.

Меттан суртх1отторан г1ирс–метафора шеца йолу предложени билгалъяккха.

1)Х1инца болх бийр бу бохург хьехочохь а дацара.

2)Т1аьхь-т1аьхьа г1еллуш, мажлуш, к1елвуьсуш лаьтта шен къена да гича, дог дешара цуьнан.

3) Х1инца къола ца дича, кхин некъ бацара к1елхьарвала.

4) Со къена ву, хьо жима ву.

Жоп ________________________________________________________________________

8

Лексически анализ.

35-чу предложенера «г1о» бохучу дашна синоним ялае. Д1аязъе иза.

Жоп ________________________________________________________________________

3 дакъа

2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата т1ехь 9.1, 9.2 я 9.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан лоьмар:9.1, 9.2 я 9.3.

9.1

Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени–ойлаяр язъе, халкъан хьехархочун Ш.И.Абдуразаковн «Нохчийн мотт башхачу жовх1арех юьзна йоккха хазна ю. оцу жовх1арех бу ойланан муьлхха а аг1о гайта таро хуьлуьйту меттан суртх1отторан г1ирсаш» бохучу дешнийн маь1на а достуш.

Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.

Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.

Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.

Сочинени д1айоло мегар ду Ш.И.Абдуразаковн дешнашца.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.

Клишеш:

1.Авторан дешнашца реза ца хила хала ду …

2.Х1ара тезис т1еч1аг1ъеш, ешначу текстера … предложенера … масал далор ду.

3.Текстан … предложенехь … кхин цхьаъ …

4.Вайн таро ю жам1 дан …

Магадо: ялийна клишеш хийца.

9.2

Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр.

Дийца, муха кхета хьо х1окху предложенин маь1нах: «Х1ара пачхьалкх вайн ц1а ду, ткъа х1окхунна чохь деха къаьмнаш цхьа нана-доьзал бу».

Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.

Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.

Клишеш:

1.Суна хетарехь, х1окху кийсакан коьрта ойла иштта ю …

2.Текстан авторна хетарехь, х1окху кхетамо духе кхиаво …

3.Лакхахь ялийна ойла т1еч1аг1ъеш, ала лаьа …

4.Текстера далийначу масалша т1еч1аг1до …

Магадо: ялийна клишеш хийца.

9.3

Муха кхета хьо ХЬАРАМЛО бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.

Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Дахарехь хьарамлонах ларвалар» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Хьарамлонах лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, ши масал-т1еч1аг1дар даладе: цхьа масал-т1еч1аг1дар даладе ешначу текстера, шолг1аниг — хьайн дахарехь зеделлачух.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.

Клишеш:

1.Хьарамло – иза … Сан кхетамехь, …

2.Автора (авторан ц1е) вайна … предложенешкахь гойту …

3.Сайн дахарехь зеделлачуьнга а хьаьжна, айса ялийна ойла т1еч1аг1ъян лаьа …

4.Вайна ма-гарра, …

Магадо: ялийна клишеш хийца.

«Кхолламан цхьа де»

Терахь

Жоп

2

4

3

135

4

шеко йоццуш

5

2

6

3

7

2

8

накъосталла

Сочинение тимуран тур на чеченском

  1. Супер жорик
    30 ноября, 20:53


    +13

    Тимуран тур повесть г1иллакхах, къонахаллах лаьцна ю.
    Коьрта турпалхо, Тимур шен къам ларда воьду лам т1е. Мел ч1ог1а зуламаш, халонаш хиллаьхь. Шен Даймохк лардан ду цун даг чохь. Ямарт стаг — Бахьаг цунан хьуьттаренаш лелош вара. Тимур а, цуьнан къам а гора хоттита лаьара цуна. Амма Тимуран хьекъал дара. Цо шен хьоменаш лар бо.
    Цо гойту коьрта долу х1ума. Иза нохчийн силахь къонах ву!

    • Комментировать
    • Жалоба
    • Ссылка

Найди верный ответ на вопрос ✅ «Сочинение тимуран тур на чеченском …» по предмету 📙 Литература, а если ответа нет или никто не дал верного ответа, то воспользуйся поиском и попробуй найти ответ среди похожих вопросов.

Искать другие ответы

Новые вопросы по литературе

Ламанхойн доьналла сочинение

агент007200   ·  
10.12.2021 17:09

Ответов: 3
Показать ответы

7 Обсудить

Ответы

ответ: у

пошаговое объяснение:

ответ:

23

пошаговое объяснение:

найдем сколько молоко в литрах было всего:

44+2=46 литров было всего в двух бидонах

мы знаем, что бидоны были одинаковые, значит общие кол-во нужно разделить на 2:

46/2=23 литра в каждом бидоне

ответ: 18,4,6

пошаговое объяснение:

ответ:

пошаговое объяснение:

1) ( c+2) * ( c-3) = c2 — 3c + 2c — 6 = c2 — c -6

2) (2a — 1) * (3a + 4)=6a2 + 8a — 3a -4 = 6a2 + 5a — 4

3) ( 5x — 2y) * ( 4x — y) =20×2 — 5xy — 8xy + 2y2 = 20×2 — 13xy + 2y2

4) ( a- 2) * (a2 — 3a + 6)=a3 — 3a2 + 6a — 4a2 + 6a — 12 = a3 — 7a2 + 12a -12

Другие вопросы по Другим предметам

Решить 2 : одно число в 8 раз меньше другого и их сумма равна 56. найди эти числа. один угол треугольника в 2 раза больше второго, а третий на 15 градусов меньше первого. найди у…

Другие предметы

07.03.2019 16:26

Решите и объясните как этотрешать. я болел и пропустил этот урок: ( ….

