Сочинение баьпкан юьхк

44-г1а урок.

Урокан ц1е: Ш.А. Арсанукаев «Баьпкан юьхк».

1алашо: Ш.А. Арсанукаевн дахар, кхоллараллин некъ , стихотворени «Баьпкан юьхк» йовзийтар; произведенин чулацамехула рицкъанан пусар дан дезаран маь1не кхиор; нийса а, къастош а лирическое произведени ешаран навыкаш кхиор.

Кхочушдан лерина жам1аш

1.Предметни: Ш.А. Арсанукаевн дахар, кхоллараллин некъах лаьцна хаарш хилар; поэтически произведенин анализъян хаар (маь1на билгалдаккхар, исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш къастор, уьш юкъабалоран бахьнаш довзар).

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: дешаран 1алашонаш кхетар, т1еэцар,дагахьлаттор; вовшахтуху (хьехархочун г1оьнца, нийсархошца я ша), планан рог1аллица болх бар.

  • Коммуникативни: вовшахтуху монологан кепехь аларш; къамелехь дакъа лоцу,ладуг1у.

  • Х1ума довзаран: х1ума-довзаран г1уллакхаш кхочушдо шайн иэсехь, балхаца, пайдаьцу г1ирсех анализ, синтез, жам1ашдаран кепех.

3. Личностни: рицкъанан пусар дан лаам хтлар.

УРОК Д1АЯХЬАР.

I. Ц1ера болх таллар.

Д. Кагермановн «Т1ай» дийцаран чулацам схьабийцар.

II.Хаарийн актуализаци. Урокан коьрта 1алашонаш билгалъяхар.

Х1етал-метал хаьийла шуна: уггар дукха дуу рицкъа. (Кхаллар).

-Синонимаш караде цунна. (Кхаллар, бепиг).

-Хьанна хаьа , стенгара долу вайна кхаллар?

-Муьлхачу говзаллин наха къахьоьгу вайна даа кхаллар хилийта?

-Ойлае, муха хир дара вай даа кхаллар я цхьа а рицкъа доцуш хилча?

-Муха лело деза рицкъа?

-Х1ун хаьа шуна мацалла х1оьттинчу заманах лаьцна?

-Схьаелла учебникан 187-189-г1а аг1онаш. Муьлханиг хир ю урокан тема?(Ш.Арсанукаевн кхолларалла, стиховорени «Баьпкан юьхк» йовзар, къастош еша хаар, чулацамах кхетар).

III.Ш.А. Арсанукаевх лаьцна хьехархочун дош.

1аламан хазалло шен комаьрша куьг хьаькхначу Веданан районо вайн литературехь къеггина лар йитина пох1ма долу яздархой кхиийна. Царах цхьаъ ву лаккхара поэтически совг1ат Дала шена делла волу Арсанукаев Шайхи. Кхин цо цхьа а исбаьхьаллин произведени ца язйинехь а, цуьнан «Ненан мотт» ц1е йолу стихотворени тоьар яра Арсанукаев Шайхин ц1е дашочу элпашца вайн литературехь д1аязъян. И стихотворени дагахь ца хууш наггахь бен верг вац, иза дагахь йоьшура суьйренашкахь, урокашкахь, лекцешкахь, конференцешкахь, цхьаьнакхетаршкахь. Нохчийн маттана яьккхина гимн ю ала мегар ду цунах. Нохчийн матте болу безам шена хьалха нислучу халонех чекхбаьккхина бара цо. Ткъа уьш цуьнан дахарехь а, кхоллараллехь а дуккха а нисъеллера. Шайхин хенара муьлхха а нохчийн яздархо схьаэцча, цуьнан кхоллам кхечу яздархойх башха къаьсташ бац. Кхиъна ваьллий-валазий махках ваккхар, цхьаверг доьшуш хилла школехь, важа х1етта ваьлла хилла, амма уьш массо а лаххьийна д1а а бигна, хийрачу махка охьакхиссина, декъаза «спецпереселенец» ц1е а туьллуш. Ц1ера воккхучу хенахь юкъахдаьккхина дешар Казахстанехь чекхдоккху цо, цул т1аьхьа доьшу Семипалатинскехь финансови техникумехь. Даймахка ц1авирзинчул т1аьхьа хьехархойн институт чекх а йоккхий, газетан редакце балха воьду. Х1етахь дуьйна тайп-тайпанчу меттигашкахь белхаш бо. Амма и берриге белхаш издательствошкахь, редакцешкахь бина цо, уьш исбаьхьаллин литератураца боьзна а бара.

Язъян дукха хьалхе волавелла Шайхи, школехь доьшуш волуш, амма иза сих ца лора ша язйинарг ешархошка д1акхачийта.

Поэтан кхоллараллин некъ кхаа декъе бекъа мегар ду. Хьалхарниг -70-чу шерийн юьхь а, чаккхе а. Шолг1аниг- 1971-1981 шераш. Кхоалг1а мур- 1982-2000 шераш. Оцу шерашкахь иза ларийна дуккха а стихаш, поэмаш, повесташ а, стихашкахь роман а язъян. Цуьнан произведенеш къаьстара шен тематикица а, васташ къегина а, рифма а, ритм а шера а, мотт ц1ена хиларца а. Цуьнан дукхахйолу стихаш мукъамашка йирзина, царна т1ехь эшарш яьхна вайн композиторша. Г1арабевллачу нохчийн яздархойн тоьлла ламасташ лардеш схьавеъна Арсанукаев Шайхи шен кхоллараллехь.

IV.Юьхьанцара чулацам бовзийтар.

1.Ш.А. Арсанукаевн «Баьпкан чкъуьйриг» стихотворении ешар, анализ яр.

-Стенах лаьцна ю стихотврени? (Баьпкан юхках).

-Х1ун бахьна ду поэта и тема юьхьарлацаран? (Цунна новкъа ду , адамаша рицкъанан пусар ца дар).

-Х1ун ю пусар дайъинарг? (Баьпкан юьхк).

-Муха гина поэтана баьпкан чкъуьйриг? (Новкъахь кхоьссина).

-Муха адам хила деза некъа баьпкан юьхк новкъа кхоьссинарг? (Оьзда воцуш).

-Х1ун бахьна ду лирически турпалхо массарна оьг1азвахана хилар? (Нах т1ехбуьйлу цунна. Цхьаммо схьа ца оьцу).

-«Лелинградана йина хиллачу блокадех лаьцна х1ун хаьа шуна?

-Вайн къомо Г1ум-Азехь мацаллица лайна баланах лаьцна х1ун хаьа шуна?

-Бусалба дино муха лерина рицкъа хьашар?

-Х1ун эр дара аша и юьхк кхоьссинчух лаьцна? Т1ехбуьйлучу нахах лаьцна?

-Муьлха проблема ю автора хьейириг? (Рицкъан цхьаболчу наха ца деш долу пусар).

-Муха дог-ойла гойту автора шен произведенехь?(Оьг1азе ву автор).

-Исбаьхьаллин суртх1отторан муьлхачу г1ирсех пайдаэцна автора шен произведенехь? (Юх-юха аларш: техбуьйлу).

-Муьлха ойла гойту автора оцу г1ирсаца? (Ша ишттачу адамашна реза ца хилар).

-Исбаьхьаллин суртх1отторан кхин муьлхачу г1ирсех пайдаэцна автора? (Эпитетех«Къиза т1ом», «мокха аре», эг1аза бераш»).

-Х1ун бахьна ду уьш ялор? Х1ун гойту оцу дешнаша? (Къиза,эг1аза, мокха оцу дешнаша гайг1ане болу аг1онаш гойту. Рицкъа доцуш дисинчу адамаша лайна бала к1оргера бовзийта ялийна уьш чулацаме)

-Муьлха дустарш ду?( «Лениградан блокада ца гича санна», «берцан кан цкъа а ца лехьийча санна»).

-Стихотворенин коьрта маь1на муха ду? (Баьпкаца кхоаме хила везар, цуьнан пусар дан дезар).

V.Юьхьанцара чулацамах кхетар таллар.

1.Стихотворении къастош ешар. (Дешархошка д1айоьшуьйту стихотворени).

-Муьлха дог-ойла кхоллало стихотворени ешча?(Оьг1азвахар, резавацар).

-Муьлхачу интонацица еша еза?

VI. Ц1ахь бан болх балар.

1. Стихотворени дагахь 1амор.

2. Хаттаршна жоьпаш кечдар.

3. Ш.А.Арсанукаевн дахаран ,кхоллараллин некъах лаьцна дош кечдар. VII.Жам1 дар. Рефлекси.

-Муха ю шун кху уроках дог-ойла?

-Х1ун ду шу г1айг1ане даьхнарг?

-Вайн ницкъ буй иштта аг1онаш нисбан? Муха? (Х1ораммо ша-ша рицкъан пусардича, нислур ду).

Нохчийн  мотт «Urok95ru» . 5 класс(Хасарова Х.Ш)

 в кадре:

— Де дика хуьлда шун!  Дала беркате дойла таханлера вайн

цхьанакхетар. 

-Вайн литературехь дашо агIонаш хилла йаха йисина йаздархойн поэзи. Поэзехь уггаре а коьрта берг поэтан кхоллам бу, талламаш ца оьшуш бакъдерг ду иза. Иштта Арсанукаев Шайхин  кхоллараллехь а коьртаниг, йоккха меттиг йерг а йу поэзи, лирически поэзи. Тахана вай дуьйцур ду Арсанукаев Шайхин дахарх а, кхоллараллех а лаьцна. Иштта цуьнан «Баьпкан йуьхк»стихотворени йийцаре а йийр йу вай. 

Слайд:

        (I930 – 20I2)

АрсанукаевгIеран Iабдулмуслиман Шайхи 

                                                «Ма ала кура ву, айбича корта –

                                       Башлаьмнийн баххьашка

                                               Хьежна ву со.

                                        Цундела лууш ву

                                        Лакхене гIорта —

                                       Лакхенехь дахаран

                                        Сийлалла го.»  Арсанукаев Ш.А.

в кадре:

— Халкъан поэт Арсанукаев Шайхи дика вевзаш ву вайн махкахь. 60-чу шерашкахь хаза доладелира нохчийн поэзехь къоначу поэтан аз.                            -ХIетахь дуьйна шен чулацамца шорлуш, поэтически говзаллица хазлуш, вайн деношка схьа догIуш ду и аз.

слайд:

Арсанукаев Шайхи вина Дишни-Веданахь I930-чу шарахь хьуьнан белхахочун доьзалехь. Школехь дешначул тIаьхьа цо чекхйоккху Семипалатинскехь финансови техникум, ткъа I968-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институт. Белхаш бина финансови органашкахь, районерчу газетан редакцехь, Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь, «Орга» журналехь.
-Шайхин поэзе болу безам гучубала болабелира иза школехь доьшуш волуш. -Дуьххьарлера стихотворени зорбатоьхна I959-чу шарахь. ХIетахь дуьйна газетийн агIонаш тIехь а, «Орга» альманах журналехь а, гуларш тIехь а зорбане йевлла цуьнан стихаш.
-Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь арахецна Арсанукаевн стихийн, поэмийн книгаш: «Лаьмнашкахь Iуьйре» (I965), «Безаман шовда» (I967), «ЦIеран суй» (I969), «Новкъахь» (I970), «Керла де» (I980), «Кхолламан сизаш» (I987), «Лаьмнийн иллеш» (I99I) и. дI. кх. а.

в кадре:

 Арсанукаев Шайхи нохчийн поэзе шен корматалла а, говза дош долуш а веара. Цуьнан корматалла кхиъна нохчийн классикийн С. Бадуевн, М. Мамакаевн, I. Мамакаевн поэзи тIехь.
-Даймехкан сий дар, цуьнан дуьхьа шен вахар, са дIадала кийча хилар – иза ду цуьнан поэзехь къеггина гуш дерг. Цуьнан кхоллараллехь уггар хьалха хаалуш дерг – иза цуьнан къинхетаме а, адамашка а, Iаламе а болчу безамах дуьзна долу дог ду.

— Арсанукаев Шайхи поэт-интернационалист, гуманист ву. ТIамна а, къизаллина а дуьхьал гIотту поэт шен стихашкахь. Шен кхиарехь лаккхарчу тIегIан тIе хьалайаьлла цуьнан  поэзи .

слайд:

ХIинцалерчу нохчийн литературехь бакъйолчу поэзин цхьа агIо йу Арсанукаев Шайхин кхолларалла. Шатайпа атта адамийн дегнашка кхочуш, шайца лаккхара исбаьхьаллин аьхналла йолуш, йоьшучуьнан кIорггера синхаамаш меттахбохуш, дахаран ойла йойтуш йу цуьнан произведенеш.

в кадре:

— Тахана   шуна  йовзуьйтур  йу     » Баьпкан йуьхк «  цIе  йолу цуьнан  стихотворени.

— Шена гонахарчу дахарца, дуьненца поэтан йолу йукъаметтигаш го вайна лирически стихашкахь. Iаламехь йа адамийн дахарехь шена гуш долчо меттах боху поэтан синхаамаш, ойланаш, тIаккха кхоллало лирически стихотворени билггалйолчу  интонацица. Арсанукаев Шайхин «Баьпкан йуьхк» цIе йолу стихотворени иштта дIайолалуш йу:

Слайд:

Баьпкан йуьхк Iуьллу.
Дийнна баьпкан йуьхк.
Iуьллу и новкъахь,
Iуьллу дIасалелачу адамийн
когаш кIел!

в кадре: Кхузахь поэтан бIаьрг тIехIоьттина лаьттахь, адамаш дIасалелачохь, когаш кIел Iуьллучу баьпкан йуьхкана. Лаьттахь Iуьллу баьпкан йуьхк а, и тергал ца йеш, ца гуш санна, цунна тIехдуьйлу адамаш а. И сурт поэтана Iаьткъина. Цуьнан синтем байна, дог карзахдаьлла:

Слайд

ТIехбуьйлу…
ТIехбуьйлу –
ца гуш санна,
ТIехбуьйлу –
бен доцуш.
ТIехбуьйлу –
ойла ца йеш.
ТIехбуьйлу –
шайн модни мачашца
кхоамза,
дахаран цуьрг а хьоьшуш!
ТIехбуьйлу….

в кадре: Оцу суьрто инзарваьккхинчу поэтана карладолу хьалха хилларг, адамо хьалха лайнарг. ХIинца шена гуш дерг оцу хьалхалерчуьнца ойланехь дуьстича, кхин а чIогIа тохало поэтан дог, карзахбовлу синхаамаш, дулало аз. Иза гучудолу йухааларш далорца а, айдаран хьаьркаш хIитторца а, дукхатIадамаш дахкарца а.

Слайд

ТIехбуьйлу –
Ленинградан блокада
Цкъа а ца хилча санна.
Т
Iехбуьйлу –
къизачу тIеман
бIаьстенан йуьххьехь,
мокхачу арахь,
шийлачу мохо лоькхучу
эгIазчу бераша
ах дешначу лайн кIелхьара
берцан кан
цкъа а ца лехьийча санна!

в кадре: Кхузахь поэтан дог-ойла, синхьегам шаьш кхиарехь лакхарчу тIегIане кхаьчна. Цул тIаьхьа цецвийлар, тамаш бар лах а лой, шена гинчун хьокъехь паргIат ойлайаре волу иза. Стихотворени йерзош и шайца дIайолайелла дешнаш делахь а, хIинца церан маьIна кхин ду, иза хаало интонацехь. Хьалха айдаран хьаьрк хIоттийначохь хIинца дукхатIадамаш дехкина поэта:

Слайд

Баьпкан йуьхк Iуьллу.
Дийнна баьпкан йуьхк!
Iуьллу и новкахь.
Iуьллу дIасалелачу адамийн
Когаш кIел…

в кадре: -Поэтан доггах кхоьллинчу исбаьхьаллин васто вайн синхаамаш а карзахбоху, дог Iавжадо, ойланашка доху.

Слайд

Петербургах хьалха Ленинград олура. Оцу гIалина йина блокада  йу стихотворенехь хьахийнарг. Фашистийн Германис , I942-I943-чуй шерашкахь Ленинградана го а лаьцна. Цу чохь  беха маьрша нах мацалла балийта, и ГIала шайн карайерзо хIоттийна мацалла  йу йуьйцург. Ткъа иштта вайн къам махкахдаьккхинчу хенахь,          мацалла ца дала, бераша лайн кIелара  лехьош хилла  берцан кенаш а хьахийна  поэта шен стихотворенехь.

Слайд

I. Цуьрг-крошка,

2. Баьпкан йуьхк- кусок хлеба,

3. ЭгIаза  бераш- хилые, худые дети.

в кадре: -Арсанукаев Шайхин кхоллараллин лаккхара мах хадош, I980-чу шарахь поэтана «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культуран хьакъволу белхахо» цIе йелла, I989-чу шарахь – Нохч-ГIалгIайн АССР-н Халкъан поэт, 2005-чу шарахь – Нохчийн Республикин Сийлахь Гражданин аьлла цIе а йелла.  «Къаьмнийн доттагIалла» орден а, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал а йара поэтан.

-Хьоме  бераш, тахана  вайна девзи башхачу поэтан Арсанукаев Шайхин дахар  а , кхолларалла  а.  Йийцаре   йи   цуьнан  поэзин башхаллаш а.

-Дийцаре  ди цо шен произведенехь ненан  матте  безам мел кIорггера маьIна долуш гайтина. ХIун хир ду цул деза,  цул сийлахь! Кхузахь ала догIу Арсанукаев Шайхин  «Ненан мотт» стихотворени  йукъара дешнаш:

Слайд

Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, – хьо цхьалха ву!

в кадре: -Къоман са ду мотт, цуьнах  доьзна ду  вайн дахар. Шен  мотт  а, халкъ  а  дезаш  кхане кхуьийла  вайн махкахь!

Iодика йойла  шун, марша  Iойла!

2-гIа  дакъа.

       Хаарш –зер (тренажер)

  (нийсаниг харжа)

I. « Баьпкан йуьхк»  стихотворени  тIехь йуьйцу:

а) Мацалла.                      б) Ирсе дахар.

в) Къизалла                      г) Бахаман шорто.

2.Шуна хетарехь  стенна сагатдо поэто?

а)эгIазчу берашна

б) дIасалелачу адамашна

в)баьпкан йуьхк хьешарна

г)  шелваларна

3.Цуьнан произведенийн, сборникийн цIераш  билгалйаха.

а)«Сан некъан кехат»,«Орган тIехь сатесна»,«Ненаца дина къамел», «Хаьржинарш» ,«Со вухавогIур ву», «ТIулгаша а дуьйцу» . 

б)«Абубешар», «Дурдий, Даргий», «ГIирмсолтас йаьккхина са», «ДIа – коч, схьа – коч», «Хингал»  , «Совдаттий, Дауддий», «Бож-Iела», «Лийрбоцурш».

в)«Гила», «ТIамна дуьхьал», «Безаман эшарш» ,«Велларг денвар»,«Даймехкан зIаьнарш» , «Дагчуьра суйнаш» , «Йовш йоцу цIе» ,«Бакъдерг», «Лаьттан бос» , «Сирла суьйре».

г)«Лаьмнашкахь Iуьйре»,  «Безаман шовда», « ЦIеран суй» ,Стихаш, поэма.   
«Новкъахь». Стихаш, поэма  «Сийна некъаш». Стихаш, драматически поэма .
«Лакхенан гIиллакх» Стихаш, драматически поэма
«Тешам». Поэмаш.  «Керла де». Стихаш, поэма.  .
«Ушармин Ших». Драматически поэма. 
«Кхолламан сизаш». Стихашкахь роман
«Лаьмнийн иллеш». Стихаш, драматически поэма .
«Сийна гене» Стихаш, поэмаш, драма. «Хьалхара том» 
«Уьш хийца тарлуш дац» Стихаш, драма-легенда, поэма, стихашкахь роман, гочдарш. ШолгIа том.  .

Слайд 1
Схьайиллина урок

Хьехархо: Нашаева Х.Х.
МБОУ «СОШ № 7»

Схьайиллина урок Хьехархо: Нашаева Х.Х.МБОУ «СОШ № 7»


Слайд 2
Ахмадов 1.
«Баьпкан юьхк»

Ахмадов 1.«Баьпкан юьхк»


Слайд 3
Де беркате дог1ийла!
Шуьга ду маршалла
Хьомсара дешархой.
Дехийла,ирс хуьлда,
Ховшалаш шу охьа
Могуш-маьрша шу

гар-
Дийнан беркат ду.
1илмане шу кхийдар-
Мах боцу совг1ат.

Де беркате дог1ийла!Шуьга ду маршаллаХьомсара дешархой.Дехийла,ирс хуьлда,Ховшалаш шу охьаМогуш-маьрша шу гар-Дийнан


Слайд 4
Урокан 1алашо:
«Баьпкан юьхк» ц1е йолу дийцар довзийтар. Нийса а

, кхеташ а , шера а дийцаран текст еша 1амор. Къизачу т1ам т1ехь адамаш лайна бала бовзийтар, къаьмнашна юкъахь хилла барт, доттаг1алла берашка д1акхачор. Къамелан говзалла, ойлаяр , тидамбар кхиор; матте болу безам алсамбаккхар.

Урокан 1алашо: «Баьпкан юьхк» ц1е йолу дийцар довзийтар. Нийса а ,


Слайд 5
Мах хадор
10-12 б — «5»
8-9 б — «4»
6-7

б- «3»
Мах хадор10-12 б - «5»8-9   б - «4»6-7   б-  «3»


Слайд 6
тест
1.Сайхан 1уьллуш вара…
а) ц1ахь
б)госпиталехь
в)окопи чохь
2.Сайхан вара г1араваьлла …
а)пулеметчик
б)б1аьхо
в)иччархо
3.Иччархочо к1елхьараваьккхинарг …

а)Максим
б)Митя
в)Толя
4.Сайханан хьуламе меттиг яра ….
а)кхура т1ехь
б)акхтарг т1ехь
в) попа т1ехь
5.Муьлхачу хи йистехь яра т1еман аре?
а)Дон
б)Терек
в)Днепр

1.Муьлхачу т1амехь дакъа лоцуш вара Сайхан?
а)Граждански
б) Сийлахьа Даймехкан т1ом
2.Митин лазийнарг ….
а) ког бара
б) куьг дара
в) белш яра
3.Сайханаца палати чохь вара …
а)Андрей
б)Рашид
в)Анатолий
4.Коьллаш юккъехь Сайханна хааелларг…
а)цициг
б)пхьагал
в)бер
5)Муха к1ант ву Сайхан?
а) к1илло
б)майра
в) ямарт
тест1.Сайхан 1уьллуш вара…а) ц1ахьб)госпиталехьв)окопи чохь2.Сайхан вара г1араваьлла …а)пулеметчикб)б1аьхов)иччархо3.Иччархочо к1елхьараваьккхинарг … а)Максимб)Митяв)Толя4.Сайханан


Слайд 7
кеп
1.Сайхан 1уьллуш вара…
а) ц1ахь
б)госпиталехь
в)окопи чохь
2.Сайхан вара г1араваьлла …
а)пулеметчик
б)б1аьхо
в)иччархо
3.Иччархочо к1елхьараваьккхинарг …

а)Максим
б)Митя
в)Толя
4.Сайханан хьуламе меттиг яра ….
а)кхура т1ехь
б)акхтарг т1ехь
в) попа т1ехь
5.Муьлхачу хи йистехь яра т1еман аре?
а)Терк
б)Днепр
в)Дон

1.Муьлхачу т1амехь дакъа лоцуш вара Сайхан?
а)Граждански
б) Сийлахьа Даймехкан т1ом
2.Митин лазийнарг ….
а) ког бара
б) куьг дара
в) белш яра
3.Сайханаца палати чохь вара …
а)Андрей
б)Рашид
в)Анатолий
4.Коьллаш юккъехь Сайханна хааелларг…
а)цициг
б)пхьагал
в)бер
5)Муха к1ант ву Сайхан?
а) к1илло
б)майра
в) ямарт

кеп1.Сайхан 1уьллуш вара…а) ц1ахьб)госпиталехьв)окопи чохь2.Сайхан вара г1араваьлла …а)пулеметчикб)б1аьхов)иччархо3.Иччархочо к1елхьараваьккхинарг … а)Максимб)Митяв)Толя4.Сайханан


Слайд 8
«Баьпкан юьхк».

«Баьпкан юьхк».


Слайд 9
«Баьпкан юьхк» Арснукаев Ш.
Баьпкан юьхк 1уьллу,
Дийнна баьпкан юьхк.
1уьллу и новкъахь,
1уьллу

д1асалелачу адамийн
Когаш к1ел!
Т1ехбуьйлу,
Т1ехбуьйлу-
Ца гуш санна,
Т1ехбуьйлу ,
Бен доцуш,
Т1ехбуьйлу –
Ойла ца еш ,
Т1ехбуьйлу –
Шайн модни мачашца
Кхоамза
Дахаран цуьрг а хьоьшуш!
Т1ехбуьйлу….

«Баьпкан юьхк» Арснукаев Ш.Баьпкан юьхк 1уьллу,Дийнна баьпкан юьхк.1уьллу и новкъахь,1уьллу д1асалелачу


Слайд 10
Т1еман аре

Т1еман аре


Слайд 11
Йийсаре лаьцна салтий

Йийсаре лаьцна салтий


Слайд 12
Доттаг1а

Доттаг1а


Слайд 13


Слайд 14
Баьпкан юьхк

Баьпкан юьхк


Слайд 15
Б1аьхо

Б1аьхо


Слайд 16
обоз

обоз


Слайд 17
Синонимаш Антонимаш
доттаг1а-накъост,
хама-пусар,ларам,
бепиг-кхаллар,
майра-кхерамбоцуш,
оьзда -г1иллакхе,
топ-мажар.

т1ом-машар,
йоккха-жима,
майра-к1илло,
ц1ена дог-дог1аьржа.

Синонимаш     Антонимашдоттаг1а-накъост,хама-пусар,ларам,бепиг-кхаллар,майра-кхерамбоцуш,оьзда -г1иллакхе,топ-мажар.т1ом-машар,йоккха-жима,майра-к1илло,ц1ена дог-дог1аьржа.


Слайд 18
Тобанашкахь болх
1 тоба- « Шек а ма вала хьо,1ожалла-м вайшиммо

эшор ю хьуна,-элира соьга доттаг1чо». Муха кхета шу цу дешнех,Х1ун ала г1ертара Федор Максимович? Х1ун адмаллин амалш гойту вайна оьрсичо кхузахь?

2 тоба- « Доттаг1аллин ницкъ 1ожаллел туьйлира….»
И бохург х1ун ду? Муха кхета шу ?

3 тоба- « Х1етахь дуьйна ас даима а хам бо ялтин».
Шу муха кхета цуьнах? Х1унда бан беза ялтин хама?
Тобанашкахь болх1 тоба- « Шек а ма вала хьо,1ожалла-м вайшиммо эшор


Слайд 19
Алсам дешнаш кхолла
Доттаг1алла -(да,г1а,г1ала,ло,г1атта,дог1а,латта,лата,олла,аг1о,
атта,ата,до,талла)

Комаьрша -(ка,маьрша,маршо,шар,шок,орам,кор,ша,мор)

Алсам дешнаш кхоллаДоттаг1алла -(да,г1а,г1ала,ло,г1атта,дог1а,латта,лата,олла,аг1о,атта,ата,до,талла)Комаьрша -(ка,маьрша,маршо,шар,шок,орам,кор,ша,мор)


Слайд 20
Литературни паспорт
Ц1е___________________________________________

Кхоьллинарг____________________________________

Турпалхо _____________________________________

Веха меттиг_________________________________________

Куц-кеп_________________________________________
______________________ _______________________________________________
_______________________ _______________________________________________

Амалш(дика а,вон а)_________________________
_______________________________________________
_ _________________________________________________
Литературни паспортЦ1е___________________________________________


Слайд 21
«Турпалхо лийр вац» З.Сулейманова

«Турпалхо лийр вац» З.Сулейманова


Слайд 22
Рефлекси
Суна хии…
Суна девзи…
Суна халахийти…
Ас дозалла до…

РефлексиСуна хии…Суна девзи…Суна халахийти…Ас дозалла до…


Слайд 23
Ц1ера болх:
аг1о 127-128,еша, сурт дилла шайна дагах кхеттачу дийцаран кийсаках.

Шена

луучо мини-сочинени язйе «Сан дотт1аг1а».

Ц1ера болх:аг1о 127-128,еша, сурт дилла шайна дагах кхеттачу дийцаран кийсаках.Шена луучо мини-сочинени язйе «Сан дотт1аг1а».


Слайд 24
Кицанаш.
Вежарийн безам т1улгал ч1ог1а бу.
Доттаг1а д1атеснарг ша-шен мостаг1 ву.
Доттаг1алло къаьмнаш

ца къестадо .
Генара хиларх ,тешаме доттаг1 ,б1ов санна ч1ог1а ву.
Дикачу доттаг1чуьнца дуьненан йисте а кхача хала дац.
Эзар доттаг1а верг ваьлла ,эзир сту-етт берг велла.

Кицанаш.Вежарийн безам т1улгал ч1ог1а бу.Доттаг1а д1атеснарг ша-шен мостаг1 ву.Доттаг1алло къаьмнаш ца


Слайд 25
Баркалла!

Баркалла!


  • Главная
  • Разное
  • Образование
  • Спорт
  • Естествознание
  • Природоведение
  • Религиоведение
  • Французский язык
  • Черчение
  • Английский язык
  • Астрономия
  • Алгебра
  • Биология
  • География
  • Геометрия
  • Детские презентации
  • Информатика
  • История
  • Литература
  • Математика
  • Музыка
  • МХК
  • Немецкий язык
  • ОБЖ
  • Обществознание
  • Окружающий мир
  • Педагогика
  • Русский язык
  • Технология
  • Физика
  • Философия
  • Химия
  • Шаблоны, фоны, картинки для презентаций
  • Экология
  • Экономика

Презентация, доклад по чеченской литературе Баьпкан юьхк.

Содержание

  • 1.

    Презентация по чеченской литературе Баьпкан юьхк.

  • 2.

    Догдаийтаран мур.

  • 3.

    Арсанукъин 1абдулмуслиман Шайхи (1930-2012ш)

  • 4.

    Слайд 4

  • 5.

    Арсанукаев Шайхи Абдулмуслимович

  • 6.

    «…Синтем боцу дог сан кийрахьДетталуш мел ду.Даймахкана г1уллакх дан аДаима кийча ву…»

  • 7.

    Слайд 7

  • 8.

    ЭхI, маржа-яI, Латта,ХIун хили техьа ?Со

  • 9.

    Слайд 9

  • 10.

    Ш.Арсанукаевн «Баьпкан юьхк»

  • 11.

    Баьпкан юьхк 1уьллу.

  • 12.

    Т1ехбуьйлу, Т1ехбуьйлу – Ца гуш

  • 13.

    Шайн модни мачашцаКхоамзаДахаран

  • 14.

    Ленинградан блокада.

  • 15.

    Слайд 15

  • 16.

    Къизачу т1еман Б1аьстенан юьххьехь,

  • 17.

    Слайд 17

  • 18.

    Баьпках юьхк 1уьллу.Дийнна баьпкан юьхк!1уьллу и новкъахь.1уьллу д1асалелачу адамийнКогаш к1ел…

  • 19.

    Сада1аран миноташЯздеш, доьшуш г1елделча,Айдеш куьйгаш ластадо.Хьалаг1овтту, д1асахьовсу,Делалой тхо охьаховшу.

  • 20.

    Кан — колос

  • 21.

    Слайд 21

  • 22.

    Эпитет лаха.

  • 23.

    Слайд 23

  • 24.

    Ц1ахь бан болх.

  • 25.

    Рефлекси

Догдаийтаран мур. Б1аьстенан беш хаамаш, З1ийдиг хийци 1аламо. Шен з1аьнаршца йовхо луш, Дуьне дохди цу малхо. Ткъа вай сихха гуллур ду, Хаарийн кад бузур бу.

Слайд 118 мартехь
Классехь бина болх.
Ш.Арсанукаевн байт
«Баьпкан юьхк»

18 мартехь Классехь бина болх.Ш.Арсанукаевн байт «Баьпкан юьхк»


Слайд 2 Догдаийтаран мур.

Б1аьстенан беш хаамаш,
З1ийдиг хийци

1аламо.
Шен з1аьнаршца йовхо луш,
Дуьне дохди цу малхо.
Ткъа вай сихха гуллур ду,
Хаарийн кад бузур бу.

Догдаийтаран мур.   Б1аьстенан беш хаамаш, З1ийдиг хийци 1аламо. Шен з1аьнаршца йовхо луш,


Слайд 3

Арсанукъин 1абдулмуслиман Шайхи

(1930-2012ш)

Арсанукъин 1абдулмуслиман Шайхи      (1930-2012ш)


Слайд 5Арсанукаев Шайхи Абдулмуслимович

Арсанукаев Шайхи Абдулмуслимович


Слайд 6

«…Синтем боцу дог сан кийрахь
Детталуш мел ду.
Даймахкана г1уллакх дан а
Даима кийча

ву…»

«…Синтем боцу дог сан кийрахьДетталуш мел ду.Даймахкана г1уллакх дан аДаима кийча ву…»


Слайд 8

ЭхI, маржа-яI, Латта,
ХIун хили техьа ?
Со орцах вер ву-кх, хьо
Дега

ма дехьа…
(Ш.Арсанукаев «Мохкбегор»)

ЭхI, маржа-яI, Латта,ХIун хили техьа ?Со орцах вер ву-кх, хьоДега ма дехьа…  (Ш.Арсанукаев «Мохкбегор»)


Слайд 11
Баьпкан юьхк 1уьллу.
Дийнна баьпкан юьхк.
1уьллу и новкъахь.
1уьллу

д1асалелачу адамийн
Когаш к1ел!

Баьпкан юьхк 1уьллу.  Дийнна баьпкан юьхк. 1уьллу и новкъахь. 1уьллу д1асалелачу адамийн


Слайд 12
Т1ехбуьйлу,
Т1ехбуьйлу –
Ца гуш санна,
Т1ехбуьйлу,
Бен доцуш,
Т1ехбуьйлу –
Ойла ца еш,
Т1ехбуьйлу –

Т1ехбуьйлу, Т1ехбуьйлу – Ца гуш санна, Т1ехбуьйлу, Бен доцуш, Т1ехбуьйлу – Ойла ца еш, Т1ехбуьйлу


Слайд 13
Шайн модни мачашца
Кхоамза
Дахаран цуьрг а хьоьшуш!
Т1ехбуьйлу…
Т1ехбуьйлу –

Ленинградан блокада
Цкъа а ца хилча санна.
Т1ехбуьйлу –

Шайн модни мачашцаКхоамзаДахаран цуьрг а хьоьшуш!Т1ехбуьйлу…Т1ехбуьйлу – Ленинградан блокадаЦкъа а ца хилча санна.Т1ехбуьйлу


Слайд 16
Къизачу т1еман
Б1аьстенан юьххьехь,
Шийлачу мохо лоькхучу
Мокхачу арахь,
Эг1азчу бераша
Ахдешначу

лай к1елара
Берцан кан
Цкъа а ца лехьийча санна.

Къизачу т1еман Б1аьстенан юьххьехь, Шийлачу мохо лоькхучу  Мокхачу арахь, Эг1азчу бераша Ахдешначу лай


Слайд 18
Баьпках юьхк 1уьллу.
Дийнна баьпкан юьхк!
1уьллу и новкъахь.
1уьллу д1асалелачу адамийн
Когаш к1ел…

Баьпках юьхк 1уьллу.Дийнна баьпкан юьхк!1уьллу и новкъахь.1уьллу д1асалелачу адамийнКогаш к1ел…


Слайд 19Сада1аран миноташ

Яздеш, доьшуш г1елделча,
Айдеш куьйгаш ластадо.
Хьалаг1овтту, д1асахьовсу,
Делалой тхо охьаховшу.

Сада1аран миноташЯздеш, доьшуш г1елделча,Айдеш куьйгаш ластадо.Хьалаг1овтту, д1асахьовсу,Делалой тхо охьаховшу.


Слайд 22 Эпитет лаха.

Мокхачу арахь,
Эг1азчу бераша.

Эпитет лаха.          Мокхачу


Слайд 23 Жам1.
-Стенах лаьцна

дийцира вай тахана?
-Керла х1ун девзира вайна?
-Х1ун ойла кхаллаелира шун байт ешначул т1аьхьа?
-Шу дахалур дарий баьпкан т1ехула когаш а тоьхна д1а?

Жам1.-Стенах лаьцна дийцира вай тахана?-Керла х1ун девзира вайна?-Х1ун


Слайд 24 Ц1ахь бан болх.

1.Байт дагахь 1амае.
2.Сурт дилла цу байт т1е а доьг1на.

Ц1ахь бан болх.     1.Байт дагахь 1амае.   2.Сурт


Астамирова А.А.

Арсанукаев Ш. «Баьпкан юьхк»

Хьехархо: Астамирова А.А.

  1. Класс: 5.

  2. Терахь: 04.02.2022 ш.

  3. Предмет: нохчийн литература.

  4. Урокан тема: Арсанукаев Ш. «Баьпкан юьхк» стихотворени.

  5. Урокан тайпа: къамел кхиоран урок.

  6. Урокан кеп: тобанашкахь болх; шишшамо цхьаьна бен болх.

  7. Урокан г1ирс: учебник, ручка, тетрадь, компьютер.

  8. УМК: Эдилов С.Э.

  • Планируемые результаты (х1оттаман хилам)

  • Предметни (Кхеторан): Дешархойн хаарш зер. 1амийнарг карладаккхар.

  • Метапредметни (Кхиоран 1алашо): Арсанукаев Шайхин кхоллараллах хаамаш бар. «Баьпкан юьхк» стихотворени йовзийтар.

  • Личностни (Кхетош — кхиоран 1алашо): г1иллакх-оьздангаллица кхетош-кхиор.

Урок д1аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.

Маршалла хаттар.

Урокана оьшу г1ирс кечбар.

Класса чохь верг-воцург билгал а воккхуш, журнал т1ехь болх бар.

  1. Актуализаци.

  • Ц1ахь 1амийнраг билгалдаккхар.

  • Дешархошка хаттарш:

  • «Баьпкан чкъуьйриг» дийцаран х1ун маь1на ду? Шайн жоп масалшца т1еч1аг1де.

  • Дийцаран сюжет дагалаца. Дийцарехь кхин сюжетни дакъош дуй?

  • Х1ара дийцар иштта чакхдер ду аьлла, тешна дарий шу? Цуьнан чекхдаларехь башханиг х1ун ду?

  1. Керланиг довзийтар.

1. Хьехархочун дош.

Арсанукаев Шайхи вина 1930 шеран 15 августехь Дишни-Веданахь хьуьнан белхахочун Iабдулмуслиман доьзалехь. Исбаьхчу Iаламехь дIадахна поэтан бералла. Схьахетарехь, хIетахь кIентан даг чу йижина Iаламан аьхналла хир ю цуьнан кхоллараллехь исбаьхьчу поэтически сурташкахь вайна гуш ерг.

Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIантий дешийта лууш хилла. Дика доьшуш юьртара школа чекхъяьккхина Шайхис. 1944 шарахь нохчийн халкъ махках даьккхича, Казахстанан Семипалатински областерчу Новопокровски районе кхаьчна АрсанукаевгIеран доьзал. Кхузахь юккъера школа чекхъяьккхина хинволчу поэта. Цул тIаьхьа 1949 шарахь Семипалатински финансийн техникуме деша воьду Арсанукаев Шайхи. Иза 1952 шарахь чекх а яьккхина, даймахка Нохчийчу цIаверззалц Казахстанехь финансийн органашкахь болх бина. ШайхигIеран доьзал шайн юьрта Дишни-Ведана цIа баьхкина 1958-чу шарахь. Арсанукаев Шайхи Веданан районан финансови отделан куьйгалхо вохуьйту. Амма школехь волуш дуьйна стихаш язъеш волу Шайхи шен дахар финансийн органашца доьзна Iа лууш вацара. Цо заочно доьшуш чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан нохчийн моттий, литературий, оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш йолу филологин факультетан отделени.

Поэтан дуьххьарлера книга араяьлла 1965 шарахь. «Лаьмнашкахь Iуьйре» цIе а йолуш, поэзин гулар яра иза. Цу тIехь зорбатоьхнера авторан дуьххьарчарах йолу стихашший, поэмий. Гуш дара къоман литературе шен некъ, кхоллараллин хатI лохуш волу, поэтически корматалла йолу автор веъна хилар. Хье ца луш исбаьхьаллин лакхенашка кхечира поэт. ХIетахь дуьйна ши-кхо шо моссаз дели керла книгаш арайийлина Арсанукаев Шайхин. Царах ю «Безаман шовда». Стихаш (1967), «ЦIеран суй». Стихаш, поэма (1969), «Новкъахь». Стихаш, поэма (1970), «Сийна некъаш».

1965 шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакторан заместитель хIоттаво Арсанукаев Шайхи. Оцу даржехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа иза Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон редакторан балха схьавалийна. Издательствехь кхиамца болх беш волу Арсанукаев Шайхи 1973 шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо арахоьцучу «Орга» альманахан коьрта редактор хIоттийна. Цул тIаьхьа, 1986 шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина. Цхьайтта шарахь бина цо и хала а, жоьпаллин а болх. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент лаьттина.

Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь.

  1. «Баьпкан юьхк» стихотворени ешар, йийцаре яр.

Хьалха, ширачу заманахь, ввайн дайша тускарш чохь гихь латта а кхоьхьуш, ламанан басешца бошмаш юг1уш, оцу верта т1е тассал бен йоцчу к1айдаргаш т1ехь ялта кхио г1ерташ, мел къахьегна. Доккха дог1а деача, 1овраша оцу наха оццул хала кхиийна ялта а цхьаьна, латта такхадой д1а а хьой, басе ч1анайоккхуш хилла. Ткъа дог1анаш а доцуш, екъа аьхке еача, дерриг ялта х1аллак а хуьлий, мацаллина бала хьоьгура наха.

Тахана а ган тарло вайна нехаш д1акхийсинчу меттехь 1охку дийнна баьпкаш, батонаш, кхидолу сурсаташ. Далла хьалха а къилахь ду и тайпа х1ума шегара далийтар. Бепиг д1а муха кхуссур ду? Казахстанехь, Г1ирг1изойн махкахь шаьш лайна мацалла дага а йог1ий, баккхийчу наха олуш хеза вайна нехаш юккъе д1акхийсина баьпкаш дайча: «Х1етахь-м д1акхуссур дацара хьуна хьо цхьаммо а. Аренашца к1ен буьртигаш а лехьош лелла адамаш, мацалла ца дала г1ерташ».

  1. Хьехархочо йоьшу «Баьпкан юьхк» стихотворени.

  1. Т1еч1аг1дар.

  • Дешархошка йоьшуьйту стихотворени.

  • Хаттаршна жоьпаш ло:

  • Х1ун ду стихотворенин т1ехь дуьйцург? (Когаш к1ел, ченала д1акхоьссина бапькан юьк ю юьйцург, цунна т1ехбуьйлу нах, иза шайна ца гуш санна)

  • Х1ун ойла кхоллаялийти шун дегнашкахь стихотворенин мог1анаша?

  • Х1ун ду шун дагах хьакхаделларг?

  • Х1ун кеп ю стихотворенин? (Монолог-кхайкхам)

  • Хьенан ц1арх д1ахьош бу хаамаш? Х1ун гойту цо?

  • Шун хьесапехь, муха юьхь-сибат долуш стаг ву лирически турпалхо?

  • Муха хир ю кху стихотворенин тема? (Тема – баьпкан юьхк)

  • Муха ду стихотворенин коьрта маь1на? (Баьпкаца кхоаме хила везар, цуьнан пусар дан дезар)

  1. Урокан жам1 дар.

  • Дешархоша 1амийнарг кхочушдинарг билгалдаккхар.

  • Дешархоша бинчу белхан мах хадор.

  1. Ц1ахь:

  1. Стихотворени дагахь 1амае.

  2. Хаттаршна жоьпаш кечде.

  1. Рефлекси.

  • Бепиг дашна синквейн х1оттор.

  1. Бепиг.

  2. К1айн, токхе.

  3. Кхиадо, къахьоьгу, кхобу.

  4. Нанас мерза бепиг дотту.

  5. Кхаллар.

  1. Бепиг.

  2. 1аьржа, керла.

  3. Дотту, самукъадоккху, кхобу.

  4. Бераш, 1алашде бепиг!

  5. Хьокхам.

  • Суна атта хеттарг…

  • Суна хала хеттарг…

  • Суна хиира

Ахмадов 1. «Баьпкан юьхк»

Ахмадов 1. «Баьпкан юьхк»

Ахмадов 1.

«Баьпкан юьхк»

Якубова Зульфия Темировна

Де беркате дог1ийла! Шуьга ду маршалла

Де беркате дог1ийла! Шуьга ду маршалла

Де беркате дог1ийла!

Шуьга ду маршалла
Хьомсара дешархой.
Дехийла,ирс хуьлда,
Ховшалаш шу охьа
Могуш-маьрша шу гар-
Дийнан беркат ду.
1илмане шу кхийдар-
Мах боцу совг1ат.

Окопи чохь

Окопи чохь

Окопи чохь

Презентация к уроку чеченская литература 4 класс «Баьпкан юьхк»

Презентация к уроку чеченская литература 4 класс "Баьпкан юьхк"

Презентация к уроку чеченская литература 4 класс «Баьпкан юьхк»

Презентация к уроку чеченская литература 4 класс "Баьпкан юьхк"

Презентация к уроку чеченская литература 4 класс «Баьпкан юьхк»

Презентация к уроку чеченская литература 4 класс "Баьпкан юьхк"

Презентация к уроку чеченская литература 4 класс «Баьпкан юьхк»

Презентация к уроку чеченская литература 4 класс "Баьпкан юьхк"

«Баьпкан юьхк».

«Баьпкан юьхк».

«Баьпкан юьхк».

Т1еман аре

Т1еман аре

Т1еман аре

Йийсаре лаьцна салтий

Йийсаре лаьцна салтий

Йийсаре лаьцна салтий

Доттаг1а

Доттаг1а

Доттаг1а

Презентация к уроку чеченская литература 4 класс «Баьпкан юьхк»

Презентация к уроку чеченская литература 4 класс "Баьпкан юьхк"

Баьпкан юьхк

Баьпкан юьхк

Баьпкан юьхк

Б1аьхо

Б1аьхо

Б1аьхо

обоз

обоз

обоз

Синонимаш Антонимаш доттаг1а-накъост, хама-пусар,ларам, бепиг-кхаллар, майра-кхерамбоцуш, оьзда -г1иллакхе, топ-мажар

Синонимаш Антонимаш доттаг1а-накъост, хама-пусар,ларам, бепиг-кхаллар, майра-кхерамбоцуш, оьзда -г1иллакхе, топ-мажар

Синонимаш Антонимаш

доттаг1а-накъост,
хама-пусар,ларам,
бепиг-кхаллар,
майра-кхерамбоцуш,
оьзда -г1иллакхе,
топ-мажар.

т1ом-машар,
йоккха-жима,
майра-к1илло,
ц1ена дог-дог1аьржа.

Шек а ма вала хьо,1ожалла-м вайшиммо эшор ю хьуна,-элира соьга доттаг1чо»

Шек а ма вала хьо,1ожалла-м вайшиммо эшор ю хьуна,-элира соьга доттаг1чо»

1. « Шек а ма вала хьо,1ожалла-м вайшиммо эшор ю хьуна,-элира соьга доттаг1чо». Муха кхета шу цу дешнех,Х1ун ала г1ертара Федор Максимович? Х1ун адмаллин амалш гойту вайна оьрсичо кхузахь?
2. « Доттаг1аллин ницкъ 1ожаллел туьйлира….»
И бохург х1ун ду? Муха кхета шу ?
3. « Х1етахь дуьйна ас даима а хам бо ялтин».
Шу муха кхета цуьнах? Х1унда бан беза ялтин хама?

Исма1ил Федор Т1емло Доттаг1ий

Исма1ил Федор Т1емло Доттаг1ий

Исма1ил

Федор

Т1емло
Доттаг1ий
Йийсархой

Чов хилла
Онда
Собаре
Толамца ц1а веана

Дика стаг
Догц1ена
Майра
Оьзда
Т1амехь кхелхина

Рефлекси Суна хии… Суна девзи…

Рефлекси Суна хии… Суна девзи…

Рефлекси

Суна хии…
Суна девзи…
Суна халахийти…
Ас дозалла до…

Кицанаш. Вежарийн безам т1улгал ч1ог1а бу

Кицанаш. Вежарийн безам т1улгал ч1ог1а бу

Кицанаш.

Вежарийн безам т1улгал ч1ог1а бу.
Доттаг1алло къаьмнаш ца къестадо .
Дикачу доттаг1чуьнца дуьненан йисте а кхача хала дац.

Баркалла!

Баркалла!

Баркалла!

Арсанукаев Iабдулла

Арсанукаев Шайхи вина 1930 шеран 15 августехь Дишни-Веданахь хьуьнан белхахочун Iабдулмуслиман доьзалехь. Исбаьхчу Iаламехь дIадахна поэтан бералла. Схьахетарехь, хIетахь кIентан даг чу йижина Iаламан аьхналла хир ю цуьнан кхоллараллехь исбаьхьчу поэтически сурташкахь вайна гуш ерг.

Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIантий дешийта лууш хилла. Дика доьшуш юьртара школа чекхъяьккхина Шайхис. 1944 шарахь нохчийн халкъ махках даьккхича, Казахстанан Семипалатински областерчу Новопокровски районе кхаьчна АрсанукаевгIеран доьзал. Кхузахь юккъера школа чекхъяьккхина хинволчу поэта. Цул тIаьхьа 1949 шарахь Семипалатински финансийн техникуме деша воьду Арсанукаев Шайхи. Иза 1952 шарахь чекх а яьккхина, даймахка Нохчийчу цIаверззалц Казахстанехь финансийн органашкахь болх бина. ШайхигIеран доьзал шайн юьрта Дишни-Ведана цIа баьхкина 1958 шарахь. Арсанукаев Шайхи Веданан районан финансови отделан куьйгалхо вохуьйту. Амма школехь волуш дуьйна стихаш язъеш волу Шайхи шен дахар финансийн органашца доьзна Iа лууш вацара. Цо заочно доьшуш чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан нохчийн моттий, литературий, оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш йолу филологин факультетан отделени. 1965 шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакторан заместитель хIоттаво Арсанукаев Шайхи. Оцу даржехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа иза Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон редакторан балха схьавалийна. Издательствехь кхиамца болх беш волу Арсанукаев Шайхи 1973 шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо арахоьцучу «Орга» альманахан коьрта редактор хIоттийна. Цул тIаьхьа, 1986 шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина. Цхьайтта шарахь бина цо и хала а, жоьпаллин а болх. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент лаьттина.

Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь.

Школе вахале дуьйна а туьйранаш тIехь долу книгаш йоьшуш а, стихийн шатайпа екар хазахеташ, баккхийчара уьш йоьшуш ладегIа лууш хилла жима Шайхи. Стихаш язъян волавелла школехь доьшуш волуш, амма зорба ца тухуьйтуш еххачу хенахь латтийна. Шен яздархочун корматалла гIеххьа кхиъна яллалц зорбане ца елла цо произведенеш. Арсанукаев Шайхин стихаш зорбанехь дуьххьара гучуевлла 1959 шеран юьххьехь. «Ленинан некъ» газета тIехь 18 январехь зорбатоьхна «Кавказ» цIе йолу стихотворени поэтан дуьххьара араевллачу произведенех хилла. Оцу муьрехь «Орга» альманаха тIехь а, республикин газетийн агIонаш тIехь а, юкъарчу сборникаш тIехь а алссам арайилина цуьнан стихотворенеш. Цара гойту волалуш волу поэт исбаьхьаллин дош довза а, цунах говза пайдаэца а Iемаш хилар, шена гонахарчу Iаламе, адамийн дахаре иза леррина хьоьжуш хилар.

Поэтан дуьххьарлера книга араяьлла 1965 шарахь. «Лаьмнашкахь Iуьйре» цIе а йолуш, поэзин гулар яра иза. Цу тIехь зорбатоьхнера авторан дуьххьарчарах йолу стихашший, поэмий. Гуш дара къоман литературе шен некъ, кхоллараллин хатI лохуш волу, поэтически корматалла йолу автор веъна хилар. Хье ца луш исбаьхьаллин лакхенашка кхечира поэт. ХIетахь дуьйна ши-кхо шо моссаз дели керла книгаш арайийлина Арсанукаев Шайхин. Царах ю «Безаман шовда». Стихаш (1967), «ЦIеран суй». Стихаш, поэма (1969), «Новкъахь». Стихаш, поэма (1970), «Сийна некъаш». Стихаш, драматически поэма (1973), «Лакхенан гIиллакх». Стихаш, драматически поэма (1975), «Тешам». Поэмаш (1976), «Керла де». Стихаш, поэма (1980), «Ушармин Ших». Драматически поэма (1982), «Кхолламан сизаш». Стихашкахь роман (1987), «Лаьмнийн иллеш». Стихаш, драматически поэма (1991), «Сийна гене». Стихаш, поэмаш, драма. Хьалхара том (2009), «Уьш хийца тарлуш дац». Стихаш, драма-легенда, поэма, стихашкахь роман, гочдарш. ШолгIа том (2009). Оьрсийн маттахь Соьлжа-ГIалахь а, Москвахь арахецна поэтан книгаш

«Стихи». Грозный (1971), «Вершины». Стихи (1977), «Голубые вершины». Стихи (1981), «Выбор судьбы». Драматическая поэма (1985), «Роща любви». Стихи, поэма (1988), «Преодоление». Стихи, поэма (1989), «На доброй земле». Стихи (1995).

Арсанукаев Шайхис шен цхьана статья тIехь яздина: «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин а санна, нохчийн литературин а коьрта кхо «турпалхо» ву: хьалхара – Адам (Адаман амал, цуьнан ойла, сатийсам, гIиллакх, гIуллакх). ШолгIа – и Адам шена тIехь дехаш долу Латта (Даймохк). КхоалгIа – и Адам шена чохь дехаш йолу Зама. Нохчийн яздархоша – прозаикаша, поэташа, драматургаша – хестош дерг а ду дезаниг, даима а сийлахьниг: Даймохк, Нана, Адамалла, Къинхетам, Къинхьегам, Оьздангалла, Къонахалла, Тешам, ДоттагIалла, Безам».

Оцу мехаллаш тIехь кхиъна ю Арсанукаев Шайхин поэзи. И мехаллаш ю цуьнан кхоллараллехь коьртанаш, цо чIагIйираш.

ХIинцалерчу нохчийн литературехь бакъйолчу поэзин цхьа агIо ю Арсанукаев Шайхин кхолларалла. Шатайпа атта адамийн дегнашка кхочуш, шайца лаккхара исбаьхьаллин аьхналла йолуш, йоьшучуьнан кIорггера синхаамаш меттахбохуш, дахаран ойла йойтуш ю цуьнан произведенеш. ГIалгIайн яздархочо Ведзижев Ахьмада яздина: «Хетарехь, нохчийн поэзехь уггаре а эмоциональни ницкъ болчарах лара еза Арсанукаев Шайхин поэтически произведенеш. Дукха хIуманаш чулоцу поэтан стихаша а, поэмаша а. Цара гойту дахаран массо а агIонаш. Безаман лирика иза хиларх, я даймахках, я винчу юьртах лаьцна язйина иза хиларх, церан коьртаниг ду – адамийн юкъаметтигаш гойтуш хилар, хIора стеган цIена, хьанала ойланаш самайохуш уьш хилар».

Авторан деган йовхо, граждански ойланаш ю Арсанукаев Шайхин стихашкахь. Шен мехкан воI ву цуьнан лирически турпалхо, цунна Iаламат хьоме бу даймохк, иза воккхавеш ду къоман хьалха дIадахнарг а, хIинцалерниг а, цо дозалла до шен махках, дайн къонахаллех:

Лаьмнийн мохк! Курачу къонахийн латта!
Лайначийн моьнаш го хьан некха тIехь.
Иэшам а, иэшар а кхаьчна хьан хьаьтта,
Амма ца лайна ахь осаллин эхь!
(«Винчу лаьмнашкахь»)

Даймохк Iалашбар, дайн гIиллакхаш лардар, нохчийн меттан сийдар тIекхуьучарна тIедуьллу «Весет» стихотворенин турпалхочо а.

Арсанукаев Шайхин лирически турпалхо гIиллакх-оьздангалла кхайкхош, къоман ламасташ чIагIдеш, муьлххачу а вочун хIуманна дуьхьал къийсам латтош ву. Тийналла, синтем ца бевза цунна, даим новкъахь, даим лехамехь, бакъдолчуьнгахьа, нийсонехьа болчу къийсамехь, харцонна дуьхьал ву иза. Нийсо кхайкхайо, нийсо чIагIйо цо:

ХIун хир ду дуьненчохь Нийсонал нийса?
Кхерац и кхерамах, озалац ницкъах,
Харцо цо харцайо, ца кIордош къийса,
ХIилланах Iехалац, я хьегац рицкъах –
ХIун хир ду дуьненчохь Нийсонал нийса?

…………………………………………….

Хастам бу Нийсонна!Ехийла Нийсо!
Халкъашлахь вошалла чIагIдийриг – Нийсо,
Пачхьалкхийн машаран дозанаш – Нийсо,
Адамаллин хьекъалан дозалла – Нийсо.
Хастам бу Нийсонна! Ехийла Нийсо!

Арсанукаев Шайхин «Нийсонна гимн» тIера ю и ши строфа. Гимн лирикин жанран цхьа тайпа ду. Юьхьанца гимн олуш хилла цхьана доккха маьIна долчу хиламна я къаьсттина онда хьуьнар гайтинчу турпалхочун сий деш даьккхинчу иллех. Хьалхалерчу Грецехь цIе яххана болу халкъан турпалхой я шайн деланаш хестош, базбеш, церан сий деш йохуш хилла гимнаш. ТIаьхьо гимн олуш хилла хазахетарна, толам баккхарна я сийлахьчу стеган лерам беш даьккхинчу иллех. ХIХ бIешарахь дуьйна гимн олу къаьмнийн цхьаалла, пачхьалкхан сийлалла кхайкхош лаккхарчу айамца даьхначу иллех а.

Поэташа шаьш сийлахь лоручу, халкъалахь сийлахь долчу хIуманашна а, хиламашна а язйо гимнаш. Арсанукаев Шайхис Нийсонна яьккхина гимн. «Нийсо» боху дош доккхачу элпаца яздина цо. Нийсонна хастам беш ю поэтан гимн. Пачхьалкхийн гIуллакхашкахь, къаьмнашна юккъехь, адамийн юкъаметтигашкахь Нийсо лелаяхь дуьненахь хьарамло хир яц, харцо хир яц, ирсо заздоккхар ду, боху поэта. Нийсо ю дуьненчохь лелаезарг: «Хастам бу Нийсонна! Ехийла Нийсо!»

Арсанукаев Шайхин «Нийсонна гимнан» шен дIахIоттам бу. Дукха яьржина йоцчу пхеамогIанан строфашца язйина гимн. ПхеамогIанан еа строфах лаьтташ ю и. Алссам юхааларш, риторически хаттарш, айдарш ду. Цара поэтан синхаамаш, шовкъаш гучуяхарехь гIуллакх до. Хьалхарчу кхаа строфахь рифмофка абаба ю. ТIаьххьарчу строфахь рифмовка хийцина, кхузахь рифма кхуллуш дерг гимнан коьрта дош «Нийсо» ду, цуьнца чекхйолу строфан пхи а стих. ХIор строфа чIагаран кепехь ю, строфа йолалуш йолу стих иза чекхйолуш юха ялийна. Юха ялош йолчу стихехь ду строфан коьрта маьIна. Оцу поэтически приеман авторан ойла къеггина гучуяккхаран маьIна ду.

Арсанукаев Шайхин поэзин лирически турпалхо къинхетаме ву, цуьнан коьрта амал адамалла ю, гIийлачух къахета цунна, вон деанчунна орцахвала кийча ву, адаман гIайгIа-бала шега схьаэца кийча ву. Масала, стихотворенеш «Ма ойла ца йо вай», «Нагахь хьан гIо оьшуш», «Догдикаллех стихаш», «Ненан доIа», «Исбаьхьчу дуьнене», «Мохкбегор», «Лаьа суна», поэма «Баркалла, адамаш», сонетийн кочар «Адам и дуьне ду, жима планета».

«Мохкбегор» стихотворенин лирически турпалхочуьнга берриге а мехкан, дерриге а лаьттан бала кхочу. Цуьнан дагах кхета махке, Лаьтте беана бохам:

ЦIеххьана кхерийна, лаьттан дегI дегий,
ЭхI, Латта, дийцахьа хиллариг хьайна.
Алахьа,
ХIун цатам хилла хьо дегий?
Я дог хьан лазий-те,
Харцо ца лайна?
Я атом иккхина, мархаш гин гIенах?
Я жима бер гин те къаьстина ненах…?

Иза кхидIа а къинхетамен, кIеда-мерза вистхуьлу бохам беанчу Лаьтте:

Алахьа, хIай Латта,
ХIун гира хьуна:
ДоттагIчо тешнабехк
Бин доттагIчунна?
Я меттахь дIатесна
Шайн нана къена,
СапаргIат баха-те кIентий дIа гена?
Я къона безам гин осалчо Iехош?
Я поэт воллура харц дешнаш лехьош?
Бендоцуш лелачийн гин аьрта яххьаш?

Шайн чулацамца тайп-тайпана долу и дерриг а гIуллакхаш махкана кхераме лору поэта. Къинхетамах дуьзначу даггара боху цуьнан лирически турпалхочо:

ЭхI, маржа яI, Латта, хIун хили техьа?
Со орцах вер ву-кх, хьо дега ма дехьа…

Философски маьIна ду стихотворенин. Поэта цу тIехь дагардинарш адамийн юкъаметтигаш гойту гIуллакхаш ду: нана дIатесна йитар, дестечо мербер човхор, доттагIчо доттагIчунна тешнабехк бар, осалчо шех тешна йоI Iехор, нахаца бенвоцуш хилар, поэта харц дешнаш яздар. ГIиллакх-оьздангаллица, адамаллица ца догIу хIуманаш ду уьш. Нахана юкъара адамаллин юкъаметтигаш талхахь, оьздангаллин ламастех адам юхадалахь дуьненна а бохам хила тарлуш лору поэта, махке ца ладаллал кхераме лору. Атом эккхаран могIарехь далийна поэта и гIиллакх-оьздангалла талхарца доьзна хIуманаш.

Арсанукаев Шайхин уггар евзаш йолу стихотворени ю «Ненан мотт». Ненан маттах лаьцна стихотворенеш нохчийн поэташа дуккха а язйина Шайхисчул хьалха а, тIаьхьа а. Амма массарна а дагах кхеташ Шайхинаг нисъелла. Оцу стихотворенех лаьцна Халкъан яздархочо Бексултанов Мусас аьлла: «Со теша, «Ненан мотт» цIе йолчу Арсанукаевн стихотворенис дуккхаъчу поэташна некъ бихкина хиларх, ненан маттах кхин дика стих язъян йиш а йоцуш». Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленис билгалдаьккхина: «Нохчийн меттан шатайпа шатлакхан илли хилла лаьтта «Ненан мотт» стихотворени тоьар яра Арсанукаев Шайхин цIе даиманна а вайн дегнашкахь йиса».

«Ненан мотт» стихотворени, беамогIанан ворхI строфах лаьтташ а йолуш, еа гIулчан дактильца язйина ю. ХIор стихехь каталектика ю: стихехь тIаьххьара дактилан гIулч цхьаъ я шиъ дешдакъа тIеоьшуш ю. Шалза (нечетные) стихаш шена тIехь тохар доцчу цхьана дешдекъаца чекхйовлу, шаланаш (четные) тIехь тохар долчу дешдекъаца чекхйовлу. И барам ворхIе строфахь ларбина. Стихотворенин чулацам нохчийн мотт сийсазбечуьнга дечу къамелан кепехь бу. Хьалхара шина строфахь гIеххьа оьгIазвахаран интонаци ю. Цул тIаьхьа паргIатчу къамелехь нохчийн меттан башхаллаш юьйцу:

ГIиллакхе, оьзда бу доттагIчуьнга буьйцуш,
МостагIчуьнга вистхуьлуш – ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бекан и, шех хуьлий хьан деган мерз!

Цуьнга терра ю кхидIа йолу кхо строфа а. ТIаьххьара, воргIалгIа строфа къаьмнаша ненан меттан лерамбар а хьахош, шен маттах хаьддарг декъаза хилар, шен къомах дIакъаьстина, цхьалха вуьсарг хилар чIагIдеш ю:

Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, – хьо цхьалха ву!

Стихотворенехь поэзин тайп-тайпанчу гIирсех (исбаьхьа эпитеташ, даьржина дустарш, дош шена дуьхьал долчу маьIнехь далор, юхаалар, тIедерзар, вовшашца хийцалуш йолу зударийн, божарийн клаузулаш, каталектика, жIарийн рифмовка) пайдаэцна, автора шен Iалашонца догIуш долу нуьцкъала дешнаш лаха а лохуш, уьш говза вовшахтесна, чулацамца йогIуш йолу ритм а, интонаци а ялийна. И дерриге а стихотворенин чулацаман, формин исбаьхьаллин цхьаалла кхуллуш ду.

Арсанукаев Шайхин кхоллараллехь тайп-тайпана интонационни екар долу стихаш ю. Церан лирически интонацино стихан маьIнийн бес-бесара агIонаш гучуйоху, ойланаш хийцаялар, кIаргъялар гойту. «Баьпкан юьхк», «Ненан мотт», «Лаьттана, сискална хастам беш даим», «Кхо бос», «Гиний шуна», «Нагахь хьан гIо оьшуш», «Варий, йоI, ма гIолахь поэте маре» – оцу стихотворенийн интонационни мукъам церан маьIна дан гIо деш бу.

Шена гонахарчу дахарца, дуьненца поэтан йолу юкъаметтигаш го вайна лирическин стихашкахь. Iаламехь я адамийн дахарехь шена гуш долчо меттах боху поэтан синхаамаш, ойланаш, тIаккха кхоллало лирически произведени билггалйолчу шен интонацица. Арсанукаев Шайхин «Баьпкан юьхк» цIе йолу стихотворени иштта дIайолалуш ю:

Баьпкан юьхк Iуьллу.
Дийнна баьпкан юьхк.
Iуьллу и новкъахь,
Iуьллу дIасалелачу адамийн
когаш кIел!

Кхузахь поэтан бIаьрг тIехIоьттина лаьттахь, адамаш дIасалелачохь, когаш кIел Iуьллучу баьпкан юьхкана. Лаьттахь Iуьллу баьпкан юьхк а, и тергал ца еш, ца гуш санна, цунна тIехдуьйлу адамаш а. И сурт поэтана Iаьткъина. Цуьнан синтем байна, дог карзахдаьлла:

ТIехбуьйлу…
ТIехбуьйлу –
ца гуш санна,
ТIехбуьйлу –
бен доцуш.
ТIехбуьйлу –
ойла ца еш.
ТIехбуьйлу –
шайн модни мачашца
кхоамза,
дахаран цуьрг а хьоьшуш!
ТIехбуьйлу….

Оцу суьрто инзарваьккхинчу поэтана карладолу хьалха хилларг, адамо хьалха лайнарг. ХIинца шена гуш дерг оцу хьалхалерчуьнца ойланехь дуьстича, кхин а чIогIа тохало поэтан дог, карзахбовлу синхаамаш, дулало аз. Иза гучудолу юхааларш далорца а, айдаран хьаьркаш хIитторца а, дукхатIадамаш дахкарца а.

ТIехбуьйлу –
Ленинградан блокада
Цкъа а ца хилча санна.
ТIехбуьйлу –
къизачу тIеман
бIаьстенийн юьххьехь,
мокхачу арахь,
шийлачу мохо лоькхучу
эгIазчу бераша
ахдешначу лай кIелхьара
берцан кан
цкъа а ца лехьийча санна!

Кхузахь поэтан дог-ойла, синхьегам шаьш кхиарехь лакхарчу тIегIане кхаьчна. Цул тIаьхьа цецвийлар, тамаш бар лах а лой, шена гинчу хьокъехь паргIат ойлаяре волу иза. Стихотворени ерзош и шайца дIайолаелла дешнаш делахь а, хIинца церан маьIна кхин ду, иза хаало интонацехь. Хьалха айдаран хьаьрк хIоттийнчохь хIинца дукхатIадамаш дехкина поэта:

Баьпкан юьхк Iуьллу.
Динна баьпкан юьхк!
Iуьллу и новкахь.
Iуьллу дIасалелачу адамийн
Когаш кIел…

Поэтан доггах кхоьллинчу исбаьхьаллин васто вайн синхаамаш а карзахбоху, дог Iавжадо, ойланашка доху.

Дукха болх бина Арсанукаев Шайхис поэзин эпически жанрашкахь а. Цо язйина поэмаш «Хан-гIала», «Захар», «Баркалла, адамаш», «Заманийн аьзнаш», «БIаьстенан юьххьехь», «Ушурмин Ших», «Харачойн Зеламха», «Къизаллин хелхар», сонетийн кочар «Адам и дуьне ду, жима планета», стихашкахь драмаш «Безаман ирзу», «Тимуран тур», стихашкахь роман «Кхолламан сизаш».

Поэтан лиро-эпически произведенеша чулоцу вайн халкъан истори а, хIинцалера зама а. Цара гIо до вайн Даймехкан хьалха дIадаханчух а, таханлерчу дийнах а кхета. «Тимуран тур» произведенин чулацаман бухе бехкинарш Нохчийчохь XIV бIешо чекхдолучу XV бIешо долалучу муьрехь лаьттина исторически хиламаш бу. Литературоведа Бурчаев Хьаьлима шен «Лар йоцуш ца дов дIадахнарг» цIе йолчу статья тIехь яздо: «Нохчийн истори евзачарна бевзаш болу и хиламаш Арсанукаев Шайхис исбаьхьаллин дешнашца буьйцу, ткъа исбаьхьаллин дош синхаамашна тIеIаткъам чIогIа болуш хуьлу, историкийн доццачу тоьшаллел. ХIара произведени ша кхуллуш, автора шена хьалха хIоттийна Iалашо АстагI Тимаран а, нохчийн а вовшашна дуьхь-дуьхьал латтар гайтар хилла ца Iа, цо кхузахь гайтина Нохчийчуьра хIетахьлера политикин а, Iер-дахаран а хьелаш, юкъараллин дIахIоттаман башхаллаш, луларчу къаьмнашца хилла юкъаметтигаш, хIетахьлерчу къизачу хенахь даьхначу адамийн синкхетам, амалш, дуьнене хьежамаш».

Билггал йолчу хенахь, 1587-1589 шерашкахь, кхочушхуьлуш бу Арсанукаев Шайхин «Ушурмин Ших» цIе йолчу драматически поэмин хиламаш а. Цу хенахь исторически хилла гIуллакхаш ду поэмин чулацамехь дерш. ХVI бIешарахь нохчийн, оьрсийн вовшашца лаьттина машаре юкъаметтигаш гайтина поэми тIехь. Произведенин коьрта турпалхо нохчийн эла Ших-Мурза ву. Иза Окин мехкан долахо ву. Шен дас Ушурмас, ша кхелхаш, весет дина кIанте Ших-Мурзе:

Машарна кховдийна
Куьг дIа ма татта.
Луларчу элашца
Бертахь хьо ваха,
Я даьхний, я мохк а
Ма къийса нехан.
Москохан паччахьца
Гергарло чIагIде…

Ушурма ша а хилла луларчу элашца барт болуш, оьрсийн пачхьалкхаца машаре юкъаметтигаш латтош, доттагIаллин уьйраш лелош. ХIинццалц схьа ша схьабеана некъ шел тIаьхьа кIанта дIакхехьа лууш ву Ушурма. Ден весет кхочушдо кIанта. Шена гонахара дуккха а берш дуьхьал а боллушехь, оьрсийн халкъаца доттагIаллин уьйраш чIагIъярехьа къийсам латтабо цо.

Поэмин чулацам шуьйра бу. Дуккха а турпалхой а, эпически суьрташ а ду цу тIехь. Поэма дIайолало халкъан хала дахар гайтарца. Иза кхочушдо барта произведенех пайдаоьцуш а, стихашна юкъа прозаически кийсакаш ялош а. Поэмин юьххьехь ялийнчу халкъан эшаршкахь, иллешкахь билгалдолу адамашкара гIийла хьал. Хезаш долу цхьалха аз а, ахархойн хор а, зударийн хор а, мехкарийн хор а, йийсаре лоьхкучу кегийрхойн хор а гIайгIанах, баланах юьзна.

Халкъан машаре дахар дохош кест-кеста тIелиэта тайп-тайпанан мостагIий. Шаьш йоккхуш йолу гота юьтий, дIадуьйш долу ялта сацадой, мостагIашна дуьхьал бовлу ахархой. Майра леташ турпалаллица дуьхьало йо мел нуьцкъалчу мостагIчунна а. Кхерабалар, юхабовлар доцуш, шайн мохк ларбеш, шайн синош дIало цара. «Летачийн хор» аьлла ялийнчу стихашкахь къеггина гучуйолу къоман ойла, къоман амал.

Амма шен амалца машаре долу халкъ даим а тIамехь лаьттина ца долу. Адамийн гота аха а еза, ялта ден а деза, баккхийчеран терго ян а, бераш кхио а деза. Халкъана машаре дахар оьшу, тIеман алу хьашт яц. Цундела йо Ших-Мурзас шен махкана тешаме хинволу доттагI лоьхуш ойланаш: «Лаьтта со, лаьтта со, ца хууш хIун дер, лаьтта со къаьстачохь ца девза некъаш: муьлхарниг хоржур бу? Муьлха бу нийса? Мила ву, мичахь ву кхерамехь шена тIетовжа тешаме хинволу доттагI?». Шен дас Ушурмас шега динчу весетаца оьрсийн махкана, оьрсийн халкъана тIетовжаран ойла чIагIло Ших-Мурзин. Майралла йолуш, доьналла долуш, шен мехкан дола деш гайтина поэми тIехь Ших-Мурза. Къонахаллин амалш ю цуьнан вастаца. «Дозаллий, кураллий дац хьуна цуьнца. Майра ву, лом санна, оьздаллий, яххьий цуьнгара йоккхур яц цхьана а кIанта», – боху поэми тIехь.

Амма Ших-Мурза эла ву, элийн ерриге а амалш ю цуьнца. Ахархошкара ясакх йоккху цо мел хала бохкуш, мел къен уьш хиларх.

Къинхетам болуш, адамашца аьхна, кIеда-мерза хиларца къаьсташ ю Ших-Мурзин зуда БIаьсте. Элин сту елахь а, къинхетаме дог долуш, адамах дог лозуш ю БIаьсте. Шен амалшца элашначул юххе ю иза къинхьегаман адамашна. Иза билгалдаьккхина поэми тIехь БIаьстес шен ойланаш, гIайгIанаш халкъан барта эшаршка йохкуш хиларца а.

Дуккха а персонажаш ю поэми тIехь: нохчийн, гIалгIайн, гIумкийн, оьрсийн элий, паччахьан посолаш, молла, мозгIарш, гIалгIазкхийн атаман, кегий а, баккхий а нах, зударий, бояраш, паччахь, дворянаш. Ерриг поэмех чекхдолуш ду коьртачу турпалхочун Ших-Мурзин васт. Поэмин коьрта идея цуьнгахула кхочушхуьлуш ю. Адамийн лаамца догIуш ду поэмин хиламаш чекхбовлуш, къийсаман жамI деш Ших-Мурзин барта автора дехкина дешнаш. Поэмин чулацаман жамI деш ду Ших-Мурзин къамел а, иза къобалдеш наха детта маьхьарий а. Поэмин коьрта маьIна кхузахь билгалдолу.

Шатайпанчу дIахIоттамца а, стихан башхаллашца а, диалогически кепаца а шен къастамаш болуш ю «Ушурмин Ших» поэма. Эпический, лирический, драматический билгалонаш цхьанаийна ю поэми тIехь.

Арсанукаев Шайхис шен кхоллараллех лаьцначу цхьана анкета тIехь яздина: «Суна хетарехь хIор поэта шен дуьнене, дахаре хьаьжжина ечу ойланаша билгалбоккху цуьнан кхоллараллин некъ; оцу новкъахь цо лоьху шен басарш, шен кепаш и. дI. кх. Со даима а гIиртина хIинцалерчу нохчийн стихан Iалам довза, гIиртина нохчийн стихан таронаш талла, керла бустамаш, кепаш лаха. Сайн стихашкахь со даима а гIиртина поэтически синтаксис шоръян, керла рифмаш юкъаяло».

Ян а еана поэтан шен произведенешца нохчийн поэзи юкъа керла теманаш, идейш, жанрийн форманаш, стихан керла кепаш. 1973 шарахь араяьллачу шен «Сийна некъаш» книги тIехь Арсанукаев Шайхис нохчийн поэзехь дуьххьара юкъаялийна паргIат стих (верлибр). МогIанашкара дешдакъош а, тохарш а цхьана барамехь доцуш, строфаш а цхьана тайпанан йоцуш, рифмаш а йоцуш язйинчарах олу паргIат стихаш.

Поэтан «Баркалла, адамаш» (1978) цIе йолу дийнна поэма а ю паргIатчу стихашца язйина.

Къоьжачу Кавказан баххьашна юккъехь,
ламанан аьрзунийн баннашна лулахь
хьаннийн, бошмийн IиндагIашлахь
маьрша Iуьллу
дай баьхна шира юрт
Дишни-Ведана.
Кхузара,
кху лаьмнийн сийначу
аганара, гIаьттина,
лаьмнеххий,
малхаххий
цецваьлла, лаьттина,
ваьлла со новкъа….
Ткъа, хIара…
ХIара лаьтта хIетахь
сох кхеттачу сан Некъан Накъостех
уггаре Хьалхарнииг —
ЦIеначу бIаьргаш чохь самукъа ловзу
Безаме жима стаг…
– Маршалла!
Сан деган маршалла дIаэцар доьху,
Сан некъан Хьалхара Накъост!
Бехк сайна цабиллар доьху
ЦIе хьайн цаяккхарна цхьа а.
Ма мотта йицъелла, Накъост,
ЦIе хьайн ца йоккхуш со Iийча —
Йокхуш и хезна вац цкъа а
Ма-дарра дIааьлча-м, суна
хIун бен ду, цIе муьлхха а хилча?
Дац стеган хIумма а
Шен цIарах дозуш:
Я амал,
Я гIиллакх,
Я гIуллакх…
ХIан-хIа, со вевзар вац хьуна —
Суна дагадогIуш, вайша
Цкъа бен вац гина а вовшийн…

«Баркалла, адамаш» поэми тIера цхьа кийсак ю вай ялийнарг. Кхузахь стихан могIанаш шайн барамашца – деха, доца хиларца – цхьатера дац, тайп-тайпанан ду: кхаа дешдекъа тIера цхьайтта дешдекъе кхаччалц хийцалуш бу церан барамаш. Строфаш а яц кхузахь цхьанабарамехь, масала, хьалхарниг – кхойтта могIанах лаьтташ ю, шолгIаниг – ялх могIанах, кхоалгIаниг – пхийттаннах, йоьалгIаниг кхаа могIанах лаьтташ ю, цаьрга терра кхиерш а. Рифма ян а яц. Стихан чаккхенаш – клаузулаш – тайп-тайпанан ю: божарийн («юрт»), зударийн («хIара»), дактилически («сийначу»), гипердактилически («IиндагIашлахь»). Амма иза стихотворени санна могIанашка екъна ю, стихашкахь ма-хиллара соцунгIаш а ю, интонаци а ю. Оцу билгалонашца къаьста паргIат стих прозех.

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамах лаьцна йолу Арсанукаев Шайхин «Кхолламан сизаш» роман араяьлла 1987 шарахь. Иза нохчийн литературехь дуьххьара стихашкахь язйна роман ю. Сулаев Мохьмада, «Кхолламан сизаш» роман зорбанехь араяьлча, яздина: «И роман нохчийн поэзин тIаьххьарчу шерийн хилла ца Iаш, цуьнан ерриге хенахь а уггаре баккхийчарах а болу кхиам бу».

Иштта кхиам хилла поэтан кхечу жанрашкахь а. Поэзин уггар халчу жанрех ю сонет. Арсанукаев Шайхис болх бина оцу жанрехь а. МогIанийн барам сецна билгалбаьккхина йолу стихийн форма ю сонет. Рифмовкин шен башхаллаш а йолуш, бейтта могIанах лаьтташ йолу стихотворени ю иза. Сонетан бейтта могIа шина кепара дIанисбой хуьлу: беа могIанан ши строфай (катренаш), кхаа могIанан ши строфай (терцеташ) я беа могIанан кхо строфай (катренаш), шина могIанан цхьа строфай (дистих). Катренашкахь ши рифма лелайо, терцеташкахь – шиъ я кхоъ. Рифмовка катренашкахь чIагарийн я жIарийн хуьлу, терцеташкахь рифмаш паргIат дIанисйо, амма катренашкахь йоцчу кепара хила еза.

Сий лардеш чекхбаккха дахаран мур –
Ца лоцу Iалашо и цхьаболчара.
Махкана, халкъана эшарх, дац лур
Цкъа а шайн доьналла я хьекъал цара.
Ишттачийн Дела ву тахана сом,
И доккху, ца къестош Хьарам я Хьанал.
Стаг вуьйр ву сом даккха, болор бу тIом,
Шайн дуьхьа бехк боцчу адамийн цIий Iано.
ДоттагIий, гергарнаш бицбина шайн,
Дицдина ГIиллакхаш, Ламасташ дайн,
Амма бу «оьшу нах» хьаста-м уьш говза.
Митингехь я тойнехь къаста хууш
Белахь а, хилац уьш хезаш я гуш –
Орцанна эшначохь Харцонца къовса.

Шина катренаххий, шина терцетаххий лаьтташ а йолуш, еа гIулчан дактилан барамехь язйина ю Арсанукаев Шайхин сонет. Рифмаш беамогIанашкахь жIарийн ю (абаб вгвг), кхаамогIанашкахь хьалхара ши стих юххера рифма йолуш, шина терцетан кхоалгIа стихаш вовшаца рифма йолуш ю (ccd eed). Божарийн рифмаш зударийчаьрца хийцало. Сонетан хьалхара стих божарийн рифмица чекхъяьлла (мур), тIаьххьара стих – зударийчуьнца (къовса). ХIор строфа тIадамца чекйолу. Поэтан «Адам и дуьне ду, жима планета» сонетийн кочар тIера йолхалгIа сонет ю иза.

Сонетийн кочар пхийтта сонетах лаьтташ (210 могIа чулоцуш) йоккха лиро-эпически произведени ю. Иза Iаламат чолхе поэтически форма ю, леррина ларбан безаш шен алссам бехкамаш болуш. Цунна юкъайогIу хIор сонет шел хьалхарчуьнан тIаьххьарчу могIанца йолаяла еза, хьалхарчу сонетан хьалхара могIа ейтталгIачуьнан тIаьххьара могIа хила беза. Сонетийн кочар шеца чекхдолуш йолу пхийтталгIа сонет (магистрал) хIор сонетан хьалхарчу могIанех лаьтташ ю. Магистралан хьалхара могIа хьалхарчу сонетан хьалхарниг бу, шолгIа могIа – шолгIачу сонетан хьалхарниг, кхоалгIа могIа – кхоалгIачу сонетан хьалхарниг бу, иштта оцу рожехь дIанисбинчу бейтта могIанах лаьтташ ю сонетийн кочар дерзош йолу тIаьххьара, пхийтталгIа сонет – магистрал. Цо чулоцу авторан коьрта ойла а.

«Орга» журнал тIехь 2003 шарахь зорбатоьхна дара Арсанукаев Шайхин сонетийн кочар «Къонах – и лакхе ю лакхарчу даржийн». ТIаьхьо, 2009 шарахь, «Адам и дуьне ду, жима планета» цIе а йолуш, зорбатоьхна и сонетийн кочар авторан «Сийна гене» книги тIехь.

Йоккха корматалла оьшу сонетийн кочар яздан. Хала ду иза кхолла. Муьлх-муьлхха а поэт хIуттуш а вац сонетийн кочар яздан. Ерриге дуьненан литературехь хIинццалц схьа кхоьллина сонетийн кочарш 600 гергга бен дац. Оьрсийн литературехь 150 гергга сонетийн кочар ду. Нохчийн поэташа хIинццалц яздина билгалдевлларш 12 сонетийн кочар ду.

Арсанукаев Шайхин кхолларалла кхечу мехкашкахь а евзаш ю. Цуьнан произведенеш арайийлина балкхаройн, гуьржийн, гIазгIумкийн, гIалгIайн, жIайхойн, казахийн, немцойн, оьрсийн, полякийн, туркойн, украинин, финнийн, хIирийн, кхечу къаьмнийн а меттанашкахь. Поэта нохчийн матте яьхна А. Пушкинан, М. Лермонтовн, Н. Некрасовн, А. Блокан; украинин яздархойн Т. Шевченкон, В. Сосюрин, С. Руданскийн, И. Драчан; казахийн – О. Сулейменовн, Д. Мулдагалиевн; гуьржийн – И. Чавчавадзен; эрмалойн – Р. Ованесянан; гIебартойн – А. Кешоковн; балкхаройн – К. Кулиевн; башкирийн – М. Кариман; бурятийн – И. Галсановн; хIирийн – К. Хетагуровн, кхечу къаьмнийн а яздархойн произведенеш.

Арсанукаев Шайхин кхоллараллин лаккхара мах хадош, 1980-чу шарахь поэтана «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культуран хьакъволу белхахо» цIе елла, 1989-чу шарахь – Нохч-ГIалгIайн АССР-н Халкъан поэт, 2005-чу шарахь – Нохчийн Республикин Сийлахь Гражданин цIерш а елла. Орден «Дружбы народов» а, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» медаль а яра поэта.

Арсанукаев Шайхин поэзи нохчийн къоман литературин йовра йоцу хазна ю.

Поэтан зорбанехь арайийлина книгаш

Нохчийн маттахь

Лаьмнашкахь Iуьйре. Стихаш, поэма. Грозный, 1965.
Безаман шовда. Стихаш. Грозный, 1967.
ЦIеран суй. Стихаш, поэма. Грозный., 1969.
Новкъахь. Стихаш, поэма. Грозный, 1970.
Сийна некъаш. Стихаш, драматически поэма. Грозный, 1973.
Лакхенан гIиллакх. Стихаш, драматически поэма. Грозный,1975.
Тешам. Поэмаш. Грозный, 1976.
Керла де. Стихаш, поэма. Грозный, 1980.
Ушармин Ших. Драматически поэма. 1982.
Кхолламан сизаш. Стихашкахь роман. Грозный, 1987.
Лаьмнийн иллеш. Стихаш, драматически поэма. Грозный, 1991.
Сийна гене. Стихаш, поэмаш, драма. Хьалхара том. Грозный. 2009.
Уьш хийца тарлуш дац. Стихаш, драма-легенда, поэма, стихашкахь роман, гочдарш. ШолгIа том. Грозный. 2009.

Оьрсийн маттахь

Стихи. Грозный, 1971.
Вершины. Стихи. Грозный, 1977.
Голубые вершины. Стихи. М., 1981.
Выбор судьбы. Драматическая поэма. Грозный, 1985.
Роща любви. Стихи, поэма. М., 1988.
Преодоление. Стихи, поэма. Грозный, 1989.
На доброй земле. Стихи. М., 1995.

www.ChechnyaTODAY.com

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА «Чеченская Республика Сегодня» обязательна.

При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

Понравилась статья? Поделить с друзьями:

Новое и интересное на сайте:

  • Сочинение башкортостан мой край благословенный
  • Сочинение беречь честь смолоду
  • Сочинение баха органиста 4 букв сканворд
  • Сочинение беренче укытучым на татарском
  • Сочинение батырлык на татарском

  • 0 0 голоса
    Рейтинг статьи
    Подписаться
    Уведомить о
    guest

    0 комментариев
    Старые
    Новые Популярные
    Межтекстовые Отзывы
    Посмотреть все комментарии