Другие предметы

07.03.2019 22:56

Пешеход за 40 минут прошел 4 км с какой скоростью он шёл ответ выраз в км с…

Другие предметы

07.03.2019 19:49

Записали подряд все натуральные числа от 5 до 500. какая цифра окажется на 505 месте?…

Другие предметы

08.03.2019 16:37

Скопируйте рисунок 6.79 в тетрадь и постройте: 1)отрезок; 2)треугольник; 3)окружность, симметричные данным относительно точки d….

Другие предметы

08.03.2019 19:31

Скажите как собрать цифру чтобы получилось 32?…

Другие предметы

08.03.2019 23:21

Периметр прямоугольника равен 60 см. чему равна длина прямоугольника, если его ширина равна 12 см?…

Другие предметы

10.03.2019 13:56

Даны точки : m(2,-4) , n(-3,6) ,k(7,2 ). не выполняя построения найдите : а)координаты точки а , симметричной точке м относительно оси абсцисс b)координаты точки в , симметрично…

Другие предметы

10.03.2019 14:32

Нужно разборчиво написать примеры….

Другие предметы

10.03.2019 20:06

Соч по каз яз 6 класс 3 четверть. ❤️…

Другие предметы

11.03.2019 06:25

За какие качества характера вознаграждается ассоль в конце произведения? ​…

Другие предметы

11.03.2019 16:49

Письменно выполните : 1. выразите суждения в символической форме (на языке логики). а) если я вечером пойду в театр или в кино, или в гости, то я не подготовлюсь к семинару, не…

Другие предметы

11.03.2019 18:47

  • Главная
  • /
  • Другие предметы
  • /
  • Сочинение Ламанхойн доьна…


Другие предметы
, 10.12.2021 17:05, AsakaKo

Сочинение Ламанхойн доьналла

Всего ответов: 3

Посмотреть ответы

Другие вопросы по: Другие предметы

Слагаемые 13,5,6 и 4,5,6 найди сумму​…

Які пригоди в творі митькозавр з юрківки звичайні а які пригодницькі…

Запишите числа в порядке возврастание : 3,01; 3,85; 3,22; 3003; 3,408…

Доказать, что d^2z/ dxdy=d^2z/dydxz=cos(y/x)*arccos(x/y )…

Решить один токарь изготавливает 14 деталей в час. другой токарь изготавливает 17 деталей в час. сначала 2 час первый токарь изготавливает детали один, а потом пять часов первый и…

Расстояние между двумя 1862 км. два поезда вышли из этих городов навстречу друг другу. первый поезд до станции прибыл за 14 часов, со скоростью 68км/ч. с какой скоростью ехал втор…

Знаешь правильный ответ?

Сочинение Ламанхойн доьналла…

Популярные вопросы

Из брандсбойта сечением s = 5 см2 бьет горизонтальная струя воды со скоростью = 10 м/с в вертикальную стенку стоящей на рельсах вагонетки и свободно стекает по стенке вниз. с каким…

Конькобежец массой 60 кг толкает камень массой 3 кг в горизонтальном направлении со скоростью 8м/с. на какое расстояние он при этом откатывается, если сила трения коньков о лед сос…

Прогулочный катер поплыл от пристани к озеру по течению реки. путь до озера занял 1,3 ч ,прогулка по озеру- 2,25ч, затем катер вернулся к пристани. какое время ушло на обратный пут…

1.даны 5 фгур а1 а2 а3 а4 а5, сстоящих из кубиков одинкового объема. известно, что объем фигуры а4 больше объема а1,но меньше объема а3. объем фигуры а5 больше объема а2.объем фиг…

Состояние тела ,при котором оно не действует на опору или подвес ?…

Определите радиус круга, который может описать мотоциклист, если он едит со скоростью 36км/ч, а предельный угол его наклона к дороге=60градусов…

Пешеход должен был пройти 9 км с некоторой скоростью, но, увеличив эту скорость на 2 км/ч, он прошёл 9 км на 45 минут быстрее. найдите истинную скорость пешехода…

Чему равна кинетическая энергия автомобиля массой m=1,0 т, проезжающего каждую минуту путь s=1,2 км?…

На экскурсию отправляются 260 человек. сколько нужно заказать автобусов, если в каждом автобусе должно быть не более 30 пассажиров?…

Сколько газа выделилось при взаимодействии 13г 20% раствора hcl с са ?…

Случайные вопросы

Понравилась статья? Поделить с друзьями:

Новое и интересное на сайте:

  • Лайфхаки эссе егэ английский
  • Лайфхаки шпаргалки для экзамена
  • Лайфхаки ударение егэ
  • Лайфхаки при сдаче экзаменов
  • Лайфхаки при сдаче егэ

  • Добавить комментарий

    ;-) :| :x :twisted: :smile: :shock: :sad: :roll: :razz: :oops: :o :mrgreen: :lol: :idea: :grin: :evil: :cry: :cool: :arrow: :???: :?: :!: